©
Похожие материалы
Язйо Халкъан сийлахь артистка
12:03, 16 марта 2010г.
Просмотров: 5982
Концерт дIайирзича Айманига масех хаттар дан аьтто хилира сан.
– Аймани, Дуьненаюкъарчу зударийн дезчу дийнахь хьо йина де а ду, кхушара ахь нохчийн эстрадехь болх бен 30 шо а кхочу. Даггара декъала а йо хьо. Хала дуй ткъа артист а, хIусамнана а, доьзалан нана а хилла чекхъяла?
– Делар реза хуьлда. Боккъал аьлча, хала ма ду. Амама хала делахь а, иза дан дезаш ду. Сайн уггар хаза а, мерза а хан сценина дIаелла ас. Сцени тIехь хьалакхиъна, цу тIехь кху хене а яьлла ала мегар ду со. Уггар суна коьртаниг сан доьзал бу, цара гIо до суна кхоллараллин некъ дIакхехьа. Со гIелъелла хилча цара дог оьцу сан, массо а агIор суна накъосталла до сан хIусамдас а, доьзалша а. Хала хIунда ду? Ас локхучу эшаран турпалхо хуьлу сох. Эшар лекхна ца Iа со, сан сих чекхйолу и. ТIаккха цIаяхча мелла а дера хуьлу. Ткъа эшаран сценически васт ца нислахь, шозза хала хуьлу суна. Вастехь нисъелча, боккха ницкъ а богIу соьга.
– Аймани, нохчийн эстрадин хьалхалера а, таханлера а хьал дуьстича хIун хийцамаш го хьуна?
– Ас болх бен 30 шо ду, амма хIинца артисташна паччахьо а, Iедало а еш йолу терго суна гина яц. Цундела тхо жимма качделла хила а мега. Артисташ чIогIа экаме адамаш ду, вайн паччахьо а олу иза, аьтто а бо церан массо а агIор, цундела тхо декхарийлахь ду вайн къам патриотически эшаршна тIехь хьалакхио.
Кхин цхьа хаттар а дира ас Айманига:
– Стагана ирсе хила хIун оьшу?
– Ирсе хила зудчунна хIун оьшу, алий ас хьоьга? Барт оьшу-кх. Уггар хьалха шен доьзалехь, тIаккха шен махкахь. ХIора хIусамехь барт хилча, махкахь барт ца хила йиш яц. ТIаккха кIенташна, йоIаршна, вежаршна сагатдан дезар дац зудчун. ТIаккха хир ю-кх и ирсе а. Дала декъалъйойла хIора а нохчийн нана, зуда, йиша, йоI!
Айманин кхоллараллин ниIмато хIоразза а цецдоху вай. ЛадегIарх к1ордадац цуьнан эшаршка. Вайн хазчу Даймахках, турпалаллин нохчийн къомах, цуьнан яхь йолчу кIентех, оьздачу мехкарех лаьцна уьш хиларна. Айманин ницкъ кхочу шен эшаршкахь къоман бала, деган лазам, диканиг, сийлахьниг кхайкхо. Дала ма эшабойла вайна Аймани санна болу артисташ а, зударий а.
АТАЕВА Луиза.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также