©
Похожие материалы
СаIид ибн Iашир Аль-Джунахи
12:36, 16 марта 2010г.
Просмотров: 3966
Я Iумар! Дуьхьал верзий хилалахь генара а, уллера а болчу бусалба нахана, Дала хьайх тешийна хьайна тIаьхьа хIиттийна болчу. Лууш хилалахь царна хьайна а, хьайн доьзална а хила лууш дерг. Массо а хенахь, массо а меттехь халонех ца кхоьруш цIена долчунна, бакъдолчунна тIе гIерталахь. Далла хьалха наха аьндолчух, церан Iоттарех ма кхералахь». ТIаккха Iумаре мохь белира: «Мила ву, цу тIехь ницкъ кхочу берг», – аьлла. СаIида жоп делира Iумарна: «Иза далун дерг хьо саннарг ву, АллахIа Ша бакъо елла волу умматан гIуллакхаш дIадахьа. Цунна а, АллахIана а юккъехь (юкъаралча – А.И.) кхин цхьа а вац», – аьлла.
– Я СаIид, ас кхойкху хьоьга сайна гIо даре. Ас чIагIво хьо Хомса шахьаран куьйгалхо. ХIинца СаIиде белира мохь: « Я Iумар ас доьху хьоьга иза ца дар. Ма вохавелахь со. Даржан, дуьненан марзаллин хьегамех-Iехамех ларвелахь со». Вас хиллачу Iумара элира: «ГIайгIа хили шуна? ХIара дерриг а сан коча а тесна, херадовла гIерта шу сох. Хьо ас ца волуьйту хьалха. Сацам ас бина баьлла». Халифо шена тIедиллина декхар кхочушдан Хомса шахьаре дIавахара СаIид ибн Iамир.
Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча Iумара Хомсехь болчу шена тешамечу нахе элира, шайн шахьарахь болу къен нах билгалбаха, царна пачхьалкхан хазнера гIодаран Iалашонца.
Хомсехь болчу нехан цIерш язйина шега схьаелча, уьш еша а ешна, Iумара хаьттира: «ХIара мила СаIид ибн Iамир ву?» – аьлла. Наха жоп делира: «Тхан шахьаран куьйгалхо ву иза», – аьлла. Iумара юха а хаьттира: «Ас Хомса шахьаран да хIоттийна СаIид ву иза?». Наха элира: «Бакъ ма ду я Iумар иза тхан куьйгалхо хилар. Цуьнан пешара кIур хьалабалаза, кхерчахь цIелатоза масех де ма ду».
Iумар вилхира. Вилхира шен маж а яшош. ТIаккха цо элира: «ХIара соьгара ду алий дIалолаш СаIиде, шен хьашташна дайъийта», – аьлла эзар динар делира цаьрга, къаста а дина.
Халифа бахкийтинчу наха Iумарера маршалла а, эзар динар а шен хIусаме деъча инзар ваьллачу СаIида аз айдеш элира: « Инна лиллахIи ва инна илайхIи ражиIуна» – (бусалба стага сингаттам, гIайгIано, бала шега кхаьчча доьшу и деза дешнаш). Иза хезна, хIусамнана чуьра схьа кхайкхира, ша Iаччуьра хьала а эккхаш.
– ХIун ду хилларг я СаIид, бусалба нехан эмир вала-м ца велла?
– ХIан-хIа. Цул доккханиг ду хилларг, – СаIида аьлча, юха а хаьттира зудчо: «Я СаIид, бусалба нахана тIамехь эшам хилла те? – аьлла. «ХIан-хIа», – элира СаIида юха а. Цул а доккха ду хилларг. «Цул доккха зулам хIун хир ду ткъа?» – хаьттира зудчо. СаIида элира: «Сан цIа чу питана, зулам гIоьртина. Со Iехо, со хьего, со вохо кхерам болуш. «Арадаккхахьа и вайн цIа чу деъана зулам, вайх хьакха ца долуьйтуш», – элира хиллачух ца кхеташ йолчу зудчо. «Ткъа ахь гIо дой суна? – хаьттира Са1ида. «ХIаъ!» – элира зудчо.
СаIида а, цуьнан зудчо а масийтта дакъа деш охьадиллина, къечу нахана дIаса делира динараш. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Iумар ибн ХьаттIаб веара Хомса шахьаре. Шега маршалла хоттуш гулбеллачу нахе Iумара хаьттира: «Муха ву шун куьйгалхо?». Наха реза боцуш аьрзнаш дира Iумаре. СаIид бехке веш цара дийцина диъ хIума, цхьаъ вукхунал чIогIа дара.
Хомса шахьаран куьйгалхо СаIид ибн Iамир кхайкхина шена тIе а валийна Iумара хаьттира гулбеллачу нахе. «Схьадийцал, хIун ду шуна СаIидехь дика ца хетарг? – аьлла. Наха элира: «Iуьйре дIаиккхина малх дикка хьалабаллалц шен чуьра ара ца волу и, тхоьга ладогIа». «Алал СаIид, хIун жоп ду хьан суна а, нахана а дала» – хаьттира 1умара.
– Дела ву теш, со лууш вацара хIара дийца. Ца дийцича ца волуш дуьйцу ас. Сан доьзалш кегий бу, церан гIуллакхе хьожуш ялхо яц. Доьзална кхача кечбо ас, ялта хьакхадой, межаргаш деш. Ткъа хьакхийна бод севсина ца болуш дикка хан дIайолу. Цунах ду шен Iуьйранна хьалххе нахана дуьхьал цавалар.
Наха элира цул тIаьхьа: «Буьйсанна цкъа а нах тIеоьцуш, цаьрга ладугIуш вац СаIид».
– Цунах лаьцна хIун эр ду ахь, я СаIид? – элира Iумара.
– Цу хьокъехь дерг а дацара суна дийца лууш. Дела ву гуш. ХIора а де ас доккху нехан гIуллакхаш луьстуш. Ткъа буьйса ас ша цхьаъ бен воцчу АллахIана Iамал, Iибадат дарна лерина ю.
– Кхин хIун олу аш? – элира 1умара. Наха хаьттира: «ХIора баттахь цхьа де долу СаIид тхуна тIе ца вогIуш шен цIахь Iаш».
Цунна жоп луш Хомса шахьаран куьйгалхочо элира: «Я Iумар, хIара шуна гуш дерг бен кхин тIедуха хIума долуш вац со. Баттахь цкъа иза дуьтту ас, цIандеш. ТIаккха цу дийнахь иза дакъа а до ас».
– Кхин хIун ду шун кхуьнга хатта, – элира Iумара. «Наггахь хан йогIу СаIид кхетамчуьра волий вуьсуш. ТIаккха иза кхеташонехь ца хуьлу», – элира наха.
– Иза хIун цамгар ю? – аьлла наха а, Iумара а хаьттича, СаIида дийцира.
– Со жимастаг волуш, ийман диллина а воцуш хан яра иза. Къурайшин джахIил наха Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб Хьубайта ибн Iади лаьцна, цунна таIзар деш гина ву со. Иза хедош, цуьнан дегIах кескаш ийзош схьайохуш, хоьттура джахIила наха Хьубайте: «Хьайн метта Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хуьлуьйтур варий ахь? Хьуо хьайн доьзалца хIусамехь паргIат волуш? Инзаре таIзар ша ловш Хьубайта жоп лора царна: «АллахIах ас чIагIо йо Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана кIохцале лаза ца вайта, со реза ву мел доккха шун Iазап лан. И де дага а догIий, Хьубайт хIетахь гIо ца деш айса витар дагадеъча Дала сайна гечдийр дуй те олий са маллой кхетамах волу со наггахь».
Iумара хастамаш бира АллахIана СаIидах шен йолу ойла хийца цхьа а бахьана ца хиларна.
Цул тIаьхьа а дахьийтира Iумара СаIид ибн Iамирна эзар динар ахча. Амма шен кхетаме а, муьтIахь а йолчу зудчуьнга СаIида ша волчуьра хьала ца гIоттуш дIаса декъийтира дерриг а динараш. Шен зудче СаIида элира: «Вайна оьшург дукха ду, дерриг а вайн хьашташ кхочушдан, ницкъ кхочушволчуьнга духалург дIало вайшимма и дерриг динараш?» – аьлла.
Къоьллехь, гIийлачу хьолехь ша воллушехь мискачу, гIийлачу нахана гIодеш болчех хилла волчу СаIид ибн Iамирна АллахI реза хьулда.
Iабдурахьман Рафат Аль-Баша.
Нохчийн маттахь дIаязйинарг – АТСАЛАМОВ Идрис.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также