Корматаллин журналистийн «Золотой гонг» цIе йолчу  Ерригроссин  конкурсан толамхошна  совгIаташ дIадаларна  лерина  даздарш  дIадаьхьира  12-чу  мартехь  Москварчу  Президент-отелан  ЦIечу залехь. «Золотой гонг»  конкурс  кху  шарахь ялхиттазлагIа дIахьош  яра. Таханлерчу денна  шуьйрачу  хаамийн гIирсийн  редакцийн  коллективашна а, зорбанан журналисташна  а юккъехь уггар  боккха сий-ларам  болчарех  цхьаъ  ю и   конкурс.  Кху  шарахь  оцу  конкурехь  дакъалоцуш  вара Нохчийн Республикан «Вести республики» газетан  корреспондент  Асаев Абубакар. Цунна  шена а, вайна массарна а юьхькIам  болуш  хилира цо цигахь  дакъалацар. А.Асаевс толам  баьккхира «Мужество и принципиальность  в отстаивании позиции» номинацехь. Конкурс вовшахтоьхначара билгалдаьккхина  ма-хиллара,  кху  шарахь  дуьххьара   Нохчийчу дIахьош ду  конкурсан  толамхочунна  луш  долу  совгIат – Иридан статуэтка.Кху  конкурсан  башхалла  яра  жюрис цхьана материалан  мах а  ца  хадош, цхьана темина язйинчу  дуккха а материалийн  мах  хадош  хилар. Ас  яхьийтинарг пхи статья яра. Цу статьяш тIехь ас  яздинарг  сайн  дагна, синна Iаьткъина  хилларш  ду. Ас  дуьйцу  тIеман   муьрехь  хиллачу хьолах,  Къилбаседа  Кавказехь долчун  Россехь  шина  кепара  мах  хадош  хиларх, харцпатриоташа  Нохчийчоьнан  а, Россин а юкъаметтигийн  хьокъехь  дерг  галдаьккхина  дийцарх, кхечунах  лаьцна. Сайн  статьяшца Нохчийчоьнан селханлерчу а, таханлерчу а дийнах  бакъдерг  дийца  хьаьжна  со,  бакъволу нохчий  бовзийта а гIиртина. Вайн  халкъийн  кхолламийн оьмарийн бохаме  агIонаш хиллехь  а, Росси вайн  юкъара  цIа ду. Цуьнан сий-ларам  айбинарг  деккъа  цхьа  оьрсийн халкъ  хилла  Iаш дац, Кавказан мехкашкара  бевллачу кIенташа,  цу  юккъехь  нохчаша а 1812-чу шеран Даймехкан  тIамехь  а,  цул  тIаьхьарчу  тIемашкахь а жигара  дакъалаьцна  мостагIех  Росси ларъеш. Нагахь санна  оцу  цIийнан  пен  эккхахь,  иза дIатолур  бу,  тховх ладар чуэха  долалахь, тхов   то а бина, дIасацалур ду чуоьхуш  долу  ладар. Амма  цуьнан  лард  йохаяхь  массо а цIенна  бухахь  вуьсур  ву. Иза  дIахезийла  лууш  вара со.  Сий-ларамечу жюрис  (шена  юккъехь цIе  яххана   журналисташ, Россин  Президентан Администрацин, Пачхьалкхан  Думин векалш  юккъехь  болуш  хилла  йолчу) сан  белхийн  иштта лакхара  мах хадийна  хиларо  тешаво сан аз юкъараллина  хезна  хиларх, – бохура  А.Асаевс.
«Золотой гонг» конкурсан  сий-ларам шо-шаре даларца  лакхаболуш  бу.  Алсамбовлуш бу  конкурсехь  дакъалоцуш  берш а, Иридан  йоьза  статуэтка  яккха лууш  берш а. Карарчу шарахь  конкурсехь  толам баккхарехьа къуьйсуш  вара  эзар   сов   журналист, бIеннаш  редакцеш,  Интернет  изданеш,  издательски цIенош. Царна  юккъехь  хьалхара  меттиг  а, коьрта совгIат  – Иридан статуэтка – даккхар  боккъал а боккха  кхиам бу. Даггара  лаьа  Асаев Абубакаран тIейогIучу хенахь  кхолараллехь  кхин а бIаьрла  толамаш  хуьлийла.
«Золотой гонг» конкурс йиллинарг а, вовшахтоьхнарг а Россин регионийн  СМИ-н куьйгалхойн  Альянс ю (АРС–ПРЕСС). Конкурс дIахьо зорбанан а, шуьйрачу  коммуникацийн  а Федеральни Агентствон  гIоьнца. Конкурс  доккхачу  маьIне а,  сий-лараме а хилар  гойту  жюрин декъашхой махкахь а, цул генна  арахь  а бевзаш  болу  нах  хиларо. Царна  юккъехь ву (жюрин  председатель) Россин журналистийн  ишколан   легенда, МГУ-н журналистийн  факультетан  президент  Засурский Ясен, Россин регионийн  СМИ-н куьйгалхойн Альянсан кхочушдаран  директор  Дубинская Софья, Россин Президентан  чоьхьарчу  политикин  урхаллин коьрта  хьехамча Воробьева  Надежда, кхиберш.
Хь.САИДОВ.
Суьрта тIехь: Асаев Абубакар.
Р.Истамуловн сурт.   

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2