Нохчийн Республикан КВН-н 10 шо кхачарна лерина концерт дIаяьхьира Пачхьалкхан театрально-концертни зала чохь дIадаханчу еарин дийнахь. Цу цхьаьнакхетаран лараме хьаша хилира Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан. Кхечу республикашка дIа а боьлхуш, шайн забаршца Нохчийн Республика йовзийтира вайн кегийрхоша, иза, тIом бан хууш хилла ца Iаш, самукъадаккха а, дахарх марзо эца а хууш юйла а хоуьйтуш. Президента КВН-н нохчийн лигин директорна Мамергов Исламана «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира. КВН-н «Нохчийн Республикан сборни»командин куьйгалхочунна Насугаев Iарбина, капитанна Кантаев Исламана, дакъалацархочунна Сулейманов Мусана «Къинхьегаман а, къасторан а орденш» елира. Командин дакъалацархошна Аюбов Салманна, Хашагов Мохьмадна, Зузигов Мохьмадна Президентан цIарах баркаллин кехаташ делира. Ткъа иштта КВН-н «Нохчийн Республикан сборни» командин массо а дакъалацархочунна мехала совгIаташ делира.
 – Тхо юкъадевлчхьана тхуна гIо диначарна баркалла боху оха. Ала деза, Нохчийн Республикехь КВН дуьххьара кхоллаелира Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас  гIо дар бахьанехь. Цо тхуна накъосталла дира, республикехь шортта халонаш йоллушехь. Ахьмад-Хьаьжа кхетара республика меттахIотторхьама муьлххачу а  таронах безаш хиларх. Оха иштта доккха баркалла боху хIинца волчу вайн Президентана, цуьнан гIо ца хиллехь, Нохчийн Республикан КВН хир а
яцара, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикан Правительствон кегийрхойн гIуллакхийн комитетан куьйгалхочо Тагиев Мурата.
КВН-хой декъалбан яхкинера республикан ерриг а ВУЗ-ийн КВН-н командаш, ткъа иштта «Нохчийн лар» цIе йолчу командин ветеранаш а. Цхьаьнакхетар дIахьош КВН-н ерриг а командийн тоьлла йолчу забаран сценаш гайтира. Цул сов, вайн республикан артистийн концертан программа а хилира.
 –Тахана массарна а дагадогIу уггар буьрсачу, республикехь тIеман кIуркIамани йолуш, кегийчарна хIора дийнан бакъдерг хилла хезаш дара «блок-пост», «зачистка», «комендантски сахьт» дешнаш, ткъа вайн республикехь хуьлуш долчу вочуьнан, зуламан цхьа цIе яра – «нохчийн лар».
Цхьанна а дагахь а дацара, билггал цу  хенахь Нохчийчохь КВН-н команда кхолларан ойла кхоллалур ю аьлла. Цу юккъе балийна кегий нах йохийначу Соьлжа-ГIалин урамашкара схьагулбина бара. Массо а резахилла, командин цIе «Нохчийн лар» тиллира. Тхо тешна дара, билггал и цIе тхан командина кхечарал а йогIуш ю аьлла. Нохчех кхолладелла, чIагIделла эладиташ дохо дезаш яра «Нохчийн лар».
2001-чу шарахь тхан команда, дуьххьара цIера араяьлла, Волгоград гIала яхара. Оха цигахь гайтина КВН лаккхарчу тIегIана тIера яцара, делахь а Россин хьовсархойн дегнашкахь Нохчийн лар йита аьтто хилира тхан. Тхо цIа даьхкича, тхан командех сюжет гайтира нохчийн телевиденехь. Ерриг а Нохчийчохь тхан командех хабар дIасадаьржира.
Иштта тхайна накъосталла дина хилча, тхо декхарийлахь дара дика ловза Iама. Кубанехь КВН-н схьайиллинчу лигехь вайн республикан цIарах ловзуш дара тхо. Ахчанан халонаш йолу дела, Сочехь йолчу дуьненаюкъарчу КВН-н фестивале дахар а, телевиденин хьалхарчу канале кхачар а кхочушхин боцу сатийсам хеташ дара тхо. Амма командин капитана Тагиев Мурата сацам бира вайн хьалхарчу Президенте Кадыров Ахьмад-Хьаьже гIо деха. Машар дIа а хIоттийна, дуьненан террористашна тIом дIахьебина волчу стаге КВН хьехаяр бегIийла дацара, амма тхан кхин некъ бацара. Тхан сатийсамаш кхочушхилира. Ахьмад-Хьаьжас тхуна чIогIа накъосталла дира, Даймохк ларбеш юморе а дакъалацалур ду аьлла, билгалдаьккхира цо.
2003-чу шарахь, Россин къилбера евзаш йолу 22 команда тІаьхьа а йитина, «Нохчийн лар» КВН-н регионашна юкъарчу Краснодаран лигин чемпион хилира. Иза Нохчийн КВН-н  чIогIа мехала де дара.
Тхан Iалашо КВН-н премьер-лиге кхачар яра. Иза кхочушъярхьама тхо Тюмень гIалахь хьалхарчу лигехь ловза дезаш дара. Цигахь корматаллин КВН-х ловза Iемира тхо. Хьалхарчу каналехь ловза тхуна йиснарг цхьа гIулч бен яцара, и гIулч оха кхиамца яьккхира, кхин цкъа а тхайн дика «Нохчийн лар» а юьтуш. Тхан Iалашо кхочушхилира – оха премьер-лигехь дакъалецира. Иза дукха чIогIа къахьегарца нисделла дара, – дийцира КВН-н командин пресс-секретара Зузигов Мохьмада.
ИЛЬЯСОВА Лайла
Р.Истамуловн сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2