©
Похожие материалы
«Терек» – «Крылья Советов» – 2:0
15:29, 07 апреля 2010г.
Просмотров: 4648
Матч шайн тIелетаршца дIайолийра Соьлжа-ГIаларчу футболисташа, шаьш оцу ловзарехь толам боккхург хилар дIа а хоуьйтуш. «Терекехь» къаьсттина дика ловзарца билгалбевлира: Бракоманте Эктор, Георгиев Благой, Кобенко Андрей. 19-чу минотехь Кобенкос шега хьажийна буьрка тIех хаза Бракомонтес коьртаца чутуьйхира. Цул тIаьхьа, 34-чу минотехь Георгиевс дукха нийса елла пас Эктора шозлагIа а чутохарца хьешийн дог дохийра. Счет 2:0 йолуш чекхъелира хьалхара тайм. Командаша садаьIначул тIаьхьа хьешийн гол тоха масийттаза аьтто бара. Хьешашна юккъехь буьрка тоха карзахе вара дукха хан йоцуш халха Россин вовшахтоьхначу командина декъашхо хилла волу Савин Евгений. Цо тоьхна буьрка кевнна уллехула йолура я «Терекан» вратарь Дикань Андрей дика ловзура. ШолгIачу таймехь юккъе ваьккхинчу Спавлеца мIаргонехь дог дохаза делира нохчийн болельщикийн. Цо, защитникаш тергал а ца беш, тоьхна буьрка Андрейс нисса кевна сиза уллехь схьалецира. Хьалхарчу таймехь хилла счет кхин хийца ца луш, чекхделира цхьаьнакхетар. Мехкан чемпионатехь шолгIа толам баьккхира вайн махкахоша.
10-чу апрелехь 5-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» Москвахь меттигерчу «Спартак» командина дуьхьал ловзур ю.
Вайн футболъезархошна довзийта лаьа кхечу командин жамIаш: «Амкар» (Пермь) – «Сибирь» (Новосибирск) – 3:1; «Анжи» (Махачкала) – «Алания» (Владикавказ) – 2:0; «Спартак» (Нальчик) – «Ростов» (Дона-тIера-Ростов) – 5:2; «Томь» (Томск) – «Спартак» (Москва) – 2:2; «Сатурн» (Раменское) – «Рубин» (Казань) – 0:0; «Локомотив» (Москва) – «Динамо» (Москва) – 3:2.
АБДУЛАЕВ Адам.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также