БІаьрзечийн а, бІаьрса гІийла долчийн а тоба хІора шарахь йоьду Нохчийн Республикин езачу меттигашка. Уггар лоруш йолчу метте, Веданан кІоштан Эртанахь долчу Кунта-Хьаьжин ненан зиярте Дела хьехорца боьлху бІаьрзенаш. Зиярте схьакхаьчча, цара АллахІе дийхира шайх къинхетам бар а, шайна гечдар а.
Цадовззал хийцаделла зиярт юхатодинчул тІаьхьа. Шаьш дегІан могашаллин ант долуш белахь а, кхуза баьхкинчара дехха зуькарш дира.Ша настарш йоцуш воллушехь, массаьрца цхьаьна зуькар дира Алмазханов Хьамзата. Шен дегІехь йолчу халонийн гІайгІанна эшна вац иза – Далла Іибадат даро синпаргІато латтайо цуьнгахь.
Зиярте боьлхучарна гІо-накъосталла дира НР арахьарчу зІенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн Министерство. Президентан гІийлачарна гІодаран политика къобал а еш, иштта меттигаш кхин а нисйийр йолуш ю Министерство.
Мустаева Рамзан

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2