Къомо ша кхио еза шен тIаьхье шен динехь а, шен гIиллакх-оьздангаллехь а – иштта дара кхузахь хиллачу къамелан юкъара маьIна. Берийн газет а, журнал а, кхидерг а кхиоран вайн республикехь йолу тIаьхьало – и гIуллакх дийцаредарна лерина конференци хилира дIадахначу еари дийнахь арахьарчу зIенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствон актови зала чохь. Конференци вовшахтоьхнарг яра дукха хан йоццуш вайн махкахь арадала доладеллачу «Наша школа» берийн газетан редколлеги. Конференцин болх дIаболош, газетан коьртачу редактора Бакаева Асета дIадийшира кху гуламан цIарах даийтина республикан Iеламнехан кхеташонан председателан Кадыров Хожа-Ахьмадан кехат.Цо чIогIа мехал лору берашна газет дилларан гIуллакх, цуьнан тIаьхье беркате хилар доьху Деле. Цул тIаьхьа газет дилла шайн хиллачу Iалашонех а, цо кхидIа бан леринчу некъах а дийцира Нохчийн Республикан Президентан гIоьнчас Кадыров Хьасена. ДоггIучуьра аьлча, цо гIолацарца диллина а, зорбане дуьйлуш а ду хIара газет.
– Коьртачу декъанна, иза дилла дагадар и тайпа газет вайн республикехь  цахилар дара, – элира Кадыров Хьасена, – ткъа иза Iаламат чIогIа оьшуш ду. Вайн къона тIаьхье кхетош-кхиоран гIуллакх керлачу гIирсийн гIоьнца дIадахьа деза. Телевидени а, Интернет а, кхиболу хIинцалера хаамийн гIирсаш а вайн бераш исламан динехь, вайн нохчийн гIиллакх-оьздангаллехь кхио лерина бац. Вайн берех вайн къоман нах бар вай-ваьшна тIелаца деза тIаккха. Цу Iалашонна лерина вовшахтоьхна ду хIара газет. Берийн дахар  довзуьйтуш хир ду хIара, бераш шаьш кхуьнан балха юккъеуозорца уьш вайн йозанна, вайн къоман журналистикина тIекIобеш а хир ду.
Конференцин балхахь дакъалаьцначу Соьлжа-ГIалин меран заместитела Л.Баснукаевс, республикан дешаран, Iилманан министран хьалхарчу заместитела Х.-А.Халадовс, НР-н Президентан пресс-службин куьйгалхочо I.Керимовс, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Л.Абдулаевс, Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан нохчийн фольклоран а, литературан а кафедран куьйгалхочо О.Джамбековс, «СтелаIад» журналан коьртачу редактора М.Бексултановс, кхечара динчу къамелийн юкъара жамI лара мегар долуш яра цхьа ойла: вайн бераш вай-ваьш кхиадахь, царах вайн къоман нах хир бу, уьш кхетош-кхиоран гIуллакх вай тесна дитахь, Интернетах, кхиболчу хIинцалерачу адамийн кхетамна Iаткъам бечу гIирсех тешийна Iахь, цара шайна оьшург дийр ду цу берех. И хилийта йиш яц. И ца хилийта, къахьега деза.
Цу сацама тIехь дIайирзира конференци. Цуьнан болх боьрзуш, газетан куратора Кадыров Хьасена гулбеллачеран дуккха а хаттаршна жоьпаш делира. Цул тIаьхьа республикан хIора кIоштахь билгалбинчу «Наша школа» газетан редакцин юкъараллин редакторшна удостоверенеш делира цо. Конференцехь хиллачу вайн яздархоша а, Iилманчаша а, кхечара а дош делира вайн берашна лерина и газет когахIотторехь жигара дакъалаца.
Чухула хьийзаш чIегIардиг а долуш, дIабахара конференцин болх. Вайн берашна лерина хаамийн гIирсаш кхиаран гIуллакх, шеко йоццуш, беркате хир ду, Дала мукъ лахь.

Абдулаев Адам.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2