©
Похожие материалы
Бусалбадин тIеэцна Санкт-Петербургерчу вахархочо
17:31, 04 мая 2010г.
Просмотров: 5755
– Ислам цIена, оьзда дин ду, цо гойту АллахIана тIебоьду нийса некъ. Маьрша а, кхетамехь а, сайн лаамехь а волуш сацам бина ас бусалба хила, – элира жимчу стага, цу хаттарна жоп луш.
Кубиев Iусмана жимчу стагана довзийтира бусалба стагана тIехь долу фарзаш (декхарш). Цул тIаьхьа, тоба деш, тоьшалла даладайтира АллахI воцург кхин Дела цахиларна а. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам маршалла хуьлда цунна) Делан Элча хиларна а. Иванна керла цIе тиллира. ХIинца дуьйна Iабдул ву иза.
Кубиев Iусмана Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин цIарах совгIат дира Iабдуллина. ДIахаийтира цуьнан ийман чIагIдалар, Исламан бехкамаш цо дукхе дукха лерина ларбар шена лууш хилар.
Д.ПАШАЕВ.
Суьрта тIехь: тоба деш ву Iабдул.
Р.Истамуловн
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также