©
Похожие материалы
Іедалний, халкъаний юкъара зІе
11:13, 07 мая 2010г.
Просмотров: 3667
Нохчийн Республикин дуьххьарчу президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Іаламат боккха болх бира юкъаралла дІахІотторехь.
− Республикин массо а кІоштехь аьлла тхан векалш бу болх беш – уьш оьшшучу хенахь кийча бу гІо-накъосталла дан, − элира Батаев ГІайрсолтас. Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь шаьш болх бан дуьйладелчахьана оьшуш болу, доккхачу маьІне, дуккха а болх бина хилар хаийтира Батаевс.
ХІинца дуьйна дІа Юкъараллин палатин балхахь хьалхе йолуш хир бу тІекхуьуш долу чкъор динехь кхетош-кхиоран болх, иштта ницкъ ма-ббу къахьоьгур ду зуламе йолу наркоманий, маларш мийларрий дІадаккхарехь.
Одаев Хьамзата билгалдира, мало йоцуш, вай массара а вешан кегийрхой экстремитски зуламхойн кара ца бахийта къахьега дезаш хилар, хІунда аьлча, иза догІуш дац вайн къоман вадца а, бусалба динца а. Цул сов, бахархошна юкъахь беш болу болх кхин а жигара баккха беза.
Журналистийн хаттаршна жоьпаш а луш, Батаев ГІайрсолтас дийцира шен юкъараллин белхан зеделларг хиларх а, ша депутат хилла хилар а, цхьана юкъана дозанал арахьа махлелорах лаьцна а. Иштта цо хаийтира Юкъараллин палата Союзийн ЦІийнан гІишло чохь хилар. Палатин гІуллакххой даим кийча бу республикин бахархошна гІо-накъосталла дан.
Шариева Iайнаъ
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также