Социальни белхахойн денна лерина даздарш дIадаьхьира Нохчийн Республикан къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран Министерствехь. Нохчийн Республикан Президента Кадыров Рамзана дакъалоцуш дIадаьхьначу цу цхьаьнакхетарехь схьайиллира министерствон керла гIишло. Иштта луларчу регионийн цхьамогIа министерствийн куьйгалхой бара даздаршкахь дакъалоцуш.Корматаллин денца социальни белхахой декъалбеш юьхьанца вистхилира Президент Р.Кадыров.
– Адамийн дахаран хьелаш тодаран болх вайн махкахь дIаболийна итт шо кхаьчна, – элира республикан куьйгалхочо. Уггар хьалха социальни белхахойх тешийна ду и атта доцу гIуллакх. Бахархошца кIеда-мерза, оьзда хила декхарийлахь бу уьш. Тахана республикехь болуш болчу кхиамийн юьхь дIайолийнарг Нохчийн Республикан хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву. ХIора районехь социальни керла гIишлош хилар а гуш ду вайна. Кхузахь а схьайоьллуш ю министерствон коьрта гIишло. Бахархойн социальни хьал тодарехь кхидIа а къахьоьгур ду вай. Шу Дала декъал дойла. Хьакъ ма-дду шайн белхан декхарш кхочушдан Дала ирс, аьтто, могашалла лойла шуна.
Республикан социальни хьал кхиорна йоккха хазна юккъе йилларна Президентан цIарах Сийлаллин Грамота елира къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министрана Ахмадов Мохьмадана. Иштта Нохчийн Республикан хьакъ волу гIишлошъярхочун цIе тиллира министерствон отделан куьйгалхочунна Бисултанов Баудина.
Керла гIишло схьайоьллуш ламасталлин цIен лента хадийра Президента Кадыров Рамзана. Цул тIаьхьа гIишло чухула буьйлабелира хьеший. Балхана оьшу дерриг хьелаш долуш, кхузаманан лехамашка хьаьжжина яра чоьнаш.
Министран хьалхарчу заместитела Хусаинов Iайндис дийцина ма-хиллара, республикан социальни белхахой къаьсттина кхиамаш бохуш схьабогIуш бу 2009-чу шарахь дуьйна. Хьем ца беш шен-шен хенахь кхочушдо бахархойн тайп-тайпана хьашташ. Министерствона чуйогIуш ю берашна социальни  гIодаран исс центр. Вайн махкахь 46 эзар заьIап бер хилар хьесапе эцча,  вуно мехала хIума ду иза.Цу декъехь тахана а болх беш бу республикан куьйгалхой. Федералан Iалашонан программехула ян билгалйина заьIап берашна лерина йолу республикан центр. ХIора заьIап бераца цхьацца воккханиг а тIеоьцур ву 220 меттигна леринчу центрехь. Къилбаседа Кавказехь а яц ишттаниг. Министерствона чуйогIучу ерриг учрежденешкахь нехан хьашташ кхочушдеш ву ялх эзар гергга социальни белхахо. Нохчийчоьнан 75 процент бахархойн хьашташ кхочушдо къинхьегаман министерствехь.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2