Кху тIаьхьарчу иттех шарахь бан болх я лелош шен цхьа гIуллакх доцуш, республикан дуккха а бахархой санна, хене велира Гуьмсан вахархо Насуханов Хьусайн. Бакъду, тахана болуш, кхана боцуш юкъа-кара гIишлошъечохь белхаш бора цо. Иштта тахана а белхазаллин ахча оьцуш ю  цуьнан хIусамнана а. Цу тIе жима кхо бер ду доьзалехь кхуьуш. Атта дацара дIадаханчу шерашкахь коьртачу декъана белхазаллин ахчанна тIе а хиъна Iаш долчу дена-нанна шайн доьзалхой кхио.  
Амма хьал гIеххьачул хийцаделира, белхазаллин ахчанан метта субсиди далар юкъадаьккхича.Цу хьокъехь болу хаам ас бийшира газета тIехь, – дийцира Хьусайна. Хьем ца беш, районан бахархой балха дIанисбаран центран куьйгалхошна тIевахара со. Субсидина луш долчу 58 эзар соьмана  сайгара кхин тIе а тоьхна, кога хIотта дагахь со хиларх лаьцна дийцира ас. Теплица схьаелларан декъехь ас хIоттийна план къобалйира цара.
2009-гIа шо чекхдолуш схьаделлачу субсидех хIоттийначу планаца ма-хиллара теплица схьайиллира Насухановс. Карарчу хенахь бIаьрг бузош ю иза. 30 метр йохалла йолчу цу теплицехь цо шен хIусамненаца цхьаьна кхиош наьрсаш ю. Цкъачунна теплицех кхачам боллуш пайда эца лара ца винехь а, амма билггал гуш ду, шен гIуллакх лело ша волавалар белхазаллин ахчане сатуьйсуш Iачул  санехь карийна цунна. Помидорийн санна, наьрсийн мах а цхьана эшшарехь лаьтташ белхьара, хуьлуш йолу ял дуккха а гIолехь хирг хилар билгалдаькхира цо шен къамелехь.
Билгалдаккха деза, хасстоьмаш кхиорах тоам бина Iе Iалашо йолуш вац  Насуханов Хьусайн. Цул сов, тIейогIучу хенахь бежанаш а лело лаам болуш ву иза. Кехаташ субсидина чуделлачу шен хIусамненан гIуллакх хилахь, бежана эца а, божал дан а дагахь ву иза. Теша лаьа и Iалашо кхочушхирг хиларх.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2