Дешархочо хьалха хотту хьехархочуьнга  салам-маршалла. Хьехархо лоруш хила веза  дешархо, цуьнца  къамел  деш  хьалагIатта веза,  къамелана  юкъакхийсалуш новкъарло ян мегар дац. Цунна дуьхьал  къамел дан  мегар дац, ала  мегар дац, масала : «Ахь иштта бахахь а, хьенеха кхечу  агIор боху …». Дин дохош дацахь, хьехархочух  даьлларг дуьйцуш  лела мегар дац. Дешархочо шена цахуург  хатта деза  хьехархочуьнга,  накъосташка а ца хоьттуш. Шена хаахь а, накъоста  жоп  дала ца оьшу,  хьехархочуьнца болчу  ларамна. Дешархо воьлуш хила ца веза, шега  хьехархо вистхуьлуш.Новкъа вогIуш  хьехархочул хьалха лелха ца веза дешархо. Новкъахь хеттарш дан  мегар дац цуьнга, воьдуче дIакхаччалц собар дан деза.
   Хьехархо  кIадвелла хилар  гушшехь, цуьнга дукха  хаттарш дан мегар дац. Дешархочо лерина ладогIа  деза шен хаттарна  лучу жоьпе. Ша дика  ца кхетахь,  кхетта ала  мегар дац. Динах долчу хаттаршна  дешархочо жоп лаха деза Исламан динан хаарш лакхара долчу хьехархочуьнгахь.

ДоттагIа къастор

    Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:
«Къематдийнахь адамаш  гулдийр ду, хIора  стаг шена  юххерчу нокъостаца. Цундела массо а хьожийла ша доттагIалла хьаьнца  тесна  ».
    Дала аьлла :
«Къематдийнахь  доттагIех мостагIий хир бу, дог цIена,  вовшийн ларамца, сий  лардарца доттагIалла  лелийнарш   боцучех».
ХIокху аятехь вайна го :  хьекъал долчу  стага шен доттагIа лаца  веза Делах кхоьруш верг. Цундела массо а стаг  ша хьаьнца доттагIалла леладо, ша  муьлхачу нахах веттало, хьаьнца уьйр йолуш ву хьажа веза.
Бакъволу , дика , сий долуш волу доттагIа, бакъахьа хир ву дахарехь а, Iилма Iаморехь а. Хьекъалца,  гIиллакхца, оьздангаллица къаьсташ хир ву иза. Иза хир  вац  къинош летош, цхьана а хIуманна тIехь шариIатана  дуьхьало еш.
Цуьнан дог  дуьненан  хIуманна  тIедирзина хир дац. Бусалба стаг даима а тIегIерта веза нийсо  лелочу нахана, къинош  леточу нахах ларвала  веза, царах  дIакхетаро цуьнан дахар  дохор ду, цIенчу некъах вохор ву. Шайна юххехь ма хилийта дика нах бен, къинойх цIанбала  луурш бен.
    Хьекъал долчу нахаца хилийта  шайн уьйр,  иштта ларло нахана зуламаш дечех а. Царах  диканиг  дер дац, кхерам  бу церан  вон  гIиллакхаш  схьаэцарна, динах вохорна а бу кхерам.
    Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла:  
«Стаг  дуьззина ийман диллина ма вац, шена  санна дика  болх,  шен вешина а хила ца лаахь».
    Дика доттагIа ву  шен  накъост  нийсачу  новкъа  ваккха луург. Хьекъал  долчу стага  шена вон болх  хуьлуьйтур бац. Дикачу  доттагIчо Делан дуьхьа накъосталла  дийр ду хьуна  тIе хало  хIоьттича.
      ДоттагIчо къа  латадахь а, цуьнгара  вон хIума далахь а,  дIахаийта деза ша  цунна  реза цахилар. Хазахетар а, халахетар а цхьабосса эца деза тIе.
ДоттагIчо нехан кхачамбацарш  дуьйцуш, вела а воьлуш, IадIаш верг бакъволу  доттагIа вац. ШариIатехь нислуш  къовсам баьллехь, доттагIа  кхета  гIерташ вацахь, шариIатана тIе хIотта веза, нахе  дIакхайкхо мегар ду и стаг галваьлла  хилар, цунах зулам  дериг хилар.
 
   Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллачуьнца нисдала  гIорта деза вай:
  «ГIо де хьайн вешина диканна а, вонна а, (вониг ца дийцарца ) бакъдолчу  шариIатчохь нисвала».
Дог цIена  волчу доттагIах хуьлуш ду дика адам.

Деца-ненаца болу ларам

      Бераш деца-ненаца чIогIа  дика  хила деза. Уьш  хила беза , аьлларг деш,  кIеда - мерза,  къаьсттина ненаца.  Дикалла а,  къинхетам а ненаца  алсам хила беза. Иштта  ларбан беза цара шайн ден-ненан доттагIий а,  уьш  дийна  болуш а,  дIакхелхича а.
Церан сий дан деза, царна шайгара цатам баларна кхоьруш, халахетар ца деш, царна оьшучуьнга хьожуш хила веза.
Дена-нанна доIа  деш, мел луш хила веза. Иштта ларам хила беза воккхах волчу  вешица а.


Лулахойн юкъаметтигаш

   Лулахой тайп-тайпана  хуьлу – гергарнаш а, гергара боцурш а.  Гергара белахь церан бакъонаш  алсам ю.
    Милла  велахь а, уллохь вехаш верг  лулахо ву.
 ТIекхоччушшехь  цуьнга  салам дала деза. Цомгаш велахь, цунна  тIевоьдуш  хила веза,  кхелхинехь  цуьнан  тезет лера деза.
Бусалба стаг кхелхинехь цунна ала деза : «Дала гечдойла цунна , Дала  ийман долуш  собар  лойла  шуна».
        Марха достуш а, гIурба  долуш а  декъал бан беза лулахой. Лулахочо  бечу  вон  балхана собаре хила веза,  иза вон болх  барх  Iалашван веза.  Цуьнан  кхачамбацарш  дийца мегар дац,  гIалаташна  гечдан деза.  Хьайн чуьра  ара  цунна  хьоьжийла  ца лууче  ма хьежа, цуьнан декъа  тIе  хIуманаш ма кхийса. Цуьнан  берашца кIеда-мерза  хила.
 Динах а,  дахарах а долу  диканиг  дийца деза  лулахочуьнга.  Кхайкхича , гIо-накъосталла  дан ваха  веза. Юхалург хIума  луш хила, оьшуш  делахь царна  юург  латтае.
   ГIишло юттуш  велахь лулахочунна  IиндагI дан а,  хIаваъ  тIекхочийла яйъа мегар дац.
   Стоьмаш хаза белахь,  лулахочунна дакъа  дан деза.  Лулахочо совгIат дахь, мел  жима делахь а,  схьаэца,  сий а ца дойуш.
ЦIенош , дакъа духкуш велахь,  хьалха  лулахьочуьнга оьций аьлла, хатта деза.

Нисвала гIортар

      Хьекъал долу  стаг шен  дахаран  хьесап долуш  хила веза, нахана а, шена а вон  болх а ца беш, нисвала а  гIерташ, къамел пайдехь а,  нийса а деш, хьанала  къахьега а лууш, шариIато  ма бохху, шен  гIуллакх а деш,  бала  боцучу юккъе а ца гIерташ, шех  гIалаташ а ца
дуьйлуьтуш , шен деца-ненаца  дика а волуш,  гергарчаьрца ларам а болуш, шен  вежарий  а безаш, царах къахеташ а хила веза.
    Шена динчу  дикачу  хIуманна хайр деш  хила веза. Ша  лоруш а, шеца ларам  хилийта  хууш а хила веза.
Стагца хила ца еза куралла. Кхио деза шеца  хьекъал, къинхетам, тешам. Шен   долчух  кхачам беш, Далла хастам беш хила веза. Нахаца хила  веза  кIеда-мерза, догцIена, юкъаметтиг хIотто еза дикачу Iалашонца. ХIора стаг догцIена хила  веза, массо а хIуманна тIехь ларлуш, собаре,  тIехьашха а ца  луьйш,  бIаьрмециг воцуш, хIуманан кхоам болуш, хьагI йоцуш, массо хIума дош  хеташ, нахана  оьгIаз ца  оьхуш, хьекъал  долуш, майра, бакъо-харцо къастош сих  ца  луш, ша санна волчу стагана ницкъ  бийр боцуш, шена ницкъ  бойтур боцуш, шен ден-ненан Iуналла а деш.
Массо а стаг Делах коьруш а, Делан  къинхетаме  сатуьйсуш а, Делан дуьхьа  цIенчу  даггара сагIийна  хIума луш а хила веза.
   ШариIатца нийса доцучу хIуманна  дуьхьало  еш хила веза, жимачу  хIуманах Делан дуьхьа кхачам  беш.
Миччанхьа велахь а Делах  кхоьруш хила веза. Къа  латийнехь, тоба  дан деза, къинойх цIанлуш .  Уьйр хила еза  гIиллакх-оьздангалла йолчу нахаца.  Изза лиъна  вайн  Делан Элчанна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
       Цундела,  хьекъал долчу  стагаца  хIара  аматаш хила  деза: эхь,  сий,  мотт бакъ лебар, гIуллакх  доцург цадийцар. Нехан  гIуллакхашца бала боцуш, шен  гIуллакх деш хила веза,  гIалат валарх ларлуш, дега, нене ладугIуш хила веза, гергарчийн тидам беш а. Вежарий безаш а, ларам  болуш а, эсала, собаре,  къинхетаме, самукъане, велавелла, хIуманна  са кхуьуш хила веза. Хила веза майра, , цIена  дог долуш, хьекъал а, кхетам а болуш.
   Хила ца веза къамел вон долуш, эхь доцуш, сиха, кура, дозалла деш, къиза, гIовгIа еш, оьгIаз оьхуш, мотт бетташ, нахах  воьлуш, девнаш дохуш, хьагI йолуш. Цу хIуманех цIена хила еза дог - ойла а.
   Мегар дац ямарт хила.

Зорбане кечйинарг  –  
Ф. Идалова

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2