Тахана республикан агропромышленни комплексехь дерриг гIуллакхаш цхьана Iалашонна тIехьовсийна ду – аренашкахь хьийкъина кхиъна кенан ялташ ма-хуьллу сиха а, дараш ца хуьлуьйтуш а чуэцарна. ХIокху аьхка хьалха лаьтташ ду 84 эзар гектар гергга йолчу майданашкара кIа, гурахь а, бIаьстенан юьххьехь а дIабийна хилла мукх, Iаьржа кIа, сула чуерзор.

Шен йолчу таронашца хьакъ боллу кечам бира оцу мехалчу кампанина хIора районехь: кечйира шайн карахь йолу техника, бахамийн хьаьтташ, хьалххе хIиттийра белхан планаш, билгалдехира комбайнаш тIера ялта хьаьтташка дIакхехьаран некъаш. Аьлча а, тидамза ца дита гIоьртира ялташ чудерзочу хенахь новкъарло ян тарлуш долу цхьа а хIума.
Латталелорхочунна карарчу хенахь уггар мехалчу оцу гIуллакхашна лерина яра хIокху деношкахь юьртан бахаман министерствехь дIаяьхьна кхеташо а. Министран шина заместительна Моллаев Джамалдина а, Латуев Ханпашина а хьалха шайн цигахь долуш долчу хьолах лаьцна отчеташ елира ведомствон районашкахь йолчу юьртабахаман отделийн (долуш ду республикехь иштта дакъош а) куьйгалхоша. Уггар хьалха билгалдаккха догIу ерриг районашкахь ялташ чудерзор, белхан планашца нийса а догIуш, дIадолийна хилар. Кхеташонехь дечу къамелашкахь гучуделира дукхах йолчу меттигашкахь ялташ чудерзоран дакъалацархошна бовха кхача латторан биста кхаччалц дерриг гIуллакхаш тидаме эца гIоьртина хилар.
Цуьнга хьаьжжина бу белхан хьалхара гайтамаш а. Масала, ТIехьа-Мартан районехь гIуллакх деш йолчу отделан векала хаам бира цигахь цкъачунна болчу гайтамашца хIора гектарана леринчу хьесапехь 38,4 центнер кIа а, 23,3 центнер мукх а гулбеш хилар. Оцу гайтамашкахула дIадаханчу шарахь а республикехь хьалхара меттиг яьккхира районан латталелорхоша. Изза Iалашо хIоттийна хIокху шарна а. Эха майданашкара мукх чуберзийна а бевлла, хьалхарчу иттаннаш гектараш тIера кIа хьаьтташка дIакхачийна тIехьамартанхоша, оцу белхан боларш тIеттIа лакхадахарна тIехьажийна гIуллакхаш а деш.
Невран районехь йолчу отделан куьйгалхочо хаам бира 3700 гектар сов йолчу майданех хьалхарчу кхаа бIе гектара тIера чудерзийнарг гектарана леринчу барамехь 29 центнер гергга кIа хилар. И терахь кхин а лакхара хирг хиларх тешна а вара иза. ДоггIучуьра билгалдаккха луур ду неврахой шайн дош лардан Iемина хилар: дIадаханчу шарахь а бара уьш республикехь динчу жамIашкахула шолгIачу меттехь.
Шайн цигахь кхолладеллачу хьолах лаьцна кхеташонехь къамелаш динчарна юкъахь вара Грозненски а, Курчалойн а районашкахь волу министерствон ши векал. Хьалхарчо хаам бира хьалхарчу 360 гектарах хIоранна тIера цигарчу бахамаша 20,6 центнер кIа чуоьцуш хиларан хьокъехь. Ткъа шолгIачохь, Iаламан хьелашца нийса а догIуш, и болх хIинцций бен дIаболош а бац. Амма хьалхарчу гектараша а гайтина районехь дIадаханчу шарахьчул дикка лакхара хьийкъина ялта кхиийна хилар. ТIаьхье беркате хирг хиларна тоьшалла деш бу хьалхара гайтамаш – районехь гектарана леринчу хьесапехь чуоьцуш дерг 21,5 центнер кIа ду.
ДIайолийнарг юьхь бен яцахь а, оцу хьалхарчу гайтамаша а тоьшалла до республикехь кху шарахь дIадаханчу шарца дуьстича, дикка алсам ялта гулдина хирг хиларна. Цкъачунна долчу юьхьанцарчу хьесапашца латталелорхоша хIора гектарана леринчу хьесапехь чуоьцу 22,5 центнер ялта. Бахамаш оцу балхана буьззинчу барамехь хIинцций бен юкъабоьлхуш цахилар тидаме эцча (ткъа масех районехь-м кIа чудерзо дола а ца дина), дегайовхо кхуллу, и терахь хаъал лакхадаккха ялташлелорхойн ницкъ кхочур бу аьлла.
Кхеташонехь динчу къамелашкахь хаадалаза ца дисира ялташ чудерзоран техникаца долу хьал мелла а гIоьртина хилар, дукхах болчу бахамашкахь иза чIогIа тишъелла хилар. Iаламат мехалчу хIокху муьрехь цхьа некъ бен ца гора министерствон куьйгалхошна белхан сихо хилийтаран гIуллакха тIехь – арахьара техника гIоьнна ялор. Алссам пайдаэца беза, бохура цара, «Агротехсервисан» таронех санна, бахархойн шайн долахь йолчу комбайнех а. Цо гIо дийр ду латталелорхошна шайн декхаршца кхиамца ларо а, билгалйинчу хенашкахь ялташ чудерзийна довлийтарна, дараш цахилийтарна кхачоян а.
Иштта дийцаре дира кхеташонехь ялташ чудерзоран хIокху муьрехь хьалхахIитта тарлуш долу кхин а цхьамогIа гIуллакхаш а.

Л.МАГ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2