Делан къинхетамца шо шаре даларца чIагIлуш ду Нохчийчуьрчу бусалбанийн ийман, алсамбовлуш бу бусалба Iилма Iамо лууш берш. Далла бу хастам. Ийман чIагIдарна, Iилма Iаморна мел оьшу хьелаш кхуллуш ву Нохчийн Республикан Президент Кадыров Рамзан-Хьаьжа. Цуьнан цу тIехь дика накъостий а бу республикерчу бусалбанийн динан урхаллин векалш. Уггар хьалха муфти Мирзаев Султан-Хьаьжа, цуьнан наибаш.Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхо хилира Курчалойн районерчу Хоси-Юьртахь хьафизашна лерина ечу башхачу марказехь. Цуьнца цхьаьна бара республикера цIеяххана Iеламнах. Царна юккъехь – вайн Президентан динехула волу гIоьнча, «Некъ» хаамийн-издательски марказан куьйгалхо Шахидов Адам, кхиберш. Кхузахь деша аьтто хир бу Къуръан дагахь Iамон лууш болчу вайн республикерчу а, луларчу регионашкарчу а бусалба нехан. Царна Iилма хьоьхур ду Узбекистанерчу а, кхечу мехкашкарчу а хьафизаша а, баккхийчу Iалимаша а. Делахь-хIета, герггарчу хенахь дуккха а алсамбевр бу Нохчийчуьра хьафизаш. КIезиг белахь а тахана а болуш бу вайн республикехь Къуръан дагахь хууш берш. Президент резахилира гIишлошъярхоша бечу балхана. Уьш хIинцале бевлла гIишло хьалайоьттина. Цара дIаболийна тхов тилларан, куьцаш дахаран, хьахаран белхаш. ГIуллакх тахана санна дIадодахь кху шарахь шен неIарш дешархошна схьайоьллур ю марказо. Билгалдаккха деза марказна Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан вешин Зелимхин (Дала декъалвойла иза) цIе тиллина хилар. Цуьнан цIе даима а халкъан иэсехь ехар ю хьафизашна леринчу кху дешаран кхерчо болх мел бо. Везачу АллахIа пурба лойла Р.Кадыровна кху тайпана гIуллакхаш кхидIа а дIадахьа. С.ХАМЗАТОВ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2