Сентябрь беттан 19-чу дийнахь билгалдоккхур ду Нохчийн зудчун де. Кхечу мехкашкахь а, регионашкахь а иштта шайн зудчун сий айдина меттиг яц аьлла, жимма дозалла а, куралла а ян меттиг бу вайн зударийн. Хазчу дашна доцийла хаьа вайна, нохчийн зуда вайн республикан юкъараллин муьлххачу а балхахь лараялар а. «Балхахь» аьлча, дог 1ийжачу дагахьбалламца хьалха х1утту советийн заманахь а, можа пхьуьйшаш доцургаш юьйхина з1окбергаш а, лоьмаш а детташ аьчканекъа т1ехь а, йовхонна латта лалон асфальтбуьллуш т1улганекъа т1ехь а, кибарчигийн заводехь кибарчиг йоттучу цехашкахь а, химзаводашкахь силам кхехкхочу цехашкахь а нохчийн зударша лара а луш белхаш бар. Нохчийн зударша шайн чоь а, доьзал а бахьанехь муьлхха а болх бо, муьлхха а хало лов. Тахана а цунна лерина де кхайкхинехь а, и парг1ат яла а, баьрче хаа а генахь ю. И цхьана зудчух доьзна а, я цуьнан лаамах доьзна а дац. Вайн юкъараллин дахар тоъал хьалдолуш дац, зуда парг1ат а яьккхина «зудчун» г1уллакхашна и мукъа йита. Шайна лерина хан хила таро йолуш вайн берриг а зударий белхьара, дуьненахь а хазаллина а, оьздаллина а ц1еяхна хир бара нохчийн зударий ХIХ-чу б1ешарахь санна. Цу т1ера доладелира, вайн республикехь дика евзаш йолчу лор-невролагца, Мусостова Зурааца тхан хилла къамел. Цо дагалоьцура: – Сан ткъа шо къаьчначу дийнахь, соьца доьшуш хиллачу оьрсийн а, украинцийн а божабераша гуьржийн яздархочо Александр Казбегис язйина киншка елира суна. Шаьш даггара ешна х1ара киншка, кху т1ехь нохчийн зудчун васт къегинчу седанах тера ду, оха и хьоьца дусту, элира цара. Цул т1аьхьа ас хийлазза а ешна и киншка, со даиманна а йоккхайийна, Къилбаседа а, Малхбузе а Кавказан къаьмнийн зударшна юккъехь «нохчийн зуда майрра, юьхь гойтуш лела, ша ц1ена а, оьзда а йолу дела» аьлла Казбегис аьллачу дешнех. И дешнаш аьллачул т1аьхьа 150 шо бен ца даьлла, нохчийн зудчунна и дешнаш ца дог1у тахана аьлларг вайн къоман мостаг1 ву. Дуьнент1ерчу кхечу къамнашка вайн сий дайта, вай ваьш, вешан божарша сий дан деза вай. Эрна ца аьлла, стаг харцхьа ваьлча доьзал телха, зуда харцхьа яьлча мохк телха. Вайн зударий ца мегаш белахь, вайн мохк телхина-кх, ткъа х1ун деш бу къонахий телхинчу махкахь? Со даима а цецйийлина нохчийн зудчун доьналлех, къонахаллех. 2000-чу шеран апрелехь ц1айирзина, сайн балха т1е араяьлла со. Дагалийцина х1ун до и х1ун хан яра? Вай юхадендаларна, вай дерриш а ца даларна, вайгахь адамалла йисарна нохчийн зудчунна декхарийлахь ду-кх вай. Шен букъах ворда а йина, шен белшах г1ортор а йина доьзална, махкана, вайна массарна а яцна-кх нохчийн зуда. Цу т1е тахана Казбегис цуьнан хадийначу мехал лакха яцахь, лоха а ца хета суна и. Ас со а яц юьйцург, хьо а яц, амма нохчийн зуда ю. Со йоккхаера, сайца иштта къамел дан дуьненан дахаран зеделларг долуш йолу зуда сайна йовзарх. Дика кхетара цуьнан дахарх а, ойланех а, дагахьбалламех а, хазахетарех а, восех а. Гора дуьнене шен хьежам а, адамалла а, юьхь а, муьлххачу х1уманан а, хиламан а мах хадо хьекъал а долуш зуда и хилар а. Далла бу хастам иштта зударий вайн болуш а, уьш алссам болуш а. Сан ойланца ца дог1ура Зураа боху цхьаццадерг: «Со турпалхо яц. Со нохчийн зуда ю, нана а ю, денана а ю, лор а ю. Тхан доьзалехь цкъа а ца хилла ц1арна лелош х1умнаш, суна а ца еза и ц1е. Со дуьнен т1е а яьлла халчу хенахь, яха а яьхна халчу хенахь, я х1инца а д1огара атта хан яц вай дехаш ерг. Х1ун дер ткъа, ишттачу дахаран зовкх Дала делла-кх суна. Со реза ю-кх цунна. Амма со турпалхо яц, ца оьшу сох лаьцна яздан.» Массо а х1уманна цунна т1етан реза йолу со, реза яцара оцу къамелана. Суна мохь тоха лаьара цуьнга: -Х1ей, нохчийн зуда! Хьо а турпалхо ца хилча, Шахбулатова Зайнап а турпалхо ца хилча, Дагаева Малика а турпалхо ца хилча, мичара бевлла аьлла хета шуна Дадин Айбикаг1ар, Гиххойн Таймасг1ахар? Шу цаьрга нисделла, т1екхуьурш хьаьнга нисбала беза, шу турпалхой ца хилча? Ас х1умма а ца элира, амма гуш ю-кх и нохчийн зудчун турпалалла… Луьра а, къиза а хан яра, къоман мостаг1ий бина махках баьхначуАптин а, Совдатан а доьзалехь йо1 Зураъ дуьнен т1е яьлларг. Лай к1елхьара зезагаш дахарна кечлуш долу хан, амма уьш цкъа а дага а дог1ур доцучу г1орийначу барака чохь, 1944-ч шеран апрелехь. Везаш доьзалхо вацара аьлча бакъ хир дацара Аптин доьзалехь кхиъначу цхьайтта берах. Берриш а бара безаш а, оьшуш а, зама яра къиза, цуьнца къевссина доьзал хене баккха безара, озабезам хила йиш яцара цхьаьнгге а. Дена дика хаьара, шен доьзална дуьненан рицкъанна санна, церан хиндолчунна а ша декхарийлахь вуйла. Цундела ницкъ ма кхоччу доьшуьйтура цо шен берашка. Ша а вара иза ц1енна ламанан к1ант, шен дешан да волуш, къонахалла, доьналла долуш. Казахстанан хийрачу лаьтта д1авирзира иза, амма весет дисира, цундела лаа дацара кхеран доьзалехь ялхаммо лаккхара дешар чекхдаккхар. 1957-чу шарахь Соьлжа-Г1ала ц1абирзира кхеран доьзал, ден-ненан хьомечу даймахкахь цабезамца тIеийцира х1орш. Ишколе яхначу, хьийзина к1айн месаш йолчу, ч1ег1ардигна санна оьрсийн мотт хуучу йо1е цабезамца хьоьжура меттигерчу ишколера хьехархой, церан хьекъало т1е ца дуьтура, «адмаш дууш» болу нах иштта бу бохург. Кхунна дика дагайог1у, 1958-чу шарахь, нохчий юха бахийта бохуш, бухарчу къаьмнаша йина хилла митингаш. Иза даима а санна имперски боьхачу политикин ачо яра. Шен къинхьегамца вехачу стагана новкъа вацара ша санна волу къинхьегамхо. Кхиамца 8 класс чекхъяьккхина медучилище деша яхара йо1. Училище чекхъяьккхинчул т1аьхьа цхьана шарахь лоьран болх бира Шуьйтахь. Дахар шен хорша доьрзуш дара. Къона лор дакъалоцуш яра к1оштан юкъараллин дахарехь. Х1ара юккъехь йолу Шуьйтара исбаьхьаллин коллектив евзаш яра республикехь а, луларчу мехкашкахь а. Амма шен хаарш лакхадаха 1алашо йоккха яра йоь1ан. Атта дацара нанна а, т1ехь да воцу йо1 Украине деша а хьажийна 1ен, делахь а, ден весет а, йо1ан лаам а бара иштта. 1962-чу шарахь Донецки медицинан институте лечебни факультете деша яхара иза. 1968-чу шарахь кхиамца дешна а яьлла юха а Шуьйтахь лоьран болх бира 1972-чу шаре кхаччалц. Цул т1аьхьа дуьйна а г1алин №2 йолчу поликлиникехь лор-неврологан болх беш ю Нохчийн Республикан могашалла1алашъяран хьакъйолу белхахо Мусостова Зураъ. Дуккхазза а шен хаарш т1едуза 1алашо йолуш Москвахь, Казанехь, Санкт-Петербургехь стажировкехь хилла Зураъ. Миччахьа а дешарх доьзна долчу х1уманна жоьпаллица а хилла, даима а т1ехдика дешна, цундела шен балхаца доьзна долчух озалуш ца хилла, хаарш к1орггера долу дела. Т1емаш болуш а, д1абирзинчул т1аьхьа а гуманитарни организацешца белхаш бина. 2006-чу шарахь «Планетин эзар зуда» ц1е йолчу проекта юккъехь шолг1а меттиг яьккхина. Шайн доьзалш а болуш ши к1ант ву. Зураэ масех хаттар делира ас: – Зураъ, нохчийн зудчун, ненан дахарехь х1ун ду коьртаниг? - Шен доьзалх адамаш дар муьлххачу а зудчун, ненан дахарехь коьртаниг ду. Ткъа нохчийн нана декхарийлахь ю шен доьзалш адамаллехь кхион. Церан деган дахар дикачух дуьзна хилийта, уьш къонахийн масалш т1ехь кхион. Шайн дайн дика амалш царна йовзийта. Уьш собаре, хьекъале кхион. Десачу хабарх ларбала 1амон, шаьш къахьега дезаш хилар церан ц1ийх долийта. Маггане а мегар дац доьзалш къинхьегамах ларбан. Ша къахьегнарг эвхьаза а, сийлахь а хилар т1амарх долийта деза царна. Суо дика нана ю бохург-м дац сан иза. Со даима а доьшуш, балхахь, некъахь хилла вайн нохчийн дукхахболу зударий санна. Амма ас билгалъяьхначу амалех мелла а амалш соьца а, сан шина к1антаца а елахь и тхан ненан беркат ду. Гой хьуна, вайн дай-нанойн масалех хуьлу-кх иза. – Ткъа вайн къонахех лаьцна х1ун эр дара ахь? – И дика элира ахь, боьрша нах ца олуш, къонахий. Вайн б1аьргаш чухула къонахий хила безаш бу вайн дай, вежарий, ц1ийндай, к1ентий. Т1аккха бен хир бац уьш нахана хьалха къонахий. Вайна, зударшна дика хаьа церан садоллу меттиг, церан къонахаллин мах а вайга дика хадало. Амма сан дагара д1а ца долу вайн къонахий шерашкахь дегнаш доьжна бахар, церан ца дог1учу дагара белакъиэжа безаш хилар, ши шай лурдоцчу модийн овгале «начальник, командир» баха дезаш хилар. 30 шо кхаьчна жима стаг т1еэцна, цуьнга ас ладоьг1ча, цуьнан чов хиллачу сих цецйолура со, цо бан безаш болчу къурдана суждане яха дог хуьлура сан. Церан г1ело йина синош, аьшнаш йина яххьаш, церан къонахалла хьастадаларх хийцар, уьш шаьш-шайна к1езиг хетарх, х1етте а вайна хьалха а, вовшашна хьалха а церан къонахий хилла чекхбовла безарх цецйолура со. Царна г1о-накъосталла дар сан декхар дара. Югославехь а хилла вай долчехь санна т1емаш, царна дуьнено а г1о дина юхаметтах1отторехь, эзар-эзарнаш психологаша шерашкахь къахьегна цигахь. Вай долчохь иштта ца хилла. Т1еман невроз д1аялаза ю х1инца вайна юккъера. Дера г1ала а юха ден ма елла, дуккха а дикчу аг1ор хийцамаш а ма хилла, амма чов хилла синош-м ца таделла, уьш х1инца а цомгаш ду. – Х1ун башхаллаш ю 60-чу шерийн кегийрхошна а, таханлерчу кегийрхошна а юккъехь? – Уггар коьрта башхалла, соьга хаьттича -дешар ю. Х1инца а вайн дукхахболу 1илманчаш а, хьекъалчаш а цу хенахь я жимма цул т1аьхьа дешнарш бу. Цу заманахьлера кегийрхой къаьсттина оьздангалла йолуш а бара. Доьшуш долчу нохчийн зудберех дозалла дора цара, уьш церан йижарий бара, уьш 1алашбар церан декхар дара, царах дериг даккха дага а дог1ур дацара. Сибрехан къизаллех чекхдевллачу нохчийн адамашкахь адамалла, къинхетам биснера. Ткъа тахана луьрчу т1емах девллачу вайх хилларг – къинхетам д1абаьлла, вовшех лаза дог ца дисна, вовшашна т1екхойкху, воккхачун къаналлех, жимачун къоналлех лаца г1иллакх ца дисна, ахчанах дела вина, и хилчахьана, ши шай лур доцчух а къонах вина, тамашийна девлла. Вайн дайша лийринарг – Дала вай цхьабосса дуьнен т1е кхоллар а, нохчийн юкъараллин дахаран исторехь лай, элий ца хилар а, хьалхарчу денна тIера тIаьххьарчу дийне кхаччалц Делан лай вай хилар а дицдан йиш ца хилар дагахьлаттадойла луур дара вайн кегийрхоша. Дерриг вуон ду бохург а дац сан и, дахар атта г1уллакх дац, дика-вуон ийна ду дахарехь, амма вай дешна а, доьшуш а делхьара х1инцачул дуккха а г1олехь хир дара, цхьайолу осала амалш а хир яцара кегийрхошкахь. – Зураъ, х1ун эр дара ахь нохчийн зудчуьнга? – Уггар хьалха нохчийн зудчунна ша нана юьйла хаа деза. Шен доьзалш еса х1умнаш кхиарх ларбан беза. Баьпкан мах хаа а, цуьнан хама бан а 1амо беза. Куьйгаш а, дог а ц1ена хила дезар - дахаран коьрта г1уллакх хиларх тешо беза шен доьзал. Атта дахар леха 1амо ца беза, дахар даима а ду хала. Даггара лаьа суна, вайн зударшна т1еман ирча юьхь, г1енах а, кхин ца гойла. Шайн доьзалийн ирсо уьш баккхийбебойла. Ирсе хуьлда вайн зударийн дахар. Доьзалшна т1аьхьа ма дуьсийла вай. -Зураъ, Дела реза хуьлда хьуна, со т1еэцна, соьга ладоьг1на, хьайн дахарехь зеделлачух ахь дакъа дарна. Газетдешархоша а пайдаоьцур бу аьлла хета суна вайн къамелах. Дала аьтто бойла хьан. САРАЛИЕВА Табарк.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2