Кхушеран 9-чу майхь Сийлахьчу Толаман 65 шо кхочучу дийнахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира шен къоман кIант хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Сийлаллин хIолламан мемориальни комплекс. Москвара Поклонни лам а, Волгоградера Мамаевн барз а дIабаьлча, вайн махкарчу ишттачу комплексашна юккъехь кхоалгIаниг ю хIара. ГIалин В.Путинан проспектехь лаьттачу Шерипов Асламбекан, Ахриев ГIапуран, Гикало Николайн сийнна хIоттийначу хIолламна хьалха хIара комплекс хилар а, 70 шарахь вайн халкъангалъяьккхина лаьттина истори меттахIоттон, Дала ша нисйича санна ду. Оцу хIуманан ойла йича кхета: Ницкъболчо хьалха, тIаьхьа, амма хила ма доггIура нисдо дерриг а. Кхин цхьа хIума а ду: нохчийн «Колизейн» цхьа дакъа хилла пен а дIабаьлла кхузара. Кхин цкъа а исторехь, Дала мукъ лахь, дуьненан халкъаш цецдохуш, юккъерчу бIешерийн акхаралла нохчийн къомах волчу стага гойтург ца хиларх дог тешна ду. Оцу хIуманан закъалт а хета хIара комплекс. Дукха беза мах-м бу цу закъалтах вайн халкъо белларг, амма лелашъерг Делан кхиэл ю. И хааро синтем бо… Комплексан барам пхеа гектаре кхочу. Гобаьккхина къевлина, дерриг а шен-шен метте нисдина, оьшучохь бай биллина дитт доьгIна, охьалахвала гIант хIоттийна. Вайн къоман къонахашна гуттар а деза хета васт, баттара даьккхина тур айдинчу дошлочо «гIарчI» аьлла юхаозийначу дуьрстан къегина гаьллаш а гуш, тIаьхьарчу когашна тIехIоттийначу динан сурт-хIолламо цхьа ша тайпанчу турпаллин хьоле кхачаво. Сахуьллушехь, хаьштиг карахь богIучу маьлхан зIаьнаршца, къегарехь къийсалуш лепа дешин варкъ даьккхинчу мимарийн тхевнашна тIехь бIаьрг ца соцу. Адамийн хьекъало а, куьйгаша а кхоьллина хIара башхачу говзаллин хIоллам кIорггерчу безаман бух тIехь бен хIотталур доцу сурт хиларо тешаво. Тийналлин, исбаьхьаллин дуьнене кхочу хьо Музей чоьхьа ваьлча. Тхов тIера охьакхозучу люстран боккхалло са дIалоций, дуьне а лацало аьлла хетачу бIаьргашка и ца лацалуш вуьсу. Ткъа ворхI бIе ах бIе чиркх цхьабосса хьалалетта, церан тайп-тайпанчу басаршца лепаро бIаьргийн серло кхоьлина хоьтуьйту, юха а дагадогIу, адаман хьекъало дийр доцуш хIумма а дац, Делера гIо хилча, олий. Лаккхарчу, «кхо исс» цIеналлин дешица кхелина стогаран гуо, оццу дешица яздина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин «Дала бакъо толайойла» дешнаш а къегина го. Механа хьовха, бозаллина а бу люстра беза - цхьа тонн ах тонн стогар пхи тонн йозалла лалун йолчу конструкци тIехь кхозу. Вайн къоман истанган ширчу бустамца кечбина нартолан бохьан лахара гуо. Ткъа мел исбаьхьа вовшахъийна и ширалла хIинцаллех! Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу музей хIинца а гайта ехкинчу хIумнех юьзна яц. Соьга хаьттича, цуьнан башхалла и юьзна ца хиларца доьзна а ду, хIунда аьлча кху чохь йолу хIумнаш ерриш а ша-ша ган йиш йолу дела. Хьалхарчу гIат тIехь дIабаржийна цхьа бIе ах бIе куьйга дехкинчу суьртийн гайтам. Церан авторш Нохчийн Республикера хилла ца Iаш, Москвара, Санкт-Петербургера, Краснодарера, Астраханера, Якутера, Россин массо а маьIIера художникаш бу. ХIорш а, кхин пхеа бIене кхочуш музейн экспонаташ-кхабанаш, статуэткаш, дато ахча, декоративни искусствон хIумнаш ю Нохчийн Республикан Культуран министерствос музейна совгIатна елла. Аьтту агIорчу пена тIехь кхозучу нохчийн художникан Асуханов Амиран «Кавказ. Нохчийн Республикан къилбе» цIе йолчу суьртаца болийна гайтам. Цунна уллехь кхозу Хасаев Чингисханан суьрташ. Кхушеран май баттахь Москвахь дIаяьхьначу Россин художникийн гайтамехь шина номинацехь- «Къахьегалаарна» а, «Корматалла» а хьалхара меттигаш яьхна суьрташ ду уьш. Къаьсттина тIе тидам бохуьйтуш ду Санкт-Петербургехь вехачу нохчийн художникан Бицираев СаьIидан суьрташ. Уьш барамна вукхарел даккхий хиларал а, алсам хиларал а (автор кхоавелла ца Iар гуш ду!) сов, церан басарш а, суьртийн тематика а, суртдилларан техника а тамашийна ю. СтелаIодан массо а басах долчу басарех пайдаэца йиш йолчу художника ши-кхо бос бен ца лелийна. Цундела Бицираевн суьрташ геннара а къаьсташ ду цIен басарш Iаьржачаьрца а, мелла а баьццарчаьрца а ийна хиларна. «Зимни яккхар» а, «Кхайкхам» а суьртийн чулацаман кхиар а, чаккхе а шена гучу, (вайна ган Iеминчу агIор доцуш!) къаьсттинчу агIор гайта ницкъ кхаьчна авторан. Иштта ницкъ болчу суьртийн йийсарера а ялаза, шагатIулгах бинчу лами тIехула чуйоьссира со шолгIачу гIатна… Шен болх дика хууш а, боккъал а кху белхан зеделларг долуш а волчу Музейн директоран заместитель волчу Лабазанов Мусас дозаллица дуьйцу ламеш тIера а, цIенкъара панно йиллина мрамор Испанера а, Иранера а леррина хаьржина еъна, бохуш. Бакъду цуьнан аз цхьа генахь хета суна… Кадыров Ахьмад-Хьаьжин белхан кабинет. Сайн ойланийн цхьааллехь цхьа а теш воцуш, тIе куьг кховдон а, бIаьрнегIар ца тухуш хьажа а йиш йолчу минотех ца теша со. Ахьмад-Хьаьжа дийна волуш цуьнан кабинет чохь ма хиллара лаьтта стол а, гIант а, диван а. Пена тIехь кхозу Нохчийн Республикан а, Соьлжа-ГIалин а картанаш, лаьтта Россин а, Нохчийчоьнан байракхаш, пена тIе тоьхна ю шина а пачхьалкхан гербаш. Баьрччехь кхозу Путинан сурт, жимма дIанехьо, цхьайтталгIаниг доладеллачохь сецна сахьт… Стоьла тIехь лаьтта компьютер, яздеш лелон гIирс. Хетало, уьш хIинцца гIаьттина дIавахначу стеган куьйгийн йовхо дIа а ялаза ю. «Схьаэцна хьажча?!»- сан коьртачу ткъесах хьаьдира и ойла, амма гонахара аьхналлин тийналла йохон меттахъяла а гIор ца хилира. Ахьмад-Хьаьжин кабинета чохь хилла йолу партал тIеюьзна цо арадаьхна указаш а, распоряженеш а тIехь йолчу гайтамца. Уьш девззашехь, юх-юха а дийшира ас уьш, юх-юха а цецъелира, оццул луьрчу заманахь, дIаберзаза болчу тIамна юккъехула машаран гIуллакхаш коьртаниш цо лерина хиларна. Берийн могашалла, церан садаIар, маьршачу нехан синтем ларбар, кегийрхошца гергарло лахар и лардар, белхан меттигаш кхоллар, масане яра уьш йоьхна, яьржина, лачкъийна, йоьхкина Iуьллучу Нохчийчоьнан лазаме, дарба лаха деза меттигаш. Дала некъ гойтуш, цуьнан нийсонах тешаш волчу стага бен тIелоцур боцуш мохь бара хIетахьлера Нохчийчоь. Ахьмад-Хьаьжин кабинет тIейоьзначарех ю «Президент РФ В.В.Путин и Президент ЧР А.А.Кадыров» цIе йолу суьртийн гайтам. Суьрташка хьаьжча билгалъяккхало шина пачхьалкхан куьйгалхойн доттагIаллин юкъаметтиган юьххьехь хилла йолу вовшийн зеран херо а, цул тIаьхьа нийсачу накъосташна юккъехь кхолладеллачу гергарлонан зIенаш а. ХIора денна хезаш, гуш, хьуна девзаш ду аьлла хетачу хIуманан кIоргене кховда воьлча , цуьнан сурт а, чулацам а хьуна ца моьттачу агIор нисло. Ахьмад-Хьаьжа массо а хIуманна тIехь къаьсташ хиларан агIонан ойла йича, самабевлла синхаамаш хорша берзо хан оьшура, цундела цуьнан кабинетана уллерчу тIеэцаран чохь гIента охьалахъелира со: «Хьанна хаьа, кхин маца, муьлха президент волчу гIор со?»-аьлла. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин шен хилла йолу, цо лелийна а, цуьнан тIахьенан а, вайн а цуьнга болчу безаман теш хилла лаьтта хIумнаш чохь йолу чоь а ю музейхь. Цуьнан аьрру агIорчу пенна тIехь схьабаржийна Ахьмад-Хьаьжа вина а, цуьнан бералла а, къона хан а дIаяхна а йолчу меттигийн суьртийн гайтам. Ах доьхна цIа ду суьрта тIехь, Казахстанехь КадыровгIеран доьзал баьхна. Корашна кIелхьара поппарш чуэгна, тхов тIера шифер йоьхна, мацах хьаькхна хилла сир боьжигдаьлла, юкъ-кара аьнгалин бIаьргаш а дац. Дахарехь зеделлачо гайтина, къонаха хин верг миччахьа вича а, кхиъча а меттигах доьзна доцуш, Делан къайленах доьзна хилар а, цуьнан мотт ца буьйцу, амма и къегина гайта йиш йолу теш и цIа хилар а. Шена тIе тидам бохуьйтуш ду дуккха а шераш девллачул тIаьхьа оцу цIенна хьалха Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан а, Казахстанан Президентан Назарбаев Нурсултанан а хилла цхьаьнакхетар. Юккъерчу Азехь доьшуш волчу хенахь даьккхинчу суьрта тIехь го цу заманан хормица кечвелла жима стаг, амма цуьнан бIаьргийн хьажар а, церан ойла а, цул тIаьхьа ткъа шо даьлча даьккхинчу суьрта тIехь а хийцаделла ца хаало. Советийн халчу заманахь, эзар-эзар нохчашна юккъера, динан лаккхара дешар деша вахар а, цуьнан доьзалан и вахийта доьналла кхачар а кIезиг дац. Бухарера хьуьжар чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Ташкентехь исламан институтехь а, Иорданин университетехь шарI Iаморан факультетехь а шен хаарш тIедуза ларавелира Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан дешаран жамI иштта хила догIийла кхета, аьнгалин кIелахь Iоьхку цуьнан дагалецамаш бешча а: баккхийнаш балха бахна пхи шо кхаьчна кIант Къуръан деша аьлла чохь витна. Цу тIера Сура дицделла ша воьлхуш корехь Iаш, тIехйолучу дейишас схьагайтал шена аьлла, Къуръан агIо корехула дIагайтича, цо муьлхарниг ду дагадаийтина, цунах Iехавелла кIант воьлхучуьра сецна, Къуръан деша волавелла. Беран Iехадалар Къуръан дешар а хилча, дейишина Къуръанан агIонаш евзаш а, цуьнан чулацам хууш а хилча, Ахьмад-Хьажин хаарш ларамаза цахиларх теша. Цул дIанехьо гайтина Ахьмад-Хьажа пачхьалкхан а, юкъараллин а политически гIуллакхдархо волчу хенахь даьхна суьрташ: харжамаш болчу дийнахь а, шен махкана, къомана тешаме хир волуш чIагIо ечу дийнахь а, берашца, тIеман ветеранашца, КВН-шикашца, «Единая Россия» партин а, Иорданерчу нохчийн диаспорин а векалшца, бакъонашларъярхошца, иштта кхин а цхьамогIа вайн махкахь а, СаIудин Аравехь а, Иорданехь а хиллачу цхьаьнакхетаршкахь а. Юх-юха а хьежало тIаьххьарчу дийнахь, хIан-хIа, тIаьххьарчу миноташкахь даьхначу суьрташка. Мел чIогIа лерина талларх а Ахьмад-Хьаьжин хьекъалечу хьажарехь аьхналла, синтем, тийналла бен ца карайо… Къевлинчу цхьана аьнгалин яьшки чохь Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан Къуръан а, суьлхьанаш а, пес а ю. ШолгIачунна чохь цунна делла цхьацца совгIаташ а, кубкаш а ю. КхоалгIачунна чохь цуьнан холхазан куй а, 1992-чу шарахь ша ХьаьжцIа вахча шен юьртахочунна Адалаев Султанна Ахьмад-Хьаьжас деъна хилла совгIат - ламазан куз а, пес а, суьлхьанаш а. ЙоьалгIачунна чохь-2004-чу шарахь Пятигорски пачхьалкхан технологически университетан президента профессор В.Казначеевс буха куьг таIийна, Кадыров Ахьмад –Хьаьжа шайн университетан сийлахь профессор хилар тIечIагIдеш делла диплом а, магистран хорма а ю. Кхечанхьа Ахьмад-Хьажех лаьцна зорбане евлла материалаш а, киншкаш а, цуьнан шен киншкаш а, дагалецамаш а бу. Вайн республикан ларамечу хьешийн дешархойн, студентийн, бахархойн, берийн ца кхачалун могIа лаьттар бу кхузахь кестта –Ахьмад-Хьаьжа вина де тIекхочуш а, и тIехдаьлча а. Ахьмад-Хьаьжин адамашкахь наггахь бен ца хуьлу башхалла шегахь йолуш хиларна тIаьхьакхиа гIерташ дукха къахьега ца деза аьлла хета суна, Дала шена делларг дохьуш веъна и дуьнентIе, цунна лиъча дIа а вахна. Иштта бен хила йиш ца хилла цуьнан. Музейн тийналло ойланийн паналлехь латтаво, доза доцчу дагалецамийн йийсарера дIа ца хоьцу… САРАЛИЕВА Табарк.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна