– Тхойшиннан къинхьегаман некъ ткъе кхоъ шо хьалха цхьаьний дIаболабелла хIокху бахамехь, – велакъежа хIокху хене кхаччалц шена тешаме хилла схьаеана йолу иза тиша хиларна тидам тIебаханийла хааделла волу комбайнер Зайтаев Султан. – ХIара пенсе яха еза хан-м шозза а тIехъяьллера, делахь а, со воьду хан тIекхачаре хьоьжуш ду-кх тхо, – забаре даккха гIерта иза долуш долу хьал. – Къамел комбайнах лаьцна делахь а, дIаихинчу шерийн оцу ерриг а йохаллехь шена тешаме хилла схьавеанчу накъостах санна дуьйцу комбайнера цунах лаьцна. Дерригено а гойту техника а, стаг а вовшех дIасакъасталур доцуш дийна цхьаъ хилла дIахIоьттина хилар.Султанехь йолчуьнга диллича-м цуьнан накъостехь Какаев Асламбекехь йолу кхуззахь юххехь лаьтта комбайн цIена лара мегар долуш ю, хIокху аренашкахь гIуллакх деш йолу итт шо чекхдаьллехь а. Оцу кепара йолчу техникаца чуэцна хIокху аьхка цушимма бахаман аренашкахь хьийкъина кхиийна хилла буьртиган ялта. Олуш ма-хиллара, ши лерг таIIийна гIуллакх дина арахьара гIо хиларе са ца туьйсуш. Цуьнга хьаьжжина жамIаш а ду юьхькIам болуш. – Юьхьанца-м тхо тхаьш а дара тхешан гайтамех дикка цецдуьйлуш, – боху бахаман куьйгалхочо. – Муха ца дуьйлура, нагахь хIора гектара тIера 30 центнерал сов ялта чуоьцуш хилча! И терахь 40 центнерна герга кхочуш меттигаш а яьхкира. Нагахь карахь тоъалчу барамехь техника а хилла, ялта сихха чудерзо ницкъ кхаьчнехь, иштта гайтамаш хир а бара. Амма Iаламо шен нисдарш юкъадалийра. Масех дийнахь тIекIел йочанаш латтар бахьанехь ялтин майданашкахь хьалагIоьртира асаран бецаш, чолхечу даьккхира болх дIабахьар, дIадоладелира дараш хилар. Делахь а, тахана долуш долчу чаккхенан жамIех а тоам ца бойла дац. Цара къеггина тоьшалла до, карахь тоъал техника ца хиллехь а, тхан латталелорхоша шайн ницкъ кхочург а, ца кхочург а дина хиларна. Бакъду иза. Оццул чолхечу хьелашкахь бахамехь ницкъ кхаьчна 250 гектарах хIоранна тIера 24 центнерал сов кIа гулдан. Хьаьтта дIакхачийна 6I2 тонна ялта. И терахьаш довзуьйтуш хааялаза ца юьсу алссам ялта гулдан хиллачу таронех буьззинчу барамехь пайдаэца ницкъаш цатоарна Лечин дагчохь йисина вас. Иза цо лечкъа а ца йора. И хьал нисдан гIора цатоар дара Iеткъаш дерг. – ХIинца хIара сула чуэцар а ца дирзи эшам ца хуьлуш, – кхидIа а дуьйцу куьйгалхочо. – Буьртиг буза болалучу муьрехь йокъано шен Iаьржа тIамар яржийра аренашна тIехула. Цуьнан тIаьхье ю тахана гектара тIера итт центнере кхочуш бен сула гулъеш цахилар. – Жимма соцунгIа а хуьлий, тIаккха тIетуху: – ХIокху цхьана-шина дийнахь хIара болх чекхбаьккхина вер ву Султан а, Асламбек а, цушиннан ши накъост шоферш Ибрагимов СаьIид а, Исмаилов Анзор а – бахаман коьрта гIортораш. Билгалдаккха луур ду уьш хIара мур болабелчхьана дуьйна цхьаьна болх беш схьабогIуш хилар. Вайнехан гIиллакхашца догIуш дац стаг юьхьадуьхьал хестор. Цунах дика кхета директор, цуьнан шен къинхьегаман а, дахаран а доккхачу зеделлачо тIе а чIагIдина иза нийса хилар. Цуьнга хьаьжжина ю комбайнерашца йолу юкъаметтигаш а, деш долу къамел а. Хастамаш бар, хьехамаш бар доцуш (гIеметта хIоьттинчу шина стагана-м дика хаьа шаьшшиммо дан дезарг хIун ду) билгалдоху цара рогIерчу денна хьалхалаьтта декхарш. Къамелехь ца хаало «со куьйгалхо ву, ткъа хьо сан куьйгаллина кIел ву» бохург. Ма-дарра аьлча, бакъонца цхьана тIегIанерчу накъосташна юкъахь хуьлуш доллу къамел ду хезаш дерг. Таханлерчу сел чолхечу хьелашкахь кхиаман цхьа агIо ю ала мегар ду кхузахь вовшашна юкъахь оцу кепара юкъаметтигаш хилар. Iаламо шен нисдарш динехь а, тIамо чIанабаьккхина бахам меттахIотторехь керлачу дозанашка кхаьчна кхузара латталелорхой. ДIадаханчу шерашца дуьстича дикка алсамдаьлла лаьтто схьалуш долу беркат. Ткъа хьалхахьа керла гIулч яьккхина хиларна къеггина тоьшалла ду адамаша дог-ойла гIаттарца къахьегар, уьш шайн кханенах тешар. Иза хаадалаза ца дуьсу муьлххачу метте хьо кхаьчча а: хуьлда иза ялтин аре, я охана дечохь, я ялта цIан а деш, дIаIалашдечохь. Хиндерг шайх хIораммо а дечу гIуллакхах доьзна хилар дагахь а латтош, къахьоьгуш ду кхузара адамаш. Экономика чIагIъяран хьостанаш – Кхеташ ду дуьххьалдIа цхьана буьртиган ялтин чоьтах бахаман экономика чIагIлург цахилар, – боху Л.Турпаловс, – чоьхьарчу хьашташна тоъалчу барамехь бахаман балансехь иза хила дезаш делахь а. Цундела доьзуьйту алсамха пайда лун болу культураш юьйш-лелор юкъадало. Цуьнца доьзна дара оха кху шарахь 85 гектар майданахь шекаран буракаш а, 150 гектара тIехь маьлхахIуш а кхио Iалашо хIоттийна хилар. Нагахь технологи дIаса ца таьIIаш лар а еш кхиийча, бахамна алссам пайда луш культураш ю уьш. Тахана оцу шина майданахь долчу хьоло гойту уьш лелор кхузарчу латталелорхошна керла гIуллакх цахилар. Бахамехь дечу хьесапашца мел лахара а пхийтта центнерал кIезиг хир дац гектарана леринчу барамехь гулден долчу маьлхахIуьнан терахьаш. ХIора гектара тIера гулъян билгалйинарг 200 центнер елахь а, дикка лакхарчу дозане кхача шайн ницкъ кхочург хиларх тешна бу буракашлелорхой а. Цара, дуьцийла йоццуш, доккха гIо дийр ду бахам когахIоттаран гIуллакха тIехь. Делахь-хIета, адамийн къинхьегамна луш йолу ял алсамъяккха а. ХIинццехь билгалдина кхузахь оцу культурашца тIедогIучу шарахь хиндерг а. Нагахь маьлхахIушна къастон ерг 100 гектар бен яцахь, церан хьекъар дикка лакха а доккхуш (агрономин Iилмано ца магадо цкъа и хIу дийначу майданахь шозлагIа иза пхи шо даллалц ден, цо латтанаш чIогIа якхдеш хиларна, цундела бахамехь хьесапе оьцу дуьйш-лелочу латтанийн шорто цахилар – дерриг а 1314 гектар бен дац уьш). Ткъа шекаран буракех дерг аьлча, царна къастош йолу майданаш мелхо а 120 гектаре кхаччалц шорйийр ю. Иза деш кхузахь хьесапе оьцу республикехь алссам аьргалла тIеэца нуьцкъала завод хилар. Бахаман экономика лакхаяккхаран Iалашонца дан билгалдинчу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш госхозан куьйгалхочо уггар хьалха тидам тIебохуьйту шаьш долчохь бошмаш а, хасстоьмаш а лелоран гIуллакх карладаккха дагахь хиларна. Кхета бошмашна алссам харжаш оьшург хиларх, амма оццу хенахь даггара теша гIуллакх хаарца дIахIоттийча уьш меттахIуьттург хиларх а, бахамна алссам пайда бийриг хиларх а. Хасстоьмашлелор юкъадалош а дезар ду мелла а харжаш ян. ГIуллакх доллу цунна шортта хи оьшург хиларх. Иза хилийта юххехь канал а ду, цIандан ницкъ кхаьччахьана. Арахьара гIо доцуш бахамехь бошмашка зазадаккхийта а, хасстоьмийн культурашка аренаш дIаюзийта а шайн ницкъ кхочур бацахь а, директор тешна ву и гIо кхочург хиларх. Экономика чIагIъяран планашкахь ду даьхнилелоран дакъа меттахIоттор а. 400 бежнанна лерина комплекс ярна проектно-сметни документаци кечдар чекхдолуш ду. Кестта котамаш кхио йолалур ю зIакардохнан жима фабрика. Бахаман санна, юьртарчу бахархойн а хьашташ кхочушдийр ду хьаьттана юххехь ен йолчу жимачу хьеро. Иштта ду кхузахь герггарчу шерашкахь дан лерина гIуллакхаш… Къамел юха а тахана дан дезаш хьалхалаьттачу гIуллакхашна тIедоьрзу. Куьйгалхочух кхета а мегар ду. Цунна бицбалаза болчух тера ду стохка шаьш хьегна бала. Цундела хир ду кхузахь буьртиган ялташ чудерзор чекхдаларе ца хьоьжуш хиндолчунна бух биллар дIадолор. Сихачу боларшца дIахьош ду охана дар. – ДIадаханчу шарахь ницкъ ца кхечира тхан ма-хетта латта кечдан, дуьххьалдIа охана дан бен аьтто ца белира, – боху Турпалов Лечас. – Иза хIокху шарахь хуьлуьйтур дац. Цунна лерина хьакъ боллу кечам а бина. Оха тхаьшна хьалха Iалашо хIоттийна ялташ а, кхийолу культураш а кхион йолу цхьа а гектар хIокху гурахь ахаза, тIехь ян еза обработка яза ца йита, агротехнико ма-хьеххара дерриг латта кечдан. Коьрта лазам – говзачаш цатоар Муьлххачу гIуллакха тIехь а кхиамна кхачо еш ерш кадраш ю. Церан говзаллех, хаарех, корматаллех, жигараллех доьзна хуьлу бахамехь дерриг а. Оцу лехамашна жоп луш йолу кадраш йолчохь куьйгалхочун корта ца лазабо шайна тIедиллина гIуллакх цара муха кхочушдина-техьа бохучо, хIунда аьлча, тешна хуьлу иза тIаьхьало йоллуш дина хирг хиларх. Ткъа кхузахь муха ду механизаторийн кадрашца кхачояр? Директорна тахана и гIуллакх уггар лазамечарах, цуьнан хIора дийнахь сагатдечарах ду. Иза ларамаза а дац. Йоккха къелла ю церан бахамехь. – Синтем муха хир бу, нагахь тахана хIара трактор кара дIаяла тхан механизатор ца хилча, – дагна Iовжам хиларца дуьйцу директора, кхуззахь хьаьттахь лаьтташ йолчу цIенчу К-700 тракторна тIе пIелг а хьежош. – Лол-м беттар бу, амма и техника тешо лаккхарчу корматаллин механизатор-м вац. Тахана-м баккхийнаш юкъаозийна а аренашкахь дан дезачуьнца ларош схьадогIу тхо. Бакъду, кхана иза дан аьтто хир бу ала хIуттур вац со. Цхьана хенахь механизаторийн башха кадраш хиларца билгалболуш бара хIара бахам. Дийна бисинарш пенсе бахана, ткъа церан метта хIитта безачеран гIайгIа бан вай долчохь хиллачу тIемаша ца дитина. Цхьана хенахь леррина юьртан бахамна механизаторш кечбеш меттигаш яра. Тахана иза а дац. Юьртахь болуш бу и корматалла караерзо лууш болу кегийрхой. Амма мичхьа хьовсор бу, мичхьа Iамор бу уьш механизаторан говзаллина?! Со тешна ву иштта хьал дуьххьалдIа кхузахь хилла Iаш цахиларх. Кхана и гIуллакх кхин а йоккхачу ираллица хьалхахIуттур ду республикан дукхах болчу бахамашна. Цундела юьртан бахам меттахIоттор коьртачу декхарех цхьаъ лара дезаш хилар Нохчийн Республикан Президента хьалхахIоттор тидаме а оьцуш, тIаьхьа ца тоьттуш механизаторш кечбаран хьокъехь тахханехь гIайгIа бича нийса хир дара аьлла хета. Замано ша иштта лехам хьалхахIиттош хилча-м муххале а. Верасалла даггара лелош хилча Шайн боккха аьтто хилла аьлла хеташ бу бахамехь шайна гIишлошъяран фирмин генеральни директор Магомадов Iабдул-Хьамид санна волу верас нисвелла. ХIунда аьлча, кхета дуьххьалдIа иза, цо деш долу гIо-накъосталла бахьанехь шаьш когахIитта дуьйладелла хиларх. Ткъа верас-м, олуш ма-хиллара, лерг сема хьожуш ву бахамна оьшуш долчунна. ТIаьххьарчунна тIера дIадоло луур ду суна цуьнан диканаш. Бахамехь хиндолчу ялтина кечам мегарг дIаболоза а болчу хьалхарчу деношкахь схьакхачаяйтира цо карабогIучу муьрехь ша ца хилча болх дIабахьа таро хир йоцуш йолу 37 тонна ягориг. Иза тоьар ю аренашкахь латта кечдаран санна, хIу дIадеран а белхаш техникан сецарш доцуш шен хеннахь чекхбахийтарна. Дагна боккха там хиларца дуьйцу бахаман куьйгалхочо шайна тIехь верасалла лелор шена тIелаьцначо цул хьалха дина диканаш а. Цо эцна ю хьаьттан кертахь лаьтташ йолу К-700 а, Т-I50 а тракторш, хIутосург, культиватор, кхиболу тIаьхьатосу гIирсаш. Буьззина хийцийтира складана тIера тхов. Деш ду ялта охьадохкарна лерина долу 120 метр деха рагIу. Цу кIелахь асфальт йиллар а шена тIелаьцна Iабдул-Хьамида. Цу тIехь а чекхдолуш дац цо бахамна дина гIо. – Доккхах долчу декъана верасо дина гIо бахьанехь таро хилла хIокху аьхка иштта хьийкъина ялта кхио, – дуьйцу Лечас. – Цо эцна минеральни удобренеш, асаршца къийсам латторан химин гIирсаш бара ялтин хьекъар лакхадаьккхинарг. ХIокху тIаьххьарчу ткъеитт шарахь дуьххьара гира тхан аренашна минеральни токхонаш, ялтина обработка ен гIирсаш. Кхузахь цкъа а хилла яцара опрыскивательш. ХIара шо тIекхаччалц цкъа а аренашкахь шен хеннахь цаьрца гIуллакх дойла ца хуьлура. Лулахоша шайн гIуллакх чекхдаьллачул тIаьхьий бен ца лора тхоьга и агрегат. Ма-дарра аьлча, ас царна бехк а ца буьллу, хIунда аьлча, ас ден дерриг дара ца деш дерг. Цхьанна а луур ма-дац шениг юкъах а дитина, нехан гIуллакхе хьажа. Амма кху шарахь цхьаьнгга а сагIа деха ца дийзира – яла а яйтина, цIена ши опрыскиватель дIахIоттаяйтира Iабдул-Хьамида, шайца кхитIе оьшуш болу гIирсаш а болуш. И бахьанехь ялташна шен хеннахь молханаш тоха таро а хилира. Цу тIехь а чекх ца долу I-Х.Магомадовс бахамна деш долу дика. Кхузарчу коллективана цо дIабовзийтина тIедогIучу шеран ялташ чудерзоран муьрана тIекхочуш керла комбайн эца ша бина сацам. Ша санна луларчу шина бахамна тIехь верасалла лелош болчаьрца дийцаре дан долийна шекаран буракаш чуерзоран комбайн юкъахь эцаран хьокъехь долу гIуллакх. Церан барт хилахь, юха тIейогIу йолчу гурахь шайн техникаца чуоьцур ю кхузахь шекаран аьргалла. Къинхьегамна ял яларан гIуллакхаш Бинчу балхана шен хеннахь ял яларх къамел хьакхаделча уггар хьалха гучуделира и гIуллакх цкъа а ца хиллачу кепара кху шарахь дика хилар. Хьаьттан заведующис Магомадов Айсас дийцарехь дуккха а болчарна йолана ялта дIаэца ца лаьа. Цу тIехь ишттачарна бехк а ца буьллура цо. ДIадаханчу шерашкахь бахамна тIехь дисина декхар дIатокхуш луш долу ялта дахьа меттиг йоцуш дисинера адамаш. И хьал тосаделла хиллера верасана. Йолана ялта дIаэца лууш боцурш бухгалтерехь билгал а бахийтина, царна алапина дIадала 2 миллион 300 эзар сом ахча бахаман кассе охьадиллира цо. Иза дарца тIаьххьарчу шерашкахь бахамна тIехь IаьIна хилла декхарш буьззинчу барамехь дIаделира. Цу тIетоха деза пенсионни фондана, налогийн службана хьалха долу бахаман декхарш дIатакхар а Iабдул-Хьамида шена тIелаьцна хилар. Аьлча а, шен ницкъ кхочург (ткъа йоццачу хенахь динарг, гуш ма-хиллара, кIезиг дац) дерриг дан гIерта бахам сихха когахIотторхьама, шаьш деш долчу гIуллакхах адамаш даккхийдеш хилийтархьама. Цундела йиш йохаран кхоларш ца го хьаьттахь ялта цIандеш йолчу Умарова Дунисин а, Мусаева Маликин а яххьаш тIехь. ХIунда аьлча, и шиъ а, церан накъостий а тешна бу шайн кханенах, шаьш хьегна къа эрна довриг цахиларх, хIинца дуьйна шайн хьаналчу къинхьегамна йогIуш йолу ял шен хеннахь схьалург хиларх. Цу тIехь церан тешаме накъост хилла дIахIоьттина верас. Масех дош бахаман куьйгалхочух Аттачарах дац тахана Турпалов Лечина тIехь долу дукъ. Цкъачунна кхузахь йоцуш ю агрономийн а, инженерийн а службаш. Шечул сов церан декхарш а кхочуш ца дича ца волу. Ур-аттал чуваха кабинет а, я охьахаа меттиг а яц – бахаман контора дIа а лаьцна, цу чохь чIагIбелла Iаш бу федералаш, я иза хена-заманчохь дIахеца дагахь а бац. ХIаллакйина чуьра йийбар, схьайохуш ягийна паркет, схьадаьхна чутоьхна хилла аннаш-м хьехочохь а дацара. Делахь а леткъамаш бар дезна вац директор. Даккхийчу зиэрех чекхваьлла иза, кIезиг ца гина диканиг а, вониг а, диканиг алсамха а гуш. ДIадаханчу бIешеран кхузткъолгIачу шерийн юьххьехь кхузахь учетчикан даржехь дIаболабелла цуьнан къинхьегаман некъ. Хилла комсомолан, профсоюзан, партин органашкахь тайп-тайпанчу даржашкахь. Лаккхара партийни ишкол а, Горски юьртабахаман институт а чекхъяккхаран хьокъехь шиъ диплом ду. Перестройка шех олуш хилла мур хIоьттича, юьртахоша вала а вина, хIокху бахамна куьйгалла дан хIоттийра. Цхьана а меттехь шегара баккха бехк ца битина, даима а хиъна адамашца муьлха мотт бийца беза. Уггар коьртаниг – адамийн гIуллакх, иза мел чолхе хиларх, шега далучу кепара дан кийча хилла, цкъа а шена са ца лехна. Шена тIехIоьттинчу киртигах даима а чекхваьлла оьздангаллех ца вухуш. Цундела бу цуьнца юьртахь жимачун а, воккхачун а сий-ларам. Цундела ду цуьнан дош нахана юккъехь лараме. Цундела теша цуьнан дашах, хIунда аьлча хаьа уьш, и дешнаш эрна дIасакхийса иза Iемина воцийла. Ирс долуш хила веза аьлла хетало адамаша шен гIуллакхийн иштта боккха мах хадош волу стаг. Царах цхьаъ лору ша Турпалов Лечас. Л.МАГ. Авторан суьрташ.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2