Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора къомана а шена-шена делла. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьаеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам.  Цунна масалш а дуьне-нахь бIеннаш ду. Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

Иштта яздина Мамакаев Мохьмада ненан маттах лаьцна. Оцу дешнийн маьIнех кхета хала дац. Шен паргIато ца ларъелла къам леш ду, ткъа паргIато ларъяран уггар нуьцкъала герз мотт лору автора.

Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн  меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо  дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь,
– яздо Сулейманов Ахьмада. Муьлхха а мотт хаар дика ду, дуьненан культуран хазна ма ю иза. Цхьаццадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, Iамо а, эхартан мулк гулъян а оьшуш бу Iаьрбийн мотт. Оьрсийн мотт – кхоччуш ваьш дехачу Россин гражданаш хила а, вешан лулахошца гергарло, белхан, гIуллакхан уьйраш лело а, дуьненан Iилманах кхиа а ца хиъча ца болу. Дика ду ингалсан, немцойн, французийн меттанаш хаар а. Амма поэтана тIаьххье чIагIдан догIу, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар.
Саидов Билала яздина:

Ненан мотт цахаар –
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар –
Маьттаза вахар ду.

Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш. Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайх хIоранга а.
Дала нохчийн къомана белларг нохчийн мотт бу. Iилмано чIагIдарехь, дуьненан ширчу меттанех цхьаъ бу иза. Вайн мотт хьал долуш хиларх, цуьнан исбаьхьаллех цецбийлина гоьбевлла оьрсийн яздархой, Iилманчаш. Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс яздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Вай нохчий ду, ду – нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх хIораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха Iемаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Цундела иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, Iамо, кхио беза, оцу маттахь йолу киншкаш ешарца, газеташ, журналаш яздарца.
Тахана вешан мотт Iамо цхьа а дуьхьало яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикан Президента, куьг яздеш, чIагIдина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикан Закон. ЧIогIа мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикан а конституцешца догIуш хIоттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, дIакхайкхош бу нохчийн мотт. Цундела цуьнан бакъо ма ю пачхьалкхан тIегIанехь лелочу документийн, кхечу кехатийн мотт хилла лела а.
Закон тIеэцна де (25-гIа апрель) Нохчийн Республикан Президентан Указца «Нохчийн меттан Де» ду аьлла, дIакхайкхийна а ду. Оцу акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан Де кхайкхоран хьокъехь Указ а) тIеэцарца республикан куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна тIехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ ма белла.
Нохчийн яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада яздо: «Мотт, духар, гIиллакхаш – къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву.
Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах
хир вац».
Дерзорехь дало лаьа Нохчийн Республикан халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» стихотворени тIера иштта могIанаш:

Кхидолчу къаьмнашна  шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт  а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь  хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, хьо  цхьалха ву.

Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъазадовларх! 

Абалханов Хьаким

{mosloadposition user9}

Шен ненан мотт халкъо,

Дала лардойла вай ненан мотт бицбина дакъазадовларх!  Абалханов Хьаким

{mosloadposition user9}