©
Похожие материалы
Шен сатийсаме кхаьчнарг
15:21, 03 сентября 2010г.
Просмотров: 9250
1айшат йоккхаера бераллехь сатийсина шен лаам кхочушхиларх. Цо доггах бора ша безаш т1елаьцна болх, цунна ч1ог1а лаьара шен дуьххьарлера хьехархо Савле Ибергиевна санна дика хьехархо хила. Х1етахь дуьйна, шен ницкъ ма-кхоччу, ша хьоьхург берийн кхетаме дилла г1ерташ схьайог1уш а ю 1айшат.
– 1айшат дика хьехархо хилла ца 1аш, муьлххачу а х1уманна т1ехь дика накъост а ю, – боху ишколан директора Курбанова Хедас.. – Ша кху коллективе еъчахьана цо цкъа а ца гайтина г1иллакх дацар я ледардо, даима а дешархошца а, хьехархошца а к1еда-мерза, г1иллакхе ю иза, тхуна боккха юьхьк1ам бу х1ара санна болу белхан накъостий хилар. 1айшата шен дешархошка даима а олу:
– Шаьш хьанах схьадевлла, муьлш ду а хууш, вайн къоман юьхь, сий лардеш, г1иллакх-оьздангаллех ца духуш хьанал дахалаш. Шух йоьзна ю шуна вайн къоман кхане.
Р.МУСИПОВ.
Авторан сурт.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также