Хьоме хьехархой а, бераш а!

3 сентября в 15:27 (2010 г.) 5055
Ламаст ма-хиллара, дIадаьллачу шеран жамIашца а, керлачу дегайовхонашца а доладо вай дешаран керла шо. Хьалхарчу сентябрехь вайн дешархой цхьа тIегIа лакхабовлу, ткъа эзарнаш бераша дуьххьарлера гIулч йоккху хаарийн исбаьхьчу дуьнене. Уьш ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиор, уьш Iилманца Iамор, церан массо а агIор Iуналла дар – и сийлахь декхарш ду вайн хьехархошна тIехь лаьттарш! Нуьцкъалчу боларехь кхиамийн новкъа схьайогIуш йолчу вайн Нохчийчоьнан дезаршка, цунна хьалха хIора махкахочун долчу декхаршка хьаьжжина, оьзда, доьналла долуш, хьекъале, говза, каде, нуьцкъала, къинхетаме адамаш оьшу вайн къоман кханалера де ирсе хилийта! Цундела, мах хадийна ца валлал, доккха маьIна долуш бу хьехархоша, шаьш-шайн ца кхоош, беш болу болх. Цундела вайн республикан Президента Кадыров Рамзана, дешаран гIишлош цкъа а ца хиллачу кепара меттахIиттийна хиларх тоам бина а ца Iаш, даима шен къаьсттинчу тергонехь латтадо дешаран декъахь долу дерриге гIуллакхаш. Хьехархошна тайп-тайпана аьттонаш бан некъаш а карадо цунна, ткъа тоьлларш, совгIатдеш, билгала а боху.
Хьоме бераш а, хьехархой а!
Ас даггара декъалдо шу дешаран шеран хьалхарчу денца – Хаарийн денца!
Дала вайн къомана беркате хуьлуьйтийла аш хьоьгу къа!
Даима ирс лаьттийла шун хIусамашкахь!

Ларамца МУЗАЕВ Анзор,Нохчийн Республикан дешаран а, Iилманан а министр

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Песков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должностьПесков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должность
В мире
Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей   Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей
В России
Р. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования КрымаР. Кадыров поздравил С. Аксенова с Днем образования Крыма
Власть и политика
Карачаево-Черкесия станет ареной состязаний лучших тхэквондистов России и стран СНГКарачаево-Черкесия станет ареной состязаний лучших тхэквондистов России и стран СНГ
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
В Карачаево-Черкесию с официальным визитом прибыл Полномочный представитель Президента России в СКФОВ Карачаево-Черкесию с официальным визитом прибыл Полномочный представитель Президента России в СКФО
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: