доллар    56.53 $
евро 63.49 €
22 мая, 22:21
Погода в Грозном +16 в Грозном

Нохчийн Республикан бусалбанийн динан урхаллин Председателан, муфтин С.Мирзаевн декъалдар

15 сентября в 09:48 (2010 г.)
БисмиллахIиррохьманиррохьийм!Хьомсара вежарий, йижарий, бусалбанаш! Хьомсара махкахой! Дала къинхетам бойла вайх! Дала Шен диканах ма дохийла вай!Нохчийн Республикан бусалбанийн динан Урхаллин цIарах ас Нохчийн Республикера берриге а бусалбанаш даггара декъалбо сийлахь-дезачу Iийдаца – мархадастаран дезачу денца. Чекхбели Дала бусалбанашна совгIатна баийтина сийлахь Рамадан бутт. ТIекхечи бусалбанашна къаьсттина деза хета мархадастар. Дала къобалдойла вайн массеран а марханаш! Дала къиношна гечдойла! Хьегна къа Дала меле яздойла. ТIедогIу марханаш кхаба а, даста а Дала могаш-маьрша дуьтийла.
Марха досту де – иза дIабаьллачу баттахь Iамал-Iибадат даран жамIаш дар ду. Оцу баттахь хIора бусалба стеган дика аьтто бара марханаш кхабарца, Делан некъа тIехь нисдала гIортарца, оьшучарна сагIа даларца, дуьненахь а, эхартахь а пайдехь мел хиндерг Iаморца шайн дегнаш, синош цIандан. Марханаш кхабарца цIандо вай вешан са, чIагIдо ийман. Боккъал а Дала вайх бина къинхетам бу вайна баийтина Рамадан бутт. Цуьнан дан ма-деззара хьурмат динчунна, бан ма-беззара лерам бинчунна АллахIа диканца бекхам бийр бу.
Дала шен къинхетам тIебоссабойла вайна. Къобалдойла вайн марханаш а, саьвхьаш а. Даггара лаьа массеран а хIусамехь барт, беркат, ирс, токхо хуьлийла. Везахинволчо барт цхьаъ бойла берриге а бусалбанийн.  

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет