доллар    57.53 $
евро 67.54 €
23 октября, 20:17
+8 в Грозном

Закан-Юьртахь деш ду керла маьждиг

15 сентября в 09:56 (2010 г.)
Закан-Юьртахь чекхбовла гергабахана 1200 меттигна лерина долу маьждиг даран белхаш. Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан чоьтах деш ду иза. Беш болу белхаш лерринчу тидамехь латтош бу ТIехьа-Мартан муниципальни районан администрацин куьйгалхочо Дадаев Мусас. БIаьрг бузош, исбаьхьа деш ду маьждиг. Юьртарчу муьлххачу меттера гина ца Iаш, луларчу ярташкара а гуш ду иза. Iаьржачу басахь а, КаIбатан кепехь а хиларна,  цхьа башха къаьсташ ду и маьждиг.
Прораба Кутаев Алихана дийцина ма-хиллара, карарчу хенахь гIишло ечохь къахьоьгуш ву 100 гергга стаг. Дийнахь итт сохьтехь хьовха, шийтта сохьтехь а болх бар  кест-кеста нисло. Арахьара белхаш чекхбовла гергга бу. Таханлерачу дийнахь момсар еш а, чоьхьара белхаш беш а бу гIишлошъярхой. Билгалдаккха деза, дIадаханчу шеран бIаьста дан долийна хIара Делан цIа. Цу меттехь дара хьалха хилла долу  маьждиг а. ТIеман шолгIачу  кампанехь бохамах хьалха цадаларна, кхерамечу хьолехь дара иза. Керла маьждиг дина даллалц юьртан культуран цIийнехь Ламаз дан чоь билгалйина. Амма кестта республикехь а шех тераниг кхин доцчу маьждигехь дийр ду юьртхоша ламаз.  ХIара шо чекхдалале дина далийта дезаш ду иза. Юьртахь хьовха, районехь а хаза гIишло хилла дIахIуттур ю иза.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет