доллар    57.39 $
евро 67.76 €
21 октября, 04:08
+9 в Грозном

Дагестанехь дина хьошалла

15 сентября в 09:59 (2010 г.)
Нохчийн Республикан Правительствон кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комитетан доьзалан политикан а, бераш социальни лардаран а отдело ГIизларан муниципальни районан администрацица  цхьаьна дIаяьхьира «Деладалийта бераш» цIе йолу акци. Цу гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикерчу 20 буоберо а, ГIизларан районерчу 20 беро а. Луларчу республикехь йолчу цу районан «Юность» лагерехь дика программа вовшахтоьхнера берашна лерина.
ХIусамдай вайн берашна дозане дуьхьалбаьхкира. Къоман хелхаран «Ритмы Кавказа» цIе йолчу халкъан ансамбло самукъадаьккхира хьешийн. Иштта, ГIизларан мохкбовзийтаран музейхь хилира уьш. Уггаре хьалха берийн тидам тIебоьдура наггахь бен хуьлуш йоцчу акхаройн экспонаташна. Цхьана хенахь Дагестанан латта хьешна цу акхароша. Ала деза, кхо шо даьлча, бIе шо дузу мохкбовзийтаран музейн.
Шина республикан берашна керланиг девзира вовшашца тарлуш хиларан хьокъехь дIаяьхьначу тренингехь. Къаьмнашна юккъехь хиллачу юкъаметтигех, лелийначу доттагIаллех лаьцна дийцарш хезира царна. Пайдехь дерг довзийтаран тайп-тайпанчу ловзарехь самукъадолура берийн. Масала, «Бозбуанчаллин туька» ловзарехь церан таро хилира, шайн вуон амалш дIа а юхкуш, дика амалш эца.
ТIаьххьара Каспийски хIорди йисте дигира бераш. БIаьрла гуш дара церан хих самукъадалар.
Акцин декъашхой дIасакъастале, цаьрца цхьаьнакхийтира ГIизларан районан администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Виноградов Андрей. Хьешашна баркалла аларца цхьаьна, берийн дахарехь ирс а, аьтто а, машар а шена хила лаар хаийтира цо. Цу районан администрацин цIарах совгIаташ дира берашна.

Э.ДАВЛЕТБАЕВ.
Авторан сурт.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет