доллар    56.51 $
евро 63.2 €
27 мая, 20:42
Погода в Грозном +18 в Грозном

Нохчийн Республикан Куьйгалхочун

18 сентября в 15:06 (2010 г.)
18.09.2010 /15:05/ Р.А. Кадыровн нохчийн зударийн денца доьзна декъалдар. Нохчийн мехкан хьомсара зударий! Даггара декъалдо шу дезчу денца. Вайн халкъан уггар а сийлахьчех деза де ду иза. Со тешна ву шо-шаре даларца оцу дийне болу  сий-ларам лакхабериг хиларх. Х1унда аьлча вайн массарна а еза а, сийлахь а йолчу  ненан – нохчийн зудчун де ду иза. Нохчийн Республикан Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кест-кеста даладора Къуръана т1ерачу «Лукъман» сурата юккъера х1ара аят: «Шукра делаш Суна а, шайн дай-наношна а». Оцу аятахь Аллах1а вай кхойкху нанойн сий даре, церан ларам баре.

Нохчийн экономика, социальни дакъа, культура кхиорна нохчийн зударша юккъе юьллучу башхачу хазнин мах хадийна вер вац. Дахаран дерриге а дакъошкахь шайн ницкъ, хаарш ца кхоош къахьоьгуш ду шу.

Ткъа ц1ахь шу кхерчан йовхо латтош, доьзалшна юккъехь марзо латтош, массо а х1уманна г1айг1а йолуш, к1еда-мерза, аьхна, ховха, экаме наной, йижарий, зударий, йо1арий ду.

Цундела цкъа а дицлур доцуш, вайн иэсехь лаьтта Дади-Юьртарчу, Г1оьрдаларчу, кхечу ярташкарчу зударийн турпалалла, церан хьуьнар, майралла, доьналла. Божаршка нийсса ларбина цара вайн мохк – нана Нохчийчоь, шайн сий, яхь, юьхь.

Мел доккха доьналла гайтира нохчийн зударша вайн республикехь луьра т1емаш болчу хенахь. Шайн гергарнаш баьхна ца 1аш, цкъа а шайна цул хьалха гина боцу божарий к1елхьарабохура, ларбора, царна зен-зулам ца хилийта шайн дог1маш кхерамна к1ел туьйсура. Хийла стаг мацаллех, шелонех хьалхаваьккхина аш.

Баркалла шуна, нохчийн зударий. Шу хьакъ ду шайх дозалла дан, ларам бан, сий дан. Шу – къоман са ду. «Зударий сий доцчу махкахь къонахий кхуьур бац», - олуш кица ду вайн халкъан. Оха шун даггара сий до. Везахинволчу Аллах1а аьтто бойла шун яхь йолу, доьнал долу, хьекъал долу доьзалш кхиорехь, кхерчашкахь йовхо а, аьхналла а латторехь.

Суна даггара лаьа, хьомсара наной, зударий, шу ирсе, могаш-маьрша хуьлийла. Дала декъалдойла шу!

Нохчийн Республикан Куьйгалхо Р.А.Кадыров


www.ChechnyaTODAY.com

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет