Кху шеран 21-чу сентябрехь «Грозный-информ» агентствехь Россин тоьллачу телекоммуникационни операторан   –   МТС-н  – векалша пресс-конференци елира Нохчийн Республикан  шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташна. Шайн къамелехь цара йовзийтира «Мобильные ТелеСистемы» (МТС) ОАО компани, дийцира цуьнан балхах лаьцна. Журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалецира «МТС Россия-н» директора Поповский Александра Валерьевича, Россин Къилбехь йолчу «МТС-н» директора Ласкавый Сергей Леонидовича, Нохчийн Республикехь «МТС-н» филиалан директора Газиев Iийса Хамзатовича.
Хьешаша дийцира шайн компанино вайн республикехь болх баран хьелех лаьцна. Цкъачунна МТС-н GSM-зIено дIалаьцна Соьлжа-ГIалин юккъера дакъа а, уллера районаш а бен яц. Амма ша кхиаран хIокху муьрехь Нохчийчохь МТС 100 эзар абонент шена юкъаэца таро йолуш ю.Герггарчу хенахь Нохчийчохь шен болх жигарабоккхур бу МТС-о  – карара 2010-гIа шо чекхдалале, базови станцеш доьазза сов а яьхна, Шелан а, Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а, Гуьмсан а, Курчалойн а, Соьлжан а, Невран а, Лакха-Невран а районашкахь зIе латто Iалашо йолуш ю компани. Ткъа тIедогIу 2011-гIа шо юккъе далале компанино шен зIенаца кхачо йийр ю Шелковски районехь а, М29 «Кавказ» федеральни трасси тIехь а, регионашна юккъерачу «Моздок-Грозный» трасси тIехь а.
Нохчийн Республикан бахархошна гIолехь йолу тарифаш елла МТС-о, мобильни зIе лелочеран массеран а лаамашка хьаьжжина. Цхьана минотехь къамел дича, МТС-н абонентан 15 кепек бен яла ца еза. Роуминг йоцчу, «Цхьа Кавказ» олучу зони юкъайогIуш ю Нохчийн Республика, цундела Къилбаседа Кавказан республикашкахула дIасалелаш, цIахь санна, зIенах мах лур бу нохчийн абоненташа.
Пресс-конференци дIаяьллачул тIаьхьа, гулбеллачарна совгIаташ а делла, шайн компанин офис схьайоьллучу меттиге, Лорсановн цIарахчу ураме, кхайкхира конференцехь дакъалаьцнарш МТС-н векалша. ЧIогIа самукъане хьал дара кхузахь хIоьттинарг: хаза кечдина офис чохь йолу цIа, самукъане яххьаш, къоман духарш дуьйхина кегий нах, музыка, хелхарш.
Массарна а къаьсттина хазахийтира МТС-н офис схьайоьллучу мероприяте Нохчийн Республикан Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Правительствон Председатель Байсултанов Одес, Соьлжа-ГIалин да Хучиев Муслим, Транспортан а, зIенан а министр Черхигов Рамзан, Iедалан кхиболу белхахой баьхкича.
Кадыров Рамзана элира, шена хазахета республикехь кхин цхьа мобильни зIе болх бан йолалуш, ша теша республикан бахархойн хьашташ кхочушдарехь таро хьалайоккхург хиларх.  ХIара, дийцарехь, йораха а, дика а зIе йолчух тера ду, кхунах «халкъан зIе» олу дела. Ша а хIокху компанин абонент хила реза ву, тIетуьйхира цо.
Сел лараме хьеший компанин офис схьайоьллуш кхуза бахкар шайна къаьсттина мехала ду. Нохчийчохь МТС-н болх дика дIабахийтархьама шаьш ницкъ кхочург дерриге а дийр ду аьлла, вистхилира «МТС Россия-н» директор Поповский Александр.
Кадыров Рамзана а, Поповский Александра а, ламасталлин цIен лента а хадийна, схьайиллира МТС-н Соьлжа-ГIалара коьрта офис. Гулбелларш цIа чу бахара. Кху офисехь дуьххьарчу абонентан карта эца аьтто хилира Арсанова Амнатан.

{mosloadposition user9}


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2