доллар    57.46 $
евро 67.47 €
23 октября, 16:43
+8 в Грозном

ХIара дуьне къонахийн белшаш тIехь ду

23 сентября в 14:52 (2010 г.)
Адамаш а, церан кхолламаш а буьйцуш, дагабахкийта а, бийца а хьакъболчу дуккха а нехан цIерш керча ойланашкахь. Царех цхьаъ ву Исаев Хьусайн. Цуьнгахь хилла дарж бахьанехь ца вогIу и эзарнаш нахана дага, цуьнан стогалла, оьздангалла, яхь карлайолу иза хьахийча. Вуьззина нохчи вара Исаев Хьусайн. Цунна хаьара стеган дог хьаста. Ша куьйгалла динчу белхан меттигашкахь  цо ладойтура низам, амма биц ца бора адаме болу ларам. Шен белхалочуьнгара мел доккха гIалат даьлча а, цо цуьнан жоьпе озор ларамца хуьлура. Цкъа а ца дицло, Госсоветан председатель ша волуш, тхо, телевиденера куьйгалхой, шена тIе а кхайкхина цхьацца кхачамбацарш дуьйцуш, цо дина къамел – оьзда, собаре, иэхь хоьтуьйтучу агIор. Амма уггар коьрта дара цуьнан волавалар: «Сестренка», – аьлла. Дог дашош долу дешнаш карадора цунна, ткъа цара цуьнца долу гергарло чIагIдора. Мел хала мур тIехIоттарх, шен гIиллакхаш ца дуьтура Хьусайна. Шен хьехархошна тIера дIаволалой, луларчу баккхийчу зударшна тIекхаччалц тергам бора цо церан – дагавуьйлура, дог оьцура, гIо дора. Хьусайн кхалхар боккха иэшам хилла царна. Исаев Хьусайнах дуккха а язлур дара. Делахь а уггаре коьртачух коьртаниг тхо ала хьаьвси. Дика кIант, ваша, хIусамда, мехкан дика воI. Иштта вара-кх Хьусайн, и саннарш бу-кх вайн мохк кхиош берш.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет