©
Похожие материалы
В.Путин: «Кестта «Терекан» ловзаре керлачу стадионехь хьовсур ду вай»
14:58, 23 сентября 2010г.
Просмотров: 4238
О.Байсултановс Нохчийн Республикан инвестицийн проекташ иштта йовзийтира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолуш волчу векална Хлопонин Александрана а.
Нохчийн Республикан стенде хьаьвсира Къилбаседа Кавказан республикийн берриге а куьйгалхой.
Карарчу хенахь дIахьош ду Нохчийн Республикан транспортан, зIенан министерствоний, «Ростелеком» ОАО-ний юккъехь барташна тIе куьйгаш яздар. Цо билгалдо электронни правительство йиллар. Цул тIаьхьа болу барт бу Соьлжа-ГIалин мэриний, «Внешэкономбанканий» юккъехь – Соьлжа-ГIалахь пачхьалкхан нехан доларчу партнерствон типови проектийн Программаш цхьаьна кхочушъяран хьокъехь. КхидIа билгалдеш ду тайп-тайпанчу темашна горга стоьлаш дIаяхьар. Цаьргахь дакъалоцур ду Нохчийн Республикан делегацис а.
Нохчийн делегацин коьртехь ву Нохчийн Республикан Правительствон Председатель Байсултанов Одес. Делегацина юккъехь иштта бу республикан Правительствон экономически декъан министерствийн, ведомствийн куьйгалхой а, коммерчески, производствени компанийн векалш а.
Билгалдаккха деза Сочехь йолчу инвестицийн форумо хIора шарахь пачхьалкхан органийн куьйгалхой а, даймехкан, дуьненан бизнесан векалш а, яккхийчу компанийн менеджераш а, коммерчески структурийн векалш а гулбеш хилар. ХIокху шарахь Нохчийн Республика йолхазлагIа дакъалоцуш ю оцу сий-ларамечу экономически форумехь.
Форум дIаяхьаран коьрта Iалашо ю Россин экономика тойина карлаяккхарца а, иза инвестицешца кхиорца а долчу гIуллакхашкахь Россин, дозанал арахьарчуй бизнесан алссам сий-лараме векалш а, Iилманан гуонаш а, пачхьалкхан структураш а цхьаьнакхеташ, вовшашца уьйраш хиларан дуьненаюкъара центр вовшахтохар.
{mosloadposition user9}
При копировании материалов ссылка на сайт обязательна
test 2Новости СМИ2
Комментарии
Ваш комментарий отправлен на модерацию.
Комментариев еще нет.
См. также