доллар    56.65 $
евро 63.55 €
26 мая, 16:10
Погода в Грозном +-18 в Грозном

Бехкечунна кхоччуш таIзар дан деза

12 октября в 09:33 (2010 г.)
Кху деношкахь «Грозный-информ» агентствон студехь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь дакъалецира Нохчийн Республикан культуран министра Музакаев Дикалус, республикан динан урхаллин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Куруев Валида, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н куьйгалхочун заместитела Сааев Iийсас, Нохчийн Республикан юкъараллин палатин арахьарчу зIенийн гIуллакхашкахула йолчу комиссин куьйгалхочо Умалатов Саламус, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векаллин гIоьнчас Хакимов Iумарпашас, Нохчийн Республикан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Тагиев Мурада, дешаран а, Iилманан а министран заместитела Оздарбиев Рамзана. Цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу «Грозный-информ» агентствон директора Мусаев Ражапа билгалдаьккхина ма-хиллара,  дийца билгалдинера вайн кегийрхойн гIиллакх-оьздангаллин декъехь сагатдечу цхьамогIа гIуллакхаш. Юьхьанца къамел хилира къаьркъан маларх  кхетта нах машен тIе ховшар бахьана долуш, новкъахь хуьлуш долчу зуламех лаьцна. Шен къамелехь Сааев Iийсас билгалдаьккхира, дIадаханчу шина шарчохь стаг вехна хилар бахьанехь цкъа бен бохам хилла цахилар. Къаьркъа малар цхьадолчу декъана дихкина хиларца доьзна ду иза.
– Халахеташ делахь а, корта бахош йолчу кхечу тайпа хIуманах пайдаэцар кхуьуш догIуш ду вайн махкахь, – билгалдаьккхира I.Сааевс. – Стаг муьлхачу хьолехь ву къастош болу технически гIирсаш дIалуш бу тхан белхахошка. Амма  мелла а чолхе хеташ ду тхуна наркологически диспансеро тоьшалла дарца доьзна долу гIуллакх. Делахь а тешна ду, цу декъехь долу хьал а толург хиларх. Цхьанна а агIор кхеташ дац маларх  кхеттачу стага машенан урх каралацар. Галваьлларг нисвеш, хIорамма ша вол-волчохь болх беш ца хилахь, дикане сатийса меттиг хир яц вайна.
Цхьаьнакхетар дIахьош волчо шена деллачу хаттарна жоп луш, дешаран а, Iилманан а заместитела Р.Оздарбиевс дийцира, дешархой некъан бохамах ларбархьама бечу балхах лаьцна. Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комитетаца цхьаьна некъан бохамах лардарехь кхетош-кхиоран болх дIахьо цара. Эрна а ца хуьлу иза, хIунда аьлча билггал гуш ду, новкъахь бераш лазор лахделла хилар. ГИБДД-н белхахоша шайн болх тобар а, водителийн дIасалелар тоделла хилар а хила тарло цуьнан бахьанаш.  
– Делахь а новкъахь бераш лазоран проблема массо а хенахь йолуш ю, – дийцира министран заместитела. – ХIунда аьлча, хIора дийнахь дIалуш ю машен лелоран бакъонаш. Тайп-тайпанчу бахьанашна массара а цхьатерра лар ца йо бакъонаш. Кхачам боллуш машен лелор карадерзаза хуьлу цхьаберш, я некъан бакъонаш ца хууш берш а бу. Халахеташ делахь а цу тайпа кхачамбацарш массо а хенахь хир долуш ду, амма цунна дуьхьал хаддаза беш болх хила беза.
– Вай массо а машенаш тIехь лелаш ду, машенаш ца хилча дIай-схьай дахар а ца хуьлу, – тидаме ийцира шен къамелехь Хакимов Iумарпашас. – Массарна а ала мегар долуш некъан бакъонаш хаа а хаьа, амма уьш ларъеш берш кIезиг бу, уггар хьалха кегийрхошна юкъахь. ГИБДД-н а таро яц хIора стагана тIехь цхьацца белхахо а дIа а хIоттийна Iе. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула Москвара схьакхайкхош ду жимачу машенахь волчо автобусана хьалхе яла езаш хилар. Я гIаш верг тIехвалийтар тIедуьллу машенахь волчунна, ур-атталла гIаш верг бакъо талхош велахь а. Ткъа къаьркъа а мелла машенан урх схьалоцуш верг соьга хаьттича нохчо вац. Цо дина зулам дIадерзорхьама  юкъагIорта декхар дац лараме баккхий нах. Шена догIуш долу таIзар кхачамболлуш дан деза цунна Iедало.
Музакаев Дикалус билгалдаьккхира, дIаяханчу заман чохь пхийттара ваьллачул тIаьхьа ша лелочу муьлххачу хIуманах, ша аьллачух  хIора стага ша жоп дала декхар хилла хилар.
– Къаьркъа малар-м ас дуьйцур а дац, – элира министра. – Шена лелийча ца тов долу хIума нахана лелош а ца хилла вайн дайша. Нохчалла бохуш хIума шеца делахь ваха атта а, дацахь хала а долуш хилла. Оьзда волчу стага къаьркъа мер дац, я мелча нахана юкъа а вер вац, шех нахана зулам а долуьйтур дац. Шен новкъа дIавоьдуш волчу маьршачу стагана тIе машен а тоьхна, иза вуьйш верг, террористал хIумма а тоьлуш вац.  
ГIиллакх-оьздангалла, ийман долчу стагера вон хIума ца долу. Билггал хууш ду, тIом лайначул тIаьхьа къам телхаш хилар. Вайн къам дукха баланаш хьегна а ду, амма Делан къинхетамца дакъаза ца дала гIерташ схьадогIуш а ду вай. Вайн махкахь маьждиг доцуш цхьа а юрт яц, схьайоьллуш хьуьжарш а ю, бусалба динца нисбала гIерташ къахьоьгуш дуккха а нах бу. Сан кхетамехь, бусалба а долуш, нохчий вай хилахь, вайна юкъара вон мел долу хIума дIадер ду.
– Дикачу хIуманан мах а хууш, нахана пайдехь долу хIума даржорехь массо а хенахь къахьоьгуш хилла бусалба нах, – дийцира Куруев Валида. – Иштта адаманна пайдехь хилийтархьама кхоьллина ю машен. Ца дийцича а хууш ду, дIаяханчу заманашкахь адамийн дIасалелар хала хилар. Тахана машен массо а агIор пайдехь а, ца хилча ца йолуш а хIума ю. Амма  мел чIогIа пайдехь елахь а, иза лелош волу стаг кхетам чохь ца хилахь, зуламе йоьрзу машен, уггар хьалха шена а, юха нахана а. Къаьркъа мелча деш долу зулам ду вай хIинца дуьйцуш. Амма иза мелла ца хилча а, шен сонталла я куралла бахьанехь а до машенахь болчара зуламаш. Я машен сиха хаьхкича, самукъадолуш хиларна. Башха а дац бохам муьлххачу бахьаненна а боккху.
Къаьркъа мелла зулам динчунна маслаIате ма гIо аьлла, тIедиллина ду тхуна Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.  Тхан урхаллин белхахой  ишттачу метте баха а ца боьлху, бахнарш оха балхара дIа а бохур бу. Я ша Iелим стаг ву аьлла, тхуна ца хууш, ишттачу гIуллакхе лелаш верг а сацор ву оха, цу тайпа зулам дIадерзо иза лелаш велахь.
Хиллачу «горгачу стоьлехь» иштта дийцаре дира машенаш сиха хахкарца доьзна зуда ялош деш долу зуламаш. Я герз кхоссарца стаг лазош меттигаш а нисъелла. «Горгачу стоьлан» дакъалацархошна цу декъехь хетарг а цхьатерра дара. Бехказа ца волуьйтуш, шена догIуш долу таIзар дан деза цу тайпа зулам динчунна. ДIаяханчу заманахь зуда юьгуш боьлхучарна, низам латтош, хьалхаваьлла воккха стаг хуьлуш хилар билгалдаьккхира.
КхидIа а тидаме ийцира оьздангаллах а бухий, цхьаболчу наха зуда ядош хилар. И тайпа хIума доккха зулам хилар билгалдаьккхира цхьаьнакхетарехь. Куруев Валида дийцарехь, уггар доккха гIийбат ду иза. ХIунда аьлча, стаг лачкъор санна хIума ду зуда ядор а. Зудчуьн сий дайъар а, цуьнан ден-ненан, йиша-вешин сий дайъар ду иза. Iедале а, зуьдчуьн гергарчу нахе бехкечунна  деш долу таIзар, цхьамма новкъарло а ца еш, дайта деза аьлла хеташ бара «горгачу стоьлан» дакъалацархой.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет