Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) весеташ

12 октября в 16:33 (2010 г.) 4183
ТКЪЕ ИТТОЛГIА ВЕСЕТ Делан Элчанан (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) суннат дендаран хьокъехь. Iамир ибн Iавфас (Дела реза хуьлда цунна) дийцира: Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) цхьана дийнахь Билал ибн аль – Хьарисе (Дела реза хуьлда цунна) хаьттира: «Хьуна хаьий, хIай Билал?» ТIаккха цо элира: «ХIун хаа деза суна, хIай Делан Элча?» Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Хьуна хоийла, сол тIаьхьа юкъара дайна долчу суннатех цхьа суннат дендинчунна, цу суннатехь Iамал йинчунна йолччул ял хирг хилар, церан йолах хIумма а эша ца деш. Ткъа Дела а, Цуьнан Элча а реза воцуш долчу, тиллачу бидIатех (керлачух) цхьа бидIат (керланиг) юкъадаьккхинчунна, цу тIехь Iамал йинчунна санна долу къа хирг хилар, нехан къинойх хIумма а эша ца деш». Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай тIаьхьадогIу хьадис.
Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Сан уммат доха герга дахча, сан суннатах тасавеллачунна I00 шахIидана (гIазоташна) йолччул ял хир ю».

ТКЪЕ ЦХЬАЙТТОЛГIА ВЕСЕТ
Дуьне дIатасаран хьокъехь
Абуль – Iаббаса СахIлас ибн СаIдас (Дела реза хуьлда цунна) элира:
Цхьана стага Пайхамар (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) волчу а веана, элира: «ХIай Делан Элча, со цхьана Iамална тIенисвехьа, нагахь ас и Iамал йича, со Далла а везар волуш, нахана а везар волуш». ТIаккха Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Дуьне дIатаса – Далла везар ву хьо; нахана гергахь дерг дIатаса – нахана везар ву хьо».
 Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай, вайн эла волчу Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) дуьне дIатасаран хьокъехь долу, хIара тIаьхьадогIу хьадис.
IабдуллахIа ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) элира:
Делан Элча (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) черта тIехь вижна Iаш вара, шен дегIан агIонна тIе девлла оцу чертан моьнаш а долуш. Оха цуьнга хаьттира: «ХIай Делан Элча, оха хьуна мотт биллича хIун дара-те?» Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) жоп делира: «Суна хIун оьшуш ду хIара дуьне, со кху дуьненчохь дошло санна а бен ма вац – диттан IиндагIе а ваьлла, цул тIаьхьа са а даьIна, и IиндагI а дитина, дIаваханчух терра волу». ТIаьхьадогIучу хьадисо вайна хаздо дуьне дIатасар.
IабдуллахI ибн Мухьсин аль – ХутIамис (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Шен пайхамарна юххехь  кхерамазалла а йолуш, шух Iуьйренга ваьлларг – шен дегI могаш а долуш, дуьззина цхьана денна баа кхача а болуш, дерриге дуьне шена карадерзийначух тера ву».
Иштта дуьйцу вай Жибирас (Дела реза хуьлда цунна), гIатакх даран хьокъехь, дийцина долу хьадис.
Жабира (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «ГIатакхдар (кхоамбар) хазна ю…»

ТКЪЕ ШИЙТТОЛГIА ВЕСЕТ
Аль – Хьарис ибн Муслим ат – Тамимис (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) соьга элира: «Айхьа Iуьйра ламаз ма-дди, цхьана а адаме хьо вистхилале, ахь ворхIазза ала: «АллахIумма ажирна минаннари» («ХIай Дела, тхо жоьжахатех Iалашдехьа»), нагахь цу дийнахь хьо лахь, Дала хьуна яздийр ду жоьжахатех Iалашвар; айхьа маьркIажа ламаз дича, цхьана а адаме хьой вистхилале, ахь ворхIазза ала: «АллахIумма ажирна минаннари» («ХIай Дела, тхо жоьжахатих Iалашдехьа»), нагахь цу буса хьо лахь, Дала хьуна яздийр ду жоьжахатех Iалашвар».

ТКЪЕ КХОЙТТОЛГIА ВЕСЕТ
Ялсаманен охIланах волу къонах
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
Цхьана акха Iарбичо, Пайхамар (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) волчу а веана, элира: «ХIай Делан Элча, со цхьана Iамална тIенисвехьа, ас и Iамал йича, со ялсамане чу гIур волуш». Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Далла Iибадат де, Цунна цхьана а хIуманца декъахо а ца лоцуш, фарз дина долу пхи ламаз а де, фарз дина долу закат а даккха, рамадан беттан марханаш а кхаба». Iарбичо элира: «Сайн са карахь долчух (Делах) дуй буу ас, цул совнаха вер ма вац со, я иза эшор ма дац ас».
Иза дIаволавелча, Пайхамара (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Ялсаманен охIланах волчу стаге хьажа луург, дIорачуьнга хьожийла».

ТКЪЕ ДЕЙТТОЛГIА ВЕСЕТ
«Истихарат»
(Делера диканиг дехаран) ламаз
Джабир ибн IабдиллахIа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) тхуна массо а хIуманна тIехь Iамадора, Къуръана тIера цхьа сурат Iаморах терра, гIо доьхуш доIа дан дезар. Цо олура: «Шух цхьа хIума дан луучо, ши ракаIат суннат ламаз дойла, ткъа цул тIаьхьа цо олийла: «ХIай Дела, Хьоьга доьху ас, Хьайн Iилманций, ницкъаций суна гечдар; Ахь Хьайн боккха къинхетам бар а доьху ас Хьоьга, (Цу тIехь) Хьан ницкъ бу, ткъа сан ницкъ бац, Хьуна хаьа, ткъа суна ца хаьа. Хьо ву ерриг къайленаш хуушверг. ХIай Дела, хIара гIуллакх (шен хьашт хьахор ду цо) суна дика ду аьлла Хьайна хетахь, сан динний, дахарний, сан гIуллакхан тIаьхьенний (цо элира: «цкъа мацца а») и суна хила яздехьа, цул тIаьхьа суна цунах беркат а дехьа. ХIара болх суна вон бу аьлла Хьайна хетахь, сан динний, дахарний , сан белхан тIаьхьенний (цо элира: «цкъа мацца а») и суна гена баккхахьа, со а ваккхахьа цунна гена, миччахьара лой а, суна дика а лохьа, цул тIаьхьа (Айхьа соьга и ца дайтарна) со цунна реза а вехьа. Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Цул тIаьхьа цо цIе йоккхур ю шена дезачун». Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай, СаIда ибн абиль – Ваккъаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина долу, хIара тIаьхьадогIу хьадис.
 СаIд ибн аль-Ваккъаса дийцина:
Делан Элчано (Делера къинхетаммий, маршаллий хуьлда цунна) элира: «Адам пайхамаран (Делера маршалла хуьлда цунна) кIентан декъалалла ю – Сийлахь- Везачу Деле дика а доьхуш, цо «истихарат» ламаз дар».

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Италия  хочет вернуть Россию в G8Италия хочет вернуть Россию в G8
В мире
Песков о предложении Савченко: вопрос о статусе Крыма не является дискуссионным для РФПесков о предложении Савченко: вопрос о статусе Крыма не является дискуссионным для РФ
В России
Рамзан Кадыров  поздравил Александра Залдостанова с днем рожденияРамзан Кадыров поздравил Александра Залдостанова с днем рождения
Власть и политика
Врачи РКБСМП им.У.И.Ханбиева выезжают в сельские больницы для приема пациентовВрачи РКБСМП им.У.И.Ханбиева выезжают в сельские больницы для приема пациентов
Спорт и здоровье
Рекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017гРекомендации населению в связи с прогнозом на 20.01.2017г
Происшествия
Исполнилось 2 года со дня, когда в Чечне прошла акция «Мы любим Пророка Мухаммада (с.а.в)»Исполнилось 2 года со дня, когда в Чечне прошла акция «Мы любим Пророка Мухаммада (с.а.в)»
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: