доллар    56.41 $
евро 63.11 €
24 мая, 14:43
Погода в Грозном +16 в Грозном

Казахстанехь дIадахана дахар

21 декабря в 10:08 (2010 г.)
Нах махках баьхна, дIабахийтинчул тIаьхьа масех шо даьлча, уьш чу садеана, когахIитта буьйлабелча, халкъан дахар юха а ша хьалхазаманашкахь дуьйна схьадеанчу шен ширачу гIиллакхийн, Iадатийн хорша дерза доладелира. Оцу новкъа йовлуш яра адамашна юккъера юкъаметтигаш а. Кхидолу гIиллакхаш меттахIитта дуьйладаларца цхьаьна нохчашна юккъехь шуьйра даьржира синкъерамаш бар а. Иза вайн халкъан амалца, ойланца, Iадаташца, гIиллакхашца догIуш а ма-ду. Вота тохаро, илли аларо, пондар лакхаро, забар яро байбо тIебеана бала, сингаттам, дог-ойла гIаттайо, дицдо вуониг. ЧIагIлуш яра адамашна юккъера уьйраш, гIалара гIала, юьртара юьрта, цхьана урамера вукха ураме вовшашка хьошалгIа эхар, вовшашца гергарлонаш тийсар. Ткъа иза гуттар а бохург санна синкъерамаш барца доьрзура. Цул сов, синкъерамаш барна кхин бахьанаш а дара. ТIаьхь-тIаьхьа алсам нисдала доладелира зударий балор а, маре бахар а, шайн гергарнаш карийна, нах цхьаьнакхетар а, ткъа иштта кIант я йоI вовшашна юккъехь уьйр-безам болуш хилча, кIант йоI ехачу юьрта,  я ураме вахана, иза гархьама церан лулахь синкъерам байтар а.
Синкъерамаш дукха хьолахь нах балхахь мелла а паргIат болчу хенахь – гуьйранна а, Iай а хуьлура.
Ткъа муха хуьлура уьш? Цу хенахь нехан цIенош дукха хьолахь жимо ши чоь йолуш хуьлура. ЦIенош мел даккхий хилча а, чу ма-велли жима сени хуьлура, цул тIаьхьа йолу хIусам нах чохь бехаш а, садоIуш а, чохь лаьтташ пеш а йолуш, кхача кечбеш а, иза бууш а – доцца аьлча цIенойн коьрта чоь яра. Цу чохь хуьлура синкъерамаш. Иза готта хиларна цу чу халла пхи-ялх, мел дукха а, иттех стаг божарий а, оццул мехкарий а бен ца тарлора. Дукха хьолахь мехкарий баьрчехь лаьттачу дечиган маьнги тIе охьаховшура. Царна тIехьа ховшура хьалха Iачу мехкаршца цига баьхкина, царел ханна кегий, синкъераме ховша хан кхачаза болу церан йижарий а, шичой а, я кхин гергарнаш а. Уьш шайн дагахь «ХIара хьалхарниг маре яхана, дIаялахьара со цуьнан метта оцу хьалха охьахуур ма яра», бохуш, ойла а йолуш, синкъерамехь лело деза гIиллакхаш Iамош бара. Ткъа Iамо дезарш дуккха а дара: жимачу стаганий, йоIаний юккъехь лело еза юкъаметтигаш, хелхаваларан бакъенаш, кхин долу гIиллакхаш.
ЦIенна чоьхьа ма велли, мехкарийн могIанна духьал боьрзий, гIенташна тIе охьаховшура кегий нах. Ткъа церан санна, цу синкъераме безам а болуш, амма кегийчу нехан могIаре охьаховша хан йоцуш болу кхиазхой кегийчу нахана тIехьа а, схьайиллина йолчу неIаре а дIахIуьттура. Цига ца тарбелларш сени чохь лаьттара.
Кегийчу наха а, мехкарша а чIогIа лерина кечам бора синкъераме боьлхуш. ХIора а цIена бедар юха хьожура. Масала, божарша кIайн коч юхура, цуьнан пхьуьйша тIехула дихкина «Победа» сахьт а долуш. Иза таро йолчун бен а ца хуьлура. ЧIогIа модехь яра коверкот я бостон кIадинан хеча. Цкъацкъа кегийчу наха и духар шайн цахиларна иза веше, я кхечу гергарчу стаге, я лулахочуьнга доьхий, хьора. Коьртахь хуьлура тIееана лаба йолу лекха «сталински» олу фурашка.
Кисанахь лелайора махорка чохь йолу кисет а, цигаьрка хьарчо кехат а, бамбин милтаца цхьаьна цIетухург а. Нагахь санна томка цIена хилча, иза тIехчIогIа хиларна, цигаьрка, тIехула хьаьжкIийн кIеда луьйдиг хьарчош, йора. Бакъду, тIаьхьо юкъайовла юьйлаелира фабрикехь йина чIогIа кегий а, йорах а цигаьрканаш: «Беркут», «Альпинист». Ткъа уггаре а курачу кегийчу наха синкъерамехь «Казбек» цигаьркаш узура. Бакъду, цхьаццаболчеран иза озаран шайн кеп яра. Цигаьркийн гIутакх дуьзна ца хуьлура, аьлча а цу чохь мел дукха а шиъ-кхоъ цигаьрка бен ца хуьлура. ДIабоьдуш синкъерам а болуш, езачу йоIана дуьхьал вирзина, цуьнга сакъоьруш волчу жимачу стага киснара схьадоккхура «Казбекан» гIутакх. Цу чуьра тIаьххьара цигаьрка схьаоьций, иза муштакх йолчу (цигаьрка бага юллучу) агIор десачу гIутакхах тухий, иза дека а дой (ша узург механа еза цигаьрка хилар хоуьйтуш) иза бага а юьллий, деса гIутакх кисана дуьллура – чохь нехаш яржо йиш ма-яц. ТIаккха кхано араволий, куйнан йистера схьайоккхий, оцу гIутакх чу керла цигаьрка юьллура. Бакъду, и  хIума наггахь болчаьргахь бен дацара. Амма ишттанаш а болуш бара, хIинца а ма-хиллара.
Мехкаршна тIехь шолан, тIаьхьо – дарин коч, коьртахь – еха кIайн шифон, я крепдешин йовлакх, я гуьльмалда, когахь – вета болу кIархаш хуьлура, тIаьхьо юкъайовла юьйлаелира лекха кIажа болу туфлеш.
Синкъерамехь дукха хьолахь баккхийнаш а хуьлура. Царех цхьаъ хуура тхьамдалла. Мехкарийн могIарера а хоржура царех йоккханиг, царна юккъехь алссам сий-ларам берг тхьамдала хаа. Низам чIогIа дара. Божарий а, мехкарий а шайн могIарехь рагI тIекхаьчнарг бен хелхавала юкъа ца волура. Бакъду, наггахь меттиг йогIура тIевеана хьаша шен рогIехь хелхаволуш, мехкарийн могIарера рагI тIекхаьчнарг хелхаяьлча, оцу хьешан сий деш. Цо сакъоьруш йолу йоI цуьнца хелхайоккхуш, аьлча а шолгIа йоI цуьнца йоккхуш.
Кегийчу наханий, мехкаршний юккъехь хабарш дIасакхоьхьуш, аьлча а, кIанта шен безам болчу йоIана, шега сакъера олий, хабар тIедохьуьйтуш зуда яра. Иза чIогIа бегIийла дара йоI еха меттиг хаа а, иза йолчу ван шен таро хилар хатта а. Бакъду, цкъацкъа хабарш дIасакхехьийта ца оьшуш, кIантаний, йоIаний вовшашка шайн безам хилар дIахаийта кхин некъаш а карадора. Иза дукха хьолахь царна хаьара, вовшашка хьаьвсича.
ЙоI хьошалгIа яхана, цунна бинчу синкъераме веанчу, аьлча а йоIана тIаьхьавеанчу жимачу стагана сакъера иза тIехьийза йоI ца кхачайора – цуьнга сакъоьруьйтура меттигерчу йоIе, ткъа хьошалгIа еанчу йоIе – меттигерчу кIанте.
Кегийчу наха мехкаршка сакъераран гIуллакхехь цхьацца бахьанашна цкъацкъа галморзахаллаш хуьлуш меттигаш йогIура. Масала, йоIа дош лора шена тIе хабар даийтинчу кIанте сакъера. Амма синкъераме вогIура йоIа сакъера дош лучу хенахь цу чохь хилла воцу цуьнан ваша, шича, я кхин бехке стаг. Цул тIаьхьа йоьIан таро ца хуьлура ша делла дош кхочушдан, кIанте сакъера. ТIаккха боккхуш болу бал сецча, божарийн тхьамде дош доьхий, мехкарийн тхьамдера пурба доккхий, йоIе вистхуьлура жима стаг – шеца йоIа беанчу некъана ша реза цахилар дIахаийта. Цунах бехк баккхар олура. Бехк баккхар а дара вистхуьлуш верг къамелана говза а волуш, шен цхьа бакъенаш а йолуш. Наггахь и  бехк баккхар йоI тIех бехкееш, цо ялийна бехказлонаш кIанта тIе ца лоцуш, гена долуш а нислора. Амма иза наггахь бен хуьлуш дацара.
ЙоIана кхечу юьрта тIаьхьавахана жима стаг а, йоI-хьаша а вовшашка дистхила аьтто бора, аьлча а цхьанхьа чохь цушинна ирахьIан меттиг нисйора. Иза а яра тIевеана хьаша сий деш лараран цхьа мехала кеп.
ЙоIана тIехьийзаш волчу кIанта шен цуьнга болу безам алсамбалар а, даггара хилар а, тIехьийзар иза ялоран Iалашо йолуш хилар а хоуьйтуш, тайп-тайпана некъаш лоьхура, йоIаца йолу шен уьйр-безам чIагIбан гIерташ. Масала, кIанта синкъерамехь йоIе шен мерах хьокху йовлакх кховдадора, иза диттахьара, олий. ЙоIа иза дуьттий, иту а хьокхий, тIе духи а тухий, цхьа-ши де даьлча иза шен несехула, я жимах йолчу йишехула, я доттагIчуьнгахула юхалора, кIентан йовлакха юххе кхин цхьа йовлакх а, чу цигаьрканаш ехкина портсигар а, одеколон а, носкеш а йохкий. Цул тIаьхьа кIанта йоIана а дора дикка мехала совгIаташ: духи, басар, пудр, кхиерш а.

Нохчий Казахстане дIабахийтинчу хьалхарчу муьрехь синкъерамехь лакха пондар бацара. Хелхаран бал боккхура, мехкарша багахь эшарш а лоькхуш. Синкъерамехь хелхаран коьрта йиш яра: «КIайн дарин коч ма йохалахь, шуьйра доьхка ма дехкалахь, хьайн езна йоI маре йодахь, маьлхан дуьне ма даалахь...»
Мехкарша ладугIу эшарш а локхура – иза цу хенахь чIогIа лоруш а дара. Бакъду, иза хIинца, халахеташ делахь а, вайна юкъара дIадолуш лаьтта.
Вота тухура я посылкан яьшканна, я чамданна тIехь. Бакъду, тIаьхьа балалайка а, «Казань» олу пондар а юкъабаларца самукъане хила буьйлабелира синкъерамаш а, ткъа 1950-чу шарал тIаьхьа – ловзарш а.
Синкъерамехь бал баккхарехь садоIучу хенахь баккхийчара дуьйцура нохчийн хьалха хиллачу Iадатех, ламастех, гIиллакхех лаьцна, бовдуьйтура халкъан турпалхой, сий долу нах, церан турпалаллин гIуллакхаш. Дийцарш халкъан дахаран ерриге а агIонех хьакхалуш дара: адамийн юкъаметтигех, нохчийн исторех, адамашна гинчу дикачух, вуочух, адамийн хьуьнарех, доцца аьлча, халкъан кхолларалла ша ма-ярра ерриге а юьйцура кегийрхой цхьаьнакхеттачохь.
Синкъерамашкахь санна, еза йоI я кIант ган а, самукъадаккха а яккхий таронаш луш бара белхеш. Амма уьш коьртачу декъана гергарчарна, бевза-безачарна дахарехь гIо-накъосталла дарна лерина бара. Масала, бIаьста а, аьхка а белхеш вовшахтухура керташ дIаюьйш, буьйда кибарчигаш еш, уьш цIеношна дIаюттуш, тхов туьллуш, тхов тIе цIенкъа йоккхуш, цIенош чуьра хьохуш, гуьйранна белхеш бора хьаьжкIаш чуерзош: уьш гIодамашна тIера схьайохуш, тилош, Iай уьш доккхах долчу декъана тIаргIа къажбеш а, хьаьжкIаш тамаршна тIера йохуш а хуьлура.
Доцца аьлча адамийн дахарехь белхеш беш, вовшашна гIодаран дуккха а дакъош а, кепаш а яра. Коьртаниг дара нахана вовшашна гIо дан лаар, шен гергарчу стеган гIуллакхийн халонех цхьа дакъа кхочушдина, белхи вовшахтоьхначу стеган аьтто бар. Кхузахь гучуйолура адамийн дог-ойлан дикалла, суна схьахетарехь, вайн нохчийн бен доцу гергарчу стеган болх мехаза кхочушбар. Иза вайн къоман хьалхазаманашкара дуьйна схьадаьхкинчу дикачу ламастех цхьаъ дара.
Белхешкахь гергарчарна гIо-накъосталла дарал совнаха, кхин цхьа дика агIо а яра. Цигахь, синкъерамехь, я ловзаргахь санна, таро яра езаш йолу йоI, я кIант вовшийн ган, вовшашка дистхила а. Цигахь а хуьлура кегийрхойн самукъадолу агIонаш. Локхуш пондар хуьлура. Ткъа балхахь садоIучу хенахь хелхаран бал а боккхура. Веана хьаша шен езачу йоIе вистхила лууш хилча, синкъерам, я белхи чекхбаьллачул тIаьхьа наггахь царна таро лора йоьIан нус, я цуьнан жимах йолу йиша юххехь а йолуш, и шиъ цхьанхьа чудахана,  вовшашка дистхила.
Синкъерамаш а, белхеш а доккха маьIна долуш бара халкъан хIора дийнахь долчу дахарехь. Уьш адамийн юкъаметтигаш, гIиллакхаш, амалш, церан дика а, вуон а агIонаш шена чохь къеггина гуш долу куьзга, адамаш, къаьсттина кегийрхой, ийманехь кхетош-кхиоран йоккха ишкол яра.
С.МАГОМАЕВ.

{mosloadposition user9}

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет