21.10.2011 /09:37/ Ассаламу 1алайкум, лараме Рамзан! Тхо Гуьмс районера Азамат-Юьртара дахархой ду. Х1ара тхайна ахьа буьллуьйтуш болу некъан даккхий дина ца довлуш, и чекхбаллалц тоха са а ца кхаьчна,

хьуна тхайн хилла там бийца г1ерта тхо. Х1окху некъан т1е мел х1оьттинчо, жима-воккха хьоьга доккха баркалла д1ало бохуш ву.

И Веза-Воккха Аллах1 Дела реза хуьлда хьуна, Рамзан, тхо дага даьхкина, тхуна х1ара дика болх барна. Вайна къоман парг1ато доьхьа, шен са д1аделла волу хьан дас Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобал дойла цунна) 2000-г1а шарахь Нохчийн Республикан Администрацин куьйгалхо да1ах1оьттина дукха хан йоцушехь, т1елаьцна буьджет йоцушехь, тхуна ягош йолу газца ч1ог1а доккха накъосталла дира. Оцу хенахь тхуна тхайн боцу некъ дагахь бацара. Я некъ дагабог1у зама яцара и вайна ма-хаъара, делахь, тхан хьал дика доьвзаш волу Ахьмад-Хьаьжас аьллера: «Вайн махкара цхьа жима хьал нис а делла д1ах1оьттинчу хенахь Азамат-Юьрта тоьлла некъ буьллуьйтур бу аьлла». И Дела реза хуьлийла цунна а, хьуна а хьай де нигат кхочуш дарна. Хьан нана Айманис тхоьх лаьцна хаза дош аьллий хаьа тхуна, Дела реза хуьлийла цунна.

Иштта х1ара некъ буьллуш ахьа хьалха ваьккхина, шена т1едехкина декхарш дуьззина кхочуш деш волу автомобильни некъан министр Тумхаджиев Абубакарна а, цуьнан накъосташна а, кхин хабарца, ойланца, тхох озабезам мел биначунна а, тхо дага мел даьхканчаьрна а даггара баркалла ду тхоьгара.

Х1ара дуьне кхолла деллачхьана цкъа тхуна хилла бац асфальтин некъ ахьа биллийталца. Тхайна мел ч1ог1а беззехь хьо республика метта х1оттош вуй хууш, хьалхара даккхий х1умнаш д1адевлчи, хьо тхуна т1еверзар вуй хууш ла доьг1на 1аш дара тхо. Долчу суртах хеташ, собар дина, са тоьхна хьан са ца гатдеш, 1ад 1аш дара тхо. И оха сатийсинарг хьалха Дела, т1аккха хьо бахьана долуш кхочуш хили тхан. Рамзан и Дела ву гуш, б1аьсте т1е еъча и гуьйре д1аяллалц ченанк1уьро хьийзош, йоьдачу машенаш хьала айъина йолу чено бода боуьйте, дуьне-эхарт диц дой, 1азапехь дара тхо, ткъа стиглара цхьа ши т1адам дог1а охьа ма беана, оцу ченах сац1къар хуьлий, мел ч1ог1а хи деттарх т1елеттачур д1а ца болуш юха б1аьсте яллалц оцу сац1къаро хьийзадора тхо. Тхайна т1е дика-г1уо деача, т1е стаг веъча, царах эхь хеташ, хьаша-да кхайкха а кхайкханза а ца ваьлла, уьш оццу некъахула схьабаьхкича, юьхь1аьржа х1уьттара тхо цу нахана хьалха. Дела ницкъаца ахьа и халонаш тхоьгара д1аехи. Х1ара некъ бахьан долуш тхан дахар кхин д1а а дика талур ду аьлла тешна ду тхо. Алхьамдулиллах1, тхуна тхайна бина дика болх хаьа, тхайна хила диканех кхеташ а ду.

Дала Шен мукъалахь тхайгара баркаллица диканца доькхар ду оха. Хьуна тешаме хир ду тхо, тешаме хила а ду тхо, т1ейог1ур йолчу заманчохь тешаме хир долуш ду.

Таханлерачу дийнахь некъана цхьа ч1къор Азамат-Юьрта схьакхаьчна, и тхуна боккха кхаъ бу. Тхайна т1ебог1учу хьешех ийза дала меттиг ца го тхуна, хьо бахьанехь.

Хьайна меттиг баьллачу хена тхо долчу марша вог1ийла хьо, Рамзан.

Аллах1у Акбар!

Пресс-служба Главы и Правительства Чеченской Республики

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2