доллар    56.7 $
евро 63.36 €
29 мая, 16:31
Погода в Грозном +-18 в Грозном

Джамбулатов Рамзанах лаьцна...

16 июля в 09:52 (2012 г.)
16.07.2012 /09:50/ laura_radio Хууш ма-хиллара, нохчийн къоман юккъехь дуккха а яздархой бу, гlарбевлла а, вайна дика ца бевзарш а. Мелла а церан дахарах а, кхиамех а лаьцна дош а олуш, церан кхоллараллин марзонах шу хьакхдалийта луур ду суна.

Хlара болх дlаболош, уггаре а хьалха суна дийца лаьа поэтах Джамбулатов Рамзанах лаьцна. Шен дахарехь дукха халонаш лайна, шатайпа кхоллам болуш стаг  вара Рамзан. Иза винера (l943) цхьа эзар исс бlе шовзткъе кхоалгlачу шарахь.  Шен ах шо а кхачале ненаций, вешиций махках ваьккхира Рамзан (цу хенахь церан да дийна вацара). И де цуьнан дахарехь уггаре а ирча дара. Хlорш дlабига баьхкинчу салтех кхеравелла, цамгар кхийтира Рамзанах – когаш тlе хьала ца гlатталуш висира иза. Цуьнан турпала нана Палада бахьана долуш, генарчу Казахстанехь lожаллех кlелхьарбелира Рамзангlеран жима доьзал.

Шен 7 шо кхаьчча, нанас гlо а деш, школе вахара Рамзан. Цу хенахь мелла а ког баккхалуш вара иза. Школа цlахь, Хьалха-Мартан кlоштан Гlойтlа цlе йолчу юьртахь, чекхъяьккхира цо.

Могуш вац аьлла ца lаш, Рамзана болх бира шен  кlоштан газетехь а, гlишлошъярехь а, юьртарчу школехь а. Амма цамгаро, когаш тlе ца хlотталуш,  даиманна а заьlапхойн гlудалкх чохь витира иза.

Иштта хала киртиг тlехlоьттича, дукха нах доьналлех буху. Рамзан вацара царех. Дахарехь шен меттиг лоьхуш, цунна карийра иза поэзехь...     
…Амма со
Кханенах теша,
Тешаро
Шен дола ваккхал.
Ког боккхуш,
Вер ву со беша,
Ирс хеташ
Когаш тlехь латтар.
 Сайн иллех
Дуй аса биъна,
Дахарехь
Нийса некъ лаца.
Бакъо яц  
Иштта lен хиъна,
Хlай Даймохк,
Сан куьг дlалаца!       

Поэзига шен болу безам чlагlбарна, шен ницкъех ша тешорна, Рамзана даима а баркалла олура нохчийн къоман гlараваьллачу яздархочун Сулейманов Ахьмадана. Даймохк, Нана, доттагl, безам… – дахаран массо а агlонаш лоцуш, дагах кхеташ ю Рамзанан байташ.


Даймахкахь ваьхна,
Даймахкахь кхиъна,
Даймахкахь ас иллеш даьхна,
Даймахкахь дlаверза лиъна.
 
Даймахкахь-Нохчийчохь
Луьра тlом боьдуш,
Хезар дац, гур а вац
Со ведда воьдуш.
 
Халкъана, махкана
Хиэра а ваьлла
Со муха вехар ву?             
Со хьера ваьлла…!?
 
Ас Даймохк буьтур бац,
Сан дуйнах теша,
Ас дуьне дуьтур ду,
Халкъана эшахь.
 
Даймахкахь ваьхна,
Даймахкахь кхиъна,
Даймахкахь ас иллеш даьхна,
Даймахкахь дlаверза лиъна.      

Даймахке болу даггара безам шен доллучу дахарехула чекхбаьккхира Рамзана. Я махках а ца велир, мел луьра хан тlехlоттарх, массо а халонаш шен халкъаца йоькъуш.

Ткъа хlинца шуна хезар ду, Джамбулатов Рамзанан дешнашна тlехь иллиалархочо а, композитора а Бетельгериев Хьуьсена даьккхина илли. Хьуьсена ша билгала ма-даккхара, хlара илли, дукха ойла ян а ца езаш, и байт гушшехь ша-шах кхолладелла ду.

 Дала декъала войла иза, Рамзан вайна юккъехь воцу гурахь ялх шо кхочуш ду. Дукха жима волуш дуьйна яздеш хиллехь а, амма шен араяьлла цхьа а гулар яцар цунна. Цо язбина дуккха  а белхаш тlом болуш дlа а бевллера. Делан къинхетамца, ши эзар доьалгlачу шарахь, вайн махкахь вевзаш волчу юкъараллин гlуллакххочо Маигов Саламбека накъосталла а деш,  цуьнан байтийн дуьххьара гулар арахецар нисделир. И мехала гlуллакх кхочушдарна даггара баркалла ала луур ду Саламбекан. Хlунда аьлча, шен таро а йоцуш, адамийн догдикалле сатуьйсучунна уггаре а боккха лаам кхочуш бира цо. Ша чlогlа ирс долуш а хетар Рамзанна, дерриге а дахарехь бина болх гина. Хlара рогlера байт шен дена Абубакарна лерина ю поэто.  
Дин паргlатбаьккхича хьешан,
Шен кlанте аьллера дас:
- Гlиллакхах ца духуш вешан
Чекхдовлар дехар до ас.
 
Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца чlаьгlна ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.
 
Цкъа жимчохь хезнера суна,
Кlиллошна ца лепа малх.
Стаг хилар коьрта ду хьуна,
Стаг воцчохь совцуш бац нах.
 
Тlеоьцуш генара хьаша
Вай лардахь, хир ду вайн сий.
Доккха шун хоттор ду бешахь,
Шортта ду сискал-туьхий.
 
Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца чlаьгlна ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.   

Джамбулатов Рамзанан кхоллараллехь, доккха дакъа дlалоцу берашна язъйинчу стихаша а. Нохчийн эстрадин къоначу  седарчаша дlалокхуш а ю, поэтан байташна тlехь яьхна дуккха а эшарш. Шен вешин йоlана Луизина цо лерина цхьа стихотворени хезар ю шуна хlинца.

 
Шурул а кlайелла аре,
Хаддаза догlуш ду ло.
Со дукха хьежна хьо даре,
Сан дагна тайна шело.
 
Эгалаш, лайн чимаш, эга
Декъала ярца сан хан.
Дlо берийн яьххьаш а сега
Лайн Баба, я лайн йоl ян.
 
Зlуганаш санна тlелеташ
Эхl, беснеш сан къийзайо.
Со-м лелла суо гlийла хеташ,
Хьо марша догlийла ло!
 
Хьох къехкаш бода а херло,
Беркат ду хьо диллинчохь,
Яржае хьайн lаьнан серло
Хьомечу сан Нохчийчохь!
 
Эгалаш, лайш чимаш, эга
Декъала ярца сан хан.
Дlо берийн яьххьаш а сега
Лайн Баба, я лайн йоl ян!  

 

         Рамзанан кхоллараллех долу дош дуьззина хир дацар, цуьнан безаман лирика ца хьахийча. Дуккха а байташ ю поэтан, доллучу дахарехь шен накъост а хилла чекхъяьллачу х1усамнанна Мадинина лерина. Ц1еначу а, оьздачу а дешнашца йосту Рамзана шен деган к1оргенехь къийлина сирла ойланаш.  

 
Безамо вагавеш
Дийларх сан гlалаташ,
Уьш нисдан соьца ду
Безаман аматаш.
 
Цlеххьана кхолахь сайн
Безаман беттаса,
Дуьне а хьашт ма дац,
Ницкъ а бац детта са.

 
Сан кхелехь lиткъина
Безаман чиллаш,
Цундела кхаьрда со
Лелочех хlиллаш.
 
Ас безам кхиийна,
Аганахь бер санна,
Суо леш а дlахьур бу
Сайн коше сайцанна.
 
Дуьненчохь мел веха
Дийларх сан гlалаташ,
Сан деган тlемаш ду
Безаман аматаш.

Эдельмежидова Малика.

http://laura-radio.livejournal.com/

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет