Ахматукаев Адам: «…Стихийн кепехь йолу искусство хета-кх суна поэзи…»

27 августа в 12:59 (2012 г.) 11825
27.08.2012 /12:58/ ТIаьхьарчу хенахь интернет-сайташкахь – «Стихи.рухь», «Проза.рухь» – яздархойн кхолларалла еша а, цуьнан мах хадо а аьтто хуьлу литературица уьйр-марзо йолчу дуккха а дешархойн.

Нохчийн маттахь язъеш болу поэташ, прозаикаш алсамбовлар дикачу агIор тида лаьа: вайн литература кхиаран, юхаденъелла дIахIоттаран, керлачу, кхиамечу тIегIанна тIеяларан билгалонех а хета иза. Iаламат мехала ду кхузахь яздеш дуккха а нохчийн яздархой хилар. Царех сан тидам уггаре а хьалха шайна тIехь сецначех бара хIинца а яздеш болу Лула Куни, Хамерзоев Заурбек, Ибрагимов Лема, Ахматукаев Адам, Кацаев Сайд-Хьасан, Цуруев Шарип, Пашаев Нурди, Халикова Асет, Арсалиева Люба, Ясаева Мадина, кхин а шортта. Денна совбуьйлуш бу церан могIарш. Нохчийн литературина и боккха кхаъ а бу. Цу сайташкахь сан таро хилира нохчийн дика вевзаш а, лоруш а волчу поэтан Ахматукаев Адаман кхолларалла уллера йовза. Яздаран хатI шатайпа хиларца, заманан сурт ма-дарра стихашкахь гойтуш, вастийн дошам лелаярца а, муьлхха а ойла кIеззигчу дешнашца яста хаарца а билгалъюьйлу цуьнан дукхах йолу байташ а, йоца, амма чулацаме поэмаш а: «Къу-берзан буьйсанаш», «Хамталла». Уьш сан еша таро хилира жимма хьалхехьуо, сайн литературни терхи тIехь цуьнан ши-кхо гулар хиларна .Царех ю «Цкъа мацца а, цул тIаьхьа…» (2005), «Опыт общей беды» (2010). Царех лаьцна яздан ойла кхоллаелла, кехат яздира ас Адаме. Хье ца деш, хаттаршна дуьззина а, кIорггера а жоп даийтира цуо. Иштта, интернет-гIирсашкахула Ахматукаев Адамца сан хилла интервью-къамел дуьллу ас нохчийн поэзица а, вуьшта, литературица а, къаьсттина Адаман кхоллараллица а гергарло долчу дешархойн кхеле, цкъа хьалха цунах лаьцна боцца хаам а бина.
Адам Ахматукаев вина 1961 шарахь Iалхан-Юьртахь. Школехь доьшуш волчу хенахь волавелла байташ язъян. ХIетахь дуьйна уьш зорбане йийлина меттигерчу газетийн, журналийн агIонаш тIехь. Поэзин юкъарчу гуларшкахь дакъа а лаьцна автора: «Сатасаран сахьт» (1986), «Малх лаьцначохь» (1990), «Юхадерзар» (1990), «Ма деха дара и Iа» (1991), «Нохчийн поэзин антологи» (2003). «Яйалур йоцу цIе» (2006), «Дерриге а – хьуна» (2006). Шен гуларш а арайийлина: «Буьйсанан мукъамийн гIайгIа» (2005), «Цкъа мацца а, цул тIаьхьа…» (2005), «Лула-кулахь…» (2007). 2010 шарахь Юрий Гладкевичца хIоттийна юкъара гулар «Опыт общей беды» а яьлла ара. Яздархойн Союзан а, цуьнан правленин а декъашхо ву Ахматукаев Адам.
 
– Адам, хьо поэзин новкъа волуш, айхьа дуьххьара яьхначу кхоллараллин гIулчех дийцахьа.
 
– Поэзин новкъа ваьлла хан билгалъяккхалур яц соьга. Амма дуьххьарлера стихотворени маца язйина дика дагадогIу – 7-чу классехь доьшуш вара со хIетахь. Цул тIаьхьа цхьа-ши шо даьлчий бен поэзи бохучу дешан ойла а ца йина, хIетталц айса язъеш ерш цхьа чIогIа стихаш ю моьттуш леллехь а. Соьга и ойла яйтинарг, хьо марша, поэт Сатуев Хьусайн вара. Дагахь а доцуш нисделира тхойшиъ цу хьокъехь вовшашка вистхилар. 1978-чу шеран бIаьста дара и – комсомолан райкоме вахийтинера со ишколера цхьа кехат эцна. Цу дийнахь районера къона яздархой а хиллера цигахь вовшахкхеташ. Цхьаьнакхетараллин куьйгалхо сан юьртахо а, ишколехь сан хьехархо а Сатуев Хьусайн вара. Шен сох бIаьрг кхетча: «Хьо стихаш язъеш ву бохуш хезна суна, айхьа язйинарш йовзуьйтур ю ахь», – аьлла, чу а вигна, охьахаийра цо со. Сайна дагахь ца хаьа аьлла, кIелхьарвала а гIоьртира. Дагахь-м айса мел язйинарг а хаьара суна хIетахь, делахь а чIогIа эхь хетара, цул сов, бухарнаш а дуьххьара гуш бара. «Дагаяийта», – аьлла, кехат, ручкий диллира суна хьалха Хьусайна. Цхьа доккха тептар дуьззина йолчу сайн стихашна юкъара сайна уггар дика хетарг, дIа а язйина, йийшира ас, цу чуьра массо а айса цецвоккхур ву а моьттуш. «Стихаш-м ю, поэзи яц-кх», – аьлла, шийло мах хадийра Хьусайна. Цул тIаьхьа цу тептар юккъера шадолу кехат, схьа а даьккхина, пешахь дагийра ас, еккъа цхьа мужалт бен ца юьтуш. Мужалт безамна дIайиллира.
Поэзи бохучу кхетамна тIаьхьакхиа гIерташ ду ас цул тIаьхьа мел дина йозанаш. Цундела суна хала ду, хенан доза къастош, сайн стихаш поэзига маца йирзина ала.
 
– Муьлхачу поэташа тIеIаткъам бина хьан кхолларллина, яздан волалуш?

– Яздан волалуш сан кхоллараллина уггар чIогIа Iаткъам бинарг а Сатуев Хьусайн ву. Цкъа-делахь, хIетахь ша а кхиъна ваьлла поэт вара и, шолгIа-делахь, тIекхача суна гергахь а вара. И ший а хIума цхьаьна нисдалар бахьана долуш аьтто хилла сан. Хьусайна нийсачу новкъа хьажийна со, цунах Iама гIерташ, цуьнца нисвала гIерташ а хилла. Хийла цуьнан хIусаме вахна, айса язйинарг гайта. Я со а, я литературе боьдуш болу сан безам а ца къахкийна цо цкъа а, ас язйинарг дукхахьолахь ледара нислуш хиллехь а.
ХIетахьлерчу сан стихийн теманашкахь а, церан чулацамехь а хаало Хьусайнан кхолларалло бина дика Iаткъам: коьртачех цхьа тема ненах лаьцна ю, дахарх, Даймахках ен ойланаш философски агIор таьIна ю. Ткъа безамах лаьцна дуьйцучохь ийзалуш, бехк лоьцуш ву сан литературни турпалхо. ХIинца вайн литературехь а, эстрадехь а тIех эвхьаздаьккхина «еза» боху дош экама лардо цо, вайн ширачу иллешкахь санна: барта дIа а ца олуш, амма синхаамашца хилар гойтуш я тосадолуьйтуш. Кхайкхош а боцуш, гойтуш бу сан стихашкара безам а, Хьусайнан стихашкахь санна.
 
– ХIун ю эр дара ахь поэзи? Маца кхоллало стихаш?
 

– Поэзи хIун ю бохучу хаттарна дошам тIехь жоп а дера ца лехна. Сайна динчу хьехарний, айса йинчу ойланний, произведенеш ешарца зеделлачунний тIебоьгIна цхьа юкъара кхетам кхоллабелла-кх сан цунах лаьцна. Синна Iаткъам беш, цецвоккхуш, стихашка дерзийна васташ, басарш, синхаамаш, ойланаш, аларш, меттера дешнаш, дешнийн карчамаш, амалш – доцца аьлча, стихийн кепехь йолу искусство хета-кх суна поэзи. И охьа мел дагардинарг цхьаммо а ца аьллачу кепара хьоьга аладалар а, хьан-хьайн цунах самукъа а долуш. Аьлла ма-делли, дицлур а доцуш, хьан а, нехан а кхетамехь даха дуьсур долччу кепара, чохь садолуш хьоьга и аладалар.
Поэзи исбаьхьаллин литературан цхьа дакъа санна билгалйоккхуш хилча, иза уггар хьалха исбаьхьалла хила ма догIий – исбаьхьа кхоьллина долу хIума. Цундела, зудабер санна, экама лардан дезаш дара поэзи боху дош. Амма, цунах цхьа а кхетам боцчу йозанчаша дукха эвхьаздаьккхина лело-кх иза. Стихаш маца кхоллало бохучу хаттарна а хIора поэтан шен-шен жоп хила тарло. Жоп аьлча а, зеделларг боху дош маьIница герга хета кхузахь. Суна зеделларг – иза стихаш кхоллалучу хенахь хьоьгахь цхьа сингаттам хилар ду. Халахетарца я хазахетарца кхаьчнарг хилла а ца Iаш, муьлхха а цхьа сингаттам хьоьца хилар. Ойлане воккхуш а, тIаьхьара ца йолуш, хьо дийнна дIалоцу а сингаттам. Цунах хьалхавала, лазарна дарба санна, тоьл-тоьлларш хоьржуш дешнаш, васташ, басарш лоьху ахь, и ойла стихашка ерзо. Уьш карийча, синна Iаламат кхаъ хуьлий, иза дешархошца бекъа а сихло. Сингаттамца мел волу хан стихаш язъеш йоккху бохург а дац и. Амма ду стихаш язъечу хенахь и сингаттам хьоьца хуьлуш бу бохург.
 
– Муьлха, хьенан поэзи ю хьан синна гергара?
 
– Синна гергара йолу поэзи масех авторца билгалъяккхалур яц. Хьан синхIоттаме хьаьжжина нисло и. Хьан шерашка хьаьжжина а. Керл-керла авторш бовзаре терра а. Цхьана авторан цхьа стихотворени бен ца хила а тарло синна Iаткъам беш, юх-юха еша дог догIуш. Шен дийнна поэзи нахана товш поэт хир ву аьлла а ца хета суна. Тайп-тайпанчу шерашкахь а, хьелашкахь а сан синна хазахетар дина поэташ дуккха а бу. Масала, хьо марша, Ахмаров Рамзанан поэзи эшаре йирзинчу цуьнан «Со-м ца ваьхьна хьоьга еза ала» бохучу цхьана стихотвореница дуьхьалхIутту суна. Ткъа, хьо марша, Хатуев Iабдул-Хьамид «Стиглара дIабайна седа» бохучу эшарца карлаволу. Цу шиннан поэзехь бIаьрла хIуманаш кхин а ю, амма сайна церан йозанашлахь уггар хьалха тIеIаткъам оцу стихаша бина дела, цаьрца йоьзна цхьа ша-тайпа ассоциацеш йолчух тера ду-кх сан. Иштта, синна товш йолу поэзи кхоьллина кхиболу авторш а цхьацца-шишша могIанца карлабуьйлу, масала: Яралиев Юсуп («Уггаре доца де – да-нана доцу де»), Бисултанов Апти («ДIаоьху, дIаоьху гунаш»), Цуруев Шарип («Iодика йойла шун, тIаьххьара нохчий»), Батаева Хеда («Аьнгалин бошхепахь белира бай»), Оспанов Къосум («Нах бууш нах буйла ца хууш хилла со»). Карлабуьйлу бохург хIун ду хьуна аьлча, церан цIе дагаеъча, ойланехь я маттаца сайна товччу мукъамца и могIанаш ас ловзадо бохург ду. ТIекхочехь хилахь, церан стихаш йоьшу бохург а. Ас кхузахь ягарйина цIерш дага ма-яхккара ялийна ю, цхьана а барамца хьалха-тIаьхьа нисйина а йоцуш. Синна гергара йолу нохчийн поэзи юьйцучохь суна коьрта хетарг поэзица нохчалла хилар ду: нохчийн амал а, гIиллакх а, мохк а, Iер-дахарера башхалла а, нохчийн кхидолу хIумнаш а. Зорбанехь араюьйлучу говзаршка (произведенешка) хьаьжча, цу декъехь тахана алссам къахьоьгуш верг Абдулаев Леча хилар а гуш ду. Цхьана муьрехь со ма-Iерра, тахана зорбанна юьстахваьлла Iахь а, Юсупов Iилман а ву тоьллачех цхьа поэт. Цуьнан байташкахь йолу вастийн шорто милла а цецвоккхур волуш ю. Амма, хьо марша, цуьнан ваша ИбрахIим дийна виснехь, нохчийн литературехь цуьнга кхочуш поэт хир вара аьлла а ца хета суна. Дуьненчохь ша яьккхинчу йоццачу хенахь цо кхоьллина поэзи, цунна шенна хилла ца Iаш, дийнна нохчийн литературана а боккха юьхькIам бу.
Нохчийн литературах – нохчийн маттахь язйинчу литературах – дог а лозуш, шаьш дийриг хIун ду а хууш, къахьегна а, къахьоьгуш а дуккха а поэташ бу вайн. Амма таханлерчу дешархошна бевзий техьа уьш, масала, М. Кибиев, С. Гацаев, Хь. Сатуев, I. Шайхиев? Я царел тIаьхьа вайн литературе баьхкина А. Исмаилов, С. Яшуркаев, С. Дакаев, Л. Ибрагимов, I. Саиев? Бовзахь а, кхоччуш ца бевза, хIунда аьлча, церан кхолларалла толлуш, бан ма-беззара болх ца бина дела. Вайн литература дIакхоьхьуш верг масех стаг бен воцуш санна сурт долу дела зорбанехь хIоьттинарг (я хIоттийнарг?). Иза боккъал а иштта ду моьтту литература ца евзачу нахана. И харц кхетам а бу, къоман литературана ямарт хилар а ду.
 
– Вайн яздархошна юкъахь мила ву ахь садоIуш воьшуш?
 
– Книга йоьшуш садоIу бохучух, я садаIаран цхьа кеп книга ешарца ю бохучух башха кхеташ вац со. Суна хетарехь, книга ешар – иза болх бу. Шеца Iамар а, кхиар а долу болх. Цхьаволчунна (литературина гена волчунна) и эрна ханъяйар хетахь а, цунах самукъа а долуш, иза синхьашт дерш кIезга бац цхьадика. Дуьненан, Iер-дахаран хьаштех паргIатваьлла хан цкъа а хила йишйолуш хилча, и хан ерриге а книгаш ешарна дIалур яра ас. И ойла хезаш ечохь сох цакхетарш а дера нисло. Делахь а башха вас а ца хуьлу суна цунах, хIунда аьлча, ас къобал ца ден синхьашташ долу нах а ма бу дуккха а, шайх тера хIунда вац массо а боху бехкаш а ца дохуш Iаш.
Ас йоьшучунна юкъахь дукхах ерш стихаш ю. Царалахь поэзига дIагIоьртучарна тIенисвелча, хуьлу хир ду-кх и садаIар бохург – сино садаIар, са паргIатдалар. ХIинццалц цхьа а автор ца хаавелла суна, цо язйинчу массо а стихех синна иштта кхаъ хуьлуш. Цундела хала ду мила воьшуш садоIу бохучунна жоп дала. Дийнна книги юкъара цхьа стихотворени хила а тарло и. Цхьаъ йоцург, дийнна стихаш хилча-м, кхин а дика хила там бара. Вайн зорбанера ара мел йолучунна тIекхача а, иза еша а гIурту со. Сайн хенарчарна тIекхаччалц болу поэташ бара ас хьалхо цIерш яьхнарш – хIара тIемаш бовлале вайн литературе баьхкинарш, муьлхха хилла а, шайгахь цхьа Iилма дерш, дешна берш. Тхол тIаьхьа хьалакхиъна чкъор литературехь билгалдала хьеделлера. Коьрта долчу декъана, тIемийн мур бахьанехь а дара и. ХIинца, цхьадика, къоначеран керла цIерш а билгалъюьйлуш ю. Уггар хьалха Шамсудинов Бувайсар ву цIе яккха хьакъ. Хьал ца хуучунна цо язъеш йолу стихаш цхьа атта язйина а моьттур долуш, кIорггера ойла йина а, ойла йойтуш а поэзи ю цуьнан. Цул а къоначарех аьлча, шайн литературин хиндолчух дегайовхо кхоьллина Арсалиева Любас, Халикова Асета, Петирова ПетIмата, Хабаев ИсмаIала. Дуьхьал ю аьлла доцуш, ПетIмат, ахь а. Шайга язлуш хилар гайтина а, язлург хиларх тешийна а девлла шу. ХIинца оьшург мало цаяр ду – ойла кхиор а, цунна тIаьххье куьг шардар а. Шуна а, суна а, литературехь виса луучунна хьанна а оьшург ду и. Вайшиннан хIара къамел а цу садоIу бохучу декъах лара мегар ду-кх, хIунда аьлча, нохчийн литературах лаьцна къамел хаза хьаьгна вара со, дийца говза вацахь а.
 
– Дукха хан йоццуш хьан араяьлла «Опыт общей беды» ешна ас. ЧIогIа тIеIаткъаме а, дика хIоттийна а гулар ю иза. Муха бара цуьнан некъ?
 
– Стохка зорбатоьхна йолу «Опыт общей беды» книга – иза юкъара цIе ю. Москвара поэта Гладкевич Юрийссий, асий цхьана мужалта юкъахь арахецначу шина книгин юкъара цIе. Тхойшиъ вовшашна вевзина а вацара хьалха. Интернетехь цуьнан стихаш ешнера ас. ТIамах лаьцна цо язъечу стихашкара цуьнан литературни турпалхочун амал тайнера суна. Вай цадезачара санна, тIамна юкъаозийначу нахана тIе нехаш хьекхар а доцуш, тIамна еш дуьхьало яра цуьнан стихашкахь. Хамталлел совйолуш йолу дуьхьало. Ийзавалар а, юхахьежар а доцуш, майрра яздора Гладкевича. Цуьнан граждански позици хастийра ас, баркалла а олуш.
ХIетахь ас-айса гочйина тIамах лаьцна цхьа-ши стихотворени яра сан а интернетехь. Цунна уьш а тайна хиллачух тера ду. Жимма вовшашка дIасаяздинчул тIаьхьа юкъахь книга арахеца дагадеара тхуна. Ма-дарра аьлча, Юрийн кхоллаелира и ойла. Кхин хIума ца хилахь а, тIамна дуьхьал яьккхина кхин а цхьа онда гIулч хир ю-кх и бохург дара тхуна дагахь. Барт ма-барра, тIамах лаьцна стихаш гочъян вовшашка елира оха. Цо сайнаш оьрсийн матте ехира, ткъа ас цуьннаш – нохчийн матте.
Тхаьшшимма дийриг мехала а, мелехь а хIума хиларх тешна а волуш болх бира. Хала а дера дара. Цкъа-делахь, гочдар тIехь сайн куьг зийна со а вацара, шолгIа-делахь, нохчийн мотт хууш воцчу Гладкевична суначул а хала дара. Цундела оха дина гочдарш тIехдика ца нисделлий а хаьа тхуна. Амма, кхин цхьа хIума бахьанехь паргIат-м ду тхо: Нохчийчохь хилла тIом – иза беккъа цхьана нохчийн бала хилла а ца Iаш, тIамна юкъа мел озийначеран а, дийнна Россин а юкъара лазам хилар тхайга цу книгица гайтадалар тхайн кхиам хета тхуна. Цу книгех лаьцна, суна хууш, «Маршо», «Даймохк», «Вести Республики», «Хьехархо» газеташа а яздира стохка. Москвара Россин Яздархойн союзан организацис, 2010-чу шеран жамI деш, шаьш долчохь учетехь волчу Гладкевич Юрийна А.Т. Твардовскийн цIарах Сийлаллин диплом а делира. Иза сайна делча санна, суна хаза а хийтира.
 
– Берашна яздой ахь, Адам?
 
– Берашна лерина яздо аьлча а, цхьа книга ю-кх сан царна язйина – 2007-чу шарахь араяьлла «Лула-кулахь…» цIе йолу поэма. Ларамза нисделла дара и язъяр а. ТIамах бевдда бахана нах цIа оьхучу хенахь дара и – баккхийчарна болх-некъ а боцуш, берашна дешар а, самукъадалар а доцуш. ТIамах а, цо беанчу сингаттамах а лаьцна дара схьа мел гург а, чохь-арахь дуьйцург а. Берийн ойла цу тIехь ца сецийтархьама, церан дог хьастархьама, стихашкахь цхьацца забарш ян вуьйлира со. Уьш берашна товш а, церан самукъадоккхуш а хиларна, тIеттIа юзуш, цхьана поэме йирзира и забарш. Цу тIехь дуьйцучех цхьадерш вайн лула-кулахь хилла а, лелла а хIуманаш ду. ХIетахь бераш хиллачара шаьш а, – вовшийн хьийзош, – хIинца а карладохуш.
Кхин цхьа башхалла а ю цу книгин. Нохчийн махканий, къоманний хала даьхкинчу шерашкахь шен уггаре а коьрта болх берийн дуьхьа бинчу, ша дийна мел ву берийн журнал «СтелаIад» экама лардинчу, журналан коьрта редактор лаьттинчу Джанаралиев Iимранна лерина ю и.
Цул тIаьхьа берашна хIумма а ца язйина ас. Хьал ца хуучунна атта а хетар долуш, чIогIа хала ду царна язъян.
 
– Кхин цхьа хаттар а ду сан хьоьга – 2005-чу шарахь хьан араяьллачу «Цкъа мацца а, цул тIаьхьа…»  книгех лаьцна. Заманах дукха тера язйина хиларца къаьста хьан и гулар. Сан дуьххьара кехат а цу гуларан хьокъехь дара. Цунах лаьцна яздан ойла а ю сан тIейогIучу ханна. Вайн къамел дерзош, цу книгех лаций дийцахьа, Адам.
 
– ПетIмат, «Цкъа мацца а, цул тIаьхьа…»  гуларх лаьцна хьуна яздан лууш хилар суна, цкъа-делахь, автор хиларе терра, товш ду, шолгIа-делахь, нохчийн литературана а дика ду. Хьайна лаахь, пайдаоьцур ахь, цунах цхьажимма дуьйцур ас. ХIокху гурахь ялх шо кхечи и киншка араяьлла. ХIетахь дуьйна цунах лаьцна зорбанехь яздина хIумма а дац, хьахор бен. Гуларна юкъаяхна стихаш шина декъе екъна ю. Хьалхарчу декъехь вай тIамна гергадалийна харцо ю. Синошкара а, юкъараллера а харцо. ШолгIачу декъехь – цу харцоно вайна тIебоссийна бала гайта а гIоьртина со. Вайн махкахь шолгIа тIом ца баьллехь, и киншка арахеца а, цу юкъара дукхах йолу стихаш язъян а бахьана даьлла хир дацара. ШолгIа тIом болалуш, оьрсийн эскарша гIала йохор яц бохучух чIогIа тешна вара со. Коьрта тIемаш ярташкахь хир болуш санна хетара суна. Иштта хета бахьана а ма дарий: шина пачхьалкхан шина паччахьо (Масхадовс, Ельциний) бина барт бара-кх, вовшашна юкъара галморзахаллаш тIамца луьстур яц аьлла. ГIали чохь дерг дуьненна а гуш хир ду, цундела Росси шена дуьнено билла тарлучу бехках ларлур ю аьлла хетара. Дуккха а сайн кехаташ, книгаш гIала, сайн балха тIе дIа а яьхьира ас, тIамах ларъярхьама. ТIе йоккха бомба а кхетта, тхайн белхан цIа чудоьжна карийра суна, тIом гIалара арабаьллачул тIаьхьа дуьххьара цига хьажа вахча. ХIинца-м цигахь шера аре ю… Иштта, суна ца моьттинчу кепара хьерабаьлла боьдуш тIом а болуш, язйина ю гуларна юкъара дукхах йолу стихаш. Уьш язъечу хенахь ручки чуьра шекъа чекх а даьлла, керланиг эца меттиг а боцуш, нахе еха эхь а хеташ цхьа мур беара. Амма, кардиограмма йоккхуш долчух тера цхьа миллиметрови кехат «орцах» делира суна: тIе ира хIума хьаькхча, сиз буьсура цунна тIехь. Цу кехат тIе еса ручка а хьоькхуш, дуккха а стихаш язйира хIетахь. Коьрта долчу декъана, тIамах лаьцна а яра уьш. Дукхахьолахь, дага ма яхккара, тIехь кхин шарам бар доцуш, язйина а яра. ДIа а яздина, охьадиллар дара хIетахь суна коьрта хеттарг.
ТIом лах а белла, белхан меттигаш схьа а йиллина, газеташ арахеца дуьйладаларца цхьаьна и стихаш зорбане яха а сихвелира. Кхайкхош хIуъу хиллехь а, тIом чекхбаьлла бацара хIетахь: дойуш а, гIопашкахь (блокпосташкахь) сецош а, чуьра дIакхуьйлуш а, тIепаза довш а дара адам. Республикехь лаьтта хьал иштта а долуш, араюьйлуш яра сан стихаш. Ас иштта дуьйцуш товш-м дац и, ПетIмат, делахь а гергарчара а, бевза-безачара а, со кхоош, дуккха а хьехарш дора суна, ларлуш хила везара хьо, хьенех, бохуш… Бехк ма биллалахь, ПетIмат. Иштта цу стихех вовшахтесира ас и гулар, издательски барам хьалабуза темица ца йогIу масех кхин байт юкъа а йохуьйтуш. Цаьрца сайн цхьайолу ледарлонаш а карайо суна хIинца, амма хIетахь церан ойла ян хан яцара…
 
– Дела реза хуьлийла хьуна, Адам! Дала тIаьхье беркате йойла бакъонехь, нийсонехь мел къуьйсучийн!

– Дела реза вайна массарна а хуьлийла, ПетIмат!
 
Интервью дIаяьхьна Абубакарова ПетIмата
Журнал «Нана»


www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Песков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должностьПесков: в ближайшее время Путин позвонит Трампу и поздравит с вступлением в должность
В мире
Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей   Капремонт монумента "Родина-мать зовет" обойдется в 2 млрд рублей
В России
Р. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры ЧечниР. Кадыров: Очень важно сохранить и передать будущим поколениям уникальные объекты средневековой архитектуры Чечни
Власть и политика
«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта«Кезеной Ам» открыт для зимних видов спорта
Спорт и здоровье
Прогноз погоды на 21.01.2017 в ЧечнеПрогноз погоды на 21.01.2017 в Чечне
Происшествия
Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана" Определились финалисты конкурса "Лучший чтец Корана"
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: