доллар    57.52 $
евро 67.61 €
24 октября, 12:30
+9 в Грозном

Нохчийн йоI

14 сентября в 16:25 (2012 г.)
14.09.2012 /16:26/ 1уьйренан маьлхз1аьнаро ровзан г1а т1ера божо тхин т1адам санна, хьаьъна хьажар долу нохчийн йо1 хастон дешнаш а тоьар дарий-те? Цунах, б1аьрг хиллал б1аьрг беттачу ненан

экаме дог даима а декхаделла латтон хьекъал-иманах юьзна йолу иза хаста муха ца йора, цуьна сий дина лам муха ца харцабора?
    Балийн беза мохь шена т1е лаьцна, чиллахь г1аьттина ча юха тоххал доьнал кийрахь къуьйлуш, ламанан лечано ларбо бен санна, шен доьзална 1уналла деш, б1ешарийн заманахь сирла лар юьтуш, тахне кханенна ларъеш схьайог1у нохчийн зуда. Ден къаналла шен елаяларца йохъеш, вешина дег1а меже д1аяла а кийча йолуш,  к1антана тешаме накъост хуьлий, х1усамдена ондда г1ортор шен оьздангаллех йина, шена дуьхьа доцуш еха, иза шен ирс а лоруш.
    Ненал деза х1у хир дара? Цуьна шога куьг санна аьхна а, к1еда а ца хуьлу мел деза дари а. «Со яла хьан метта!», - олий хуьлу цуьнан коьрте хьоду ойла, беран ког таслуш гича. Сагаттдина пардо санна, дуткъа делла дог ду-кх вай дохийча духу дерг. Вай бахьнехь ца йина наб цкъа а т1ех ца тухуш, шена хиллачу халонна Далла хастам беш, Цунна дуьхьал йоьду иза.
    Ткъа йиша? Вешел доккха дозал доцуш, жима волуш дуьйна цунах йоккхаеш, цунна дола деш, иза вилхича мела дог1а хуьлий йоьлхуш, из вела велча малх санна екхалой, самукъадолуш некъа накъост хилла схьаеъна иза.
Нохчийн зудчо йоь1-б1аьрг санна лардо шен сий. Цуьнан сийх доьзна ду  къонахийн сий а. Шаьлтан уьралла санна долу йоь1а хьажар шена т1е х1оьттича, б1аьргаш чохь саготта хьийза стелахаьштиг дайча, и стелахаьштиг карадерзийна и тоха хьунар цуьнгахь гича юхаволура муьлхха луьра мостаг1.
    Эзар шераш луьттуш, цинцашкахь дайш гулдина доккха 1аламат, оьзда 1адат шех хуьйдина, цунах юцаелла кхиъна нохчийн йо1. Т1аккха муха вийр вацара цунах воккха? Ма бахьана хир дацара цуьнан сий лардина мерза са д1а ца дала!
    Эзар орамо литтина, мокхаз т1улган шога дег1ах чехкдолуш маьлхе долу сирла шовда санна ц1ена, товно садукъийначу дуьненна сапарг1ат доккхуш хьокху мела мох санна къинхетаме, малх шена т1ехьа лачкъо арц санна тешаме, т1улгах орам тосуш хьаладолу б1аьстенан зезаг санна дахар дезаш,  кхачалун йоцу анайист санна боккха безам шен дагчохь бехаш ю-кх нохчийн зуда. Ишттаниг хьакъ  яра бакъволу нохчийчунна. Везачу Дала вовше дина совг1ат а ду и шиъ!

Закриев Iийса

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет