«Нохчийн лар» а, яздархо а

25 сентября в 16:03 (2012 г.) 10865
25.09.2012 /16:01/ Вайн мохк тIеман бале лацале йийца яьккхинера «нохчийн лар». Цунах байракх йина лелачара шаьш дан леринчу таIзаршний, талорашний хьалххе дуьйна кечъеш харц бехказлонаш яра уьш. ТIемаш болчу шерашкахь а, уьш буьйлабалале а дуккха а наха: даррехь вай цадезачара а, шаьш даржашкара биссорна кхоьручу са-кIезгачу хьаькамаша а, политически питанчаша а – массо а маьIIехь маьхьарий диттира, вайна тIе нехаш хьоькхуш, гал мел даьлла хIума  «нохчийн лорах» туьдуш.
Дахарехь а, къаьсттина телерадиогIирсашкахь а дукха кхайкхийна йолу и «нохчийн лар» литературе а ца кхочийла дацара. Масала, «Хамталла» аьлла йолчу сайн жимачу поэмехь ас цавашаран кепехь дуьхьало йина, и эладита даржош берш беламе бохуш (поэма дуьххьара зорбане яьлла 2001-чу шеран 9-чу октябрехь «Вести Республики» газета тIехь). Суна дагадогIуш, «нохчийн лорах» лаьцна стихаш язйина Юсупов Руслана, Рашидов ШахIида, Зорина Иринас. Кхечара язйина а хила мега, ас ешаза. Амма суна аьттехьа а дага ца деана, цхьаммо вукхуьнгара схьаэцна, цунах тардеш, язйина уьш бохург.
Кхин цхьа масал а. Нохчийчохь алссам яьржина хиллачу федеральни эскарийн блокпосташкахь вайн махкахошна тIехь лелочу харцонех лаьцна хезаш дуккха а ирча хIуманаш дара. Бакъо къевсина, ша цатоьлу волу дов тIелоцуш, нохчи эскархочунна дуьхьалваларх лаьцна а хезара наггахь. Оцу хабарех дара шена дина эхь дIадекха цхьа нохчи федералах латар, цуьнан хьаькамера лата пурба доккхуш, нохчичо юкъайиллина машен а йолуш. Суна санна, иштта хабар хезна а, Iаьткъина а хир ду Айдамирова Машарна а, Тухашев Хьамзатана а – цу хьокъехь яздина М.Айдамирован «Самосуд» боху дийцар ду, ткъа Хь.Тухашевн – «Терминатор».
Iилманехь а ма нисло, шаьш-шаьш талламаш бечу Iилманчашна цхьатерра цхьа хIума карош. Масала, физикерий, химерий Бойль-Мариоттан закон. Вовшех бозуш а боцуш, 1662-чу шарахь цхьаммой (ингалсхо Бойль), цул тIаьхьа 14 шо даьлча вукхой (француз Мариотт) схьадиллина закон ду и, оцу шина Iилманчин фамилешца цIеяхна.
Иштта хIума яздархошца а нисло, гинарг, хезнарг, лайнарг церан юкъара хилча. Амма зорбанехь цхьаъ хьалхаваьллийла хиина даьллачул тIаьхьа-м, кхиболу яздархой а цунах лаьцна яздан гIертар литературни кхиам лара ца догIу. Дика цIе яхначу яздархошна а юьхькIам болуш хIума дац и – цхьамма керла аьлларг юха шегара а дийцар. Масала, 1944-чу шарахь вайнах махкахбахаран темина произведенеш даханчу бIешеран 80-чу шерашкахь юкъайовла юьйлаелира. ХIетахь санна, керла а, Iаткъаме а яц цу хьокъехь тахана язъеш ерг. Бакъду, тIаьхьарчу иттех-ткъех шарахь вай лайна хьелаш кхечу кепара дара. Язйинарг зорбанехь араяккха таронаш хиллеххьий, араяьлларг алссам дешархошка дIакхочуш хиллеххьий, вовшех тера нисъелла говзарш дукха ца хила мегара вайн литературехь.
Араялар а, дIасаяржар а, йийцаре яр а ледара хилча, йовзар а ледара хуьлу говзарийн. Яздархой а бицло, хьехош доцу муьлхха хIума а санна. Яздархойх бехкаш дахарна тIе а долу – иттех шо хьалха алссам дара ишттаниг. ХIетахь цхьаболчу тележурналисташа эфирехь кест-кеста хоттура, вайн яздархой, тIамна дуьхьал язъеш а, бистхуьлуш хезаш а хIунда бац, бохуш. Билггал цхьаьнга а доцуш, массаьрга а бохург санна, юкъара хаттар дара и. ЦIетоьхна, сайга хаьттинчунна дала жоп хилийта гIиртина со, ас-сой бахар товш дацахь а. Хуучунна хууш ду, 2001-2002-чуй шерашкахь (иза къаьсттина маьIне долчу хенахь) вайн муьран зорбанехь ас мел дакъалаьцна а, тIамна дуьхьал мел-хIун язйина а. Нохчийн литературина юьхькIам хирриг цхьа бахьанаш лелийна ас, зорбане вуьйлуш а, наггахь телерадиопередачашкахь дакъалоцуш а. Вайн махке а, махкахошка а хIоттийначу Iазапах лаьцна 50-х стихотворени а, 2 поэма а зорбане яьккхина ас хIеттахь арахеца дуьйладеллачу газеташ тIехь. Амма оцу шерашкахь уьш (газеташ) нахе дIакхачар ледара дара, къаьсттина – ярташка дIакхачор. Цундела яздархойх бехкаш дахар цхьадолчу декъана оцу бахьанина а дара.
Масала, 2002-чу шеран октябрь баттахь «Орга» журнале ша еллачу статья тIехь (Дала гечдойла цунна!) Айдамиров Абузара а ма яздорий, шена хууш (!), нохчийн яздархойх тIамна дуьхьал вистхилларг Нунуев Сайд-Хьамзаттий, Юсупов Русланний бен вац, бохуш («Орга», №6-2002). Оцу статья бухахь редакцис билгал ма-даккхара, почта болх беш хиллехь, Абузарна еша тIекхочехь кхийолу говзарш а хир яра, цо кхиболчу авторийн цIерш яха а там бара. Иштта цо дан а дира, «Вайнах» журналехь зорбатоьхна йолу Кацаев Сайд-Хьасанан «Яздархо а, зама а» боху эссе ша ешча. Эссен мах хадош, 2003-чу шарахь Кацаевга ша яздинчу кехата тIехь Айдамиров Абузара хастаме дешнаш элира тIамах лаьцна майрра яздинчу цунаххий, Р.Юсуповххий, Х.Акбиевххий. Шеко йоццуш, Кацаевн эссе ян а ю авторна юьхькIам болуш язйина а, цуьнан кхоллараллехь Iаламат мехала а.
Хетарехь, хIетахь Соьлжа-ГIалахь а, районашкахь а арадийлина газеташ шега дерриш а кхаьчна хиллехь, царна тIера тIамах лаьцна сан йозанаш а Абузаран тидамза дисна хир дацара. Ткъа шен йоIа Айдамирова Машара оццу темина алссам яздина дийцарш-м дешаза хилла хир вац иза, делахь а, йоI хестор шегахь товр доцу дела, Машаран цIе а ца яьккхина цо. ЦIеяккха хьакъ долуш-м кхин а бара вайн. Масала, Нохчийчоь революцин аганахь лесто йолийча, и ага харца ца дайта, дош-ирачу публицистикица орцадохуш, шех бIаьргбузийна Газиева Аза. Я, оцу орцанна жоп кхочург хиларх тешаш, нана-Россин кхоллараллин интеллигенцин яхь самаяккха Iалашо лаьцча дуьйна, Iахаршна юкъахь бож санна, корта айббина лела юьхь йолу Лула Куни.
Кхин а, кхин а, кхиберш а…
Лакхахь дийцинчу йозанех вовшахтесна, «Цкъа мацца а, цул тIаьхьа…» боху киншка араелира сан 2005-чу шарахь. Цуьнан тираж киншкийн киоскашкахула дIасаяржаяйта дагахь, барт бан вахара сой, хIетахь «СтелаIад» журналан коьрта редактор хилла волу (Дала гечдойла цунна!) Джанаралиев Iимранний. Нохчийн маттахь ерг дика дIа ца йоьду шайн, аьлла, тхоьгара хIумма а дIа ца ийцира, ур-аттал, хIун ю хьажа а. Бевза-безачарний, цаьргахула кхечарний и киншка сагIина дIасайийкъира оха. Амма цунах лаьцна а вайн зорбанехь аьлла дукха хIума дац. Цундела П.Абубакарована айса дийцинчух цхьа кийсик ялор ас, «Нана» журналера (№1-2, 2012) интервью ца ешначунна керла а хир долуш, ешначунна карладаккхархьама а.
«Гуларна юкъаяхна стихаш шина декъе екъна ю. Хьалхарчу декъехь вай тIамна гергадалийна харцо ю. Синошкара а, юкъараллера а харцо. ШолгIачу декъехь – цу харцоно вайна тIебоссийна бала гайта а гIоьртина со. Вайн махкахь шолгIа тIом ца баьллехь, и киншка арахеца а, цу юкъара дукхах йолу стихаш язъян а бахьана даьлла хир дацара. ШолгIа тIом болалуш, оьрсийн эскарша гIала йохор яц бохучух чIогIа тешна вара со. Коьрта тIемаш ярташкахь хир болуш санна хетара суна. Иштта хета бахьана а ма дарий: шина пачхьалкхан шина паччахьо (Масхадовс, Ельциний) бина барт бара-кх, вовшашна юкъара галморзахаллаш тIамца луьстур яц аьлла. ГIали чохь дерг дуьненна а гуш хир ду, цундела Росси шена дуьнено билла тарлучу бехках ларлур ю аьлла хетара. Дуккха а сайн кехаташ, киншкаш гIала, сайн балха тIе дIа а яьхьира ас, тIамах ларъярхьама. ТIе йоккха бомба а кхетта, тхайн белхан цIа чудоьжна карийра суна, тIом гIалара арабаьллачул тIаьхьа дуьххьара цига хьажа вахча. ХIинца-м цигахь шера аре ю… Иштта, суна ца моьттинчу кепара хьерабаьлла боьдуш тIом а болуш, язйина ю гуларна юкъара дукхах йолу стихаш. Уьш язъечу хенахь ручки чуьра шекъа чекх а даьлла, керланиг эца меттиг а йоцуш, нахе еха эхь а хеташ цхьа мур беара. Амма, кардиограмма йоккхуш долчух тера цхьа миллиметрови кехат «орцах» делира суна: тIе ира хIума хьаькхча, сиз дуьсура цунна тIехь. Цу кехат тIе еса ручка а хьоькхуш, дуккха а стихаш язйира хIетахь. Коьрта долчу декъана, тIамах лаьцна а яра уьш. Дукхахьолахь, дага ма-яхккара, тIехь кхин шарам бар доцуш, язйина а яра. ДIа а яздина, охьадиллар дара хIетахь суна коьрта хеттарг.
ТIом лах а белла, белхан меттигаш схьа а йиллина, газеташ арахеца дуьйладаларца цхьаьна и стихаш зорбане яха а сихвелира… Цаьрца сайн цхьайолу ледарлонаш а карайо суна хIинца, амма хIетахь церан ойла ян хан яцара…».
Йоьшучу нахе кхачаре терра бен ца нисло киншка йовзар а, йовзийтар а. Цундела со башха цец а ца велира Нохчийн Республикан яздархойн союзан 70 шо кхачар билгалдоккхуш (2007-чу шарахь), оцу сайн гуларх лаьцна вайн яздархойн верасаша цхьа а дош цааларх. Литературица бала боцу нах яздархошна юкъахь дукха баржарна дуй техьа иза?! Амма и кхин дийцар ду.

АХМАТУКАЕВ Адам, поэт

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет
Картина дня? Картина дня
Турция и Россия начали совместную воздушную операцию в СирииТурция и Россия начали совместную воздушную операцию в Сирии
В мире
В сети высмеивают новость о «переодетых американских дипломатах»В сети высмеивают новость о «переодетых американских дипломатах»
В России
Глава ЧР встретился с новым руководителем администрации Гудермесского района   Глава ЧР встретился с новым руководителем администрации Гудермесского района  
Власть и политика
Япония и Чечня обсудили перспективы развития Центра ядерной медициныЯпония и Чечня обсудили перспективы развития Центра ядерной медицины
Спорт и здоровье
На территории Чечни ожидаются небольшие осадки и туманНа территории Чечни ожидаются небольшие осадки и туман
Происшествия
Председатель Парламента ЧР вошел в ТОП-10 медиарейтинга глав законодательных органов субъектов России за 2016 годПредседатель Парламента ЧР вошел в ТОП-10 медиарейтинга глав законодательных органов субъектов России за 2016 год
Общество
Фотография из
Идет загрузка картинки...
Добавлено:
Просмотров: