29.11.2012/21:49/ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь Нохчийчохь угар тоьлла иллиалархо вара Девлатгирин-Эвлара Салин Сулимин Баудди. Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиочухула цо илли олуш хезча, саца а велла, цуьнга ла ца дугIуш  стаг хир а вуй техьа олий, хетара. Иштта шен иллешца нахана вевзаш а, дукхавезаш а вара иллиалархо Бауддин.
Халкъан иллиалархо Сулейманов Баудди вина 1902 шарахь Девлатгирин -Эвлахь ахархочун Салин Сулимин доьзалехь. Бауддин да Салин Сулима а, нана Батти а нахаца йоккха марзо йолуш, наха лоруш а, нахана дукхдезаш а хилла. Шайн комаьршаллица цIеяхна а хилла уьш. Жима волуш ненах ваьлла Бауддин, кIентан ворхI шо кхаьчча кхелхина цуьнан нана. Беран хенахь морзгалийн цамгарх бIаьрсан дайна, гуттаренна са ца гуш висна Баудди.
     СулимгIеран хIусамехь адам латтара, дехьа-сехьара хьеший а хуьлура. Царна юкъахь нислора барта шира дийцарш хуурш а, иллеш олурш а. Лерина ладугIура жимчу Бауддис ширчу дийцаршка, халкъан иллешка. Цунна езаелира нохчийн барта кхолларалла. Сулимин хьешаша Iамийра Бауддина дечиг-пондар лакха а, илли ала а. Говза илли олуш вара Галнера Дубин ТIака. Дуьххьара цо Iамийра Бауддина дечиг-пондар тIаьхьара а балош илли ала. Дубин ТIакас  Iамийна Бауддина “Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли”, “Таймин Бийболатан”, “Эвтархойн Ахьмадан”, “Мержойн КIезалган” иллеш ала. Бауддис дог  тIедаххийтина сиха караерзийра илли аларан корматалла. ХIинца иза кхечу ярташка а воьдура иллеш ала. Цунна бевзира Нохчийчохь цIеяххана болу иллиалархой, цара гIо дора къоначу илланчина.
         Бауддин илли аларан корматалла кхиарехь къаьсттина доккха гIуллакх дина  гIараваьллачу иллиалархочо ГихтIарчу Уьдин Эдас. Бауддис шен хьехархо лорура иза. Уьдин Эдас ша олуш долу дуккха а иллеш Iамийра Бауддина. Царах дара “Зайтан Шихмирзин”, “Мадин Жаьммарзин”, “Къеначу Дадин”, “ВорхI вешин йишин” иллеш.
Бауддин да Сулима кхелхина 1922 шарахь. Кхера хIусаме Сулимина тIеоьхуш хилла хьеший лахбелира. Делахь а иллиалархочун Сулимин Бауддин цIе Нохчийчохь дIаяхнера. Цуьнан уьйраш тасаелира яздархошца Нажаев Ахьмадаца, Бадуев СаьIидаца, Айсханов Шамсуддица. Цара гIо дора Бауддина иллеш йозане кепе дерзо а, зорбанехь, радиохь арадаха а.
Баудди, халкъан иллеш аларал совнаха, ша иллеш дохуш а вара. Оцу агIора мехала яра цуьнан яздархошца йолу уьйраш. Цара гIо дора иллиалархочун кхоллараллин корматалла кхиарехь. Шуьйра девзаш ду Бауддис даьхна иллеш. Царах ду Шерипов Асланбекахь даьккхина илли, Ханпашех лаьцна илли. Халкъан иллешкахь а санна, царна тIехь чIагIдо махкана, къомана тешаме хилар. Даймехка дуьхьа шайн дахар дIаделлачийн цIеран йицлуш яц, уьш гуттаренна а юьсу адамийн дегнашкахь. “Лаьмнашха лаьтта уьш даима къегаш”, – боху илланчас.
         Безаман, доттагIаллин уьйраш ю “Мерза маршалла ду массаьргаа”, “Дозанхо”, “Тамарина даьккхина илли”, “КIанта йоIана аьлла илли”, “Геннара бералла”, “Бабин хаза йоI” бохачу иллешкахь. Нахана къаьсттина дукха дезаш дара “Дог майрачу” Юнусах лаьцна забаре илли.
    Бауддина Iаламат дукха иллеш хаара. Цунна хууш а, цо олуш а хиллачу иллешна юкъахь цо ша даьхнарш башха дукха а дац. ЛадогIа дог доуьйтуш, говза, ша-тайпана хазачу мукъамехь, пондар говза тIаьхьара балош алара цо халкъан иллеш. Мелла а аз дахдеш, мукъам шера хуьлуьйтуш, кхечарех тера йоцуш, шен исбаьхьаллин кеп яра Бауддис илли аларан.         
    Вайн къам махках даьккхина, Казастанехь долчу хенахь Баудди луларчу юьрта вахана вогIуш, буьрса дарц даьлла, некъах тилла шийлачу Iаьнан буса арахь а висна, куьйган а, коган а пIелгаш дахьийна охьаэгна цуьнан. Дечиг-пондар ца лакхалуш висна илланча. ТIаккха цо кехат-пондар а Iамийна, иза тIаьхьара а балош аьлла иллеш.  
    Шайн чулацамца а, исбаьхьаллин кепехь а тайп-тайпана дара Бауддис олу иллеш. Цхьабосса дика алара цо эпически а, лирически а иллеш. Цо олучарна юкъахь дара “Анзоран Зазин илли”, “Бос хазчу Мусан илли”, “Таймин Бийболатан, дог майрачу ЧIегин илли”. “Бос хазчу Тахун илли”, дуккха а кхидерш а.
    1957 шарахь дуьйна даим а Нохч-ГIалгIайн филармонехь балхахь хилла Баудди. Кест-кестта радиохь а хуьлура цуьнан иллеш олу передачаш. Радиохула Нохчийчоьнан массо маьIIе кхочура Бауддин иллеш.  Дукха адамаша хазахеташ ладугIура цаьрга. Филармонин артисташца цхьаьна районашкахь лучу концерташкахь даим дакъалаьцна  цо. Сцени тIера а хаза декара Бауддис олу нохчийн халкъан иллеш.
    Сулейманов Баудди кхелхина 1961 шеран 6 ноябрехь.
    Бауддис олуш хилла иллеш хIинца а ду адамийн дегнашкахь. Поэташа стихаш  йоху Баудди дагалоцуш.    


www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2