доллар    0 $
евро 0 €
19 октября, 01:02
Погода в Грозном +11 в Грозном

Шийла некъ

19 февраля в 15:08 (2013 г.)

И хаттар х1инца а жоп доцуш дисна…  Ца кхеташ, муьлхачу бехкенна та1зар лайна ца кхеташ, казахийн лаьттах бахара эзарнаш нохчий. «Х1унда доху тхо махках? Х1ун даьлла тхоьгара?»,  бохуш болийна некъ кхойтта шаренга белира. Цхьана дийнахь яккхий машенаш т1е боьттина, цецдаьлла  даьхни т1аьххьара х1оъ бела,  1еха дуьтуш, са дууш 1оьху цицгаш, лета ж1аьлеш, г1ийла таьхьа хьоьжу х1усмаш, ларъян дитина, берд текхна орам хаьдда хино дадийна къона попан дитт сана, дорцана дуьхьал дигира нохчийн къам. Хила йиш цоцу амалш юкъахь яржийна, царах некъан накъостий бина, аре сана шуьйра вагон т1арал гатйина, къилбседехьа йирзира ц1ерпошташ, т1аккха х1ордана гола тоьхна - малхбузехьа. Узарех илли деш т1аьхьара олура аьчкан некъа т1ехь еттало аьчкан чкъургаш, къиза мукъам айабора пена херонехь шок еттачу мохо. «Дависа хьан, маржа дуьне, ма доккха хили хьо, шен яхьал доккха х1ума дац моьттина жимчу къоманна! – готтачу корах лайарене хьоьжура къена наной. -  Хьайх хьарчинчу не1алтах парг1ат ма долийла хьо, х1ай имансиз Йилбаз, сан къомера доьналла хьошур дацахь!» – ният доьхкура нохчийн къаноша.

Харцоно1аьвдина  деган пха иккхина, т1ом боцуш г1азотехь эгара дешех кхелина оьздангаллех дуьзна дегнаш, кхелхинарг ло юккъе д1ата1ош а, б1аьрнег1арш т1екъевлича а ца довр церан б1аьргийн лепар, ца къарлора уьш, къарбалийта ц1и хийца дезара, хье метана дилха даьтта дотта дезара, кхин аг1о яцара. Йилбазан хьадалчаш шайн хьекъал а, корматалла а мел тоьу харцонаш лелийра некъа йохалла. Дера ж1аьлеш санна, улло яьккхинера цара мацалла а, гатто а, шело а, ж1аьлийн мотт а.

Дог1маш эгара, могшалла г1еллора, амма эзар шерашкахь дахчийна сий, мокхаз т1улгал а ч1ог1а яхь гора ца х1отталора. Мог1не дара Иблис, дарделлера, ша а кхерадала тарлуш, къизалла гайтира цуо, амма Далла т1е болх биллина, Цуо динчунна реза болу нохчий иманах ца буьйхира.

Ерзинчу аренашкахь, шийлачу тоьлашка кхийсина, юха а шен болх д1ахьора Йилбазо. Цамгарш, меца берзлой санна, гонах хьийзара, шелоне кховдина аг1онах ка тоха кийча йолуш.

13 шо даккха дийзира дай баьхначу лаьттах хаьдда. Чубузу малх Нохчийчоьне хьоьжийла хаара, х1ора дийнахь цуьнца маршалла дохьуьйтура, кестта цадоьрзург хиларх дагчохь шеко а ца кхобура.

Амма Дала Иблисна а ца елла шена ма хетта маршо, цуо лелочу харцона а шен хан ю, харцо даима а ца лаьтта. «Сталин боху боьха х1ума елла!»,  олуш, шабарца вовше кхаьнаш дохура, мацах цкъа «Сталинна хиънехь, иштта хир дацара» баьхначу нохчаша. Амма Сталинна ца хууш, пачхьалкхехь доккха са даккха ваьхьаш стаг воцийла билгалдаьллера.

Мохо шок етта шийлачу махкахь,  ша-шех ка етташ г1ийла тийжа Йилбаз дитна, самаьрша нохчий ц1а бирзира. Еса яцара х1усмаш, шайн йолуш санна чохь бехаш кхечу къома нах бара, мах луш дай бахам юха схьаэца а дийзира. Делахь а х1умма а ца хетара иза – коьртаниг шен лаьтта т1ехь хилар дара, ткъа дуьнена даьхни цу хенахь дош хеташ а бацара нохчи. Доьналла, яхь, г1иллакх  яра церан байракх!

Атабин 1ийса

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

ikhieda
23 февраля в 09:10
дала гечдойл царна .вайн къаман къимат де хотинхилла . и диц да мегар дац .