доллар    56.62 $
евро 63.54 €
23 мая, 10:01
Погода в Грозном +18 в Грозном

Авторханов Iабдурахьман (1908-1997)

28 февраля в 20:13 (2013 г.)

Арсанукаев Iабдулла

    Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь 1908 шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна. Шен дагалецамашкахь автора яздо: «…я родился Бог весть когда, что-то между 1908 – 1910 годами» (Мемуары. 1983). Делахь а цуьнан дахарх лаьцна яздечохь массанхьа лелош дерг 1908 шо ду.  
Юьхьанца шайн юьртарчу хьуьжарехь дешна Авторханов Iабдурахьмана. Оцу хенахь Нохчийчохь школаш башха дукха а ца хилла. Лаха-Неврехь халкъан хьехархочо, серлончас Хакишев Солтас схьайиллинера школа, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь дешар долуш. Хьуьжаре леларца цхьана оцу школехь а дешна Iабдурахьмана. Школехь оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш Хакишев Солтин йоI Исаева Марьям хилла, тIаьхьа нохчийн къоман культура а, дешар а кхиорехь доккха гIуллакх дина йолу гоьяьлла юкъараллин деятель а, яздархо а. Оьзда гIиллакхаш долуш, тамехь, цIенчу куьцехь стаг яра шайн хьехархо, шаьш массо а иза дага а йоьхна дара, бохуш яздина Авторханов Iабдурахьмана Исаева Марьямах лаьцна.  Оьрсийн литература дукхаезаш, къаьсттина М.Ю. Лермонтовн поэзино йийсаре эцна волу Iабдурахьман, Лермонтовчарах таръеш стихаш язъян я цуьнан стихаш нохчийн матте яха дагахь хиллера. И шен ойла хьехархочуьнга Исаева Марьяме хаийтича, цо аьттехьа а ца дитина кIента дагахь дерг: «Лермонтовн стихаш нохчийн матте яха и санна поэт хила веза, ахь хьо лорий иштта поэт?» –  аьллера хьехархочо. Цул тIаьхьа нохчийн поэт хила лаар а, Лермонтовн стихаш гочъян лаар а дIадаьллера кIентан.
     Шинахьа  (хьуьжарехь а, школехь а) цхьаьна хенахь  дешар юьхьанца мелла а чолхенаш йолуш хиллехь а, Къуръан дагахь Iамор а, шен логикица, дош кхолларан хьелашца Iаламат башха йолу Iаьрбийн грамматика Iамор а хьекъал кхиаран гимнастика санна а хилира, оьрсийн меттан грамматика Iамор дустаран хьесапехь дIадоло  таронаш а хилира шен бохуш, яздо Авторханов Iабдурахьмана. Лаха-Неврера школа пхеа классах лаьтташ яра, хьуьжарехь иттех шарахь деша дезара. Школа чекхъяьккхина ваьлча, хьуьжарера шен дешар дIахьош вара Iабдурахьман. Хьуьжарехь Iаьрбийн моттий, Iаьрбийн литературий Iаморал совнаха, философих дозаделла долу Iилманаш (логика, диалектика, астрологи, космографи, метафизика), ислам (Къуръан), шариIат  Iамош хилла.  Амма шайн дешарца догIуш долу жайнаш бен, кхийолу литература ешар магош ца хилла хьуьжарехь. МутаIеламаша къайлах йоьшуш-м хилла Iаьрбийн маттахь йолу кхин литература а, масала, «Эзар а, цхьаъ а буьйса», «Зулкъарни Искандерах легендашший, цуьнан леламашший», Турпала Iелех а, цуьнан кIентех а лаьцна дийцарш. Уьш хьуьжарехь дешарна лакха бевллачарна бен деша хууш ца хилла. Iабдурахьман ца кхиъна Iаьрбийн дешаран лакхенашка кхача, кхуьнгахь  дешарца ца  догIуш долу жайнаш а, книгаш а гучу а евлла, дIаваьккхина хьуьжарера.
Iабдурахьман жима волуш нана кхелхина цуьнан. Да кIантаца башха кIеда-мерза а ца хилла. ЦIера ваьлла Соьлжа-ГIала а вахна, цигара муьлххачу а цхьана школехь деша лууш хилла Iабдурахьман. Аьтту а баьлла 1923 шеран  2 июлехь интернатан тайпанчу берийн цIийне дIаэцна иза. Цхьа-ши бутт балале «Детский учебный городок» аьлла, цIе а тиллина Асланбековски (хIинца Серноводск) дIаяьхьна кхера интернат. Iабдурахьман, кхиамца экзаменаш дIа а елла, интернатерчу Эльдарханов Таьштамара цIарах йолчу шолгIачу даржан школан лакхарчу классе ваьлла. Школехь хьоьхура лаккхара говзалла йолчу хьехархоша. Оьрсийн меттан, литературин хьехархо лингвист Яндаров Халид, нохчийн меттан грамматикин а, филологехь доккхачу маьIне болчу кхечу белхийн а автор хилла. Цуьнан Iилманан белхийн лаккхара мах хадийна акдемика  Н.Я Марра а. Немцойн а, французийн меттанаш хууш волчу Яндаровс шайна хьоьхуш алссам пайдаоьцура европейски литературах а, боху Авторханов Iабдурахьмана. Математикин хьехархочух греках Колпахчиевх лаьцна боху цо, цуьнан дерриге дуьне аксиомаш, теоремаш, формулаш, цифраш яра, цунна математика дукха дагайоьхна хиларна, шена а марзъелира иза, доггах сацам а бира ша математикан професси караерзо, дерриге шен дахар математикина дIадала. Амма Iабдурахьманан оцу лаамна а кхочушхилар доьгIна ца хиллера. ХIара школа чекхъяьккхина волучу хенахь Соьлжа-ГIалахь схьайилира партийни школа. Цига деша ваха атта а дара, дешархошна дерриге маьхза а дара: юкъарIойла, духар, яар, цул совнаха йоккха стипенди а яра. Партийни школа чекхъяьккхина ваьлча, Москва КУТВ (Коммунистический университет трудящихся востока) деша а вохуьйтура. Оцу хьелаша Iехийна Соьлжа-ГIалахь хIетта схьайиллинчу партийни школе деша вахна Iабдурахьман. Кхиамца чекхъяьккхина партийни школа а. Цул тIаьхьа деша хIоьттина Соьлжа-ГIаларчу рабфаке. Рабфакехь шолгIачу курсе ваьллачу хенахь иза деша хьажийна Москвахь йолчу ИКП (Институт красной профессуры). Институтан кечамбаран отделенин хьалхарчу курсе деша дIаэцна Iабдурахьман. Хьалхара курс чекхъяьккхинчул тIаьхьа Институт а йитина цIа а веъна, шен юккъера образовани чекхъяккхархьама рабфаке юха деша дIахIоьттина иза. Рабфакан тIаьххьарчу курсехь доьшуш волуш областан а, крайн а изданешкахь арайийлина цуьнан дуьххьарлера статьяш. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, 1930 шарахь, араяьлла  цуьнан дуьххьарлера книга «К основным вопросам истории Чечни». Оцу книги тIера цитаташ ялийна, авторан цIе а ца йоккхуш, Йоккхачу Советски Энциклопеди тIехь (Большая Советская Энциклопедия. Первое издание), цунах пайдаэцна, авторан цIе а ца йоккхуш, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа зорбатоьхначу кхечу цхьана книги тIехь а – «Музыкальная культура автономных республик РСФСР».
         Рабфак чекхъяьккхинчул тIаьхьа Iабдурахьман деша вахна Грозненски нефтянойн институтан химически факультете. Амма цигахь доьшийла ца хилира. Дешар долийна дукха хан ялале партин Обкоме кхайкхина дIа а вигна, орготделан куьйгалхо хIоттийна, кхуьнан дуьхьало тидаме а ца оьцуш. Иза жоьпаллин болх бара, цу хенахь Обкоман секретаран дарж цхьаъ бен ца хилла, орготделан куьйгалхо Обкоман секретаран заместитель ларалуш хилла. Авторханов Iабдурахьман, болх жоьпаллин белахь а, шен балхаца дика ларалуш вара. ХIетахь Нохчийн Обком  ялх декъах лаьтташ хилла: пхиъ отдел а, спецсектор а. Амма церан белхахошна юккъехь цхьа а нохчийн вацара, веккъа цхьа Авторханов воцург. Оцу гIуллакхна нохчий реза ца хиллера, цара Iабдурахьмане бохуш а хиллера цу хьокъехь гIайгIа бахьара. Обкоман бюро цхьана заседанехь Iабдурахьмана Нохчийн областан партин Комитетан юккъехь нохчийн хила безарх лаьцна бух боллуш къамел дина. ХIара вистхилла валарца, кхуьнан къамелана дуьхьал бевлла кхуьнга селхана и къамел ден баьхнарш. Дуьхьал бовларал совнаха цхьа болчара-м хIара «нациолизмехь» бехке а вина. Церан къамелаша дукха чIогIа цецваьккхина хилла  Iабдурахьман. Ша цецваьккхинарг-м уьш шена дуьхьалбовлар дацара, боху цо шен дагалецамашкахь, шена инзаре хеттарг адамашкахь сел йоккха ямартло хилар дара. Амма партийни куьйгалхочунна там бан гIерташ, ямарт къамелаш динарш  гIеххьа боьхна хир бара, Обкоман секретаро шен дерзоран къамелехь Авторханов Iабдурахьман Iаламат бакълуьш ву аьлла, чIагIдича. Цул тIаьхьа Обкоме балха хIитто болийнера нохчий. Обкоман отделийн куьйгалхой хIиттинера Казалиев СаьIид, Арсанов СаьIид-Бей, инструктор вахийтанера Вахаев Хаси, иштта кхиберш а дIаэцнера.  
    Авторханов Iабдурахьман партин политика а евзаш, шен болх дика дIакхехьа а хууш, доьналла а долуш белхахо хилла. Цундела республикин куьйгалхойн лерам хилла цуьнга, жоьпаллин даржаш тIедохкуш а хилла цунна. Нохчийчохь уггаре йоккхачу Хьалха-Мартанан округан партин комитетан секретарь вахийта магийна иза. Амма Авторханов Iабдурахьмана, Нохч-ГIалгIайчохь лаьттинчу граждански тIеман историх лаьцна  йолу книга язъян материал гулъеш вара ша, оццул доккхачу дарже ша дIахIоьттича, книги тIехь болх бан таро цахиларна кхоьру ша аьлла, дехар дича, кхунна мелла а бIегIийла хеташ болчу балха вахийтина: Халкъан дешаран областнойн отделан куьйгалхо а, Облисполкоман президиуман декъашхо а хIоттийна. Халкъан дешаран областнойн отделехь шина шарахь болх бина цо. Школашна гIишлош яйтар сихдеш, керла школаш схьаелларан гIайгIабеш, кхуьуш йолчу къоман школана оьшуш йолу ненан меттан, литературин учебникаш кечйойтуш, оьрсийн маттахь йолу учебникаш нохчийн матте йохуьйтуш (школашкахь дешар нохчийн маттахь хилла), кхиболу дешаран гIирсаш сабохуш дIахIоттийна цо ОблОНО  болх.   Оцу муьрехь Авторханов Iабдурахьмана юкъардешаран школийн болх тобарца цхьаьна схьаеллийтина Нохчийн педагогически техникум, тIаьхьа шен бух тIехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институт кхоьллина йолу (хIинца Нохчийн пачхьалкхан университет), цо гIайгIабарца вовшахтоьхна Нохчийн къоман драматически театр-студи (хIинца Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театр). Обкоман бюро сацамца Авторханов Iабдурахьман нохчийн меттан грамматика язъечу авторийн тобанан куьйгалхо хIоттийнера. Грамматика язйина а яьлла зорбатухучу хенахь, Iабдурахьмана авторшна юккъехь шен фамили тIаьххьара язъяйтинера, кхечу авторша динарг дукха, ша динарг кIезга лоруш (Х.Яндаров, А.Мациев, А.Авторханов. Грамматика чеченского языка.1933 г.).
    Авторханов Iабдурахьман Нохчийчоьнан «Пролетарски яздархойн ассоциации» куьйгалхо хаьржина а хилла. Цо гIо дина нохчийн яздархойн произведенеш зорбанехь арахеца, нохчийн литературех лаьцна статьяш язйина. Бадуев СаьIидан произведенеш дуьххьара  арахоьцуш хьалхара дош цо яздина. 1932 шарахь Авторханов Iабдурахьмана вовшахтоьхна «Советан Нохчийчоь» журнал арахецар, цуьнан дуьххьарлера редактор а хилла иза. Нохчийн маттахь долчу оцу журнал тIехь арайийлина Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Бадуев СаьIидан, Айсханов Шамсуддинан, Мамакаев Мохьмадан, кхиболчу нохчийн яздархойн а произведенеш. Авторханов Iабдурахьманан «15 Октябрь» цIе йолу статья а зорбатоьхна журнал тIехь.
    Авторханов Iабдурахьман пачхьалкхан чиновникан дарж башха дезаш, цунах самукъадолуш вацара, иза даим кхоллараллин балхана тIегIерташ, литературни болх бан лууш хилла. Ша дехар а дина ОблОНО куьйгалхочун балхара дIа а ваьлла, Нохчийн къоман театран директор вахна иза. Авторханов Iабдурахьман куьйгалле веъча, къоначу нохчийн театрехь хаъал хийцамаш хилла диканехьа.  Театре белхан лаккхара говзалла йолу режиссераш, художникаш, музыканташ, драматургаш балийна цо. Нохчийчохь боцурш кхечу гIаланашкара а балабора. 30-40 студент театр-студи а схьаийцира, царах дукхахберш тIаьхьа лаккхара похIма долу артисташ хилира. Авторханов Iабдурахьмана нохчийн драматургийн пьесашна рецензеш язйо, къоман театр, нохчийн литература кхиаран хьокъехь статьяш араюьлу цуьнан «Серло», «Грозненский рабочий» газеташ тIехь а, кхечу изданешкахь а. 1931 шарахь Ростовехь арадолучу «На подъеме» журнал тIехь зорбатуйьхира «На путях становления национальной литературы Чечни» цIе йолу йоккха статья. Цу тIехь автора нохчийн къоман исбаьхьаллин литература кхиаран хьелаш довзуьйту, дуьххьара нохчийн барта кхолларалла талларан проблема а хIоттайо. Нохчийн исбаьхьаллин литература кхиаран хьелаш таллар автора кхочушдо шуьйрачу материала тIехь. Цо Бадуев СаьIидан произведенеш толлу, Дудаев Iабдин, З. Межидован стихаш йовзуьйту, М.Яндаровн, И.Эльдархановн пьесех лаьцна  дуьйцу, дика мах хадабо Нажаев Ахьмадан, Айсханов Шамсуддин, Сальмурзаев Мохьмадан кхоллараллин, тIекхуьуш болу къона яздархой Мамакаев Мохьмад, Исаева Марьям нохчийн литературехь шайн меттиг дIалоцур йолуш хилар гойту. Бадуев СаьIидан  «ЦIеран арц», «ПетIамат», «Iадат», кхийолу а  произведенеш толлу статья тIехь, цуьнан  кхоллараллин лаккхара мах хадабо, нохчийн литературе доккха похIма долу яздархо веана хилар билгалдоккху.
    Оцу муьрехь Авторханов Iабдурахьманан нохчийн литературех, театрах, искусствох лаьцна статьяш кест-кестта араюьйлу «Грозненский рабочий», «Серло» газеташ тIехь, Ростоверчу, Москварчу изданешкахь а  зорбатуху цуьнан литературоведенин, публицистикин, историн тематика йолу статьяш. Масала, 1929 шарахь Ростовехь арадолучу «Революция и горец» журнал тIехь зорбатоьхна «К некотрым вопросам истории Чечни» цIе йолу цуьнан дуьххьарлера статья.   
    Соьлжа-ГIалахь 1932 шеран бIаьста схьаийиллира ЦК-н Партиздатан Нохчийн отделени. Партин Центральни Комитето цуьнан директор хIотто билгалваьккхина хиллера Авторханов Iабдурахьман. Нохчийн Областан Комитето иза чIагI а вина оцу даржехь. Нохчийчохь арахоьцуш йолу ерриг партийни литература оцу издательствехула араяла езаш яра. Цу тайпана Авторханов Iабдурахьманна тIедиллина Нохчийчохь зорбатухуш йолчу ерриг партийни литературех жоп далар.
    Нохчийн Партиздатехь дуьххьара араяьлларг яра 1933 шарахь зорбатоьхна Авторханов Iабдурахьманан «Революция и контрреволюция в Чечне. Из истории гражданской войны в бывшей Терской области» цIе йолу книга. Цул тIаьхьа, 1934 шарахь, араелира цуьнан Нохчийн, ГIалгIайн автономни областаш вовшахтора хьокъехь йолу книга «Объединение, рожденное революцией». Хьалха, 1931 шарахь, Ростовехь зорбатоьхнера «Краткий историко-культурный и экономический очерк о Чечне» цIе йолу книга а.
    Оцу шерашкахь алссам статьяш а, книгаш а арахецна Авторханов Iабдурахьмана. Ростовехь арадолуш хиллачу «На подъеме» журналан шина номерехь (4-гIий, 5-гIий, 1933 ш.) зорбатоьхна цуьнан «Творческий путь С. Бадуева» цIе йолу йоккха статья. Бадуев СаьIидан коьрта произведенеш кIорггера теллина статья тIехь, цуьнан ерриг кхолларалла (проза, драматурги, поэзи) тидаме а оьцуш. 1930 шарахь зорбатоьхначу «Iадаташ» цIе йолчу шина книги юкъаяхна произведенеш «Iадат», «Олдам», «Баудди», «Зайнап», «ГIу», «Бекхам» цIерш йолу дийцарш, «Бешто» повесть къастийна, церан маьIна а, мехалла а билгал а йоккхуш. «ЦIеран арц» повесть а, «ПетIамат» романан хьалхара дакъа а ду статья тIехь шайна тIе тидам бахийтина. И произведенеш къастош Авторханов Iабдурахьмана теллина церан тематика, суртхIотторан гIирсаш, исбаьхьаллин кеп, меттан башхаллаш.
    Бадуев СаьIидан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш ю драматурги. Шуьйра евзаш, къоман театран сцени тIехь хаддаза хIиттош яра цуьнан пьесаш «Дайн Iедал», «ЦаIебина зуда ялор», «Ламанаш хийцало», «Дашо Iам», «Большевикаллица ялта дерехьа», «Самаяьлла ячейка», «ЦIен гIап», дуккха а кхиерш а. Авторханов Iабдурахьмана цуьнан драматурги толлуш шен статья тIехь къаьсттина тидам тIебахийтина пьесашна «Дайн Iедал», «ЦIен гIап», «Лаьмнаш хийцало». Критико билгалдаьккхина Граждански тIеман хьокъехь  йолу «ЦIен гIап» турпалаллин драма  исторически бакъдолчунна тIехь язйина хилар. Коьрта долчу декъана драмин чулацамехь берг Iалхан-Юьртахь Деникинан эскаршна дуьхьал бина цIеяххана болу тIом бара. Исторически бакъдолчуьнца цхьаьнадогIуш дара Бадуевс шен пьеси тIехь белхалоша, ахархоша граждански тIамехь паргIатонехьа къийсам латтор  гойтуш долу суьрташ.  «ЦIен гIап» цIе йолу пьеса ерриг нохчийн исбаьхьаллин литературехь тоьлла произведени лору критико. «ЦIен гIап» пьеса а, цу тIехь хIоттийна спектакль а исбаьхьаллин лаккхарчу тIегIанехь хилар чIагIдора  Авторханов Iабдурахьмана. 1933 шеран 25 июнехь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газета тIехь яздора:  «Пьеса кхаа-деа    сохьтехь лаьтта, цуьнан ейтта эпизод а, пхиъ дакъа а ду. Амма хьовсархойн зал оцу ерриге а хенахь тIехъюьззина хуьлу, адамаша дIалоцу массо маьIиг а, кораш а, неIсагIеш а, чуьра араболу некъ а. Хьовсархой Бадуев СаьIидан «ЦIен гIап» цIе йолчу граждански тIеман хьокъехь нохчийн къинхьегаман ахархоша а, грозненски пролетариато а Шатиловн, Бичераховн, Чуликовн, Алиевн, кхечеран а кIайгвардейцийн бандашна дуьхьал герзашца латтийначу къийсаман хьокъехь йолчу пьесе хьовсуш бу.
        Йоккхачу-АтагIахь областной слете гулбелла цIен партизанаш боккхачу тидамца хьаьвсира пьесе. Царах дукхаха йолчу эпизодашкахь шаьш дакъалаьцна цара. ГIойтIарчу партизански отрядан командир Хьату Давлиев, Йоккхачу-АтагIара Ноома Тукаев, Гикалос шена тIедехкина дуккха а къайлах гIуллакхаш кхочушдина волу Iалхан-Юьртарчу партизански отрядан командир ЧIаба Кагерманов, дуккха а кхиберш а. ХIинца уьш леррина хьоьжу юьртсоветан уьйтIарчу доккхачу рагIу кIелахь аннаш вовшах а тесна йинчу сцени тIе».
     Авторханов Iабдурахьмана шен статьяш тIехь хIеттахьехь билгалдаьккхира Бадуев СаьIид нохчийн литературин бухбиллархо ларалуш исторехь вуьсург хилар.
    Партин XVI съезд дIаяхьарна кечамбеш, ЦК-с «Правда» газета тIехь  съездехь ен йолчу докладийн тезисашна зорба а тоьхна, церан хьокъехь дискусси схьайиллира. Оцу дискуссехь дакъалецира Авторханов Iабдурахьмана а. 1930 шеран 22 июнехь «Правда» газето зорбатуьйхира цуьнан статья «За выполнение директив партии по национальному вопросу». Статья ЦК-н тезисашна критика еш яра. Ши гIуллакх дара автора оцу статья тIехь ойбуш: къаьмнийн кадраш кхиор а, къаьмнийн областашкаххьий, республикашкаххьий коллективизацин хьокъехь а. Къаьмнийн кадраш кхиор ледара кхочушдо, кхачам боллуш тидаме ца оьцу и гIуллакх, къаьсттина къаьмнех болу белхалой промышленность юкъаозор, бахара автора. Алссам масалш а даладора. Царах цхьаъ: «Вот характерный документ. Правление треста Грознефти в своей докладной записке бюро Чечобкома ВКП(б) от марта 1929 г. пишет: «Истекший год работы по вовлечению чеченцев на производство показал полную неспособность и нежелание чеченцев идти на подлинную производственную работу». КхидIа Авторханов Iабдурахьмана яздо: «Комментарии излишни. Разве только напомнить читателю, что это не единичные случаи высокого, барского, насквозь держимордовского отношения наших некоторых чиновников из хозяйственных аппаратов к выполнению важнейших директив партии – к созданию пролетарских национальных кадров».
    Коллективизаци хьокъехь долчунна  статьян автор къаьмнийн областашкаххьий, республикашкаххьий колхозаш яхкарна дуьхьал вара, юьртабахамехь цул хьалха кхочушда дезаш кхин гIуллакхаш ларара цо. Оцу статьяца дIайолаелира «Правда» газета тIехь  йоккха дискусси. Дискуссехь дакъалоцуш партин лаккхара хьаькамаш хилла. Цара массара а бохург санна, статья тIехь дуьйцург нийса ца лоруш, цуьнан автор емал вина, цхьаберш иза «правооппортунизмехь» бехке ван а гIиртина. Церан Iалашо бакъдерг лахар ца хиллера, партин куьйгаллина хьалаха базбалар хиллера. И.В. Сталина съездехь ша йинчу ЦК-н отчетни докладехь билгалдаьккхина колхозийн болам дIабахьар партис сацам боллуш тIеэцна хилар. Иза Сталина, Авторханов Iабдурахьмана цIе а ца йоккхуш, цуьнан статьяна дуьхьал аьлла, бахара. Цул тIаьхьа партсобранехь Авторханов Iабдурахьман партин декъашхо волчуьра дIаваккха сацам хиллера, и сацам ЦК-с къобал ца бина, амма цунна тIе диллина шен статьяна опровержени язъяр. Оцу хьокъехь Авторханов Iабдурахьмана «Правда» газета редакце яздина кехат зорбатоьхна 1930 шеран 4 июлехь.    
    ЦК-хь йолчу марксизман-ленинизман Курсашкахь редакторийн отделени схьайиллича, цига деша вахна Авторханов Iабдурахьман. Курсашка дIаоьцуш хилла партин зорбанан куьйгаллехь зеделларг а долуш, партехь хиларан стаж а йолуш, куьйгалхочун доьналла долу партин белхахой. Авторханов Iабдурахьманан биографи оцу лехамашна жоп луш хиларна дIаэцна иза партин лаккхара белхахой кечбеш йолчу Курсашка (тIаьхьа церан цIе хийцина: «Академия общественных наук при ЦК КПСС»). Цигахь доьшуш волчу хенахь а цуьнан белхаш, статьяш арайилина Москвахь, Ростовехь, Соьлжа-ГIалахь зорбатухучу тайп-тайпанчу изданешкахь. Авторханов Iабдурахьман критик, литературовед хиларе терра СССР-н яздархойн Союзан декъашхо вара. 1934 шеран августехь дIаяьхьначу СССР-н яздархойн Союзан хьалхарчу съезде кхайкхина цуьнга. Съездехь советски поэзех доклад йинчу Н.И. Бухаринах лаьцна, цунна дуьхьал къамелаш динчу оьрсийн яздархойх а, кхиболчу съездан декъашхойх а лаьцна гIеххьа хаамаш бу Авторханов Iабдурахьманан «Мемуараш» тIехь.
    ЦК-хь йолу марксизман-ленинизман Курсаш шина шеран яра. Амма цхьа шо чекхдаьлча, Курсан куьйгалхоша Авторханов Iабдурахьмане аьлла, ахь кхузахь доьшуш шолгIа шо дайа оьшуш а дац, шаьш ЦК-хь гIайгIабина хьо ИПК-н (Институт красной профессуры) коьртачу курсе дIаэцийта, экзаменаш а лой, цига деша гIо, аьлла. Кхо бутт отпуск а елла кхунна экзаменашна кечам бан. Цу тайпана, Авторханов Iабдурахьман юха а ИПК деша дIахIоьттина. Институтехь хьоьхуш пачхьалкхехь тоьлла болу профессорш хилла, лекцеш еша кхайкхина балош хилла кхечу махкара Iилманчаш а. Царах хIораннах бохург санна дика дош аьлла Авторханов Iабдурахьмана, церан лаккхара корматалла хилар билгал а доккхуш. Студенташна  дешаран дика хьелаш кхоьллина хилла институтехь: лаккхара говзалла йолу хьехархой, библиотекехь студенташна оьшуш йолу ерриг литература, кIорггера чулацам болу семинараш дIаяхьар, экскурсеш вовшахтохар и. дI. кх. Авторханов Iабдурахьмана оцу таронех пайда а оьцуш, дика доьшуш чекхъяьккхина Институт. ТIаьххьара экзаменаш кхиамца дIа а елла, 1937 шеран май баттахь дешна ваьлла иза. Институт красной профессуры чекхъяьккхинарш пачхьалкхан я партин  органашкахь лаккхарчу даржашка я вузашка хьеха дIахIиттош хилла. Авторханов Iабдурахьман Куйбышев гIаларчу райкомийн, горкомийн секретарийн курсашка хьехархо а, цигарчу университететхь истори хьеха а билгалваьккхина хилла, амма  сацам тIеэццалц ЦК-н кадрийн резервехь сацийна. Ялх баттахь латтийна иза резервехь. Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн обкоман партин куьйга кIел хьажийна. Москвара Соьлжа-ГIала схьавеъна иза 1937 шеран 10 октябрехь. Оцу дийнахь суьйранна тIаьхьа машен а яийтина обкоман пленуме вигна. Пленум йолалушшехь лаьцна чувоьллина Нохч-ГIалгIайн обкоман массо декъашхо а, Авторханов Iабдурахьман а. Кхаа шарахь чохь а  валлийна, 1940-чу шеран 19 майхь бехке вац аьлла, аравалийтина. ХIара чувуллуш НКВД-с кхечу йозанашца цхьаьна дIаяьхьнера кхуьнан докторски диссертацин рукопись а. Язйина чекхъяьлла йолу диссертаци хIара лаьцначуьра араволуьйтуш схьа ца еллера. Дукха хан ялале, 1940  шеран ноябран баттахь, юха а лаьцна иза. Ши шо чохь даьккхинчул тIаьхьа, 1942 шеран апрель баттахь мукъавалийтина. Лаьцначуьра араваьлча НКВД гIоьртина иза шайн къайлах гIуллакхаш кхочушдечу сотрудникашна юкъаозо.  Советски правительство цIарах цунна тIедиллина доккхачу маьIне лоруш долу къайлах гIуллакх, иза йоккхачу ямартлонца лело дезаш а, кхочушда дезаш а хилла.  Амма иза кхочуш ца дина Iабдурахьмана. НКВД-с ша паргIат лелуьйтур воцийла хууш, кхечу пачхьалкхе дIаваха сацам а бина, дозанал дехьа ваьлла иза. 1943 шеран январь баттахь Берлине кхаьчна. ХIетахь дуьйна дIадоладелла Авторханов Iабдурахьмана даймахках ваьлла лелар. Амма цкъа а ца хаьдда цуьнан ойланехь шен даймахкаца йолу уьйр, шен къомах йолу дегайовхо. Цуьнан ойла даим а шен махкаца, шен халкъаца хилла. Шен йолчу таронашца нохчийн къоман гIайгIа а бина цо. Сталинан Iедало нохчийн, гIалгIайн  халкъаш аьшнаш а дина  махках даьхначу хенахь, Авторханов Iабдурахьмана доккха гIуллакх дина и харцо хилар дуьненна а дIахаийтарехь. Оцу хьокъехь цо 1948 шарахь ООН-е леррина меморандум язйина, нохчийн, гIалгIайн къаьмнашна тIехь кхоьллинарг харцо юйла а хоуьйтуш, къаьмнийн бакъонаш меттахIитторехь, шайн даймахка уьш цIадерзорехь гIо дар доьхуш. Оцу меморандум бух тIехь язйина «Народоубийство в СССР. Убийство чечено-ингушского народа» книга ара а хецна цо1952 шарахь.
    Авторханов Iабдурахьман шен даймохк а битина дозанал дехьа валар, ца ваьлла дина хIума хилла. ХIетахь пачхьалкхехь лаьттинчу тоталитарни дIахIоттамехь НКВД-с, цхьа тайпа бехк боцу нах лоций чу а бухкий, царна тIехь адаме лалуш доцу Iазап хIотторца уьш холчу а хIиттабой, шайн дагахь а ца хилла долу, шаьш данний ца дина хIума дина олий, даре дойтий, адамаш хIалакдеш хилла. Пачхьалкхехь и тайпа хьал латточу тоталитарни дIахIоттамна дуьхьал къийсам латтор бу ша аьлла, чIагIо йина Авторханов Iабдурахьмана, мацах А.И. Герцена а, Н.П. Огаревс а санна. Ша дуьненчохь даьккхинчу 89 шарах 54 шо эмиграцехь даьккхина цо. Оцу ахбIе шерел сов йолчу хенахь и Iалашо кхочушъярна тIехьажийна цо шен кхоллараллин похIма. Историкан, политологан корматалла а йолуш, политически Iилманийн доктор, профессор хилла иза. Авторханов Iабдурахьманан Iилманан белхаш, цуьнан коьрта книгаш Советски Союзан истори, пачхьалкхан политически дIахIоттам талларна лерина ю.
    Эмиграцехь юьхьанца хала хилла, кест-кестта хийца дезна Iаш волу меттигаш а: Германи, Итали, Австр»и, юха а Германи. ХIетте а оцу муьрехь алссам статьяш язйина цо, тайп-тайпанчу журналаш тIехь зорбатоьхна царна. Шен бакъйолу цIе къайла яхийта дезна, алссам псевдонимаш лелийна: «Суровцев», «Кунта», «Темиров», «Уралов», «Фельдбин», «Орлов», дуккха а кхиерш а. ХIетахь ша газеташ тIехь, журналаш тIехь язйинчу материалашна, лелийнчу псевдонимашна тIаьхьа кхуьур вацара, уьш  дукха хиларна, олуш хилла цо.
    Берлинехь Iабдурахьмане аьлла, ша партехь хиллачу итт шарахь, чувоьллина даьккхинчу пхеа шарахь  гинарг, хезнарг, дешна хиънарг дIаяздеш, исторически очерк язъяхьара. 1943 шо чекхдолуш и болх язбина а ваьлла, «Мои советские годы» цIе а тиллина, йоккха рукопись дIаелла автора. Германехь цIеяххана болчу профессорша Iаламат мехала материал а лерина, арахеца магийна болх. Рукопись дIаелла издательстве. Книга зорбатоьхна тахана-кхана араяла езачу хенахь, бомбанаш кхетта издательство йохийна, книгех а, корректурах а хIумма а ца дисна. Амма цхьа пайда-м белира шена цунах, боху автора, мемуараш язъеш чIогIа пайдехьа хилира шена оцу белхан черновикаш.
    Авторханов Iабдурахьмана «Набат» цIе йолу журнал арахецна, цу тIехь зорбатоьхна шен «Философия тирании» корта  а болуш йоккха цикл статьяш.  Цул тIаьхьа «Свободный Кавказ» журнал арахеца а долийна. 1950 шарахь Мюнхенехь «Институт по изучению истории и культуры СССР» кхоьллинчарна юккъехь а хилла, оцу институтан директоран заместитель а хаьржина иза. Институтан талламан белхаш зорбатухуш хилла оьрсийн, ингалсан, немцойн, французийн, испанин, туркойн, Iаьрбийн меттанашкахь. Авторханов Iабдурахьманан дукха материалаш арайийли оцу институтан изданешкахь.
    Радио «Освобождение» (тIаьхьа «Свобода» цIе тиллина) кхуллуш дакъа а лаьцна Авторханов Iабдурахьмана. Оцу радиохь цо ешна лекцийн курсаш :«История культа личности в СССР», «История партии как она была», радион белхан дакъа «Партия сегодня» кечдеш а, дIахьош а хилла иза.  
    1948 шарахь Авторханов Iабдурахьмане цхьана ханна кхайкхина Гармиш гIалахь йолчу американски армин школе Советски Союзах лаьцна лекцеш еша. Школан куьйгалхой реза хилла кхуьнан лекцешна. Цхьа шо даьлча, 1949 шарахь оцу школе хьехархо дIаэцна хIара, школа Регенсбурга гIала дIаяьхьна. ТIаьхьа «Русский институт Американской армии» цIе тиллина цунна. Оцу институтехь 30 шарахь болх бина Авторханов Iабдурахьмана, масех предмет хьехна цо: 1) политическая история России-СССР в XIX-XX столетиях; 2) история и организация КПСС; 3) идеология и доктрина советского коммунизма. Цигахь диссертаци а язйина, политически Iилманийн докторан, профессоран даржашка а кхаьчна иза. Институтан Академически кхеташонан председатель а, политически Iилманийн кафедрин куьйгалхо а лаьттина. Оцу институтера пенсе а вахна 1979 шарахь.
    Эмиграцехь йоккхачу эвсараллица болх бина Авторханов Iабдурахьмана. Книгаш ца лерича а, 300 сов статьяш, рецензеш язйина, кхиболчу авторийн книгаш арайийлина цо хьалхара дош яздеш. Историн, политикин, тоталиризман идеологин тематика ойбу цо шен статьяшкахь а. Масала, иштта ю церан цхьайолчийн цIерш: «Ленин и ЦК в октябрьском перевороте», «Первый кризис в ЦК после взятия власти», «Кто же отец колхозов?», «Закулисная история пакта «Риббентроп–Молотов», «Глобальная стратегия Кремля», «Новая фаза в политике советской экспансии», «Антиконституция СССР», «Положение исторической науки в СССР». Оцу хенахь а Нохч-ГIалгIайчоьнах лаьцна стаьяш, очеркаш язйина цо: «40 лет Чечено-Игушетии», «Чеченцы и ингуши в советский период и до него».   
    Авторханов Iабдурахьманан эмиграцехь дуьххьара араяьлла книга «Покорение партии» хилла. Цунна зорбатоьхна 1950 шарахь «Посев» еженедельникан масех номерашкахь. И книга 1951 шарахь «Сталин у власти» цIе а йолуш  араяьлла Парижехь французийн маттахь. Книгин Iаламат боккха кхиам хилла. ТIаьхьа цунна зорбатоьхна ингалсан, испанин, италин меттанашкахь. Цунах пайдаэцна политикин баккхийчу охIланчаша, иза лелош хилла университеташкахь а. И книга бахьана долуш Берияссий, Сталиний Iожаллин кхел кхайкхина шена, яздина автора.
    Кхин а боккха кхиам хилла 1959 шарахь зорбатоьхначу «Технология власти» книгин. Цунах Iилманчаша «классический труд по истории сталинизма» аьлла. И книга араяьлча кхин а шуьйра евзийна дуьненан Iилманехь Авторханов Iабдурахьманан цIе, талламхочун лаккхара похIма долу автор лерина иза. Цуьнан книгаш Советски Союзехь зорбатухуьйтуш яцара, уьш ешар а дихкина дара. Амма «Технология власти» арахецнера Москвахь «Мысль» издательствехь Кремлерчу пачхьалкхан куьйгалхошна еша. Бакъду «Технология власти», «самиздатехь» зорба а тоьхна, наха къайлах йоьшуш-м яра.
    Авторханов Iабдурахьманан рогIера книга «Происхождение партократии» зорбатоьхна 1973 шарахь Франкфурт-на-Майне гIалахь. Иза боккха, шина томах лаьтташ болх бу.  «Партократия» боху термин Авторханов Iабдурахьмана юкъаяьккхина ю. Советски Союзехь коммунистически партин диктатура, пачхьалкхехь куйьгалдаран хьелаш теллина автора. «Партократия» аьлла билгалъяьккхина цо советски пачхьалкхехь куьйгалдаран форма.
    Iаламат боккха кхиам хилла «Загадка смерти Сталина (заговор Берия)» цIе йолчу книгин а. Дуьххьара Германехь 1976 шарахь зорбатоьхна йолу и книга цул тIаьхьа араяьлла дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь 10 маттахь. Цул совнаха иза арайийлина журналаш тIехь зорбатухуш а. Дерриг дуьненахь аьлла евзаш ю Авторханов Iабдурахьманан кхийолу книгаш а: «Сила и бессилие Брежнева (1979), «Империя Кремля. Советский тип колониализма» (1988); «Мемуары» (1983), «От Андропова к Горбачеву» (1986), Президент Ельцин, Верховный Совет и национальная политика России (1994).
    Цуьнан книгаш массо европейски меттанашкахь а, ингалсан, Iаьрбийн, гIажарийн, японин, китайн меттанашкахь а арайийлина. Амма нохчийн маттахь зорбатоьхна-м яц сийлахь-воккхачу Iилманчин, нохчийн къоман воI волчу Авторханов Iабдурахьманан  цхьа а книга.  
    Авторханов Iабдурахьман ша махках ваьлла яьккхинчу хенахь даим а даймахке сатуьйсуш хилла, цIаверза лууш а хилла. Ша воккхангахьа лестича цо яздина: «Поистине, если даже мне суждено умереть, не побывав на родине, я умру с улыбкой на лице. Господь Бог и Даймохк – вот что было неразлучно смо мной всегда…». Шен махка юхаверзар доьгIна ца хиллера цунна, Авторханов Iабдурахьман кхелхина 1997 шарахь 24 апрелан буьйса 25 апреле йоьрзачу хенахь Германерчу Ольсинг гIалахь, цигахь бусалбан нехан кешнашкахь дIаверзийна иза. Авторханов Iабдурахьман кхелхича, цуьнан кIанта Тамерлана Интернетехула ишшта хаам бинера: « БисмиллахIиррохьманиррохьим. Я должен сообщить моим соотечественникам и всем мусульманским братьям и сестрам, всем честным людям, что профессор Абдурахман Авторханов ушел из жизни…».
    Нохчийчохь сий-ларам бу Авторханов Iабдурахьмане. Соьлжа-ГIалахь коьртачу урамех цхьаъ Авторханов Iабдурахьманан цIарах бу. Iилманча винчу юьртахь Лаха-Неврехь а цуьнан цIарах урам бу, иза вина а, ваьхна а цIенош хиллачу меттехь керла динчу цIеношна Iилманчин сийнна тIе тоьхна мемориалан у ду. Музейхь Авторханов Iабдурахьманна лерина чоь ю. Нохчийн Республикин Iилманан Академис, Яздархойн союзо Соьлжа-ГIалахь дуьненаюкъара конференцеш дIахьо Авторханов Iабдурахьманан кхоллараллехула.

 
Авторханов Iабдурахьманан коьрта произведенеш   

    К основным вопросам истории Чечни. Ростов-на-Дону, 1930.  
    За выполнение директив партии по национальному вопросу. Статья // Правда.1930. 22 июня.
    К вопросу изучения тайп, тухумов и классовой борьбы в чеченской деревне. Статья // Революция и горец. 1931. № 4.
    Краткий историко-культурный и экономический очерк о Чечне. Ростов-на-Дону, 1931.
    На путях к созданию национальной литературы Чечни. Статья // На подъеме, 1931.
    Творческий путь С. Бадуева. Статья // На подъеме. 1933. №№ 3-4.
    Революция и контрреволюция в Чечне. Из истории гражданской войны в бывшей Терской области. Грозный, 1933.    
    Против кулацкой контрабанды на историческом фронте горских народностей // Революция и горец. 1934. № 4.
    Объединение, рожденное революцией. Грозный, 1934.
Сталин у власти. Париж, 1951.
    История культа личности в СССР.  Курс  лекций по радио.
    Технология власти. Франкфурт-на-Майне, 1959.
    Аппарат коммунистической партии. Чикаго, 1966.
    Происхождение партократии. В 2-х томах. Франкфурт-на-Майне. 1973.
    Загадка смерти Сталина (заговор Берия). Франкфурт-на-Майне. 1976.
    Сила и бессилие Брежнева. Франкфурт-на-Майне. 1979.
    Мемуары. Франкфурт-на-Майне. 1983.
    От Андропова к Горбачеву. Франкфурт-на-Майне, 1986.
    Империя Кремля.. Гармиш-Пантенкирхен,1988.
    Ленин в судьбах России. Размышления историка. Гармиш – Партенкирхен, 1990.
Брежнев: опыт политической характеристики // Огонек. 1990. № 27.

 

www.ChechnyaTODAY.com

 

 

 

 

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Ислам
19 марта в 10:10
боккъал а, "вуьззина" 1илманча хилла-кх 1абдурахьман... Делахь хилла-кх...