Нохчийн маттахь керла книга араялар доккха хIума дара цхьана хенахь. Авторна цунах хуьлу кхаъ дийнна республикан дахарехь а хаалора. Яздархочо бина болх Iедало билгалбоккхуш меттиг а йогIура – дашца я совгIатца мах хадош. КIеззиг бен дац оцу «ширачух бухадиснарг»: зорбанехь хаам а бо, хастаме статья а язйо, «презентаци» боху хIума а леладо. Наггахь волчу яздархочунна и дийнна цIов цхьаьний кхочуш меттиг а хуьлу. Книга йийцаррий, йийцаре яррий-м юкъара дIадолуш долчух тера ду. Оцу сингаттамо жимма генара доладайти соьга Айдамирова Машарх лаьцна ала дагахь дерг.

Цуьнан кхолларалла суна йовза йолаелла дукха хан яц. Наггахь зорбанехь хуьлу дийцар дешар-м нислора, амма яздархочух а, цуьнан кхоллараллах а сурт хIотто кхачаме ца хуьлу, алссам говзарш цхьаьнаметта арахецна гуш ца хилча. Ткъа 2004-чу шарахь араяьлла цуьнан хьалхара киншка соьга кхаьчна а яцара, бакъду, Айдамиров Абузаран дахарх а, кхоллараллах а лаьцна 2007-чу шарахь цо арахецнарг-м ешнера ас. Оцу киншко йовзийтина Машар – иза шен ден хила хьакъйоллу йоI а, дика литаратурни талламхо а яра.

Дагахь а ца хиллачу, амма синна кхаъ беъначу кепара евзира суна Машар, «Аганан йиш лакхахьа, нана» боху 2008-чу шарахьлера киншка йоьшуш. Цу тIера дуккха а дийцарш доьшучу хенахь коьрта ойла церан исбаьхьаллин гIирсашна тIехь ца соьцу, амма чулацамо дешархо юхавуьгу хIинц-хIинца вайна гина а, вай лайна а долчу къематан деношка. ТIеман хено йина чевнаш карлаяха ца оьшу, бохуш, вайна «даггара» хьехарш дечарна тахь а, ца тахь а, сиций, цIийций юхалуьттуш, тIаьхьенашка кхуьйлу весеташ санна ду дийцаршкара тоьшаллаш.

ХIун бахьана ду уьш оццул маьIне хета? Вайн мохк шина тIеман цIергахь баллор дагадогIучу наха оцу хенах тахана вовшашлахь дуьйцуш а, далхош а дерг мацца а, цхьа хан яьлча, дуьжур ду. Цаьрга ладоьгIуш, хьалакхиинчу, тIом ганза долчу чкъуро а церан дагалецамех цхьадолу дакъа дицдийр ду. Чкъор хийцалуш, тIаьхьа тIебогIучарна кхин а кIезга хир ду шайн дай-наноша хьегначу Iазапах лаьцна хуург. Иштта хила тарло, йозанца дитина тоьшаллаш ца хилахь. Амма, цхьадика, иштта хила ца тардолуьйтучу яздархойх ю Айдамирова Машар. Цундела Iаламат мехала ю цуьнан дийцарийн киншка, тIеман темина лерина вайн кхиболчу яздархоша арахецнарш санна. Цунна тIера тоьшаллаш мел къаьхьа делахь а, киншкин цIарца хьулъелла ойла, ненан даггара, муьлхха а аганан йиш санна, сирлачу, маьршачу кханенах тешош ю.

ТIеман шераша зийначу нохчийн зудчун васт кхуллуш, язйина  говзарш ю зорбанехь гучуюьйлуш. И тема журналистийн тидамехь а ю. Оцу шерашкахь вайн къомана тIехь лаьттинчу харцонан Iаткъамо дашах а, доьналлах а эшийна боьрша чкъор лардеш, Iалашдеш, нохчийн зударший, мехкарший гайтинчу хьуьнарийн хьакъ маббу мах хадо а, церан хама бан а тахана тхайн дегнаша тхо – божарий – ца дитахь а, Машаран дийцаршкарчу бакъ тоьшаллашна дуьхьалдаккха хIума а дац тхан. Масала, нохчийн литературехь керла ду «Кхоллам» бохучу дийцарера йоьIан васт, Бадуев СаьIида кхоьллинчу цхьадолчу васташна нийсса бIостанехьа а долуш. Валар-висар къасточу киртиг тIехь эшна висинчу нехан кIантана оцу са-оьздачу йоIа орцахдаьккхинарг эхь-бехкан баьрччехь кхаьбна шен экама сий делахь а, хезний-гиний доцчех доккха хьуьнар ду дийцаран турпалхочо гайтинарг.

Айдамирова Машаран дийцаршкахь дерш кхоьллина хIуманаш дац – лелларш ду, истори ю. Вайна дагайогIуш йолу, вайна гуш яхнарг, вай а лайна ерг. Цундела суна а кхета хала яц и. Амма генара истори юьйцучохь – ур-атталла, хьехочохь а – къамелана юкъагIорта мелла а ийзалуш хуьлу со, охIла воцчу муьлххачу хIуманах санна. Цунах терра болчу дагахьбалламца йоьшу ас исторически романаш а. Сайна хьехначу дуьненан Iилманца, КПСС-н истори бен, кхин истори ца хилла дела а, биний, беш болий белхаш цхьана а кепара исторически Iилманца боьзна цахиларна а бу и дагахьбаллам. Наггахь цакхетаме а, шеконе а воху цо. Масала, Ибрагимов Кантин «Сказка Востока» романехь ду, Алани бохучу мехкан коьрта шахьар лоруш йолу МаIас Соьлжий, Мартий ши хи вовшахкхетачохь лаьттина аьлла. Ткъа иза – со вехачу Iалхан-Юьртан дозанашкара меттиг ю. Сан цецваларна жоп луш, исторически документаш тIехь иштта ду, боху Кантас. Вайгахьа ду иза-м, иштта делахь, хIунда аьлча Алани а, МаIас а вайн луларчу къаьмнаша, юргIа санна, шайний-шайний дIасаийзош хилар гуш ма дуй. МаIасах дерг аьлча, Ясаков Русланан «Отшельник и соловей» роман йоьшучуьра юкъах а ваьлла, язъеш ю хIара статья. Оцу романехь МаIас мел хьахийна меттиг сема йоьшу ас, цуьнан – МаIасан – координаташ гой техьа бохучу ойланца.

Изза хаттар карладуьйлуш ешна ас Айдамирова Машаран «Лаьмнийн хIайкал» боху роман а. Цо чулоцучу исторически муьрах лаьцна дийца со охIла вацахь а, шеко йоццуш, романца Iаламат доккха кхетош-кхиоран маьIна ду.

Яханчу хенахь нохчийн зуда Iазапехь яллийна боху хабарш а цхьалхадоху Машаран романо. Цуьнгахь хилла Iазап дийнна къомо лайннарг ду, массеран юкъара хилларг а, дерг а. Амма шен къоман вежаршкара лайна Iазап дац и. Мелхо а, вовшийн гIортораш хилла уьш: божарша церан сий лардеш, цара – уьш оьздангаллин хьанала Iуй хила кхиош. Нохчийн литературехь майра а, оьзда а, тешаме а гайтина дуккха а божарийн васташ тIедузу Машаран романерчу турпалхоша, алссам Iаткъам Алдаман васто а беш. Амма царна юкъахь а бIаьрла ду зударийн васташ, къаьсттина мехала Маьлха-Аьзнин, Иштаран васташ а долуш. Ойланаш а, амалш а товш ю церан массеран, хьежамаш нийса бу.

Турпалхойн леларца а, къамелашца а эвхьазло йоцуш, оьздачу маттахь язйина хилар а ю романан цхьа башхалла. Нохчийн исбаьхьаллин литературо кхуллуш йолу мехаллаш къоман гIиллакх-оьздангаллица йогIуш хила езарх нийса кхета автор. Харц турпалхойн васташ гойтуш, мацах цаьргара яьлла хиллачу ледарлонашна юкъахь хьахор бен, даржийна дуьйцуш дац романехь эвхьаза хIуманаш. Ур-атталла, Сеска Солсех лаьцна юьйцуш ерг а хилла яьлла эвхьазло яц, хьекъалций, собарций зудчо (Альбикас) юкъахъяьккхинарг ю. Зулам а, дов-тIом а ца хилийта юхатоьхна эвхьазло.

Стенан меха ду Маьлха-Аьзнис Иштарна деш долу хьехар: «…боьрша стаг гIалатвала тарло, амма зуда даима сема хила еза лелачу зуламна, юьхьIаьржонна. ЙоI, зуда – лаьмнийн, вайнехан синмехаллийн, дайн Iадатийн, оьздангаллин хехо хилла схьайогIу…» Боьрша стаг гIалатвала тарло бохург – иза мелла а божаршкахьа узуш, жимма царна бехказло юьтуш санна хазахь а, зудчунна галъяла цхьана а кепара некъ ца буьту Маьлха-Аьзнис ша Иштарна дечу хьехарехь. Лаа ма дац оцу сийлахьчу йоIах «Лаьмнийн хIайкал» алар а – дезаниг, оьзданиг, сийлахьниг, цIенаниг лардаран Iалашо ма еца «хIайкал» бохучу дешан маьIнехь ерг а.

Зудчун хьекъал пхьидан янне а йоцчу меженца дустар цхьаболчарна товш делахь а, Машаран романера зударий хьекъалх боьттина бу. Кху романехь гайтина ца Iаш, вайн фольклорехь а ма ду дуккха а масалш, хала киртиг тIехIоьттича, божарий зударех дагабуьйлуш а, вукхара нийса некъ хьоьхуш а. Церан вовшашца хила йогIу юкъаметтигаш къастош, масане хаза гIиллакхаш дара вайн, масане бехкамаш бара… Кхайкха баьхкичий бен (шайца зуда а ялош), йоI ловзаргий, синкъерамей ца яхар; теш воцуш, йоI-кIант ирахь ца латтар; урамехь воккхастаг дуьхьалкхетча, бер а карахь йогIучу жимачу зудчо цунна букътохар я бер новкъа охьадиллар; шеца хелхайолучу йоIах ур-атталла гIовталан тIам хьакхабаларх а жима стаг ларвалар; чохь боьрша стаг вацахь, зударий болчу хIусаме божарий чоьхьа ца бовлар… ХIара тIаьххьара хьахийна бехкам Машаран романо а карлабоккху, «кIайн бIов» аьлла, цIе яхначу гIопан кевне буьйсанна хьеший хIиттича.

Тахана вайн массеран а чохь-арахь а, синошкахь а доллург цхьа доккха орца оьшуш хьал ду. Юкъара дIадолучу чкъураца цхьаьна довш ду вайн дай-наноша а, вай а дезий, сийлахь лелийна хIуманаш. Керлачу чкъураца вайн дахаре догIу цхьадолу хIуманаш хIинццалц экама мел лелийначунна хийра а, ницкъ беш а ду. Оьзданиг, хьаналниг, нийсаниг тоьлла гайтарца оцу ницкъана дуьхьалдаьккхина герз ду «Лаьмнийн хIайкал». Цунах эца ма-беззара пайда эцахь, тIаьхьара тIаьхьенаш а кхиа там бу, шайх дозаллаш дан шайн доьзалшна меттиг буьтуш.

Айдамирова Машара кхуллург санна йолу исбаьхьаллин литература ешаро аьтто бо шен къоман хилларг довза а, долчунна тIаьхьакхиа а, хиндолчух доглаза а. Амма иштта литература йовза а, еза а лаам хилийта цунах лаьцна алссам дуьйцуш хила деза. И чIогIа маьIне ду къоман кхетам сема латто. Шеко йоццуш, и зеделлачух тера ду литературах лаьцна дийцарш мехкан пхьоьханах лардечарна а.

АХМАТУКАЕВ Адам, поэт

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна