Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь  коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца  лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.

Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.

Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.

Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.

Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка  хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.

«Духаре хьожжий т1елоцу хьаша, хьекъале хьожжий новкъа воккху»,  – и кица хьалкъо лаа ца кхоьллина.

 Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев  Сайд-Мохьмад.

Ворх1 г1иллакх

Кхуьийла Нохчийчохь ворх1 т1аьхье къоман,

Ц1ерш дагахь латтаеш ворх1е а ден.

Ворх1е а стигал к1ел ворх1 нана хьоме,

Йиц ца еш, ехийла вайн ворх1 т1аьхье.

 

Ворх1 ден ц1е ца хуург лай лоруш хилла.

Ворх1 нана йицйинарг ву кхузза лай.

Лайн амал сих йоьлларш безна бац  Далла.

Ларлойла цу амалх ворх1 т1аьхье вайн.

 

Ворх1 йишин цхьа ваша иллешкахь вуьйцу,

Уьш хиларх воккхавеш, сий дарна цо.

Ворх1 вашас йишин дог  цхьатерра хьоьсту:

Цхьатерра ло цунна дог х1ораммо.

 

Ду нохчийн ворх1 г1иллакх

                                        ворх1  ломал сийлахь:

Ларар шен да-нана, дар халкъан сий,

Дайн г1иллакх д1акхехьар, йижарий сий дар,

Собар дар, бакъ хилар, ц1е ларъяр шен.

 

Мадина Мусаева

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2