Хьомсара махкахой!

Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар а деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а, соьга хаьттича, Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь 25-чу апрелехь.


 Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.

Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша, хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, дина дайша а, бусулба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш. Къоман мотт хаар яхь хилар ду.

Нохчийн Республикан Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикан хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цунна и ч1ог1а а безара, цо и бийца а бийцара, ладог1а дог а доуьйтуш, к1орггера кхета а веш. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикан Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Рамзан Ахматович Кадыров.

Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, дика 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш, хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, политикашна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка ца эшадайтинарг вайн мотт бу, х1унда аьлча, маттаца лардеш ду къоман г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ.

Хьомсара махкахой! Аса даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн мотт!

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2