доллар    58.69 $
евро 68.95 €
22 ноября, 23:11
+4 в Грозном

ГАЙСУЛТАНОВ IУМАР (1920 – 1980)

20 июня в 09:17 (2013 г.)
На фото: Гайсултанов Iумар На фото: Гайсултанов Iумар

Арсанукаев Iабдулла  

Нохчийн литературехь билггал йолу меттиг дIалоцуш ю Гайсултанов Iумаран кхолларалла. Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш леррина берашна, кегийрхошна  язъечу  яздархойх хьалхарниг вара иза. ХХ бIешеран 50–80 шерашкахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь кест-кестта арайовлура яздархочун произведенеш.

Гайсултнов Iумар вина 1920 шарахь Шелахь  ахархочун Эдалсолтин доьзалехь. Iумаран денана Себибат нохчийн барта дийцарш, туьйранаш хууш хилла. Шена дукхавезачу кIентан кIантана жимчу Iумарна  дуьйцуш хилла цо нохчийн къоман туьйранаш. Денанас дийцинчу туьйранашка чIогIа хазахеташ ладегIна ша, хIетахь нохчийн исбаьхьаллин даше бахана безам бу аьлла хета шена литературе шен шовкъ кхоьллинарг, олура Гайсултанов Iумара. 

Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1936-чу шарахь, Грозненски рабфаке деша вахна  Гайсултанов Iумар. Дика доьшуш чекхъяьккхина рабфак. Дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелла. ТIаме а вахна Гайсултанов Iумар, 1941–1943 шерашкахь эскарехь хилла иза.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь,  1944-1957 шерашкахь, Киргизехь финансови органашкахь белхаш бина цо. Даймахка цIа вирзича, кхидIа а дешна: чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделении. 1958 шарахь дуьйна хаддаза Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь дешаран книгаш арахоьцучу отделехь лакхарчу редакторан болх беш вара.

Гайсултанов Iумар яздан волавелла дIадаханчу бIешеран 40-га шераш юккъе даханчу хенахь. Шен дуьххьрлерчу произведениийн рукописаш цо еша луш хилла лингвист, литературовед волчу Мальсагов Дошлукога. ХIетахь Киргизски университетан оьрсийн меттан кафедрин доцент хилла Мальсагов Дошлуко. Лаккхара говзалла йолу Iилманча Мальсагов Дошлуко, вай цIадирзинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан унивеситетехь профессор вара.   Цо гIо дина волалуш волчу яздархочунна литературин болх караберзорехь. Гайсултанов Iумара цунна баркалла аларца хьахайора и хан.         

Гайсултанов Iумаран дуьххьарлера книга “Болат-ГIала йожар” араяьлла 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Шен цIарах книга йолу повесть а, дийцарш а ду цу тIехь зорбатоьхна. Шира хенахьлерчу нохчийн дахарера гуллакхаш ду “Болат-ГIала йожар” повестан чулацамехь. Дика тIеийцира книгашъешархоша Гайсултанов Iумаран  хьалхара книга. Яздархочун кхиам лерира иза  критико а.

Нохчийн халкъан барта кхоллараллин буха тIехь язйина хеталуш ю «Болат-ГIала йожар» повесть. Халкъан дукха хьалха хиллачу дахарх долчу барта дийцарех пайдаоьцуш язйина ю иза. Шен повесть тIехь автора гайтина хьалхалерчу заманахь, ширачу хенахь хилла вайнехан дахар, хIетахь адамийн хилла юкъаметтигаш, гIиллакх-амалш, церан Iер-дахарехь Iитталуш хилла гIуллакхаш. Цу тIехь билгалдолу, муха хилла хьалхалерчу заманахь маьршачу адамийн дахар, хIун халонаш лайна цара, муьлш хилла церан доттагIий а, мостагIий а. Яздархочунна оцу хенахьлерчу адамийн гIиллакх-амалш а, дахар а довзарехь гIо дина халкъан барта кхолларалла евзаш хиларо, ширачу дийцарех пайдаэцаро. Повесть йоьшуш вайна го нуьцкъалчу адамийн васташ, паргIатчу дахарехьа къийсам латточу халкъан доьналла, вайна девза тайп-тайпанчу къаьмнех болчу дикачу кIентийн вовшашца долу тешаме доттагIалла, цхьабарт болуш гIевттинчу маьршачу наха шайн мостагIий эшош  хиларан хьелаш.

Яздархочо леррина гойту повестан турпалхой, церан гIиллакхаш, духар, лелар: Iаьржачу кхакханан месала куйнаш, логе кхаччалц долу ветанаш дIа а доьхкина йолу цIахь дечу кIадинах тегна гIовталш, пезагаш тIехула кога юьйхина, кIеда ча чу а диллина,  наьIаран мачаш, гIовталшна тIехула дихкинчу доьхкарех кхозуш еха шаьлтанаш. Иштта духар а дуьйхина волу воккха ши стаг Нажий, Цицкий кхайкхина луларчу юьрта воьдуш ву. Шайн уггаре кегийчарах цхьацца бер Лечий, Кхокхий а ду цу шиммо шайца дуьгуш. Дуьне хаздеш, Iалам самадоккхуш йогIуш йолчу бIаьстенан дезде тIекхачарна, иза даздеш дакъалаца хьошалгIа кхайкхина воьдуш ву воккха ши стаг. Повесть тIехь къеггина гайтина оцу ширачу заманахь дезде тIедеача, я цхьа вон-дика Iоттаделча, адамаша беш хилла лерамаш.

Талорхоша, тешнабехкаца тIехьашха  тIелетта, воккха ши стаг Нажий, Цицкий охьа а тоьхна, куьйгаш дихкина йийсардира. Изза дира Нажин кIантана Лечина а. «Буьрсачу лаьмнашкарчу буьрсачу Болат-ГIала дIадигира талорхоша йийсарш». ГIалин дайша-талорхоша, шайна къар ца велча, Нажий, Цицкий кIоргачу Iин чу кхоьссина, Леча Гуьржех а вигина воьхкина. Юьхьанца гуьржийн цхьана элан жа дажош хилла Леча, цул тIаьхьа реми тIе хIоттийна. Цигахь ялх шо доккхуш, ша санна болчарна юккъехь накъостий а карийна, мелла а дуьне, адам а девзаш, лата а Iемаш, анддаваьлла Леча. Леча а, цуьнан накъост гуьржи Хвичо а, даим бохург санна, цхьаьна гойту повесть тIехь. И шиъ цхьабарт болуш, вовшашна чу садиллина, вовшийн чIогIа терго еш хилар гайтина яздархочо. Цу  шиннан ойланаш хьанал ю, Iалашонаш беркате ю. Оцу некъа тIехь чIагIвала, шайн Iалашонаш кхочушъян цу шинна гIо до воккхачу стага Иагос. Иаго шина кIентан терго еш хилл, цо бийцина Лечина даймахка боьду некъ, хьехар а дина, вада аьтто а баьккхина, ваккха ма-веззара новкъа ваьккхира Иагос ши кIант. Лечин а, Хвичон а хьуьнарш кхиарехь, цу шиннийн гIиллакх-оьздангалла кхиарехь мехала хилла, ши кIант эла волчохь волуш, Иагос церан бина тергам.

Лечас чIагIо йинера Болат-Галарчу талорхошца тIом латто. Кхуьнан юьртахоша а сацам бинера: «дийнахь а, буса а саццаза, бохийна дIабаххалц,  Болат-ГIаларчаьрца тIом латто, церан бен, лаьттина меттиг ца юьтуш, бохийна дIабаккха». Болат-ГIалара талорхой тIаьхьа-тIаьхьа нахана даккхий зенаш деш чIогIа зуламе бевллера, уьш боха а бина, церан гIала йожийча бен адамаш паргIат дехар дацара. Лечас а, цуьнан накъосташа а воккхачу стеган Чалин куьйгаллица говза а, майра а тIелатарца паргIат бехира йийсарехь латтийнарш, эшийра талорхой, йожийра церан туш хилла лаьттина Болат-ГIала.

ЦIеначу маттаца, исбаьхьаллин сурт хIоттош, язйина ю повесть. Талорхоша йийсар а дина, «хьалхаваьлла куьйгаш дихкина воккха ши стаг а, юххе хIоьттина йоьлхуш йогIуш Кхокха а йолуш», и турпалхой дIабигар гайтинчул тIаьхьа, автора боху: «Новкъахь Кхокхас даьхна зезагаш охьакхиссинчохь дисира, маргIал а делла». Зезагаш адамийн дахарехь а, Iаламехь а сирланиг, хазаниг, исбаьхьниг шайца дозаделла хуьлуш ду, цара бIаьрг белабо, самукъане во. Ткъа зулам дикачунна дуьхьал ду, цо диканиг, сирланиг дохадо, хIаллакдо. Кхузахь маргIалделла зезагаш ша-тайпа метафора ю, цо кхин а чIагIдеш санна хетало талорхоша дина долу зулам. Иштта меттигаш алссам а ю повесть тIехь.

Шайн маьIна ду повесть тIехь Iаламан суртий а. Йоккхачу исбаьхьаллица кхоьллина долу и буьрса Iаламан сурташ а хьалхалерчу хенахь хиллачу адамийн буьрсачу дахарца цхьаьнадогIуш ду.

Маьршачу халкъо Iазап ца лов, цо шена паргIато йоккху, цо эшабо муьлхха а мостагIий. Халчу хенахь халкъана хьалха бовлу дика кIентий, цара халкъ вовшахтуху паргIатонехьа болчу къийсамна, толаме кхачадо. Иштта ду «Болат-ГIала йожар» повестан коьрта маьIна.

1960 шарахь араяьлла яздархочун шолгIа книга “Кавказан лаьмнашкахь”. Дийцарш дара цу тIехь зорбатоьхна. Кхин ши шо даьлча зорбатоьхна “Сема лергаш” цIе йолу дийцарийн книга. Царна тIаьххье араевлла керла книгаш “Къийсаман новкъахь” (1963), “Керлачу дахаре”(1964), “Тешаме доттагI” (1965). Оцу произведенийн коьрта тема берийн, кегийрхойн дахар дара, церан уьйраш, лехамаш бу авторан тидамехь. Шен  турпалхойн ойланаш, гIиллакхаш, гуллакхаш говза гайтина яздархочо, берийн психологица догIуш ду цо кхоьллина исбаьхьаллин васташ, сурташ.  Гайсултанов Iумара и книгаш берашна, кегийрхошна лерина ю. Иза нохчийн литературехь керла дара. Яздархочо шен ерриге кхолларалла берашна лерина хилар къоман литературехь даьржина дацара, оцу гIуллакхехь Гайсултанов Iумар хьалхарниг ву.

Москвахь «Детская литература» издательствехь 1965 шарахь арахоьцу оьрсийн матте а яьккхина  «Iаьрби» це йолу повесть. Украинийн маттахь а араяьлла «Iаьрби» повесть. Цул таьхьа, Соьлжа-ГIалахь нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь зорбатоьхна «Массарна а боьлийла малх» повесть а.  Нальчикехь 1969 шарахь берийн литературин  хьокъехь хиллачу совещанехь Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу шерашкахь берашна арахецначу произведенешна юкъахь тоьллачех лерина Гайсултанов Iумаран  «Массарна а боьлийла малх». Молдаванийн маттахь а арахецна и повесть.

Масех басня а ю Гайсултанов Iумаран кхоллараллехь. Царах ю «Барзо амал ца хуьйцу», «Кхо стуй, борззий» цIерш йолу баснеш.  Дукха хьолахь баснешкахь, уьш дIайолалуш я чекхйолуш даладой авторера дешнаш хуьлу. Оцу дешнашкахь къеггина билгалдолу баснин коьрта маьIна. Амма и коьрта маьIна шайца гучудолу авторан дешнаш доцуш а хуьлу баснеш. Ишттачарах ю «Кхо стуй, борзий» басня. Оцу тайпанчу баснин маьIна а, цо луш болу кхетам а цуьнан чулацамца билгалболу.  Борз басни тIехь мекарло йолуш гайтина, цо шен ямартан Iалашо мекарлонца кхочушйо. Барт болуш цхьаьна болчу кхаа старна дуьхьал ца ялало борз, цундела барт бохийна цхьацца а дохий, хIаллакдо цо стерчий.  Вовшашна юкъара барт боьхча, хIаллакхилира кхоь а сту. Юьхьанца кхаа стеран цхьабарт болчу хенахь царна цуьрриг а кхераме яцара борз. Гуттара уьш бертахь хиллехьара, вовшийн лардеш, Iалашдеш, берзан эладитане ла а ца доьгIуш леллехьара хIаллакьхир дацара. Авторан шегара жамI дар доцуш, баснин текстехь гучудолу маьIна.

Нохчийн Республикин тайнигин театрехь еххачу хенахь кхиамца х1иттийна яздархочун пьесаш «Турпал», «Лечарчий», «Дашо бIар», «Хьуьнхара цIа».

Гайсултанов Iумаран «Малика», «Мила ву хьо?» повесташ яздархочун кхоллараллехь керла агIо яра.  “Малика” повестан коьрта турпалхо – нохчийн къона зуда Малика  библиотекарь йолчуьра дIа а яьлла, юьртабахаме балха йоьду. Къинхьегамехь, юкъараллин дахарехь дакъалацаран Iалашо ю цуьнан. Шен нийсархошца цхьаьна юьртабахам дебош ю иза. ХIайттараллица вовшахтуху Маликас шен звенон болх, кхечаьрца йоьхье  бевлича, толам боккху цуьнан звенон декъашхоша. 

Малика къинхьегамехь гайтарца цхьаьна цуьнан синхаамаш, безам, ойла гайтина яздархочо. Маликин оьзда васт цуьнан хьаналчу къинхьегамехь, цуьнан адамашца йолчу дог-ойланца, цо шена хьалха хIиттош йолу Iалашонаш гайтарца, уьш кхочушъярехь цо дечу гIуллакхашца билгалдаьккхина автора.               

Повестан персонажех хIора а шен сибат-аматца, кхечарах къаьсташ йолчу амалца, шен меттан башхаллашца вовшех къаьсташ ю.              

Шен хенахьлерчу юьртабахаман проблематика ю яздархочо “Малика” повестехь къастийнарг.

«Мила ву хьо?» шина книгех лаьтташ йоккха повесть ю. Кегийчу нехан васташ кхоьллина яздархочо, церан дахаран Iалашонаш, лехамаш гайтина. Замано дахьаш долу керланиг, беркатениг чIагIдеш, новкъарло еш долчуьнца къийсам латтош кхуьуш бу кегийрхой. 

1974 шарахь зорбанера араяьлла Гайсултанов Iумара исторехь хиллачийн буха тIехь язйина  повесть “Александр Чеченский”. Исторически тема ойу автора шен керлачу  произведенехь. Паччахьан Iедало колониальни Iалашонаш кхочушъеш Кавказехь тIом латтийначу хенахь а оьрсийн прогрессивни нехан нохчашца хилла беркате юкъаметтигаш гойту автора шен повестехь. А. С. Пушкина  бовхачу безамца вийцинчу Николай Раевскийс тIе а лаьцна, кхиийначу нохчочун Александр Чеченскийн кхоллам гойтуш ю повесть.  Нохчийчуьра тIеман алонгара дIавигина кIант  Н. Раевскийн доьзалехь кхиъна. Московски университет чекх а яьккхина, лакхара образовани а, культура а йолуш волчу Александр Чеченскийс шен хенан тIеман говзалла караерзийра. Инарла-маойра чине кхечира иза. ТIамехь тIехмайралла, хьуьнарш гайтарна коьртакомандующий М. И. Кутузов а лерам болуш хилла Александр Чеченскийга. Оьрсийн поэт а, тIемало а волчу Денис Давыдовс а дуккха а диканиг яздина шеца партизански отрядехь хиллачу Александр Чеченскийх лаьцна.    

Дуккха а исторически хиламаш чулоцуш ю повесть. Уьш авторна эшна шен турпалхочун дахар а, цуьнан амал кхиаран хьелаш а кIорггера довзийтархьама.

БерхIитталгIачу бIешеран шолгIа эхе юкъал тIехъяьллачу хенахь Алдара Ушурма коьртехь а волуш нохчийн а, Къилбаседа Кавказан кхидолу къаьмнаш а паччахьан эскаршна дуьхьал шайн паргIато ларъеш гIовттар гойтуш дIайолало повесть. Говзачу исбаьхьаллин кепехь гайтина произведени тIехь и исторически бакъдерш. Повестан композици чолхе а йоцуш, турпалхойн васташ дика гойтуш а, автора идея къеггина билгалйоккхуш а ю. Кавказера, Россехара я Францера хиламаш буьйцуш а бакъдолчунна тIера ца волу автор. Произведени тIехь ша гойтуш долу гIуллакхаш яздархочо кIорггера теллина хилар хаало книга йоьшуш. Халкъан патриотизм, майралла  билгалйолучу сурташца, говза кхоьллинчу исбаьхьаллин васташкахь гайтина 1812–1814 шерашкахьлерчу Даймехкан тIамехь оьрсийн халкъо Наполеонан эскарш эша а дина, Даймохк паргIатбаккхар. Оцу тIамехь къаьсттина билгалдевлла долу Александ Чеченскийн бIаьхочун хьуьнарш хьакъдоллучу исбаьхьаллин басаршца гучудаьхна яздархочо. Амма цо тоам ца бина  шен турпалхочун бIаьхаллин хьуьнарш дийцарх, цуьнан васт дуьззина кхоьллина автора. Повестехь вайна гайтина Александр Чеченскийн  ойланаш, цуьнан цIена безам, йовха доттагIаллин уьйраш, даймахкана, халкъана иза хьанал хилар. Ша вина меттиг, дай баьхна мохк – Нохчийчоь дагаеъча, цуьнан дог дуткъадалар хаало вайна. И дерриге а яздархочо кхочушдина дагах хьакхалуш долчу исбаьхьаллин васташца, сурташца. Говза язйинчу произведенин билгалонаш ю уьш.

Повестан хиламаш 1816 шарца чекхбовлу, амма эпилогехь автора хаийтина шен турпалхочун кхидIа хиллачу дахарх дерг а.

Нохчийн исторически прозехь дикачарах ю “Александр Чеченский” повесть. Кхоллараллин таронаш яккхий йолуш вара Гайсултанов Iумар. Яздархочун кхолларалла берийн, кегийрхойн литература кхиарехь мехала яра. Цуьнан произведенеш хIинца а школашкахь, вузашкахь Iамош ю.

Гайсултанов Iумар кхелхина  1980 шеран 1-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь.

Гайсултанов Iумаран произведенеш
 

НОХЧИЙН МАТТАХЬ
    Болат-гIала йожар. Повесть, дийцарш. Грозный, 1959.
    Кавказан лаьмнашкахь. Дийцарш. Грозный, 1960.
    Сема лергаш. Дийцарш. грозный, 1962.
    Къийсаман новкъахь. Повесть. Грозный, 1963.
    Керлачу дахаре. Повесть. Грозный, 1964.
    Тешаме доттагI. Дийцарш. Грозный, 1965.
    Малика. Повесть. Грозный, 1966.
    Массарна а боьлийла малх. Повесть. Грозный, 1967.
Болат-ГIала йожар. Повесть// Орга. «Орга» журналан библиотека. 2003. № 4 (5).

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
    Арби. Повесть. М., 1965.
    Пусть солнце смеется всем. Повесть. Грозный, 1968.
    Избранное. Александр Чеченский. Повесть. М., 2009.
 

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Тигр..
вчера в 09:15
Сочинени лойш ч1ог1 езар сун..
Амина
16 ноября в 17:42
"Болат-г1ала йожар"сочинение алийш хуъчо
Имашка
9 ноября в 18:26
Ва тхоьг чулацам хьабийц аьлла шайн хуъчу аллийш Болат-ГIала йожор бохачун жим чулацам
каролева
9 ноября в 16:52
Дела реза хуьлла
Амина
16 ноября в 17:43
каролева, это ц хъ из сочинени
каролева
9 ноября в 16:51
Дела реза хуьла
Амина
20 ноября в 18:55
Сочинени лойш хуъчо пожалуйста
Алия
20 ноября в 18:55
Сочинени лойш хуъчо пожалуйста
Абдуррахман
19 октября в 18:53
Вааааай хьааай мух ду шу хьа
каролева
9 ноября в 16:53
Абдуррахман , дик ду
самира
20 апреля в 09:56
Э
макка
5 декабря в 23:16
Краткий содержание йолш соченени лойш болот г1ала йожор лойш
макка
29 января в 21:19
макка, суна езар краткий содержаний со ю мак
макка
29 января в 21:19
Макка суна езар краткийм
макка
5 декабря в 23:14
Болат г1ала йожор соченени лойш
марха
24 ноября в 08:06
Болат г1ала йожар сочинение алиш
Марха М
25 ноября в 16:27
марха, соьгаъ алиш
Марха М
25 ноября в 16:27
Соьгаъ алиш
карина
26 ноября в 07:10
марха,
карина
26 ноября в 07:20
марха,
магомед
23 ноября в 08:11
Болат Г1ала йожар сочинени алиш
ЛИАНА
7 ноября в 16:29
СПАСИБО БОЛЬШОЕ!!!
Мохмад хаз ю
9 декабря в 21:00
ЛИАНА ,
Хизир
16 ноября в 19:17
шайн хуъшчо "БОЛАТ-Г1АЛА ЙОЖАР жим дийцар лойш
Хизир
16 ноября в 19:19
шайн хуъшчо сочинени Болат-Г1ала йожор лойш
Танзила
6 октября в 21:41
Спасибо огромное
амина
12 февраля в 20:53
Я знаю
макка
5 декабря в 23:32
амина, мне тоже скажи болот г1ала йожор краткое содержание
Адам
25 ноября в 09:50
кто знает дайте мне интернетный адрес краткого содержания расказа болат г1ала йожар
Рая.
3 декабря в 08:34
Адам, Хьо мич школера ву?
амина
12 февраля в 20:52
Адам, я знаю.
асет
28 октября в 09:28
клаас
Хади
30 ноября в 08:10
асет, шайн хуъчо сочинени лойш
максим
13 октября в 10:32
спасибо за биографию на чеченском языке