Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн  йозанан литература кхоллалуш ХХ бIешеран юьххьехь шайн исбаьхьаллин произведенеш язйинчарах бу  Дудаев Iабди, Нажаев  Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Тучаев Ахьма, кхиберш а. Церан произведенеш нохчийн йозанан литература йолорехь, исбаьхьаллин дош кхиарехь  мехала хилла ю. Къоман литература, культура кхиорехьа къийсам латтош шайн хьуьнарш, дахар дIаделла оцу яздархоша. Шайн йозанан корматалла бахьана долуш сталински таIзар лаьттинчу хенахь бехк боцуш, лаьцна  чу а боьхкина, хIалакбина и вай цIерш яьхна яздархой цхьа Сальмурзаев Мохьмад воцург, иза а махках ваьккхинчуьра цIа верзар ца хуьл

ХIинцалера нохчийн литература оцу яздархойн произведенешца юьстича ша кхиарехь дуккха а лакхарчу тIегIане яьллехь а, церан цIерш йицъян ца йогIу. Нохчийн литератураца бала болчарна бовза а, шайга лерам хила а хьакъ бу и яздархой. Церан произведенийн  мах а уьш язйинчу хене хьаьжжина хадо беза. Къоман литература  йолийнарш, церан исбаьхьаллин похIма мелла делахь а,  исторехь гуттаренна а буьсуш бу.

Нохчийн поэт Дудаев Iабди вина 1901-чу шарахь Веданан районерчу Элистанжахь ахархочун Дудин доьзалехь. Исбаьхьа Iалам долчу ширчу нохчийн юьртахь дIадахна Iабдин бералла. Деша ваххал хилча, шен дас хьуьжаре дIавелла иза. Хьуьжарера ваьллачул тIаьхьа, Iаьрбийн махка а вахийтина кхидIа а дешийтина. Цхьайтта шо а даьккхина, цIа веана Iабди. Дудина лиъна, шен кIантах Iелам стаг хуьлийла. Iабдина  а лиъна иза. Амма оцу хенахьлерчу социально-политически хьелашкахь кхочушхуьлийла дацара и лаам. Iабдин кхоллам кхечу новкъа бирзира.             

Нохчийчохь йоза-дешар цахаарна дуьхьал къийсам дIаболабечу муьрехь, Соьлжа-ГIалахь педагогически курсаш чекх а яьхна, хьехархочун говзалла караерзийна Дудаев Iабдис. Цул тIаьхьа юьхьанцарчу школехь хьехархочун а, тIаккха директоран а болх бина цо. ХIетахь дуьйна цуьнан дерриг а дахар халкъана юкъа йоза-дешар а, керла культура а яржорна дIаделла хилла.

Дудаев Iабди гIиллакхе, даг тIехь куралла йоцуш, оьзда стаг хилла. Яздархочо Мусаев Мохьмада Дудаев Iабди дагалоцуш яздина: “Дудаев Iабди гойла хилла сан. ХIетахь а цIеяххана вевзаш поэт вара иза. Амма иштта дара аьлла, нахах къесташ, билгалвала гIерташ вацара. БIаьра хьаьжча, ца тосалуш ца дуьсура иза хIуманан ойла еш, дуьненан къайленийн дуьхе кхиа гIерташ стаг хилар а. ТаьIначу басахь юьхь, лохха хьаж тIе теттина куй, ойлане бIаьргаш иштта висна Iабди сан дагахь...» Иштта оьздачу гIиллакхашца вийцина Дудаев Iабди иза вевзаш хиллачу кхечара а.

1920-чу шеран юьххьехь арахеца долийнчу нохчийн газета тIехь зорбатухуш юкъаевлла Дудаев Iабдин дуьххьарлера стихаш. Юьхьанца автора шен стихашна буха фамили йилларан меттана, дукхахьолахь, I.Д. яздора я I, дуьллий дуьтура.  20-30-гIий шерашкахь “Серло” газетаца хаддаза уьйр латтийна поэта. Цуьнан дукхахйолу произведенеш газетан агIонаш тIехь зорбатухуш арайийлина. Поэта даим а газетаца уьйр латторан шен маьIна ду: цуьнан поэзин бухахь, коьрта долчу декъана, кхайкхам хилла. Шен произведенешца поэт кхайкхина адамашка йоза-дешар Iаморе, зуламаш юкъара дIадахаре, гIиллакх-оьздангалла кхиоре, бахам а, адамийн юкъаметтигаш а керлачу хормане ерзоре. Иштта тематика йолу произведенеш газетехула алссамчу нахе сихха дIакхаьчна, ткъа и гIуллакх поэтан идейни лехамашца цхьаьнадогIуш хилла.   

20-гIа шераш чекхдовлучу муьрехь дуьйна алсамйолу Дудаевн поэтически кхолларалла. “Серло” газета тIехь кест-кеста арайовлу поэтан стихаш. Дудаев Iабдис къаьсттана тидам тIебохуьйту дешаран тематикина. “Самадовла дешарна!” аьлла яра поэта I928 шарахь язйинчу цхьана стихотворенин цIе. И дешнаш эпиграфе дахка мегар дара поэтан кхоллараллехь доккха дакъа дIалоцуш йолчу стихотворенешна. “Йоза деша, бода эша”, “Пионерашка кхайкхам”, “Берашна хьехаман илли”, “Серлонан, боданан дов”, “Хьехархошка кхайкхам” царах терра кхидIа а ю I928-I929 шерашкахь цо язйиначу стихийн цIерш. Дешаран серло къомана юкъа яржор доккхачу маьIне лорура поэта. Цундела иза кхойкхура адамашка йоза-дешар Iаморе, къомана пайдехьа хиндерг тIеэцаре.       Цу тайпана кхайкхамаш алссам бу Дудаевн произведенешкахь. “Серло”, “дешар”, “йоза”, “школа”, “Iилма”, “хьехархо” – и дешнаш хазахеташ юх-юха а даладо автора шен стихотворенешкахь, хIоразза а церан  маьIна шор а деш. Йоза-дешар хааро стаг серлонга воккху, самукъане хуьлуьйту, паргIатоне кхачаво. Иза билгалдоккху автора шен произведенийн поэтически гIирсашца а. Масала, “дешар” боху дош дукхахьолахь шена юххехь къеггина сирла маьIна долу, эмоциональни эпитеташ йолуш хуьлу: “Дешар –  бIаьсте”, “нур долчу дешаро”, “дешар, халкъана серло лун дашо малх санна”.

Дудаевн поэзехь “Серло”  –  иза халкъан дахарехь керланиг, диканиг, оьзданиг чулоцуш йолу символ ю. “Бода” зуламениг, новкъадерг, сийсазниг, кхиарна дуьхьало еш долу дерриге а чулоцуш  йолу символ ю. “Серлонан, Боданан дов” цIе йолчу стихотворени тIехь вовшашца къовсам болу Серлонан, Боданан. ХIинццалц бала хьоьгуш, Iазапехь даьллинчу халкъан дахар кхин дIа а боданехь хир ду, ша адамашна юккъера дIагIур бац, бахийта ницкъ а хир бац олий, дуьхьал болу Бода. Амма Серлонна хаьа боданан заманаш дIаяхнийла, иза тешна ю халкъан дахар сирла хирг хиларх, цундела цо шеко йоццуш чIагIдо: “Буьтур бац, Бода, хьо кхаьрца баха. Кхул тIаьхьа ахархой бойтур бац Iеха”. Серлоно Бода эшабо. Дудаевна дика гора нохчийн халкъана Iилманан серло оьшуш хилар:

ХIай нохчийн хьацархой,
Дешаран хьалхенаш
Сов чехка яхалаш.
Ненан мотт бийцалаш,
Беран сурт хийцалаш,
Хьанал болх лахалаш,
Жуккар нах тасалаш.

Шайца чолхе йоцуш, кхета аттачу, шерачу маттаца язйина ю и стихаш. Шина стопах лаьттачу дактилан барамехь язйина хиларо а, дукхахьолахь, хандешнех лаьттачу дактилически рифмаша а и стихотворени сих ца луш, паргIат бечу хьехаман мукъамехь хуьлуьйту. Стихотворенин хорма цуьнан чулацамца  йогIуш ю.

Дудаев Iабди кхолларалла дахарца юххера уьйр йолуш хилла, цундела цуьнан произведенийн тематика дуккха а гIуллаккхаш чулоцуш ю. Фашистски Германи шен тIеман ницкъ чIагIбеш, маьршачу къаьмнийн мехкаш дIалецаран Iалашонца болчу харц тIамна кечлучу хенахь ЦIечу эскаран могIарш чIагIдаре, шайн ницкъ гулбеш болчу фашистех даймохк ларбаре кхойкху поэт 1936 шарахь язйнчу «ЦIен эскархой», «Кхайкхам» цIерш йолчу стихотворенешкахь.

Чолхенаш йоцчу хорманехь язъечу стихотворенешкахь Дудаев Iабдис дийцина халкъана хьалха лаьттачу декхарех, кхайкхина даймохк Iалашбаре, мехкан хьал алсамдаккхаре, культура а, искусство  кхиоре. Адамийн дахар токхо йолуш, даймохк хаза, исбаьхьа хуьлийла лиъна цунна. «Стоьмийн беш» цIе йолчу стихотворени тIехь  автор кхойкху: «Стоьмийн беш кхиоро вай даккхийдедийр ду, ТIаьхь-тIаьхьарчу дийнахь самукъане хир ду, Цкъа а дог ца хьоьгуш, баа стом хир бу, ЙогIа аш, колхозхой, стоьмийн беш вайна». Ерриге стихотворени ешча, гучудолу  «стоьмийн беш» боху дешнаш поэтически метафора хилар. Халкъан бахам, хьал, токхо, адамийн къинхьегамо кхуллуш йолу хазнаш  чулоцуш йолу  авторан метафора ю кхузахь стоьмийн беш.

30-гIа шераш юккъе доьлхучу хенахь Дудаевн поэзи кхоччуш кхиъна йогIу. Цуьнан произведенеш республикел арахьа а евза. I935 шарахь Москвахь оьрсийн маттахь араьяьллачу “Поэты Чечено-Ингушетии” цIе йолчу поэтически сборник тIехь зорбатоьхна яра, вайнехан кхечу поэтийн произведенешца цхьаьна, Дудаев Iабдин стихаш а. Ерригсоюзни ешархочо дика тIеийцира поэтан стихаш. Иза билгалдоккху цул тIаьхьа дукха хан ялале - I937 шарахь - Пятигорскехь оьрсийн маттахь араяьллачу “Поэты советской Чечено-Ингушетии” сборнико. Оцу сборник тIехь а зорбатоьхна яра оьрсийн матте яьхна Дудаев Iабдин стихотворенеш.

Заманан билгалонаш, адамийн юкъаметтигаш, хIетахьлера социльни хьелаш го вайна Дудаев Iабдин произведенешкахь. Нохчийчохь колхозаш йохкуш, адамаш шайн лаамехь а, лаамза а, нуьцкъах а колхозашка дIаяздеш, юкъараллин бахамаш кхуллу хан яра 1930-чу шерийн юьхь. Оцу муьрехь язйина ю Дудаев Iабдин «Колхозхочуьнан, цхьалхахочуьнан къамел» цIе йолу стихотворени. “Серло” газета тIехь I93I шарахь зорбатоьхна поэтан и стихотворени. Цу тIехь автора колхозхочуьнан, цхьалхахочуьнан ойла гойту, къеггина гучуйоху цу шиннах хIораннан а амалш. Цхьалхахо кхоьру, колхозана юкъавахча, паргIатонах ша валарна. Бежна а, урд а, алаша а ю цуьнан, цундела шегарчу хьолах тоамбеш, колхозе язвала сиха вац цхьалхахо. “Ма гIерта, колхозхо, сан бахамна юкъа”, − боху цо шена кхетам луш волчу колхозхочуьнга. КIорггера гучуйолу жимачу стихотворенин тIехь цхьалхахочун психологи. Колхозхочо юкъара бахам хьехабо, ткъа цхьалхахо шен бахам буьйцуш ву, цуьнан шен доларчу бахамах сакъерало.

Цхьа-ши етт бай сан-м, ас шура йоккхуш,
Шиъ урд дай сан-м, ас гота охуш,
Алаша яй сан-м, говра-ворда узуш,
Ма гIертал, колхозхо, сан бахамна юкъа.

“Сан бахам”, “сан говра-ворда”, “сан урд”– олуш, хазахета цхъалхахочунна, цо шен къамелехь и дешнаш резахуьлий даладо. Амма поэт шен заманан йийсарехь ву, цо колхозхо толош чекхйоккху шен стихотворени. Иштта бен кхечу агIора хуьлийла а дацара и цу хенахь.

Поэтан кхолларалла шен чулацамца а, исбаьхьаллин агIора а кхуьуш схьайогIура. Цуьнан лирически турпалхо Даймахке хьанал дог-ойла йолуш, халкъан лехамашца шен дахаран некъ нисбеш ву. Дудаев Iабдин кхоллараллин башхаллаш къеггина гучуйолу 30-чу шерийн шолгIачу эхехь язйинчу произведенешкахь. I937 шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьлла Дудаевн “Партизанийн иллеш” цIе йолу стихотворенийн сборник. Цу тIехь яра поэтан тоьлашха йолу произведенеш. Церан шуьйра тематика яра. Автора тайп-тайпана гIуллакхаш къастадора: шен Даймохк безар, цуьнан дуьхьа гIуллакхдар; граждански тIамехь а шайн дахар дIаделлачу турпалхойн сийдар, церан амалех масал эцар; паргIатбаьккхина Даймохк а, халкъан машаре дахар кхуллуш болу къинхьегам а ларбеш долчу ЦIен Эскаран сийдар; керлачу кепехь юьртабахам а, индустри а кхуллуш долчу халкъан хьуьнарш гайтар; нохчийн зудчун сий лакхадаккхар – иштта дара поэта шен “Партизанийн иллеш” цIе йолчу сборника юкъаяханчу произведенешкахь айдина гIуллакхаш.

Дудаев Iабдис шен произведенешкахь кхоллараллица пайдаэцна вайнехан фольклорах а, Iаьрбин поэзех а, оьрсийн литературах а. Къаьсттина пайдехьа дара поэтана нохчийн фольклор евзаш хилар. Иза фольклора тIехь Iамаран бартан произведенешкахь санна, кхета атта, идейни маьIна шеца ма-дарра гучудолуш долу исбаьхьаллин васт кхолла а, халкъан меттан хазнех пайдаэца а. Дудаев Iабдин кхолларалла ерриг а стихотворенех лаьтташ ю. Уьш, цхьа наггахь бен, яккхийра а яц. Поэта, заманан лехамашка хьаьжжина, сихха, лозунган хьесапехь язъеш, газете дIаелла шен стихаш. Уьш, нахана юкъабаржош болчу кхайкхамашка терра, газето адамашка дIакхачийна. Дудаевн стихаш, ерриш бохург санна, еа стопах я шинастопах лаьттачу дактилан барамехь язйина ю. Рифма, дукхахьолахь, деепричастех, хандешнех лаьтташ хуьлу. Стихотворенеш беа могIанашка екъна ю, хьалхара кхо могIа вовшашца рифмовка йолуш бу. ТIаьххьара могIа, гуттар бохург санна, шена чохь стихотворенин коьрта маьIна а долуш, ша къаьстина нисло. Иза кхечу строфан хIор беа могIанехь юх-юха а балош бу.

Дудаев Iабдис шен произведенешкахь кхоллараллица пайдаэцна вайнехан фольклорах а, Iаьрбин поэзех а, оьрсийн литературах а. Къаьсттина пайдехьа дара поэтана нохчийн фольклор евзаш хилар. Иза фольклора тIехь Iамаран бартан произведенешкахь санна, кхета атта, идейни маьIна шеца ма-дарра гучудолуш долу исбаьхьаллин васт кхолла а, халкъан меттан хазнех пайдаэца а. Дудаев Iабдин кхолларалла ерриг а стихотворенех лаьтташ ю. Уьш, цхьа наггахь бен, яккхийра а яц. Поэта, заманан лехамашка хьаьжжина, сихха, лозунган хьесапехь язъеш, газете дIаелла шен стихаш. Уьш, нахана юкъабаржош болчу кхайкхамашка терра, газето адамашка дIакхачийна. Дудаевн стихаш, ерриш бохург санна, еа стопах я шинастопах лаьттачу дактилан барамехь язйина ю. Рифма, дукхахьолахь, деепричастех, хандешнех лаьтташ хуьлу. Стихотворенеш беа могIанашка екъна ю, хьалхара кхо могIа вовшашца рифмовка йолуш бу. ТIаьххьара могIа, гуттар бохург санна, шена чохь стихотворенин коьрта маьIна а долуш, ша къаьстина нисло. Иза кхечу строфан хIор беа могIанехь юх-юха а балош бу.

Поэт дийна волуш “Партизанийн иллел” тIаьхьа кхин книга ара ца яьлла цуьнан. Дудаев Iабдин кхоллараллин некъ хедира I937 шарахь. Сталински харцо лаьттинчу хенахь бехк-гуьнахь а доцуш лаьцна дIавигна иза. Набахтера ша къайлах аратесначу кехат тIехь цо яздинера: “Лергана хезна доцу, дагца кхиъна доцу, коьртехь сецна доцу тоьшалла дина суна, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна...”

Авторханов Iабдурахьмана яздина: «У нас в Чечне был очень талантливый поэт Абади Дудаев. Он в свое время кончил медресе, но муллой не был, собирал чеченский фольклор, сочинял песни и стихи о «счастливой советской эпохе». Однажды он прочел на республиканском собрании писателей свои стихи, посвященные смерти Орджоникидзе. Серго Орджоникидзе был большой друг чеченцев и ингушей, и стихи всем понравились. В заключительном слове Дудаев, очень тронутый похвалами, выразился трагически неосторожно: «Когда Сталин умрет, я напишу еще лучше». На второй же день его арестовали и за подготовку «террористического акта против Сталина» расстреляли. Невероятно, но исторический факт».

Хьалха Дудаев Iабди чувоьллинчохь 1943 шарахь кхелхина лоруш дара. Амма архивашкахь къайлахь латтийна документаш гучудаьхча, билгалдаьлла  Дудаев Iабдина  1937 шеран 2-чу декабрехь тоьпаш туху кхел кхайкхина хилар. И кхел кхочушйина 1937 шеран 24-чу декабрехь Iуьйранна 5 сахьт долуш.

Цул тIаьхьа 21 шо даьлча  Дудаев Iабдин цхьа тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, цIенна бехказаваьккхина, цуьнан произведенеш халкъана юхаерзийна. I966 шарахь зорбанехь араяьлла поэтан “БIаьстенан болар” цIе йолу стихотворенийн сборник.

  Дудаев Iабдин исбаьхьаллин произведенеш шен заманца йогIуш яра, тахана уьш литературин истори санна евзаш ю.

ДУДАЕВ IАБДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Эрна къинхьегам // Серло. 1926. Июнь. № 33.
Хьехаман илли // Серло.1926. Июль. № 39.
Серлонан илли // Серло. 1926, 9 окт.
Дуьне серладаьлла // Серло. 1927. 2 апр.
Илли // Серло. 1927. 2 апр.
Илли // Серло. 1927. 4 сент.
Самадовла дешарна! // Серло. 1928. 1 янв.
Кхайкхаман илли // Серло. 1928. 31 март.
1-чу Майна // Серло. 1928. 16 июнь.
Дехар // Серло. 1928. 15 сент.
Нохчийн аренийн илли // Серло. 1929. 7 июль.
Йохийнчу нохчийн яртийн илли // Серло. 1929. 7 июль.
Нохчийн «Серло» газетан илли  // Серло. 1929. 11 июль.
Хьехархошка кхайкхам // Серло. 1929. № 52.
Председателийн илли // Серло. 1929. № 53.
Заеме язваларе кхайкхам // Серло. 1929.№ 64
Фабрикаш, заводаш – белхалошна // Серло. 1932. 9 март.
Колхозан ударникашна // Серло. 1932. 6 май.
Селькорашка кхайкхам // Серло. 1932. 9 май.
Iилманан поход // Серло. 1932. 28 сент.
Марша догIийла 15-гIа Октябрь // Серло. 1932. 7 нояб.
Къинхьегамхошка кхайкхам // Серло. 1932. 2 дек.
Пионерашка кхайкхам // Серло. 1932. 17 декабрь.
Партизанийн илли // Серло. 1933. 24 апр.
Октябрьски революцин – 25 шо // Серло. 1933. 7 нояб.
Совпартшкола чекхъяьккхинчарна // Серло. 1933.  № 297.
Красноармейцаш // Серло. 1934. 23 февраль.
Ленинан некъ // Серло. 1934. 26 март.
Дешархошна // Кхиам. 1934. № 1. С. 84-85.
Нохч-ГIалгIайн ярташкарчу рабселькорийн хьалхарчу слетана маршалла! // Ленинан некъ. 1935. 1 март.
Дуьненаюкъара зударийн Де 8 март 1934 шеран // Ленинан некъ. 1935. 8 март.
Айхьант // Ленинан некъ. 1935. 5 май.
13-гIа шо // Ленинан некъ. 1935. 6 сент.
7 ноябрь // Ленинан некъ. 1935. 7 нояб.
Асланбек // Ленинан некъ. 1936. 2 дек.
8-гIа март // Ленинан некъ. 1936. 8 март.
Говрашлелочарна // Ленинан некъ. 1936. 17 январь.
Партизанийн иллеш. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1937.
БIаьстенан болар. Стихаш. Грозный, 1966.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

«Вспыхнуло солнце Советов», «Песня чеченских партизан». Стихи //  Поэты Чечено-Ингушетии. М., ГИХЛ, 1935.
Поход весны. Стихи // Поэты совесткой Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.
Памяти Орджоникидзе // Дружба. 1958. № 1. С. 21-22.

 

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2