АХМАТУКАЕВ Адам

… уьш а кхетта хила тарло, яздархочун йиш хIунда яц оцу тIом бохучу, хаддаза эхь дайна лелаш долчу саоьцучу боьхачу зуламан бала ца кхача. Дуккха а тIемашкахь дакъалаьцна ас, цундела и гIуллакх сайна марзделча санна, чIогIа марзделча санна хеташ а ву. Амма хIокху книгин автор кхоччуш тешна, тIам тIехь леташ берш уггаре а башха нах хиларх, хьалхенгахьа мел гIоьрти, цигахь гурш кхин а башха хиларх; ткъа тIом боккхуш а, болош а, латтош а берш – хьакхарчий ю, экономически къийсамаххий, цу тIехь саяккха йиш хиларххий бен, кхин ойла еш йоцу.

(Эрнест Хемингуэй.

«Прощай, оружие!» романан дешхьалхенера)

Уьш Бесланехь хьалабехира. Тхан вагона чу кхаьчна  салтий, ах сов еса хилла и хьалаюзуш, буьккъа дIатарбелира. Виъ тхуна дуьхьаларчу гIента вуьйжира, царех йисттераниг шен накъосташна букътоьхна а нислуш.

«Оцу жоьжагIати чуьра суо дийна араваларх хIинца а тешаш вац со, – элира, доккха са а даьккхина, цхьамма.

«Со а», – алар бен, кхин дош ца хазош, тIетайра шолгIаниг. Iадийча санна, йилбазбIаьра вогIавелла Iачу вукху шинна айкхдуьйлург а изза дара.

Цхьанаэшшарехь техкаш, цIерпошто эцначу боларца дукха сиха набаран тар тийса йолийра тIеман арарчу хьожанех боьттинчу салташна. Царех кхера Iемина бераш суний, шайн нанний тIехьа а тебаш, хIоьттинчу тийналлехь коьрта чу хьийзара дукха хан йоццуш язйинчу стихашкара хьалхара могIанаш:

Йоккхатоьпан кхаба
Юьртайистте Iенаш,
Стешха дуьйлу набарх
Берийн мерза гIенаш.

Церан къинойх вогуш,
Со кху юьртах ваьлча[1]

Юьртах а, махках а ваьлла, 2000-чу шеран юьххьехь доьзал тIамах бадийна воьдучу суна а, шаьш цунах – тIамах – девлла моьттинчу срочникашна а ган а, хаза а дисина кхин а дукха хиллера, тIаьхьа хиндерг хьалхачул ирча а долуш. Амма, кицано ма-баххара, герзо йинчу чевнашна муо хьаьвзаш а хиллера. Дашо йинарш карлайийлар тIаьхь-тIаьхьа Iийжаме хилахь а…

Юьртахочо Сайгираев Мусас хатталц, тхайн юьртан цIарах цIе туьллуш, Бабченко Аркадийс книга арахецнийла а ца хаьара суна, я цуо язйина хIума ешна а вацара со. Цкъа-делахь, ас дукха йоьшурш стихаш ю, наггахь поэзина тIенисвелча, кхаъ а хуьлуш. ШолгIа-делахь, Довлеткиреева Лидия хIинцалерчу стихашка ма-хьежжара, хьоьжу со хIинцалерчу прозига: вайн керлабевллачу яздархойн «жовхIарша» цунах дог а даьккхина, тIаьхь-тIаьхьа  иза – проза – кIезга йоьшуш[2]. Ткъа арахьарчу яздархойн со еша кхиъна «окопная правда» бохучу могIарера «вайн тIеман» проза шена дукха хан яйъал мехала а ца хеттера суна, цу тIера коьрта хIуманаш нохчий сийсазбеш хуьлу дела. Ала догIучохь оцу прозина дуьхьал дош алар цуьнан авторшна эрна реклама яре дерза тарлуш хетарна, вист ца хуьлуш а Iийнера, церан тобанах болчеран юьхь яггал, церан жаргонехь аьлча, «Маканинна тIера дIалуш», шех бIаьрг бузийнчу вайн Лидас динарг кхачаме хеташ[3]. КхозлагIа-делахь… ХIан-хIа, иза кхузахь ца хьехор вай…

Доцца аьлча, Сайгираев Мусан хаттаро гIеххьа юьхьIаьржа а вина, тIе ма-нисвелли, Бабченкон книга[4] ийцира ас, иза хьалха ешийта Мусага а елира.

Стенна делахь а, и книга сайга юхаерззалц, Лермонтовх ойланаш йина ас, Кавказски тIамехь цо лаьцначу декъах вайна ца товш долу хIуманаш карладуьйлуш. Генара хьежош, нохчашна нийсалгIа топ еттачаьрца хилла бохуш вуьйцу и. Таханлерчу маттахь снайпер ала тарлора цунах. ХIетахь цо байина нохчий мел-мичара-мила хилла – иза билггала хууш а дац, хаа гIерташ, чIир лоьхуш а вац цхьа а. Хенан йохалла, чов йоьрзуш, дов а дирзина. Ткъа Лермонтов дуьненна а гIараваьлла яздархо санна висна исторехь. Цуьнан дахарера нохчашна ца товчун хьокъехь шен цхьана стихотворенехь Сатуев Хьусайна а яздора:

Дика ду-кх, поэт, хьо
Дадех ца кхетта,
Цо шаьлта иръечу
Акхачу бердехь.
Шуьшиъ а цу бердехь
Хир вара летта –
Дов дечохь цхьанна а
Ца хуьлу беркат.

Дика ду-кх и дов а
Сан коча даза –
Луьра бехк хин барий
ТIаьхьенах баккха.
Поэт, ахь вийнехь и
Сан дера дада,
Нохчашна со, поэт,
Хир варий тIаккха?

Дика ду-кх шуьшиъ цу
Акхачу бердехь,
Вер-ваккхар ца хуьлуш,
Къаьстина бертахь[5].

Оцу стихотворенино карлайоккхург Лермонтовс язйина «ГIалгIазкхийн аганан йиш» ю. Жимчохь дуьйна нохчашка цабезам кхоллар паччахьан Iедалан политикица догIуш хиллехь а, Лермонтовс яз ма-ярра-м лекхна хир яц и наноша берашна. Хетарехь, оцу эшарца гойтург нохчашна юххе баха ховшийнчу гIалгIазкхийн дахарехь хIетахь сингаттам латтийна ладоьгIийла ю. Вукху агIор, нохчашца оцу Iедало бен тIом шайн нахана гергахь нийса хетийтархьама, бехказлонна яздина, охьадиллина литературни «тоьшалла» лара а мегар ду и.

Цул тIаьхьа яьхкинчу хенашкахь а кхин гIолехь ца гайтина нохчичун васт. Юккъерчу школан дешархошна классал арахьа шаьш-шайна еша магийнчу книгийн сери яра «Просвещение» издательствос 1980-чу шерийн юьххьехь арахоьцуш. Цу юкъара 4-чу классана леринчу книгехь Лермонтовн кхо-йиъ говзар яра, царех цхьаъ – и «Аганан йиш» а йолуш. Книга вовшахтоьхначеран Iалашой, дешархоша цунах оьцун йолу мехаллашший шеконе яра. Цкъа-делахь, кхетам чIагIбалаза бераш дара (хIинца а ду) 4-чу классера дешархой, шолгIа-делахь, шаьш-шайна еша езара цара уьш, хьехархочуьнгара цхьа а кхетам-къастам а боцуш. ХIун ойла кхоллалур яра нохчех оцу берийн?! Царна юкъара божабераш эскаре доьлху хан тIекхаьчча, жIаьлина даьIахк санна, нохчашна суверенитет марзйира Россин керлаваьллачу паччахьо. Цунах Iехабелла, маршо яккха арабевллачу нохчашна тIамца дуьхьалбаьхна салтий – и книгаш йоьшуш, хьалакхиъна хIетахьлера бераш дара.

Церан чкъурах лара мегар ду 1977-чу шарахь дуьнен чу ваьлла Аркадий Бабченко, 1996-чу шарахь Нохчийчу тIомбан хьажийна волу а, и тIом бахьанехь яздархочун цIеяхна волу а. ТIамехь уггаре а кIезга бехкениг салти ву лаа олуш дац. Цунна тоьшаллаш деш ю Бабченкон проза. Юьхьанца, иза йоьшуш, хетало, нохчех лаьцна алссам дуьйцуш ца хилча, цунна тидам бан а оьшурий техьа, аьлла. Амма и ешар гена мел дели а, хаало, Бабченкос вайх дуьйцурш вайна ца тахь а, цо шайх дуьйцу цхьадерш нохчашкахьа а хилар. И вайгахьа долу тоьшаллаш довзар а, даржор а церан харцонна кIелйисинчу вайн юкъарчу бакъонгахьа узуш санна хеташ, Бабченкос зорбане мел яьккхинарг еша хьаьжна со.

«Взлетка»[6] цIе йолчу шен повестехь цо гойту, тIаме дIа а кхачале, салтичо ловш йолу хало, цуьнгара бала, цунна тIехь латтаден таIзар. Дешархочуьнга цунах къинхетам бойтуш, кхуллу автора салтичун васт. Кхуллу аьлча а, цо даредо, ткъа дешархочунна и салти а, цуьнца лелларш-лелийнарш а, сурт санна, дуьхьалхIуьтту. И салти хьан махка тIомбан хьажийна хиларх йолу ойла юхайоккху оцу декъазчу суьрто. Веана а воцуш, валийна ву и. «Мы едем» дийцар тIехь цо ша а ма-баххара, оккупантах тера велахь а, шена тоьхна хан яккха езаш ву иза[7]. Даймехкан декхар боху бехказло хьехош а яц. И бехказло иза валийначеран ю. Амма массеран а юкъара хиллачу Даймехкан дуьхьа, арахьарчу мостагIчунна дуьхьалоян чIагIоеш, мацах вайгахь кхиош, дахчош хиллачу сийлахьчу декхарна аьттехьа а дац и.

ТIеман дайша цIархазмана меттабуьххьехь хIуъу бехказло керчаярх, шен чохь, шен доьзална юкъахь иккхина дов тIамца къастор – иза доьзална доладан гуьнахь цахилар ду, Даймехкан декхар дац. Мехкан коьртачу дарже нисвеллачун цхьабоссачу тергамехь хила беза берриге а махкахой. Церан массеран а юкъара бакъонаш ю цо ларъян езарш, шена дуьхьалваьлла цхьаъ сацорхьама, бехк-гуьнахь доцу масийтта а ца вуьйш. Я къомах цхьа тоба галъяьллехь, бехк дийнна къоман коча а ца тоьттуш…

Кхин долчаьрца цхьаьна и бахьанаш а дара, мостагIа чугIоьртича, маьрша нохчи араваьккхинарг а, гIараяьллачу эшарехь ма-йийццара, ярость благородная цуьнгахь гIаттийнарг а. Iилманца болчу кхетамо мухха тидахь а, махкара цкъа дIадахна эскар юха а дозанал чоьхьадолуш хилча, иза арахьара а хуьлу, тIамца дагIахь, мостагIа лара а догIу. Оцу эскарца бертаза валош волу салти хьаькамийн омрано валош ву. Цунна дуьхьалваьлла нохчи шен сица хаалучу декхаро араваьккхина а ву, иза цуьнан бертаза хуьлуш а дац. И шиъ тIамехь дуьхь-дуьхьал нисваларо шинггехь а гIаттошйолу майралла а шина кепара, шина орамера ю: нохчийчун – сий лардеш, вукхуьнан – са лардеш. Шеко йоццуш, жертвы войны, аьлла, цIеяхначарах а ву и ший а.

Бабченкон «Взлетки» тIера турпалхо – наггахь иза нислуш ма-хиллара, ша автор ву – Бабченко Аркадий. Иза, хьалха ма-аллара, шен лаамехь вац, шена тIедеънарг ловш а, тIедиллинарг кхочушдан дезаш а ву. Къомана болу кхерам цуьнгара схьаболуш бац, амма къомана ницкъ цуьнгахула беш бу – цунна а ницкъбечеран цIарах и белахь а.

Шен цIарах дуьйцу Бабченкос «Моздок-7»[8] тIехь а. Салтичунна тIера дIа лакхарчу эпсаршна тIе кхаччалц тIамах кхеташ эскарехь цхьа а цахилар гойту цо. «Конституционни къепе меттахIоттор», «контртеррористически операци» боху цхьа а маьIна доцу цIерш дуьххьалдIа эзарнаш адамаш дайа бехказлонна техкина хиларх а кхета и[9]. Нохчийчу (тIаме) дIакхачале, Моздокехь шайн рогIе хьоьжуш Iачеран вовшех дагабийларшкара бу и кхетаме цакхетамаш. Цига вахийта, аьлла, Бабченкос яздина рапорт а кхузарчу дедовщинех кIелхьарвалархьама яздича санна ду, тIамехь валар дуккха а гIолехь хеташ[10]. ТIаме чукхисса гулбинчу салташна юкъахь гIийлачунна ницкъбар, маьршачу хенахь эскарехь лелла дедовщина а йицъеш, инзаре-къиза хилар сица кхето хала ду. Тахана-кхана (я хIинццехь) валар-висар къаьстачу халачу киртигехь юх-юххехь нисдала тарлуш долу адамаш, боккхачу балано гергабалабен мисканаш санна, вовшашца къинхетаме а, лераме а хила безар хьоьху бакъонца кхиийнчу кхетамо. Амма иза, иштта а доцуш, Бабченкос ма-гайттара хиларо ойла хьийзайо, оцу къизаллин бахьанаш, орамаш ца гуш. Юха уьш – ойланаш – кегало,  хIетахьлера, Советийн заманера масалш карладохуш. Дедовщина бохучу дашна зорбане некъ бастале хиллачу, эскаре даханчу цхьадолчу берийн декъий цIакхоьхьуш хиллачу маьршачу заманера масалш... И салтдаьхна бераш Iаморашкахь кхелхина, олий, доьрзура, дукхахьолахь. 80-гIа шераш юккъедахча, Советски эскаре вигина волу Сатуев Хьусайнан кIант Анзор а цигара дийна цIа ца веара. Цуьнан къина язйина стихаш ю Хьусайнан:

Ког лаьттах ца кхеташ, сихвелла ваха,
Ахь маса идийра юьртара некъаш.
Тешначу бехкана хьо генаваккха,
Хьан хилла делара лечанан тIемаш.

«Варийлахь! – бехира, хьо новкъа волуш, –
Осала ца хуьлуш верзалахь цIехьа».
Хьо дийна цахилар дагахь а доцуш,
Хьан кехат яздина хиллера цIеца.

Моьттина дацара, барми тIе вуьллуш,
Виначу нанас хьо вохьур ву юьрта.
Ма бакъ ца хетара, хьо тийна Iуьллуш,
Хьайн къина елхийта ахь нана юьту.

Ма гIape ахь юьрта еара Iуьйре,
Iовжийна юьртахой тезета хIиттош.
Хьан ловзар дер бохуш кечйина уьйтIе,
Балано шорйина, хьан къина йилхи.

Ца кхии хьан лараш некъашка ерза,
Хьан оьмар язйина хиллера йоца.
Ма даьсса дити ахь дахаран терза,
Деша а ца кхуьуш безаман йоза.

Тешначу бехкана хьо генаваккха,
Хьан хилла делара лечанан тIемаш[11].

«Законехь болу къуй» санна, ца гун кеп а хIиттош, Iедало магийтина зуламе харцо яра дедовщина бохург.

Амма, юха а Бабченкон турпалхочух аьлча, боьршачу стеган амал хьошуш йолу и харцо лан хала делахь а, тIамна герга мел гIоьрти, цигара хаддаза дуьхьалкхоьхьу декъийн киранаш тергалдечу цунна, тIаме а вахна, эрна хIаллакьхила а ца лаьа. Иза гойту, да цомгуш хилла, алий, цIавеха ша, бохуш, нене цо яздинчу кехато[12]. Цунах бахьана а долий, – да веллачу кхачахь а – отпуске а воьдий, хьалхарчу тIамах дийна чекхволу иза.

«Iалхан-Юрт» повестехь дерг Артеман цIарах дийцахь а, и турпалхо а изза Бабченко хилар гучудолу, автора шен цIарах яздина «Игорь» боху дийцар доьшуш[13]. Артем шолгIачу тIаме веана ву. Валийна а воцуш, – веана. Хьалхарчу тIеман хенахь гиначой, лайначой цецваьккхина, Iадийна, кхерийна волчу цо шолгIачу тIаме схьаеъна шен синцамгар. Кхерийна стаг къиза а, кхераме а ву. Цуьнгахь герз делахь-м, муххале а. Мича детта а ца хууш, ца кхоош дIадеттар ду цо иза, ша ларвархьама (шина а тIеман хенахь вай дуьненан балех даха баьхкинчара вайна чу ма-деттара).

Хьалхарчу тIамехь дийна висарх тоамбаран метта, тIеман чам а кхетта, оцу синцамгаро шен лаамехь тIаме юхавалийна контрактник ву иза. ХIинца цо ларъян тIелоцург – ур-аттал, цIерхазмана а – сийлахь-еза чIагIо яц, ахчанца юсту контракт ю. Даймохк бохург коьрта дац цунна. Хьалхалерчу салтичул кхераме а ву и, сица цамгар йолу муьлхха лазархо санна. Амма лазаран чарп тIераяларх тера хета повесть чекхйолуш цуьнан хилла ойла: кхара деттачу герзах ловчкъа ларми чу хьаьлхина маьрша нах – бархI шо долу йоIIий, воккхастаггий – ша бахьанехь байина хилар гуш. Шен бехкенна и йоI ялар хала ловш ву Артем. Ша билггала тешна воццушехь, хетарехь гойту цо комбатана шайна герз детта меттиг – эвлйистера цIа. Амма цунна тарделларг бакъ ца хуьлу. Цундела, и халонга долий, ша-шена тоьхна лечу хьоле воьрзу иза, тоьпан биргIа бага а юллий[14]

ХIун дара цуьнга лаг ца озадайтинарг? Хаттарна жоп «Розовые пряники»[15] дийцарехь карадо. Кхеран полк Нохчийчу схьайолаеллачу хьалхарчу дийнахь-бусий хиллачух лаьцна ду дийцар. Оцу хьалхарчу буса кхарех цхьаъ, ша-шена тухий, ле. Ма-барра тIом ган а гале, лайна кхин хало а йоцуш, кхеравелла, ша-шена тIе куьг даьхьначу салтичух кхардар а, къахетар а эделла а долуш, кхуо дагахь чIагIо йо, хIуъа хиларх а, ша-шена тоьхна лийр вацара ша, олий…

И сурт карладаьлла, юхаваьлла хила а мега «Iалхан-Юрт» повестера Артем, ша-шена тоьхна валарх…

Шен гIалат бахьанехь жима йоI хIаллакьхиларан ойланаша хьовзийнчу Артеман кийрахь тохаделларг къинхетаме дог дара. Амма, шелоно маргIал санна, дукха сиха дахьийра иза. Цунна шенна а хаалуш, стаг леш санна, кхузахь цуьнан дегIан чорхах дIакъаьстира адамаллин са, цуьнан метта салтичун са доьссира кийра. Кхин дIа йолчу хенахь оцу «эрначу» ойланаша хьийзорвоцу дика салти хир ву цунах: лаза дог доцуш, къинхетаман хьаса боцуш, дуьненна а дарвелла волу салти. Оцу ойланехь чIагIъелла шен синцамгар эцна гIур ву и, кхузара ваьлча, Грозный-гIалина тIелата а.

«Iалхан-Юрт» повесто чулоцург 2000-чу шеран хьалхарчу деношкахь хуьлуш ду – де-буьйса гергга йолчу хенан йохаллехь, 4-5 январехь. Дуьйцург – хIетахь Iалхан-Юьртахь а, цунна гонах а хиллачух ду. Басаевца Грозный-гIалара арабовлучу нохчийн тIемалошна эвлйистерчу уьшал чохь кIелойина Iийначу дийнна бIонах ала хаац, амма Артем дуьххьара кхаьчна вац Iалхан-Юьрта. И гучудолу «Новый год»[16] дийцарехь, «со времен мародерничьего варенья в Алхан-Юрте»[17], аьлла, цо хьахорца. Керлачу шеран буса бохуш ду и, цул хьалха хиллачух лаьцна а, «Iалхан-Юрт» повестехь дерг доладалале а. Ша повесть документальни яцахь а, хиллачунна гергадалийна ду цу тIера цхьадолу хIуманаш. Оцу деношкахь, билггал долуш, юьрта чу дукха герз а тоьхна, нахана даккхий зенаш-зуламаш а дина. Ларми чу оцу герзах бевдда боьлхучу ИбрагимовгIеран доьзалера бархI шо долу йоI а йийна, дена еза чов а еш. ХIоъ-молха тIундалар бахьанехь, хьажийнчу дIа ца кхочуш, маьршачу нехан керта кхетта шайн йоккхатоп, аьлла, бехказволу кеп йинера юьртахь бисинчу нахана дуьхьалхIотта, бIо гонах а баьккхина, веанчу подполковникан погонаш йолчу эпсаро. Цул хьалха а, тIаьхьа а куьг-бехкечу эпсаршкара хийла хезна долчу оцу чордачу «юьхьIаьржахIиттарша» хьехна ю «ГIалат»[18] боху стихотворени:

Белхар ду, хетарехь, эрна –
Орца дац деха я дала.
Аганахь Iуьллу бер дерна
Жоп хьаьнга доьхур ду Дала?

Хьажийнарг нийса ца кхетта –
Мискъалан зарратал гIалат.
Йоккха топ, цIа лоцуш, кхетта,
ГIора ца дисча дIакхача…

Гуо къовлуш, тIедеъна эскар
Лаьтташ ду, «бехказло» ялхош.
Бехкедерг – хеташ ву эпсар –
Ширделла тоьпан хIоъ-молха.

Ца хезаш шега ден хеттарш,
Кадаме вуьйлу и воьхна…
ХIоъ дIа ца кхаьчначу меттехь-м
Обаргийн пхьоьха дIайоьхна.

Цхьайолчу меттигийн цIерш повестехь автора нийса юьйций техьа боху шеконаш а хилла сан, и меттигаш билгалъяха Iалашо а йоцуш. Масала, Гикалон поселкана юххехь хиллачу штабера дIабуьйлало хIорш Iалхан-Юьрта баха. Дуьхьала болчу новкъахула бахча, Iалхан-Юьрта чу аьтту агIор хьовза безара, амма автора аьрру агIор хьовзуьйту. Уьш гуотесна бахна хуьлуьйтур вай. Кест-кестта элеватор а хьехайо повестехь. СхьахIуьттучу суьртаца, иза ЦГФУ олуш хилларг ю – гIалин, юьртан дозанехь хиллачу заводан цхьа установка. Цу хьокъехь-м автора ша а юьхьанца шеконца яьккхина цуьнан цIе. Цундела иза а, важа а, кхиндерш а (масала, шолгIачу тIамна тиллина йолу «контртеррористически операци» боху цIе хьалхарчу тIамехь хьехор) дукха маьIне йоцу «ляпаш» санна тида мегар ду, Бабченкос язйинарг – юха а – документальни хIума цахиларе терра.

Повестехь вуьйцу воккхастаг а (йоьIан дедушка) автора шеггара юкъавалийна я, кхечунхьа лелларг кхузахь хиллачух тарделла. Амма оцу воккхачу стеган метта дахарехь милла а нисвала тарлора, цу Iалхан-Юьртара волу со а. Иштта дирзинехь, мацца а цкъа, цул тIаьхьа, Сатуев Хьусайнан лирически турпалхо санна, дагахьбалламо я юьхьIаьржоно хьийзор варий техьа Артем я автор, яздархо вийнарг а хилла? Сан юьртана голаьцна Iийначарех волу Бабченко-м (автор а, цуьнан турпалхо а), коьрта долчунна, зIе латтош, радист я связист хилла ву, амма буса-Iуьйккъехь чу а лилхина, суна таIзар а, талор а динарш цуьнан накъостий ца хилла олийла а дац. Суна баьхкина, Iийнехь-м, хIун дара?.. Уьш массо а – къаьсттина оцу муьрехь Нохчийчохь балебевлла лелларш – хьалхарчу тIамехьчул къиза а, саьхьара а бара, лата дардина жIаьлеш санна. ТIамо дуьхь-дуьхьал хIиттийначара вовшийн синош дахар-м кхеташ санна ду. Ца кхетарг дара маьрша нах байар а, уьш сийсазбаран тоьшаллаш ган а доьгIна хилар: дена хьалха йоI хьийзош, вешина хьалха йиша хьийзош, тIаккха – и мехкарий байале хьалха – берана уохьа кхиазчу церан накхош тIе сигаьрканийн юьхьигаш Iуьттуш… Кхочушхиллачу Iалашонна тIадам таIор санна…

Деэшна гучу хIокху бераша а лелийна техьа и тайпа къизаллаш, бохуш, хьежна со, тIамера арабаьхна, тхайца вагона чохь нисбеллачу салташка… Лелалург хиллера. ТIамо хуьйцуш хилла адам…

Хьалхара тIом марсабаьлла боьдучу хенахь а «нохчий мостагIий бу я бац?» бохучу хаттарна жоп лоьхуш ма бара оцу тIеман кIуьрла кхиссаза болу «Моздок-7» дийцарера церан нийсархой. Дозанал сехьадевлча, гиначу суьрташа  шаьш оккупантех тера а хетийтина царна. Ткъа хIинца, 2000-чу шеран январехь, шаьш паргIато яхьаш даьхкина освободительш ду моьтту Бабченкон «Кусок чужой войны»[19] дийцаран турпалхочунна. Шен коьрта Iалашо Грозный мостагIашкара схьаяккхар а лору цо. Уьш гуш бацахь а, цара герз ца деттахь а, гIали чохь берш мостагIий хеташ ву и... Иштта муха хетар дац, хIеттахь мехкан мукъ каракхаьчначу лакхарчу коьртакомандующис, гIали чохь бисинарш боевикашший, цаьргахьа узуршший бу, аьлла, хIара а тешош, дийнна дуьненна дIакхайкхийна хилча? Цул сов, суьдехь я ЗАГСехь лушдолу бакъонан кехат санна, инарла Булгаковс деана омра а ма дешна кхарна, шийтта шарал лакхарий, кхузткъа шарал лахарий хенаш ерш – стиэн а, боьрша а – боевикаш бу, аьлла[20]. Талорашна, таIзаршна, байаршна бехказлонна бен, кхин стенна оьшура и тайпа хабарш а, кехаташ а. Хьехамчаш-м болуш ма барийца. Масала, ша оьрсийн националист хилар лечкъош воцчу Крылов Константина цIийх ца Iебачу шен накъосташца цхьаьна хьехарш дира, дуккха а, Iаламат дукха нохчийн декъий охьадахка деза (цхьана Нохчийчохь дехкина а ца Iаш)[21], бохуш. ТIеман дайша оцу хьехаршка дика ладоьгIначух тера ду.

Дуьйцучохь а, дечохь а хьалхеяьккхина лелачу оцу харцоно латтош болу сингаттам кху стихашкахь а хьахийна ас:

Буьрса нохчо Терках
Вуьйлу баьхна мур,
Хьан аганчохь техкош,
Карлабаьхна бу.

Изза бен, кхин Iаьмма
ХIума доцуш сох,
БIоца схьатIеIаьнна,
ХьалахIоьтти хьо.

Тергал а ца еш сан
ГIийла инкарло,
Сан маршо а хьаьшна,
Би ахь суна го.

Тешамза йи кетIе,
Шелби ахь сан кхерч,
ЖIар латий сан хье тIе,
Юха ери керт.

Коша вахна гоьллелц,
Доцуш орца-гIо,
Харц дуьненах воьлла
Волуш воллу со.

КIайчу гIенийн кхелах
Синойн ловзар гуш,
Тешадо ас Делах
Самаваьлча гург:

Яьсса ю сан пхьоьха,
Яьсса ю сан керт,
Къуьйсуш дIасакхоьхьуш –
ЦIий хуьйдина цIет[22].

ТIаьхьуо, контракт чекх а яьлла, ша маьршачу дахаре юхавирзича, Бабченкос (автора) цхьана интервьюхь даредийр ду, шен мостагIий Москвахь бара, ткъа нохчашца мостагIалла хилла а дац, дан а дац шен, аьлла[23]. Нохчийчу кхачар бахьанехь яздан волавеллачу цунна ша башха яздархо а ца хета.

ХIетте а, исбаьхьаллин агIор чIагIделла дацахь а, Бабченкон йозанаш – литература ю, уггар хьалха – «Iалхан-Юрт», «Взлетка» повесташ а йолуш. Важа цуьнан дийцарш дагалецамийн кепехь яздина а, публицистикех тера а, билггала публицистика санна маьIне а ду. Бехк тIететтар, юхаийзор а доцуш, шен, кхечеран бакъонаш ларъяр а ца лоьхуш, дуьненан харц гIиллакхашна къарвеллачо санна, охьаяздо цо. Iедална бале вала а ца гIерта, эскарера ирча хьал ма-дарра гойтуш велахь а. Бакъонна тIегIерта журналист санна, кхераме вац яздархо Бабченко. Иза санна, тешнабехках а, жоьпе озорах а ларвала везаш а вац и. Журналистан жоьпалла цо ялочу факташца (я уьш бакъ-харц хиларца) доьзна делахь а, яздархочун цхьа экама «бехказло» ю – цо язйийраш литературно-исбаьхьаллин хIуманаш хилар: Iедалан идеологига а, иза дIакхоьхьучу нехан хьежамашка а хьаьжжина, васхала хьалаяха а, «туьйранаш», аьлла, сийсазъян а йиш йолуш. Амма цунах а бехказло хир яц яздархочунна, нагахь санна ша йозанашкахь ма-гайттара долу харц дуьне нисдан я хийца Iалашо йолуш иза урамехь а, хаамийн гIирсашкахь а меттахвалахь. Иштта ца хуьлийла а дац, хIунда аьлча, шайна тIехь цхьаннах а цатешаран къинош долчу[24], цхьаннах а ийзалуш а, цхьана а кепарчу жоьпалло юхаийзош а боцчу, шаьш чIогIа маьрша хетачарах ву и. Маларехьай, зуламашкахьай бовлу ишттанаш, ткъа хIокхо – тIехь лаьттачу Iедална ша резацахилар нахала доккху. «Iалхан-Юрт» повестехь Ельцинан Iедал емалдар цунна магийтина хиллехь а, карарчу Iедална лер бахьанехь уголовни жоьпе озаво Бабченко[25]. Ткъа бахьанаш-м шуьйро ма дуй, цунна шенна ма-хаъара: кхуьнан проза туьйранийн жанрера цахиларх цхьайолу сема органаш дика кхетар а, цхьадолу хIуманаш ма-дарра дийцар цара кхунна дуьтург цахилар а. Оццу могIарера ду Бабченкон прозера чухулара тоьшаллаш а: эскарехь лела законаш набахтехь санна хиларрий, цигахь сийлахьверг закон лардийриг а воцуш, и талхош верг хиларрий[26].

ТIеман тема юьйцучохь туьйранаш хьахаделча, кинош а яьхна, дийнна махкана схьаэхьна а, хIинца а оьхьуш долу а туьйранаш карладовлаза ца дуьсу. Бакъдолчух тардина, дестийна, инзаре-тамашийна, масане ду уьш, нохчий сийсазбеш, алссам а, кест-кеста а массо а тайпа экранаш тIехь гойтуш.  Царех Iехабелларш а, шекбийлинарш а дукха бу. Амма корта болчеран коьрта хилларг а, дерг а цхьа хаттар ду: оццул чIогIа а, каде а, хьуьнаре а, майра а гойтуш волчу салтичо масийтта шаре хIунда балийтина Нохчийчуьра тIом? Оцу хаттарна жоп лоьхуш а, луш а доцуш, кинотуьйранаша шайн идеологически Iалашонаш хецца кхочушйо, Лермонтовн «Аганан йиш» тIаьхьенашна йицъяла ца юьтучара санна.

И туьйранаш цхьа а бух боцуш хилар гойту Бабченкос, царна нийсса бIостанехьа тоьшаллаш а далош. Цуьнан проза оцу туьйранех къастош дерг нохчийн тIемалочун васт а ду. Аьлча а, и васт цахилар. ТIом хьанна дуьхьал беш бу, дешархо ца вицвалийта санна, наггахь хьахор бен, кхин, цIарца вуьйцуш я гойтуш вац, дукхахьолахь, «чех», аьлла, цIеяхна волу тIаме хIоьттина нохчи. Иза цхьана Бабченкон прозин исбаьхьаллин агIо гIелъеш долу кхачамбацар хилла ца Iаш, вайн заманахьлерчу керлачу «тIеман» прозин юкъара билгало ю[27]. ХIетте а, «чехаш» ца гайтарал совнах (оцу туьйранашна ма-эшшара, гIийла а гойтуш), царна дуьхьалберш ма-барра гайтарна (чуьраниг арадоккхуш, «сор из избы…» бохург санна), Бабченкон прозерчу къаьхьачу тоьшаллаш тIехь Россехь кестта кино йоккхур ю бохург аьттехьа а дац, и яккха тохабелларш хиллехь а[28].

«Нохчийн» тема дIаяьлча, Бабченко яздан хIума доцуш вуьсур ву, аьлла, «Независимая газетан» юххедиллар тIехь «йистхилира» цхьа Козлова Екатерина[29]. Дуьне девзарг а хилла, Бабченкос мел яздинарг а дайира цо, шен сиций, дегIаций долчу гIомаллах лаьцна эвхьаза къоламаш хьекхарца нахалаяьллачу Денежкина Ирина бохучу «яздархочуьнга» иза нисвеш. Мила ю техьа Козлова, яздархойх лаьцна дийца а, церан хиндерг хаа а говза йолу? Цунах аьлла хIума дац, иза Москвара ткъа шо долу стюардесса хилар бен. «Яндексехь» лехча, кхаа авторо бен карладаьхна а ца карадо цуьнан и тидарш. Газетан «Ex libris НГ» юххедилларехь къоначу яздархошна лерина рубрика лелош хиллачу Шаргунов Сергейс зорбатоьхна уьш, девне делахь а, шена а товш хилар хаийтира Бабченкон «Iалхан-Юрт» алсамо теллинчу критика Пустовая Валерияс[30]. Цо иштта даредаро шеконе дуьллу литература талларехь Пустовая цIена а, даггара а хилар. Критикан болх автора язйина яьлларг юьйцуш хила беза моьтту суна, цо язъенйолчун я йоцчун хьокъехь пал а ца туьйсуш. Цул тIаьхьа кхин шина яздархочо а хьахийна Козлова: Краснодарерчу Карасёв Александрий[31], вайн махкахочо Довлеткиреева Лидияссий[32]. Хетарехь, оцу Козлован ду бохучу дешнашна цаоьшу тидам Пустоваяс бина ца хиллехь, уьш карладаха бахьана ца дала тарлора Карасёвна а, Довлеткиреевана а, хIинца суна а. Кхин цхьаммо а цкъачунна тергалйина яц мила ю а ца хуу Козлова. Нагахь санна иза, цхьана Iалашонца юкъакхоьссина яьсса цIе а йоцуш, боккъал а адам делахь, ша «седа-жайни» тIе хьаьжначул тIаьхьа Бабченкос зорбане яьккхина масех керла повесть а, пхийттех дийцар а гиний техьа цунна? Пустоваяс-м и хIумнаш ешна а хир ю.

Хиндерг мухха нислахь а, цкъачунна Бабченкон сагатдийриг тIеман тема хиларан шеко яц. Цхьана говзарехь аьлларг вукху говзарехь карладохуш а, керлачу, бIегIийлачу кепара юха олуш а меттигаш алссам хиларо а гойту и. Масала, «Дизелятник»[33] повесть. 2006-чу шарахь араяьлла «Iалхан-Юрт» книга ерзийнчу «Автобиографи» тIехь цо жимма дийцина хиллачунна тIера бу оцу повестан чулацам. Оццу книги юкъара «Операция «Жизнь» продолжается…» бохучу дийцаран кийсикца йолайо цо «Маленькая победоносная война»[34] аьлла, цIетиллина подборка а. Схьагарехь, ша хьалха сихаллехь язйина, арахецначунна тIехь юха а белхаш беш ву Бабченко. Керлачу редакцешкахь цуьнан йоза шарлуш хилар а хаало. Цхьана интервьюхь цо ша ма-баххара, книга арахеца сихвеллера иза, хIинца яздархо хила ша кхиъна вогIу аьлла а хета[35].

Литература бахьанехь лаххара а Нобелан совгIате ладоьгIуш[36] волу Бабченко оцу совгIатан да хилахь а, ца хилахь а, «нохчийн тIеман» тема схьаелларца литературехь хьалхе яьккхинарг лору иза. Цул деза а, къаьсттина вайна маьIне а ду цуьнгара даьлла кхин хьуьнар: вай «имане далош», лелийнчу моттаргIанашкахь шиннахьара а эрна Iенийна цIий тIехь хиларций, шегахь кхетаме низам цахиларций маьршачу дуьненна Iаламат кхераме йолу Россера тIеман хьер ма-ярра нахала яккхар. Кхечу кепара аьлча – Лермонтовн стихашкара дуьйна схьа хийцаялаза йолу немытая Россия гайтар. Амма Лермонтовс кхин хIуманаш а ма язйина, «ГIалгIазкхийн аганан йиш» бахьанехь нохчичунна ша йина вас яйян санна, масала, «Валерик», «Измаил-Бей», «Мцыри»… Уьш а цуьнан кхоллараллехь яцахьара, хIинца санна, вайна герга хир варий техьа генара Лермонтов? Оцу хаттаро кхин цхьа хаттар а кхуллу: герз охьа а диллина[37], вайна гергагIоьртинчу Бабченкос йозанехь динарг кхачаме ду я дац, Лермонтовна санна, цхьадолу хIуманаш цунна а дицдан? Бабченко Аркадийс дуьйцурш а, вай лайнарш а шиннахьарчеран йозанашкара бен ца девза тIаьхьенаш хьалакхиъалц, оцу хаттарна жоп каро хала хир ду.

Цхьа бахьана а хьаьвзина, цIерпоштан вагона чохь салташца санна, тхо цхьаьна нисделча, тахана цуьнца даггара дийца хIума хир дацара сан а. Бакъду, къовса-м хир дара. ТIелаьцна герз ца хилча, хала ма даций и.

 


[1] Ахматукаев А. Цкъа мацца а, цул тIаьхьа. – Соьлжа-ГIала: ИПК «Грозненский рабочий», 2005. А. 42.
[2] Довлеткиреева Л. Кассандра и Кесарь // Дружба Народов. – 2010. №10. // http://magazines.russ.ru/druzhba/2010/10/do15.html
[3] Довлеткиреева Л. Чего хочет «Асан»? // Вайнах. – 2009. №3. – С. 61–69.
[4] Бабченко А. Алхан-Юрт: Повести и рассказы. – М.: Яуза, 2006. – 480 с.
[5] Сатуев Хь. Дахаран абат. – Грозный: Нохч-ГIалгIайн книжни изд-во, 1988. А. 30–31.
[6] Бабченко А. Алхан-Юрт: Повести и рассказы. – М.: Яуза, 2006. – С. 131–151.
[7] Бабченко А. Мы едем // Новый мир. – 2009. №1. // http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2009/1/bab2.html
[8] Бабченко А. Алхан-Юрт: Повести и рассказы. – М.: Яуза, 2006. – С. 152–232.
[9] Циггахь. С. 195–196.
[10] Циггахь. С. 200.
[11] Сатуев Хь. Чов йина илли. – Грозный: Чеч.-Инг. изд.-полиграф. объединение «Книга», 1991. А. 77.
[12] Бабченко А. Алхан-Юрт: Повести и рассказы. – М.: Яуза, 2006. – С. 228.
[13] Циггахь. С. 112.
[14] Циггахь. С. 81.
[15] Бабченко А. Розовые пряники // Новый мир. – 2009. №1. // http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2009/1/bab2.html
[16] Бабченко А. Алхан-Юрт: Повести и рассказы. – М.: Яуза, 2006. – С. 84–89.
[17] Циггахь. С. 85.
[18] Ахматукаев А., Гладкевич Ю. Опыт общей беды. – Грозный: ИПК «Грозненский рабочий», 2010. С. 18.
[19] Бабченко А. Кусок чужой войны // Новый мир. – 2009. №1. // http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2009/1/bab2.html
[20] Бабченко А. Ханкала // Новый мир. – 2009. №1. // http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2009/1/bab2.html
[21] Алексеев М., Крылов К. Особенности национального поведения. – М., Арт-Бизнес-Центр, 2001, С. 314.
[22] Хьажа: Орга. – 2008. №11. А. 37.
[23] Бабченко А. Оружие не возьму больше никогда. /Беседовал  А.Харченко. // Русская служба Bи-Bи-Cи. –  2008. 7 апр. //http://news.bbc.co.uk/hi/russian/entertainment/newsid_7326000/7326574.stm
[24] Прилепин З. Предисловие //Окопная правда чеченской войны /Сост. А.Н.Волынец, А.С.Тишин. – М.: Яуза-пресс, 2007, С. 6.
[25] Бабченко А. Единственное, чего я хочу, – жить в свободной стране! /Беседовал  В.Авченко. // Новая газета во Владивостоке. – 2012. 21 июнь, №141. //http://www.novayagazeta-vlad.ru/141/Obshchestvo/ArkadiyBabchenkoEdinstvennoechegoyahochuzhitvsvobodnoystrane
[26] Бабченко А. Дизелятник // Новый мир. –  2008. №7. //http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2008/7/bab2.html
[27] Довлеткиреева Л. Война в Чечне: параллельный взгляд изнутри // Вайнах. – 2007. №5. – С.53.
[28] Бабченко А. Единственное, чего я хочу, – жить в свободной стране! /Беседовал  В.Авченко. // Новая газета во Владивостоке. – 2012. 21 июнь, №141. //http://www.novayagazeta-vlad.ru/141/Obshchestvo/ArkadiyBabchenkoEdinstvennoechegoyahochuzhitvsvobodnoystrane
[29] Козлова Е. О литературной стороне боевой медали. // Ex libris НГ. –  2003. 23 окт. //http://ng.ru/ng_exlibris/tendenc/2003-10-23/5_babchenko.html
[30] Пустовая В. Человек с ружьем: смертник, бунтарь, писатель. О молодой «военной» прозе // Новый Мир. – 2005. №5. // http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2005/5/pu9.html
[31] Карасёв А. А на войне как на войне // Литературная Россия. 2006. 15 сент. №37. //http://litrossia.ru/2006/37/index.html
[32] Довлеткиреева Л. Война в Чечне: параллельный взгляд изнутри // Вайнах. – 2007. №5. – С.51.
[33] Бабченко А. Дизелятник // Новый мир. –  2008. №7. //http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2008/7/bab2.html
[34] Бабченко А. Маленькая победоносная война // Новый мир. – 2009. №1. // http://magazines.russ.ru/novyi_mi/2009/1/bab2.html
[35] Бабченко А. Единственное, чего я хочу, – жить в свободной стране! /Беседовал  В.Авченко. // Новая газета во Владивостоке. – 2012. 21 июнь, №141. //http://www.novayagazeta-vlad.ru/141/Obshchestvo/ArkadiyBabchenkoEdinstvennoechegoyahochuzhitvsvobodnoystrane
[36] Бабченко А. Инопланетянин из параллельной России /Беседовала Н.Савоськина. // Новая газета. – 2005. 25 апр. №30. //http://2005.novayagazeta.ru/nomer/2005/30n/n30n-s40.shtml
[37] Бабченко А. Оружие не возьму больше никогда. /Беседовал  А.Харченко. // Русская служба Bи-Bи-Cи. –  2008. 7 апр. //http://news.bbc.co.uk/hi/russian/entertainment/newsid_7326000/7326574.stm

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2