ХІокху могІанийн коьртехь лакхара дешнаш далор цуьрриг а дестийна ца хета тхуна. Билггал а, дукха къахьоьгуш, собарца, мало йоцуш, бина болх бу хІара. Оцу декъехь жимма а къахьегначунна и хуур а ду. Автор иштта болх чІогІа оьшуш хиларх ондда тешаш ца хилча, балур боцуш болх бу иза. Юккъерчу школехь нохчийн литература хьехаран Іилманан-методикин бухбиллархойх цхьаъ ларалуш волу Іабдулла цунах ца кхетийла дацара. Нохчийн литературин программийн а, учебникийн а, Іаморан-методикин пособийн а автор ву иза («Бадуев СаьІид. Дахар а, кхолларалла а» (соавторца цхьаьна) – 1980 ш., «СаьІид Бадуевн кхолларалла школехь Іамор» – 1989 ш., «Юккъерчу школехь лирически а, лиро-эпически а произведенеш Іамор» – 1984 ш., «Нохчийн литература. 9-чу классана учебник» – 2008 ш., «Школехь исбаьхьаллин произведенеш таллар» – 2008 ш., «Нохчийн литературин Іилманан терминийн лугІат» – 2010 ш., иштта кхин а).

Вай юьйцуш йолчу «Нохчийн яздархой» киншкин (араяьлларг хьалхара том ю) Іалашонех ша автора иштта яздо:

«Нохчийн исбаьхьаллин литературин исторехь а, хІинцалерчу литературехь а шайн цІерш йолчу берриг яздархойх кхачам боллуш хаамаш баларан Іалашо ю хІокху белхан. Кху тІехь хІора яздархочун дахарх лаьцна дуьйцу, цуьнан кхоллараллех кхетам ло, цуьнан ерриге произведенеш йовзуьйту, цунах лаьцна йолу литература ялайо. Нохчийн литературехь вевзаш волчу хІора яздархочунна лерина ша статья ю. Статьян чулацам иштта бу: яздархочун фамили, цІе; кхоллараллин корматалла (поэт, прозаик, драматург, литературовед, критик, гочдархо); вина хан, вина меттиг; ден цІе, цуьнан корматалла; яздархочун дахар  а, кхолларалла а, цуьнан ерриге произведенийн цІерш, ара маца евлла а, мичахь евлла а хоуьйтуш; цунах лаьцна йолу ерриге литература, маца, мичахь зорбатоьхна а дуьйцуш. Цу тайпана, яздархочун биографий, кхоллараллий йийцина ца Іаш, библиографи а ялийна. Библиографин ши дакъа ду: яздархочун произведенеш, цунах лаьцна литература. Уьш ялийна шаьш зорбанехь арайийларан рожехь, хронологи ларъеш. Яздархойх лаьцна йолу статьяш дІанисйина алфавитца йогІуш. Цу тайпана, хІара нохчийн яздархойх лаьцна биобиблиографин довзийтар ду (биобиблиографически справочник).

Нохчийн литературин исторехь нохчийн маттахь хІокху кепара болх хилла бац, иштта шуьйра чулацам болуш-м я оьрсийн маттахь а.

Киншка кхаа томах лаьтташ хир йолуш ю, араяьллачу хьалхарчу томехь вайна вовзуьйту ХХ-чу бІешеран 40-гІа шераш чекхдовллалц йолчу заманахь нохчийн литературина юкъабаьхкина яздархой (І.Авторханов, Ш.Айсханов, Б.Анзорова, С.-Б.Арсанов, Р.Ахматова, С.Бадуев, М.-С.Гадаев, І.Гайсултанов, І.Дудаев, М.Исаева, М.Мамакаев, І.Мамакаев, Н.Музаев, М.Мусаев, З.Муталибов, А.Нажаев, Х.Ошаев, Б.Саидов, М.Сальмурзаев, М.Сулаев, А.Сулейманов, І.-Хь.Хамидов, Х.-М.Эдилов).

Ша хьалхахІоттийначу Іалашонца дика ларийна автор. Масала, Мамакаев Мохьмад вовзийтарна леринчу агІонашкахь ялийна, кхачам боллуш дика язйина, яздархочун дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна статья. Цул тІаьхьа ялайо нохчийн а, оьрсийн а, кхечу а меттанашкахь арайийлинчу произведенийн список. Уьш маца, мичахь араевлла а гайтина. Кхузара хаьа вайна М.Мамакаевн говзарш «Серло» (хІинца «Даймохк», «Къинхьегаман байракх» (Алма-Атахь арадолуш хилла), «Ленинан некъ» (хІинца «Даймохк») газеташкахь, «ДоттагІалла», «Орга» журналашкахь, юкъарчу гуларшкахь зорбане йийлина хилар. Оьрсийн маттахь говзарш зорбане йийлина «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя», «Литература и жизнь», «Литературная Россия», «Социалистическая Осетия» газеташкахь, «Дон», «Дружба народов», «На подъеме», «Октябрь» журналашкахь. Ур-аттал, газетехь хилла яздархочун кхоллараллин суьйренах хаам а юкъах ца буьтуш, М.Мамакаевна лерина литература йовзуьйту. Дуьйцург бІаьрла хилийтархьама, терахьашца аьлча, яздархочун 122 произведенех, Іилманан 8 балхах, цунна леринчу 97 статьях хаам ло І.Арсанукаевс. Оцу кеппара бовзуьйту киншки тІехь лакхахь цІерш яьхна берриге а яздархой. Нохчийн литература, литературин истори йовзаре, талларе хьашт долчарна (Іилманчашна, журналисташна, хьехархошна, студенташна, дешархошна) чІогІа пайде, оьшуш болх бу Арсанукаев Іабдуллас бинарг. «Нохчийн яздархой» киншкех къаьсттина гІо хир ду нохчийн меттан, литературин хьехархошна. Хьехархошка и киншка дІакхачаро, цхьа а шеко йоцуш, дикка ойур ду школашкахь а, лаккхарчу дешаран заведенешкахь а нохчийн литература хьехаран гІуллакхаш.

 

ХЬ.АБОЛХАНОВ     

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2