Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь – 1930-40 шерашкахь – лаьцна хIаллакбина къоман тоьлла яздархой Бадуев СаьIид, Айсханов Шамсудди, Актемиров Мусита, Дудаев Iабди, Нажаев Ахьмад. Чубоьхкина, ГУЛАГан  лагершкахь яккхий хенаш яьхна Арсанов СаьIид-Бейс, Ошаев Халида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев Iаьрбис, кхечаран а. Оцу инзаре халчу хьелашкахь адамаллица ца догIу Iазап шаьш токхуш, доьналлех, къонахаллех ца боьхначу нохчийн яздархойх вара Мамакаев Мохьмад.  

Мохьмад  зоьртала дегI долуш, воьттина вича санна, онда вара, буьрсо юьхь-сибат а долуш, дуькъачу цIоцкъамашна кIелхьарчу бIаьргийн хьажар леррина а, ойлане а хеталора. Вистхилар а, лелар а дурс аьлла дара.  Цунна тIехьаьжча, эр дацара иза маситта шарахь тутмакхан Iазап лайна ву.

Ламанан вайн Iаьсца боккха наж лаьтта, 
Къийсамехь ца бужуш, хийла чов лайна. 
Наж Iин чохь чагIбелла, орам а хецна,
Шен чевнаш дIайоьрзуш – моьнашца бегана.

Некхана гар доккхуш нажна чов хилла,
Къийсамехь цIий дайна, цIаро Iаржбина.
Делахь а, ца къарлуш, нажо заз хецна:
Раздаьлла сийна гIа бIаьстенца леста.

Наж къизчу къийсамехь чахчабеш кхиъна,
Ирча сахьт тIедоьжча, собарца бисна, 
Наж лаьтта бердаца чIагIбелла буьрса,
Даймехкан некха тIехь шурех а буьзна.

Ша вина, кхиъна, лелла, жималлехь  марзо эцна меттигаш, къаьсттина Iаьс, Ачхо дукхазза хьехийна Мамакаев Мохьмада шен произведенешкахь. «Къийсамехь ца бужуш, хийла чов йина, …къизчу къийсамехь чахчабеш кхиъна, ирча сахьт тIедоьжча, собарца бисна»,  даймехкан мутт муьйлуш Iаьс йистехь чIагIбелла лаьттачу ножах лаьцна йолу цуьнан стихотворени –  авторан дахаран метафора юй техьа олий, хетало.

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран 16 декабрехь Ачхой-МартантIахь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна юьхьанцарчу школехь . Юккъера школа чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина яздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта. 

Школера дешна ваьлча цхьана муьрехь  комсомолехь болх бина Мамакаев Мохьмада. 1926-чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете (Коммунистический университет трудящихся Востока) деша вахийтина. Университетехь ша доьшуш волуш а нохчийн литература, культура кхиаран гIайгIа беш хилл Мамакаев Мохьмад. Нохчийн яздархошца Исаева М., Эдльдарханов I. цхьаьна цо дакъалаьцна нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журнал арахецар вовшахтухуш. “Латта” цIе йолчу оцу журналан хьалхара номер араяьлла 1927 шарахь. 

Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа  Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бина  пачхьалкхан  органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а. 1930 шарахь  Хьалха-Мартанан ВКП(б)-н Окружной комитетан секретарь хаьржина иза. Областной прокуроран болх а бина цо,  “Грозненский рабочий” газетан редакторан заместитель а, тIаккха Нохчийн меттан, литературин, историн Iилманан-талламан институтан директор а Iийна иза кхечахаь балхахь хиларца цхьаьна..

1934-чу шарахь Мамакаев Мохьмад  юха а  Москва хьажаво,    партийни белхахойн лаккхарчу школехь деша. Дешна а ваьлла цIа веъча, 1935 шарахь  Нохчийчохь уггар яккхийчу организацех йолчу “Грозхимстрой” куьйгалхочун заместитель хIоттийна иза.  Цул тIаьхьа Мамакаев Мохьмадана тIедиллина Республикин обкоман партин школийн, Iилманан отделан куьйгалхочун дарж. Цхьана муьрехь “Ленинан некъ” газетан редактор а хилла иза. Муьлххачу балхахь ша хилча а, жоьпаллица кхочушдина Мамакаев Моххьмада шен белхан декхарш. Амма, цу хенахьлера дукхахаболу нохчийн яздархой а санна, Мамакаев Мохьмад а ца ваьлла  сталински таIзаран кхиэлах. Иза бахьна а доцуш лаьцна, Сибрех вахийтина. 1940-гIа шерашший – 50-чу шерийн хьалхара муррий Сибрехахь баьккхина цо. Амма оцу халчу хьелашкахь а исбаьхьаллин дош ца дитина Мамакаев Мохьмада. Ша яздеш хиларал  совнаха,  1954 шарахь литературни тоба вовшахтоьхна цо Игарка гIалахь арадолуш хиллачу "Коммунист Заполярья" газетан редакцехь. Цигахь 1956 шарахь оьрсийн маттахь араяьлла Мамакаев Мохьмада «Первый гудок» цIе йолу повесть.  1955 – 1958  шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь  арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. ХIетахь цо яздинчу дийцарийн, очеркийн книга «Ша меттах баьлла» а араяьлла Алма-Атахь Казахски литературни издательствехь  1957 шарахь. Оцу книги тIерачу дицарийн, очеркийн турпалхой дахар а девзаш, шайн хьаналчу къинхьегамца мохк цIинбеш, дахар хаздеш долу адамаш ду. Цу тайпана яра 1960 шарахь Соьлжа-ГIалахь араяьлла  «Даймехкан некъаш» цIе йолу дийцарийн, очеркийн книга а.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина.  Мамакаев Мохьмад кхелхина 1973 шеран 17 августехь.

Мамакаев Мохьмадан дуьххьарлера  исбаьхьаллин произведени зорбатоьхна 1926-чу шарахь «Серло» газета тIехь. Поэтан  дуьххьара  зорбатоьхначу стихотворенешна юкъахь яра «Зеламха» цIе йолу стихотворени. Цо тIаьххьара язйинчу произведенешна юкъахь «Зеламха» роман ю.

Мамакаев Мохьмадана хIетахь шен ерриг стихаш дагахь хууш хилла, накъосташна хьалха  еша лууш а, йьшуш а хилла  цо уьш.  Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930 шарахь. "ДоттагIалла" цIе а йолуш, поэта дуьххьара язйинчу стихийн сборник яра иза. Оццу шарахь "Серло" издательствехь араяьлла Мамакаев Мохьмадан "Коминтерн" цIе йолу очерк а. Поэтан исбаьхьаллин корматалла кхуьуш яра, эвсараллица болх бо цо литературехь.  Кхин цхьа шо даьлча, поэтан стихотворенийн шолгIа сборник а араяьлла. "ЧIегIардиг"  цIе йолчу оцу сборник тIехь  авторан шен, кхечарах къаьсташ долу исбаьхьаллин хатI хилар гойтуш йолу стихотворенеш яра. Яздан волалучу хенахь Мохьмада шен цхьайолу произведенеш псевдонимца – М. Тур – арахоьцура.

Ша яздан волавеллачу хьалхарчу муьрехь дуьйна а лирически стихотворенешца цхьаьна яккхий поэтически произведенеш а язйина Мамакаев Мохьмада. 1936 шарахь араяьлла авторан "ЦIий хуьйдина лаьмнаш" цIе йолу стихийн, поэмийи сборник. Цу тIехь зорбатоьхна яра "ЦIий хуьйдина лаьмнаш" цIе йолу поэма а. Иза вайнехан литературехь дуьххьара язйинчу поэмех ю. Нохчийн къоман исторехь ХIХ бIешарахь хилла драматически хиламаш бу поэми тIехь исбаьхьаллин кепехь луьстуш. Воккхачу стеган Довлатан дийцар ду поэмин чулацамехь.  Эпически шуьйра гойту цуьнан дийцаро шен паргIатонехьа халкъо латтийна къийсам.  Поэма дIа а йолало, чекх а йолу авторан дашца.  Воккхачу стеган къамел сеца а соьцуш, юкъа-кара вайна хаало авторан ойланаш, кхочушхуьлчу гIуллакхех лаьцна цунна хетарг, цара меттахбаьхна авторан синхаамаш. Оцу авторан лирически юьстахвийларша гIо до поэмин чулацамах кIорггера кхета, иза дика тIеэца. Лирический, эпический билгалонаш ю «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» поэмица.

ПаргIатонехьа къийсам латточу къехойн тхьамда ву поэми тIехь Таймин Бийболт. Къехойн лаам, адамийн деган Iийжамаш шега схьаэцна ву Бийболт. Цуьнан васт дукха даьржина ца диллина автора. Кхин а кIезиг гайтина поэми тIехь кхийолу персонажаш. Поэмин коьрта турпалхо халкъ ду. Иза даим а къийсамехь гайтина. Цуьнца цхьаьна вайна хьалха хIуьтту «цIий хуьйдинчу лаьмнийн» васт, даймехкан васт.

«ЦIий хуьйдина лаьмнаш» лиро-эпически поэма ю. Кхузахь ша-тайпана цхьаьнаийна лирически а, эпически а, драматически а билгалонаш. Поэми эпически агIо билгалйолу коьрта долчунна цуьнан чулацамехь халкъан турпалаллин къийсам хиларца. Шайн паргIатонехьа къехоша къийсам латтош бинчу тIеман шуьйра суьрташ кхоьллина поэми тIехь, майра, турпала амалш гайтина. Поэмин оцу эпически агIонашца цхьаьна къеггина лирически агIонаш а ю. Авторан ойланехь схьахIутту хьалха дIадахана хакъан балане дахар, цо поэтан дог Iовжадо, ойланаш, синхаамаш меттахбоху. Адамийн таханлера дахар ирсе хила лаьа цунна. Хьалха хилларг кхин цкъа а ца хилийта дуьйцу поэта царах лаьцна. Авторан хьалхара дош чекхдаьлча дIадолало воккхачу стеган Довлатан дийцар. Амма цул тIаьхьа авторан а, Довлатан а аьзнаш цхьаьнауьш ду. Оцу шинний а ойланаш, лаамаш лирически турпалхочун дог-ойлане йоьрзу. Шадерриг цуьнан кхетамехула, цуьнан дагчухула схьагойтуш санна ду поэми тIехь. Шен дош долуш, шен ойланаш а, шена хеташ дерг а гучудоккхуш ву поэмин лирически турпалхо.

 Цу тайпана, «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» шен чулацамца исторически поэма ю, сюжет схьаястаяларехь а, шен композицин дIахIоттамехь а лиро-эпически ю. "ЦIий хуьйдина лаьмнаш" нохчийн литературехь дуьххарлерчу лирико-эпически произведенех яра. Шен заманан литературехь керла жанр юкъаялорехь мехала а яра.

Цул тIаьхьа поэта язйина шен биографица йогIуш  йолу “Со вина де”,  "Ненаца дина къамел" цIерш йолу поэмаш.  Царна тIехь шен бераллех, дешаран шерех лаьцна а дийцина цо. Хала хиллехь а, хаза хан яра иза, боху поэта. 

1930-чу шерашкахь Мамакаев Мохьмад хаддаза дакъалоцуш хилла Нохчийчоьнан литературни дахарехь. Иза куьйгаллехь  а волуш арадийлира  "Итт бIаьсте",  "Кхиам" цIерш йолу нохчийн маттахь литературно-исбаьхьаллин журналаш. Цо дакъалаьцна Москвахь, Пятигорскехь арахецначу нохч-гIалгIайн поэтийн произведенийн сборникаш тIехь. Цуьнан поэтически произведенеш арайовлура "На подъеме", "Революция и горец", кхидолчу а Москвахь а, Ростовхь а  арахоьцучу журналаш тIехь а, «Писатели СССР – Великому Октябрю», «Поэзия горцев Кавказа» цIерш йолчу юкъарчу сборникаш тIехь а. 1940 шарахь Соьлжа-ГIалахь "Серло" издательствос арахецна "Суй" цIе йолу Мамакаев Мохьмадан поэзин йоьалгIа книга. Цу тIехь зорбатоьхна поэтан тоьлашха йолу стихашший, поэмашший.

Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин похIма кхоччуш кхиъна 50-60 шерашкахь. МаьIнин кIоргалла, исбаьхьаллин аьхналла шайца йолу дуккха а произведенеш язйо Мамакаев Мохьмада поэзехь а, прозехь а. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов книга араяьлла цуьнан оцу 15-16 шарахь. Царах ю поэтически сборникаш "Сан некъан кехат" (1958), "Хаьржинарш" (1962), "Со вуха вогIур ву" (1963),  "ТIулгаша а дуьйцу" (1966),  "Утро над Аргуном" (1958), "Разговор с матерью"(1959), "Дуб над Ассой" (1961), "И камни говорят" (1968), прозин книгаш "Ша метахбаьлла" (1957), "Даймехкан некъаш" (1960), романаш "Революцин мурд" (1962), "Зеламха" (1968).

Философски, граждански лирика ю Мамакаев Мохьмадан поэзехь коьртаниг. Цуьнан лирически турпалхо доьналлин стаг ву, ондда дека цуьнан аз, шуьйра ойлайо цо заманах, адамийн дахарх, даймахках лаьцна. Йист йоцуш дукха беза цунна шен Даймохк, цуьнан хьалха дIадаханчу а, таханлерчу дийнан а, хиндолчун а ойлайо цо.

Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь
Йоза а хьайн доцуш, бIарзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан тIулган белшахь
Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг.

Чевнаш дIайирзина, хIиттина моьнаш,
Уьш ду-кх хаткъ кIорга яздина йоза.
Ас йоьшу цуьнца хьан къайлаха чевнаш,
Эх-бехк а, къийсам а ­– бIешерийн ойла.

Поэта  лирически турпалхочо шен дахар халкъан дахарх дусту, цуьнца цхьаьна вогIу иза, вонехь а, диканехь а халкъаца ву иза. Винчу мехкан дозанашкахь сецаш яц Мамакаев Мохьмадан лирически турпалхочун ойла. «Со Сибрех вина вац» бохучу стихотворенехь къеггина гучуйолу лирически турпалхочун вайн боккхачу Даймахке а, цуьнан тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамашка а йолу шовкъаш:

Со Сибарех вина вац,
Дай Памирехь баьхна бац,
Делахь а, сан дагна езаш,
Ший а уьш гергара хета.

Енисейн тулгIийн гIовгIанаш,
Ламанца хеза и аьзнаш,
Сайн мехкан садеIар санна,
Ший а уьш сан дагна деза.

Даьржинчу сайн Соьлжа боьрахь,
Амуран лекхачу тулгIешкахь
Цхьабосса дог паргIат лаьтта,
Суна суо Даймахкахь хета.

Мохьмада коьрта лорура даймахкаца йолу уьйраш, шен махкана, къомана хьанал хилар, церан дуьхьа муьлххачу а халонех доьналлица, къонахаллица чекхвалар. И ойла чIагIъелира, кIаргъелира Мамакаев Мохьмадан Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом лаьттинчу шерашкахь язйинчу произведенешкахь.  Дог Iовжош ю цуьнан «И йоьлхуш яц» цIе йолу жима стихотворени. Исбаьхь поэтически васт кхуллуш гайтина цу тIехь тIамехь кIант вийна нана. КIантах дог лозу цуьнан, холчухIоьттина иза, амма йоьхна яц, Даймахке деана вон кхин а алсам Iаьткъина нанна, бекхаман ойла гIаьттина цуьнан кийрахь:

ТIулг санна, макхъелла и нана –
Шен кIентан коша тIехь лаьтта.
ХIан-хIа, яц! Йоьлхуш яц и нана
Катоьхна и борзах хьаьрчи
ТIаккха шен кхолламна кIел сецна,
И гIаьтти дог цIарца догуш,
Ягийнчу хIусамехь бIаьрг кхетта –
ГIулч яьккхи цо, хьалха йолуш.
ЦIе яккха, доттагIа, нуьцкъалчу:
Безамо гулйина чIир ю,
Я ненан сийлахьа безам бу?

ТIеман хенахь язйинчу произведенешкахь кIант вийначу ненан васт хIоттош, яздархоша гойтура цуьнан даймахке болу боккха безам. Вайнехан халкъан барта произведенешкахь санна, кIант тIаме дIахьажош нанас цунна тIедуьллура майра хилар, ша ца кхоош, даймохк Iалашбеш эшахь шен са а дIадалар. Осала, стешна хилий, кIиллолла дIахьаш шена тIе юха ма волалахь, олий кхуьйлура нанас тIаме воьдучу кIанте. Мамакаев Мохьмада шен «КIиллочунна» цIе йолчу стихотворени тIехь дика гайтина стешхалла, тIамехь шен са дадийна лелар халкъалахь дукха сийсаза гIуллакх хилар. Иштаниг юха цIа вирзича тIе ца оьцу дас а, къомо а, махко а. Халкъан цIарах поэта боху кIиллочуьнга: «Къам, хIусам я даймохк мичхьа бу хьан? Йиш-вешин, доттагIчуьнан цIе яккхал ахь. Даймохк бац, къам а дац, осала са». Халчу дийнахь даймахкана ямарт хиллачунна цкъа а геч ца до адамо, наьIалт кхайкхош бIалл кхуссу цунна:

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз
Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу…
Кхоссалаш, кхоссалаш цу барзиэ бIал!
И хьан барз наьIалтца хьиэкъабеш бу.

Иштта нуьцкъала сурт хIоттадо Мамакаев Мохьмада махкана ямарт хиллачуьнга болу халкъан цабезам гойтуш.

Яздархочун кхоллараллехь ю къинхьегаман адамаш гойтуш йолу произведенеш а. «Кемсийн хорха», «ЖаIуьнан Iожалла» поэмаш, «Ша меттахбаьлла», «Даймехкан некъаш» цIерш йолу прозин кегийчу жанрашкахь йолчу произведенийн книгаш. Мехала ду «Месийн кIайн моха», «ЦIена дог», «Хазчу йоьIан тIулг» цIерш йолу дийцарш.  

Нохчийн литературехь 1960 шерашкахьлерчу прозин эпически жанр  кхиарехь мехала хилира Мамакаев Мохьмадан «Революцин мурд», «Зеламха» цIерш йолу романаш. Историн бакъдолчунна тIехь язйинчу оцу произведенеша шорйира нохчийн романан исбаьхьаллин таронаш.

Мамакаев Мохьмад исбаьхьаллин даше лехамен вара. Шен произведенеш тIехь леррина болх бора цо, кхиболчу яздархоша а шайн произведенеш кхоччуш къа а хоьгуш арахоьцийла а лаьар цунна. Цкъа, кхузткъалгIа шераш дуьйлалучу муьрехь цхьана нохчийн яздархочо шен ледара произведени зорбанехь арахецча, Iаламат чIогIа ца тайнера Мохьмадана. Автор мел цIе йолуш велахь а, магийта ца деза нохчийн литературин исбаьхьаллин барам лахбеш долу гIуллакхаш, арахеца а ца еза эгIаза произведенеш, бохучу маьIнехь дара Мохьмада хIетахь оьгIазаллица дина къамел.  Нохчийн литература хаддаза кхуьуш хилар дара цо гIайгIабеш дерг.

Нохчийн йозанан мотт, литературин мотт кхиор нохчийн къоман меттан бакъонаш ларъеш дIадахьа дезаш хилар чIагIдора Мамакаев Мохьмада. Шен цхьана статья тIехь  цо яздина: «Меттан кхиар массо a aгIop тIедогIу: замане керла деанчуьнца, лулахошкара, Iилманан кхиамашца, кхечу къаьмнашца лелочу гергарлонца. И кхиар а шен барамехь, раж а йолуш хила деза моьтту суна… Халкъо дезаш шен метта юккъе далийна дош дIакхосса гIертар, я цунна ца оьшург юккъе дало гIертар сонтачу стеган сонталла ю… Матто ца лов шена чу ца дуьжу арара хIума. ХIунда? Адамо чолхечу коьчалшна гулбина, вуно чолхе гIирс ша хиларна. Цу гIирса юккъе цхьа сирхат Iоттаелча, цо цунна, сахьта чу йоьжначу нехо санна, чIогIа новкъарло ярна… Матто сиха гучудоккху сонтаниг а, осалниг а, гIиллакхехь доцург а. Дуккха а хIуманаш ду къайладахийта тарлуш, амма шена мотт цахаар цхьаьнгга а лачкъалур дац. И санна, маттера ледарло а яьлла, кIелдисна хIума дац. Нагахь диснехь, и бийца ца хуург бехке волуш дисна. Вайн хенахь а наггахь карабо и шен ненан мотт цахаарх дозалла деш болу нах. Ишттанаш, цхьана а хIуманна пайдехь ца хиларал сов, массарна а кхераме бу. ХIунда? Шечуьнан сий дан ца луучо, нехачуьнан сий данне а дийр дац. Ишттанаш цхьа хала де тIехIоьттинчохь цхьанне а тешаме бац. Цара шайн дай а бухкур бу. Цундела цхьанне а ца беза шайн къам, цу къоман диканиг сийсаздаккха гIертарш». И могIанаш шовзткъа шарал а хьалха яздина ду, амма уьш тахана яздича санна мехала ду церан маьIна.

Мамакаев Мохьмад  шен   произведенешкахь даим а халкъаца, махкаца ву. Уггар лакхара дарж ларара цо шен къоман поэт хилар. Вонехь а, диканехь а  нахаца цхьаьна хилар дара цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьаьна деттало цуьнан  лирически турпалхочун дог. Даймахкал хьоме цхьа хIума а ца хилла Мохьмадана. "Зама" цIе йолчу шен стихотворени тIехь поэта даггара боху: «Даймехкан сийлахьчу декхарна  Дуьненахь массо а деха вай". И ойла Мамакаев Мохьмадан ерриг а кхоллараллех чекхйолуш ю. 

Авторханов Iабдурахьмана шен мемуарш тIехь даладо, чувоьллинчохь дов хоттуш, следовательша шена тIехь кхоьллинчу харцонна даре ден бохуш, прокурор тIевирзича, Мамакаев Мохьмада аьлларг: «Гражданин прокурор, я никаких показаний не давал, все, что вы цитируете, сочинили мои следователи. Я подписал под невыносимыми пытками. Нарком-майор Иванов дал мне слово чекиста, что, как только я подпишу показания, меня расстреляют. Но он обманул. Быть может, вы хотите выполнить обещание Иванова? Но теперь мне не хотелось бы облегчать вашу миссию. Я увидел своих детей, и если мне придется умереть, то не хочу заклеймить позором их будущее. Чтобы не говорили им, что отец их умер как трус и предатель чеченского народа». 

Иштта хилла Мамакаев Мохьмад.

Мамакаев Мохьмада шен тоьллачу произведенешца исбаьхьаллин хазна йиллина  нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа.

Арсанукаев Iабдулла

МАМАКАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ   

ДоттагIалла. Стихаш // Соьлжа-ГIала, 1930.
Коминтерн. Очерк.  Соьлжа-ГIала,  1930.
ЧIегIардиг. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1931.
Кад ойуш // Серло. 1934. 27 апр. (М. Тур цIарца).
Белхан илли // Серло. 1934. 17 июнь. (М. Тур цIарца).
Белхан илли // Серло. 1934. 15 авг.
ЦIу // Серло.  1934. 6 авг. (М. Тур цIарца).
ЦIу. Поэмин дакъа // Кхиам. 1934. № 1. А. 33-41. (М. Тур цIарца)
ЦIий хуьйдина лаьмнаш. Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГIала, 1936.
Суй.  Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГIала, 1940.
БIаьсте // Къинхьегаман байракх. 1956. 29 март.
ЦIена дог. Дийцар // Къинхьегаман байракх. 1956. 26 июль.
Безам // Къинхьегаман байракх. 1956. 30 нояб.
Шайхийн къайле. Дийцар // Къинхьегаман байракх. 1956. 14 дек.
Ши медаль  // Ленинан некъ. 1957. 17 май.
Суьйренан ойланаш // Ленинан некъ. 1957. 12 июль.
Безам // Ленинан некъ. 1957. 18 июль.
БIевнаш юттург. Рассказ // Ленинан некъ. 1957. 19 июль.
Поэте // Ленинан некъ. 1957. 3 авг.
Лермонтовга // Ленинан некъ. 1957. 30 авг.
Зама // Ленинан некъ. 1957. 9 окт.
Ша меттах баьлла. Дийцарш, очеркаш. Алма-Ата, 1957.
Со вина де // Ленинан некъ. 1957. 12 дек.
Хазачу йоьIан тIулг. Дийцар // Къинхьегаман байракх. 1957. 13 дек.
Ярташкахь. Яздархочун блокнот тIера // Сердало. 1958. 11 май.
Дийцарш // Грозный,1958.
Ша меттахбаьлла. Дийцарш  // Грозный.1958.
Комиссар.  // ДоттагIалла. 1958. № 1. С. 8-10.
Сан некъан кехат. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1958.
Кемсийн хорха. Поэма // Ленинан некъ. 1959. 16 авг.
Йовле кехат // ДоттагIалла. 1959. № 4. С. 56-59.
Шад. Рассказ // Ленинан некъ. 1959. 15 нояб.
Цхьа буьйса. Дийцар // Ленинан некъ. 1960. 5 февр.
Юьртан библиотекарь. Очерк // Ленинан некъ. 1960. 6 март.
Даймехкан некъаш. Дийцарш, очеркаш. Грозный, 1960.
Хьешан илли // Ленинан некъ. 1960. 14 июнь.
Зезаг // Ленинан некъ. 1960. 16 нояб. № 137.
Некъаш // Ленинан некъ. 1960. 25 нояб.
Некъаш // Орга. 1960. № 3. А.  19.
Зезаг // Орга. 1960. № 3. А.  20.
Кемсийн хорха. Поэма // Орга. 1960. № 4. А. 21-29.
ШайтIанан зурма // Орга. 1961. № 1. А.  51.
Мюрид революции. Глава из романа // Орга. 1961. № 2. С. 12-20.
Редакторшка // Орга. 1961. № 3.  А. 51. (М. Тур цIарца).
Ма алахьа соьга // Орга. 1962. № 2. А. 53.
ЛадогIахьа // Орга. 1962. № 3.  А. 34.
Ницкъ // Орга. 1962. № 4.  А.  45.
Мюрид революции. Глава из романа // Орга. 1962. № 4. С. 9-14.
Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1962.
Ша меттахбаьлла. Дийцарш, очеркаш. Грозный, 1962.
Революции мурд. Роман. Грозный, 1962.
Сан дог // Орга. 1963. № 2. А. 30.
Со вуха вогIур ву. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1963.
Гулйина сочиненеш, т. 1. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1964.
Гулйина сочиненеш. т. 2. Дийцарш, повесташ. Грозный, 1965.
ТIулгаша а дуьйцу. Стихаш. Грозный, 1966.
Зеламха. Роман. Грозный, 1968. 
Хаьржинарш. Грозный, 1970. 
Избранное. Зелимхан. Мюрид Революции. Романы. М., 2009.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Разгром аула. Отрывок. Пер. Ив. Рахилло // Грозненский рабочий. 1931. 16 янв.
Дружба. Отрывок из поэмы «Кровавые горы». Пер. В. Жак // На подъеме.1931.№ 8.С. 41.
Кровавые горы. Отрывок из поэмы. Пер. В. Жака // На подъеме. 1931. № 9-10. С. 43-44.
Кровавые горы. Отрывок из поэмы // Писатели СССР. – Великому Октябрю. М., 1932.
Кезеной-Ам // Серло. 1933. 14 авг. (За подписью М. Тур).
Кровавые горы. Отрывок // Грозненский рабочий. 1935. 14 сент.
В родном краю // Грозненский рабочий. 1935. 17 сент.
Первый гудок. Повесть. Игарка, 1956.
День моего рождения. Пер. И. Трунов // Грозненский рабочий. 1957. 24 апр.
Полы шинели. Пер. И. Трунов // Комсомольское племя. 1957. 7 июль.
Дружба. Пер. Н. Асанов // Грозненский рабочий. 1957. 30 авг.
Дружба. Ласточка. Пер. Н. Асанов // Октябрь. 1957. № 8. С. 108-109.
День моего рождения. Пер. С. Олендер // Дон. 1957. № 7. С. 63-64.
Утро над Аргуном. Стихи. М. 1958.
Шашка. Стихи. Пер. С. Олендер // Дружба народов. 1958. № 9. С. 95.
Стихи. Пер. С. Олендер // Дон. 1957. № 7. С. 63-64.
У родника. Пер. А. Казаков // Дон. 1957. № 12. С. 115.
Время. Пер. Н. Асанов // Дружба. 1957. № 4. С. 81.
Время. Пер. Н. Асанов // Комсомольское племя. 1957. 11 дек.
Время. Пер. С. Мауленов // Комсомольское племя. 1958. 29 авг.
Утро над Аргуном. Стихи. М., 1958.
В кабинете Ленина. Алхан-Чурт. Пер. Н. Асанов // Литература и жизнь. 1959. 22 апр.
Другу юности. Пер. Н. Асанов // Грозненский рабочий. 1959. 5 июль.
Мой край. Пер. В. Щепотев // Социалистическая Осетия. 1959. 24 янв.
Разговор с матерью. Стихи и поэмы. Грозный, 1959.
Дороги Родины. Пер. А. Тарковский // Грозненский рабочий. 1960. 9 авг.
В гостях у Аллаха. Слово Шейху // Грозненский рабочий. 1960. 5 окт.
Другу. Пер. А. Толмачев // Социалистическая Осетия. 1960. 26 окт.
Разговор с героиней. Пер. В. Щепотов // Грозненский рабочий. 1960. 23 нояб.
Скажи, мой друг… Пер. Н. Асанов // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб.
Черт с зурной. Пер. Н. Гребнева // Наука и религия. 1960. № 7. С. 91.
У могилы Льва Толстого. Пер. В. Микушевич // Грозненский рабочий. 1960. 20 нояб.
Родина. Новогоднее. Пер. // Комсомольское племя. 1960. 29 дек.
Для людей // Комсомольское племя. 1961. 8 янв.
Гостеприимному хозяину // Комсомольское племя. 1961. 22 янв.
В кабинете Ленина // Грозненский рабочий. 1961. 22 апр.
Дуб над Ассой. Стихи и поэмы. М., 1961.
Небо чистое над нами. Пер. А. Казаков // Грозненский рабочий. 1962. 1 май.
О, скупым не стану я вовек!.. Пер. Д. Голубков // Литература и жизнь. 1961. 24 сент.
Родина. Я больше всех люблю ее одну. Упрекнул меня остряк, считая… Пусть все одето ночною синевою…Летают бабочки, рассвет белеет…Прошла моя юность одними путями… Пер. С. Олендер // Советская Осетия. 1962. № 20. С. 91-92.
Три стихотворения. Пер. С. Олендер // Грозненский рабочий. 1962. 30 апр.
Отчизна // Комсомольское племя. 1962. 14 окт.
Отчизна. О дружбе. Весна в России. Пусть все одето синевою. Пер. с чеч. В. Бугаевский, С. Олендер, А. Казаков // Дон. 1962. № 6. С. 83-84.
Мюрид революции. Отрывок из романа // Грозненский рабочий. 1963. 3 февр.
Первая борозда. Вор. Жена. Пер. С. Олендер // Грозненский рабочий. 1963. 12 февр.
О нытиках сужу сурово // Грозненский рабочий. 1963. 14 апр.
Лирические миниатюры: «Уже давным-давно известно…», «Карабкался по бездорожью…», «Эй, нытик вечный…». Пер. В. Жак, Н. Егоров //Дон. 1963. № 6. С. 110-111.
Мюрид революции. Роман. Грозный, 1963.
Гибель вендетты. Отрывок из повести (в соавторстве с X. Ошаевым и В. Щепотевым) // Литературная Россия. 1963. 24 май.
Гибель вендетты. Отрывок из повести (в соавторстве с X. Ошаевым и В. Щепотевым) // Грозненский рабочий. 1963. 6 июнь.
Гибель вендетты. Вайнахская повесть (в соавторстве с X. Ошаевым и В. Щепотевым). Грозный, 1963.
Асланбек Шерипов. Очерк. Грозный, 1967.
И камни говорят. Стихи. М., 1968.
Мюрид революции. Роман. М., 1968.
Шрамы эпохи. Стихотворения. Поэма. М., 1995 
Избранное: Зелимхан. Мюрид революции. Романы М., 2009.

КХЕЧУ МЕТТАНАШКАХЬ

День моего рождения. Пер. на кабард. Хабала Беров // Ошхамахо. 1959. № 5. С. 103-104.
Не родился я в Сибири… Пер. на балк. К. Отаров // Шуйохлук. 1960. Кн. 8. С. 5.
Смерть Асланбека. Пер. на осет. // Мах дуг. 1960. № 3. С. 37.
Дети-каменщики. Картина Коста. Пер. на осет. Б. Муртазов // Растдзинад. 1960. 26 окт.
История кнута. Рассказ. Пер. на осет. Н. Мамиева // Растдзинад. 1960. 26 окт.
Подвижка. Очерки и рассказы. Вступит. статья, К. Абухова. Пер. на кумык. Б. Мантикова // Махачкала. 1962.
Рассказ о нагайке. Пер. на кабард. М. Нартоков // Ошхамахо. 1962. № 1. С. 47-51.

IИЛМАНАН БЕЛХАШ, СТАТЬЯШ, КЪАМЕЛАШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Вайн къоман музыка а, композитор Мипурнов а. Статья // Кхиам. 1934. № 1.
Поэтан некъ. Статья // ДоттагIалла. 1959. № 2.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Предисловие к сборнику «Поэты советской Чечено-Ингушетии». Пятигорск, 1937.
Творчество Арби Мамакаева. Статья // Грозненский рабочий. 1959.26 июль.
 Предисловие к антологии «Поэзия Чечено-Ингушетии» (в соавторстве с Н. Асановым). М., 1959.
Чеченский тайп (род) и процесс его разложения. Грозный, 1962.
Чеченский тайп в период его разложения. Грозный, 1973.
Речь, произнесенная на совещании историков в москве 16 ноября 1956 г. // Молодежная смена. 2004.10  нояб.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2