доллар    57.29 $
евро 67.35 €
18 октября, 03:23
Погода в Грозном +15 в Грозном

МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ (1922 – 1978)

18 ноября в 14:30 (2013 г.)
На Фото: Муталибов Зайнди На Фото: Муталибов Зайнди

Арсанукаев Iабдулла

Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: «Муталибов Зайнди кхолларалла вайн литературехь ша къаьстина меттиг дIалоцуш ю. Цуьнан башхалла ю дукхахйолу шен произведенеш цо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна язйина хилар. Буьрсачу, къизачу тIеман суьрташ ма-дарра гайталур дац и дерриг а шен бIаьрга гина, шен дагца, дегIаца лайна болчаьрга санна. Муьлхха тIом шен сица къийлина, шен дагах а, цIийх а чекхбаьлла боцчаьрга. Цундела мехала ду тIеман дакъалацархойн-яздархойн цунах лаьцна долу муьлхха а тоьшалла. Муталибов Зайндин тIамах лаьцна долу дийцарш, повесташ, стихотворенеш бIаьхочун тIеман некъех лаьцна йозанаш ду. Уьш гергара а ду вайна, иза ша оцу буьрсачу хиламийн дакъалацархо хиларна».

Нохчийн поэт, прозаик Муталибов Зайнди вина 1922-чу шеран 15-чу сентябрехь Веданан районерчу Хоттани юьртахь ахархочун Iабдулхьалиман доьзалехь. Юьртарчу ворхIшеран школехь дешна Зайндис, иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа, шен 15 шо долуш, школе пионервожати вахна иза. ХIетахь дуьйна дIаболабелла Муталибов Зайндин белхан некъ. Зайнди шен балхаца ларалуш а, шен хаарш тIедузуш а хилла. Цхьа хан яьлча КПСС-н Веданан райкоман агитацин, пропагандин отделан инструктор хIоттийна иза.

Хьалхе яздан волавелла Зайнди, цуьнан дуьххьарлера стихотворени зорбане яьлла 1937 шарахь «Ленинан некъ» газета тIехь авторан 15 кхаьчначу хенахь. ХIетахь дуйьна хаддаза яздеш схьавеана, юьхьанца поэзехь, тIаккха прозехь а. Дукхахьолахь «Ленинан некъ», «Ленинхо» газеташ тIехь арайийлина къоначу поэтан стихотворенеш. Масала, «Суьйре» цIе йолу цуьнан стихотворени зорбатоьхна 1940 шеран 22 сентябрехь араяьллачу «Ленинан некъ» газетан номерехь, «Сийлахь Октябрь» – 6 ноябрехь, «Керла шо» – 1941 шеран 1 январехь, «Сийлахь-воккха Ленин» – 22 январехь, «Турпалчу ЦIечу Армина» – 23 февралехь «Ленинхо» газета тIехь, цу тайпана кхидIа а.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелча, Муталибов Зайнди, заявлени а яздина, шен лаамехь тIаме воьду. 255-чу Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкаца цхьаьна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах чекхваьлла Муталибов Зайнди. Цо тIом бина Къилбен а, Сталинградски а, Къилба-Малхбузен а фронташкахь. МогIарчу салтичунна тIера дошлойн дивизионан штабан начальникан дарже кхочу иза майоран чин а долуш. Муталибов Зайндин бIаьхаллин гIуллакхаш билгалдаьхна исс пачхьалкхан совгIат даларца (мидалаш, орденаш), шайна юкъахь ЦIечу Седанан а, ТIеман ЦIечу Байракхан а орденаш йолуш.

ТIом болчу хенахь Муталибов Зайндис дуккха  а стихотворенеш, дийцарш, очеркаш язйина. Оцу шерашкахь цуьнан произведенийн тематика, кхечу яздархойн а санна, тIамах лаьцна, мостагIчунна тIехь толам баккхарх лаьцна яра. ТIемалойн турпалаллех, царна даймохк йист йоцуш дукхабезарх, иза Iалашбан лаарх  лаьцна яра. Поэтан стихийн чулацам, цуьнан лирически турпалхочун дог-ойла, синхаамаш, цуьнан дерриге дахар даймахкана дIаделла, иза мостагIчух паргIатбаккхаре хьажийна дара. «БIаьхочуьнга» цIе йолчу стихотворенехь поэта боху:

    Вайх леш дан, вайн дахар хIаллакдархьама,
    Фашизмо вайн махка шен талу детта,
    Исбаьхьа вайн шахьарш сийна цIе тесна
    Ягийна. Вайн дахар кхерамехь лаьтта.
    Сталинград шарйина, Цимлянск ягийна,
    Вайн хьоме Ростох а цаевзарг йина.
    Эзарнийн доьзалех бай дина гIийла,
    Бекхам бер вай, бIаьхо, цIийн мостагIчунна.

Иштта ондда екара поэта-бIаьхочун поэзи тIеман хенахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом толамца чекх а баьлла, Японин пачхьалкхаца долу тIеман гIуллакхаш а дIадирзинчул тIаьхьа, 1946 шарахь эскарера мукъа ваьлла Муталибов Зайнди. Сийлахь Даймохк луьрча тIамехь фашистех Iалашбеш тIеман хьуьнарш гайтарна накха буьззина Советски Союзан орденаш, медалаш  йолуш цIавеанчу гварди-майора Муталибов Зайнди дерриг нохчийн халкъаца махкахбаьккхинчу шен доьзална тIе Киригизи ваха дезна, кхиболчу нохчийн тIемалойн а санна. Цигахь 1946-1957 шерашкахь хьехархочун а, белхан кегийрхойн суьйренан школехь директоран а белхаш бина цо. 1952 шарахь Бишкекехь Киргизски пачхьалкхан педагогически инстиутан исторически факультет чекхъяьккхина. Махках ваьккхинчуьра цIа ван гIайгIа беш а хилла, амма Нохч-ГIалгIайн республика меттахIоттийнчул тIаьхьа бен цIа ца ваийтина.

Даймахка цIа вирзинчул тIаьхьа 1957 – 1958 шерашкахь юьхьанца «Ленинан некъ» газетан партийни дахаран отделан заведующи, тIаккха Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь редактор лаьттина. Цул тIаьхьа 1959 – 1961 шерашкахь Муталибов Зайндис Москвахь КПСС-н Центральни Комитетан чуйогIуш хиллачу Лаккхарчу партийни школин журналистикин факультетехь доьшу. Иза чекх а яьккхина цIа веача,  1961 шарахь «Ленинан некъ» газетан  редакторан заместитель хIоттийна, цигахь цхьана-шина шарахь болх бинчул тIаьхьа Грозненски юьртан районан «Заветы Ильича» цIе йолчу газетан редакторан заместитель вахийтина. Оцу редакцехь кхиамца цхьана шарахь болх бина яздархочо, дукха хан ялале лаккхара жоьпаллин дарж тешадо цунах, 1964 шарахь Муталибов Зайнди Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон директор хIоттаво. Республикин издательствон коьртехь кхаа шарахь болх бина цо. 1967 шарахь Нохч-ГIалгIайн книготорган директор вохуьйту Муталибов Зайнди. Иттех шо даьккхина цо оцу даржехь, 1978 шарахь Соьлжа-ГIаларчу телестудин коьрта редактор хIоттаваллац. Ша бинчу кхечу белхашкахь а санна, республикин телевиденехь а даггара, жоьпаллица болх бина яздархочо. Амма дукха ца лаьттина иза оцу балхахь. ТIеман халонаш а, махках ваккхар а лан дезначу яздархочун оьмар еха ца хиллера. Шен 56 шо а кхачале, 1978 шарахь кхелхина Муталибов Зайнди.

Оцу массо а меттигашкахь болх беш а, Муталибов Зайндис коьрта леринарг исбаьхьаллин литературехь къахьегар ду. Мел сихачу хьелашкахь а ца сацийна цо литературехь кхоллараллин болх бар. Поэзехь а, прозехь а хаддаза яздо цо.

Муталибов Зайндин дуьххьарлера книга араяьлла 1958 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издастельствехь. Иза «Даггара» цIе йолу поэтически сборник яра. Аьхна, ойла серлайоккхуш, дог доккхадедеш стихаш ю сборник тIехь. Дуьненах, дахарх, валар-висарх, безамах, Iаламах лаьцна ойлаеш ву поэтан дуьххьарлерчу книгин лирически турпалхо.

Масех поэзин сборник араяьлла Муталибов Зайндин. Царна юкъахь ю лакхахь цIе яьккхинчул совнаха «Дека, сан илли» (1961), «Даима хьоьца» (1964), «Со хьан кIант ву» (1966). «Пульс эпохи» (1966), «Бессмертный всадник» (1968) кхиерш а. Цуьнан поэзин коьрта маьIна, исбаьхьаллин хатI  мелла а хаало «Лийр воцу бере» стихотворенехь:  

   Атта ца хиллачу
                сайн некъан жамI деш,
   Хилларш я тIе хиндерш
             ойланца лоьIуш,
   ВогIу со, кIайн дуьне,
                хьо дезар даздеш,
   Лийр воцу бере, хьо
                даггара лоьруш.
   Хьо даим вехар ву,
               дин боцу бере,
   Инзаре хийцамаш
               кху лаьтте кхийдош.
   Ницкъ болуш
               велар-кха
    бIешерийн гене
    Хьоьца ван –
               Даймехкан,
                         сайн халкъан сий деш.
    Доца ду
               дуьненахь
                            къонахчун
                                       дахар,
    Iаламан
               лаам бу
                          ша иштта
                                        хилла…
    Сайн денойх
                 цхьаъа а
                            ца дуьтуш
                                       Iахар,
    Дахарехь гIерта со
          лар йита
                             сирла.

Муталибов Зайндин кхоллараллехь поэзин книгаш алсам елахь а, кIезга яц прозехь язйина произведенеш а. Царлахь угар мехала лара йогIу 1960-чу шарахь зорбанера араяьлла «БIаьхочун весет» цIе йолу книга, къаьсттина цу тIера повесть «БIаьхочун весет». Цул тIаьхьа 1968 шарахь оьрсийн маттахь араелира «Раненая анкета» цIе йолу дийцарийн книга а. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь бIаьхоша гайтина турпалалла билгалйолу Муталибов Зайндин прозаически произведенешкахь. Яздархочо исбаьхьаллин басаршца къеггина гайтина нохчийн бIаьхойн тIеман хьуьнарш. Хиллачийн бух тIехь яздина ду цуьнан дийцарш. ТIамехь мостагIех майра леташ хилла цхьаболу шен махкахой исбаьхьаллин дийцаршкахь шайн бакъйолчу цIаршца а бийцина яздархочо. Масала, «Ша-тайпа хилларг», «Тхо кхоъ вара» цIерш йолчу дийцарийн турпалхо ву Iалхан-Юьртара Эдельханов Ширвани тIамехь майраллица билгалваьлла хилла разведчик. Оцу гIуллакхо очеркана герга даладо дийцарш,  амма  церан исбаьхьалла хIумма лах ца йо. Мелхо а,  бIаьхойн турпала васташ бакъдолчуьнца нийса догIуш хилар гойту. Дийцаршкахь дика го тайп-тайпанчу къаьмнех болу тIемалой, цхьа доьзал санна, бертахь а болуш, инзаречу турпалаллица фашистех летар. «Царах хIоранна а дагахь дара, – боху яздархочо, – тхан дайша шайн цIийх хьандина Советски Даймехкан латта тхуна хьоме ду. Бомбанаш цунна тIехь мел оьрнаш дахарх, яккхийчу тоьпийн хIоьънаша цунна чевнаш ярх, мостагIчун мортираший, минометаший иза мел чIогIа агарх мостагIчунна луург хир дац!» Герзах йоьттина йолчу фашистийн ардангах цIанбира бIаьхоша хьоме Даймохк, тIом толамца чекхбаьккхира, Европерчу кхечу къаьмнашна а паргIато еара. Дуьненахь хIинццалц схьа хиллачарах уггар а буьрсачу тIамехь шен амал яхчаелла волчу бIаьхочун васт кхоьллина шен произведенешкахь Муталибов Зайндис.

Литературоведа Минкаилов Эльбруса Муталибовн Зайндин дийцарийн жанран цхьайолу башхаллаш билгалйохуш яздина: «Дийцаршкахь мехала меттиг дIалоцу дийцархочун васто. Цхьадолчарна тIехь дуьйцург ша автор ву, ткъа вукхарна тIехь автор ладогIархо санна ву, кхоалгIачарна тIехь иза шена кхин цIе тиллина ву (масала, «Чов йина анкета» дийцарехь – Абдурахманов Зелимха). Оцу дийцаршкахь вайна хьалха хIутту авторан З. Муталибовн шен васт, цуьнан дахаран некъ. Иштта, масех дийцарехь кхоллало полкан командиран Висаитовн а, разведчикан Эдельхановн а, яздархочун тIеман кхечу накъостийн а васташ.

З. Муталибовн дерриге а бохург санна дийцарех дийцарш-эпизодаш ала мегар ду. Царах хIоранна тIехь а тIеман цхьана эпизодах лаьцна дуьйцу. Иза яздархочунна шена дагаеана, я цхьамма йийцина ю. Дукхахдолчу дийцаршкахь гойтург тIеман хьалхара мур бу, фронтехь эшамаш хиларца билгалбаьккхина болу. Цуьнан турпалхой могIарера бIаьхой, разведчикаш, водительш, санинструкторш, вуьшта аьлча, тIеман могIарера салтий бу. Царах массеран а ницкъ ца кхочу турпалалла гайта, амма уьш цхьаъ бо оьздангаллин цIеналло, хьаналло, хьуьнарна кийча хиларо, стогалло, шен Даймахкана, шен халкъана тешаме хиларо».

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь вайн махкахоша гайтина турпалалла билгалйолу Муталибов Зайндин произведенешкахь.

Муталибов Зайнди вевзаш вара гочдархо санна а. Цо оьрсийн маттера нохчийн матте яьхна М.А. Шолоховн «Адаман кхиэл», Г.К. Орджоникидзен «Статьяшший, къамелашший», кхиболчу авторийн произведенеш а.

Муталибов Зайнди нохчийн яздархойх дуьххьарлерниг вара шен поэзин а, прозин а дукхахайолу произведенеш тIеман тематикина лерина. Шен накъостийн-бIаьхойн тIеман хьуьнарш исбаьхьаллин литературехь гайтарна тIехьажийнера цо шен берриг кхоллараллин ницкъаш. Цуьнан тоьлла произведенеш къоман литературехь нохчин-тIемалочун васт кхолларан масал ду.

                                    МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                                НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Суьйре // Ленинан некъ. 1940. 22 сент.
Сийлахь Октябрь // Ленинан некъ. 1940. 6 нояб.
Керла шо // Ленинан некъ. 1941. 1 янв.
Сийлахь-воккха Ленин // Ленинан некъ. 1941. 22 янв.
Турпала ЦIе Арми // Ленинан некъ. 1941. 23 февр.
Турпалчу ЦIечу Армииа // Ленинхо. 1941. 23 февр.
Винчу нене // Ленинан некъ. 1942. 2 апр.
Езачуьнга // Ленинан некъ. 1942. 28 май.
Весет. Хьоме доттагIчунна-поэтана // Ленинан некъ. 1944. 9 февр.
Итт минот // Къинхьегаман байракх. 1956. 29 март.
Воккхаве безамах // Къинхьегаман байракх. 1956. 14 июнь.
Сийлахь Октябрь // Къинхьегаман байракх. 1956. 7 нояб.
Ойланаш // Къинхьегаман байракх. 1957. 4 янв.
Даймохк Iалашбарехьа… // Къинхьегаман байракх. 1957. 10 май.
Суьйре // Ленинан некъ. 1957. 18 июль.
Октябрах илли // Ленинан некъ. 1957. 9 окт.
Сийлахь Октябрь // Къинхьегаман байракх. 1957. 7 нояб.
Ойланаш // Сердало. 1957. 12 дек.
Ойланаш // Ленинан некъ. 1957. 12 дек.
Керла шо // Къинхьегаман байракх. 1958. 1 янв.
Хьомечу поэте // Ленинан некъ. 1958. 19 янв.
БIаьхочун весет. Дийцар // Ленинан некъ. 1958. 19. 21 февр.
Турпала  арми // Ленинан некъ. 1958. 28 февр.
Депутате // Ленинан некъ.1958. 16 март.
ТIамна кечлуш. Дийцар // Ленинан некъ. 1958. 6 апр.
Сийлахь-воккха Ленин // Ленинан некъ. 1958. 27 апр.
Керла дакъа. Повесть тIера // ДоттагIалла. 1958. № 1. А. 34-41.
ТIеман хьалхара де. Армейски дневник тIера. 1958. №61. 31 июль.
Сийлахь-воккха Ильич. Сийлахь Октябрь. Долало, Керла шо. Воккхаве безамах // ДоттагIалла. 1958. № 1. А. 17-20.
Даггара. Стихаш.  Грозный, 1958.
Дин беллачу кIентан илли // Ленинан некъ. 1959. 12 июль.
БIаьхочун весет. Повесть. Грозный, 1960.
Безаман вальс // Орга. 1960. № 3. С. 53.
Турпалчу  армина // Ленинан некъ. 1960. 24 февр.
Генахь Iан бакъо яц хьан // Орга. 1960. № 4. А. 52-53.
ЦIа вогIуш // Сердало. 1960. 11 авг.
Аьхкенан вальс // Ленинан некъ. 1960. 24 авг.
Таисига // Орга. 1961. № 1. А. 76-77.
Комбайнеран илли // Ленинский путь. 1961. 6 янв.
Дека, сан илли. Стихаш. Грозный, 1961.
Депутате // Ленинан некъ. 1962. 18 март.
Алжиран халкъе // Ленинан некъ. 1962. 23 март.
Сийлахь Октябрь // Ленинан некъ. 1962. 11 апр.
Октябран сий. Песня // Ленинан некъ. 1962. 11 апр.
Ленински комсомолана // Ленинан некъ. 1962. 15 апр.
Владимир Ильич Ленин // Ленинан некъ. 1962. 22 апр.
ТIаламазалла // Ленинан некъ. 1962. 8 июль.
Веданахь аьхкенан суьйре. Йиш // Ленинан некъ. 1962. 22 июль.
Даьхнилелоран ферме // Ленинан некъ. 1962. 12 авг.
Могуш вац // Ленинан некъ. 1962. 2 нояб.
Буьйса // Ленинан некъ. 1962. 5 дек.
Ойланаш // Ленинан некъ. 1963. 14 апр.
Мила ву бехе? Дийцар // Орга. 1963 № 4. а. 32.
Мустапан каранаш. Дийцар // Ленинан некъ. 1963. 8 сент.
Суьйре // Сердало. 1963. 12 окт.
Даима хьоьца. Стихаш. Грозный,  1964.
Со хьан кIант ву. Стихаш. Грозный, 1966.
Дорцана дуьхьал. Грозный, 1972.
Ши некъ. Грозный, 1981.

                                                 ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Пульс эпохи. Стихи. Грозный, 1966.
Раненая анкета. Рассказы. Грозный, 1968.
Бессмертный всадник. Стихи и поэмы. Грозный, 1968.
Истоки. Грозный, 1978.

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет