доллар    56.51 $
евро 63.2 €
29 мая, 10:36
Погода в Грозном +21 в Грозном

НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943)

11 декабря в 12:59 (2013 г.)
На Фото: Нажаев Ахьмад На Фото: Нажаев Ахьмад

Арсанукаев Iабдулла

Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш шайн исбаьхьаллин башхалашца хIинцалерчу литературица йогIуш цахилар, амма къоман исбаьхьаллин литература йолийнчеран кхоллараллин мехаллаш ша-тайпана ю, цара динчун маьIна а ша-тайпана деш ду. Церан цIаршца, церан исбаьхьаллин произведенеш тIера дIайоьдуш хуьлу муьлххачун къоман литература. Исторехь юьсуш ю йозанан исбаьхьаллин дешан юьхь йолийнчеран цIерш.
    Нохчийн исбаьхьаллин литература йолийнчарах ву  поэт, прозаик, фольклор гулъярхо, школашна язйинчу дешаран книгийн автор  Нажаев Ахьмад. Нохчийн маттахь дуьххьара къоман барта произведенийн книга арахецар Нажаев Ахьмада кхочушдина. Къоман йозанан поэзино хьалхарчу муьрехь яьхна гIулчаш а цуьнан цIарца йозаелла ю.
    Нажаев Ахьхмад вина 1895 шарахь Йоккхачу-АтагIахь, ахархочун Идиган доьзалехь. Дуьххьара йоза-дешар хьуьжарехь Iамийна Нажаев Ахьмада. Цул тIаьхьа ша оьрсийн мотт а, йоза а Iамийна. Хьехархойн курсаш чекх а яьхна, 1923 шарахь Йокхачу-АтагIахь юьхьанцарчу школе хьехархочун болх вахна иза. Оцу хенахь, хьехархочун балхаца цхьаьна, доккха гIуллакх дина Нажаев Ахьмада нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъярехь. Цо дуккха а иллеш, эшарш, туьйранаш, дийцарш дIаяздина.
    1924 шарахь Соьлж-гIала Нохчийн областан дешаран отделе балха схьавалаво Нажаев Ахьмад. Кхузахь а дIахьо цо халкъан барта кхолларалла гулъяран болх. Фольклоран произведенеш дIа а язъеш, зорбане кечйо цо.  1926 шарахь араелира Нажаев Ахьмада гулйина "Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш" цIе йолу книга. Иза дуьххьарлера книга яра вайнехан эшарш, дийцарш, кицанаш нохчийн маттахь зорбатоьхна. Оццу хенахь араелира  Нажаев Ахьмада  И. Ибриевца цхьаьна хIоттийна "Нохчийн эшарш" боху сборник а.    Халкъан барта кхолларалли тIехь болх баро Нажаев Ахьмадана гIо дира нохчийн меттан исбаьхьалла йовза, цуьнан мехаллах кхиа, цунах пайдаэца. Цунна чIогIа пайдехьа хилира шен поэтически кхоллараллин говзалла лакхаяккхарехь, исбаьхьаллин суртхIотто Iамарехь, ша халкъан барта произведенеш тIехь бина болх. Нохчийн областан халкъан дешаран отделехь испекторан болх бо Нажаевс. Доккха гIуллакх до цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь, школийн болх тобарехь. Нажаев Ахьмада нохчийн мотт хьехна юкъардешаран школашкахь, совпартшколехь, цу хенахь йохкуш хиллачу тайп-тайпанчу курсашкахь: хьехархойн курсашкахь, партактиван курсашкахь. 1926 шарахь дуьйна "Серло" газета тIехь арайовла юьйлаелира Нажаев Ахьмадан дуьххьарлера стихотворенеш. Оцу стихотворенеша адамаш  керлачу дахаре кхойкхура. 1934 шарахь араелира Нажаев Ахьмадан стихотворенийн сборник "Керла дуьне". Нажаевн лирически турпалхо керла стаг ву. Цо  къоман хиндолчу ойлайо, иза адамашка кхойкху:  дIадаха нахана юкъара зуламен хIуманаш, дешийта школашкахь берашка, зударий дахаран юкъаралле озабе, халкъ серлонга боьдучу новкъахь къобалде, кхечу къаьмнашца барт лаха, доттагIалла таса. "Керла дуьне" поэтически сборнико гучудаьккхира Нажаев Ахьмадан кхоллараллин таронаш идейни а, исбаьхьаллин а агIоран кхиъна йогIуш хилар. Оццу 1934 шарахь "Кхиам" цIе йолчу журнало зорбатуьйхира Нажаев Ахьмадан "Тховх тапча тохар" цIе йолу беламе (сатирически) дийцар. Оцу дийцаро, беламе дахарца къийсам латтабора адамашна юкъара дIадаха хьакъдолчу цхьацца хIуьмалгашца. 1935 шарахь  оьрсийн маттахь Москвахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу поэзин сборника юкъаяхара Нажаев Ахьмадан «Отпор», «Красноармейская песня», «Советскому писателю», «Величие науки» цIерш йолу стихаш. Пятигорскехь 1937 шарахь араяьллачу  «Поэты советской Чечено-Ингушетии» цIе йолчу стихийн сборника тIехь а яра Нажаев Ахьмадан «Мужественный ленинец», «Славный путь», «Конники», «Пондур» цIерш йолу стихотворенеш. Цу тайпана йоккхачу советан пачхьалкхехь кхечу къаьмнашна а евзира Нажаев Ахьмадан поэзи.
    Нажаев Ахьмада поэзин яккхийчу жанрашкахь а болх бина. 1936 шарахь араяьлла цуьнан "ЖаIу" цIе йолу йоккха поэма. Поэми тIехь исбаьхьаллин гIирсашца толлу автора вайн халкъан дахаран цхьа мур. Поэмин коьрта турпалхо Муца ву, цуьнан дахаран некъ гайтарехула хIоттийна ю поэмин сюжет. "ЖаIу" 1930 шерашкахьлерчу нохчийн литературехь дикачу произведенех ларалуш яра.
    Сталински зулам даьржинчу хенахь, 1937 шарахь лаьцна дIавигна Нажаев Ахьмад, Чувоьллинчохь 1943 шарахь кхелхина лору Нажаев Ахьмад.
    Поэтан цхьайолчу произведенешна юха зорбатоьхна. "Хаьржинарш" цIе йолу цуьнан поэтически сборник араяьлла 1967 шарахь.    Нажаев Ахьмадан кхолларалла 20-30 шерашкахьлерчу нохчийн поэзин цхьа агIо ю. Поэтан кхоллараллин тематика яра замано хьалха хIиттийна декхарш кхочушдаре хьажийна. Шен стихашкахь Нажаевс къобалдора дахарехь кхуьуш долу керланиг. Дешаро халкъана бахьа пайда гойтуш, керлачу заманахь дешаро бен пайдехьа стаг кхиориг цахилар чIагIдеш яра 20-30 шерашкара нохчийн поэзи. Нажаев Ахьмада  дика гойту дешарца халкъ серлонга даккха дезаш хилар. Иштта ю цуьнан стихаш «Советийн яздархошка», «Конференци», кхиерш а. Дешаран, культура кхиоран тема шен произведенешкахь къастош, Нажаевс билгалдоккху оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а культурера диканиг тIеэца дезаш хилар. Iилманах, поэзих  пайдаэца безаш хилар гойту автора. Оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а сийлахьчу нахах лаьцна дуьйцу. Масала, стихотворени «Сийлахь поэт – Пушкин».
Халкъашна юкъара доттагIалла чIагIдаран тема ойбу поэта. Тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамаша цхьабартболуш къахьегаро алсамдоккху мехкан хьал, боху цо. Къаьмнашна юкъара доттагIалла  чIагIдар шен сийлахь декхар лору Нажаевс. ДоттагIаллин уьйраш кхиорна лерина ю цуьнан дуккха а стихаш («ЦIен эскархойн йиш», «Конференци» и дI. кх.).
Нажаев Ахьмадан кхоллараллехь гIеххьа меттиг дIалоцуш ю  Iаламах лаьцна стихотворенеш. Нохчийн поэзехь 30-чу шерашкахь кIезиг яра, аьлча а, янний ян а яцара ала тарлуш ду Iалам гойтуш йолу стихотворенеш. Поэташна «бегIийла ца хетара» баккхийра классови хийцамаш хуьлуш лаьттачу хенахь Iаламан хазалла эшаршкахь йийцар. Амма Нажаев Ахьмада Даймехкан Iаламан исбаьхьалла гайтарца а кхио  безаш лерина Даймахке безам.
Поэтан Iаламах лаьцна йолу произведенеш шайн чулацамца а, исбаьхьаллин гIирсашца а цу хенахьлерчу поэзин тIегIанехь ю. Масала, «КIайн хьаша» стихотворени:

    Цу шакарийн цIогIанца, чехкачу боларца,
    КIайн хьаша схьавалош, мох хьийза дарцаца,
    Iаьржачу цу лаьтта шен хьошалла дилларца,
    КIайн хьаша кхечи, бамбин мотт билларца.

    Цу бамбийн ва меттахь кIайн юргIа даржийна,
    КIайн гIайба гIевлингахь ша охьавижна,
    Боданан и буьйса ша серлаяьккхина,
    «IА» боху кIайн хьаша охьахиъна ханна.  

    Цу лаьмнийн кортошна кIайн чалба хьерчош,
    Цу лекхачу хьаннаш тIе кIайн кхокхий хийшош,
    Дарц хьалха ша хьоькхуш, тхевнашкахь шок етташ,
    Веъна ша схьакхечи кIайн хьаша, мохь бетташ.

    Сов чIогIа хазахеташ, шаьш кхаьънаш дохуш,
    КIедачу цу лай тIехь шаьш хаза ловзуш,
    Бераш гуш ду вайна, салазаш хоьхкуш,
    Iа доьлла хазахеташ, вовшашка кхойкхуш.

        Цу тайпана яра Нажаев Ахьмадан кхийолу Iалам гойтуш йолу стихотворенеш а. Ошаев Халида билгалдаьккхина Нажаев Ахьмада дуьххьара нохчийн стихашка халкъан иллин ритмика ялийна хилар –  шина-кхаа стопах лаьтташ йолу дактиль.
Нажаев Ахьмадан кхоллараллин жамI ларалуш ю 1936 шарахь араяьлла "ЖаIу" цIе йолу поэма. Шен поэми тIехь автора гайтина нохчийн халкъо 20-30-чуй шерашкахь бина исторически некъ. ХХ бIешо доладелчхьана 30-гIа шераш юккъедовллалц болу къоман дахаран мур бу поэми тIехь поэтически гIирсашца толлуш берг. Поэмин коьртачу турпалхочун Муцин шен дахарх лаьцна долу дийцар ду произведенин чулацаман бухе диллинарг. Шина декъах лаьтташ ю поэма. Хьалхарчу доккхахдолчу декъа тIехь гайтина ХХ бIешарахь Октябрьски революцина тIекхаччалц йолчу хенахь Нохчийчохь хилла социальни дIахIоттам. ШолгIа дакъа революци а, граждански тIом а, цул тIаьхьа ярташкахь керла дахар а дIахIотторехьа латтийна къийсам гойтуш ду.
Муцин дахаран некъ Нохчийчохь хуьлуш болчу социальни хийцамашца цхьаьна гайтина поэми тIехь.
Поэма йолаелчхьана дуьйна иза чекхъяллалц халкъан, даймехкан теманаш ю хаддаза автора схьаяхьаш ерш. Вовшашца юьйцина цхьана йостуш ю автора оцу поэмин коьрта теманаш. Материальни а, духовни а хазна кхуллуш дерг халкъ ду, шен кхолламан да хилла дIахIотта  деза иза – иштта ду поэмин коьрта маьIна.
Поэмин композици цуьнан маьIна къеггина гучудолучу кепара хIоттийна ю. Стих йоца а йолуш, еша а, кхето а атта ю. Поэма строфашка екъна ю, строфаш 10-14-16 стихах лаьтташ ю. Коьрта долчу декъана шина стопах лаьттачу хорейн барамехь  язйина ю поэма.
Поэми тIехь гуш ду автора фольклорах пайдаэцар. Автора  васташ хIиттор вайнехан иллешкахь турпалхойн амалш гайтарца догIуш ду. Эпически шуьйра дахаран суьрташ хIиттадар а, поэмин хиламашкахь драматизм хааялар а вайнехан турпалхойн хьуьнарш гойтучу иллешкахь санна ду. Халкъан эшарш, иллийн кийсакаш ю поэмина юкъаялийна. Уьш поэмин мукъамца дика йогIуш ю, кхечахьара схьа а эцна юкъаялийна аьлла, хеташ а яц. Дукха ду поэми тIехь кицанаш, халкъан говза дешнаш, ира хабарш.
Оцу фольклорни материало гIо до авторна адамийн дагах хьакхалучу тайпана шен ойла гучуяккха.   
«ЖаIу» поэми тIехь Нажаевс идейни кIоргаллица къастийна шен заманахь лаьтташ хилла проблемаш. Нохчийн поэзехь эпически жанр кхиарехь мехала яра «ЖаIу» поэма. Лиро-эпически жанрехь иштта йоккха, кIорггера дахар толлуш произведенеш яцара цу хенахь вайн литературехь. «ЖаIу» поэма 30-чу шерийн литературехь эпически поэзехь тоьлашха йолу произведени яра.
Сулаев Мохьмада нохчийн литература йолийнчу «дуьххьарчийн туркх» аьлла Нажаев Ахьмадах. 20-30-чуй шерашкахь халкъана хьалхалаьтташ хилла декхарш кхочушдарехь поэтически дашца дакъалаьцна поэто шен кхоллараллица.
Iарбийн а, оьрсийн а поэзех пайда а оьцуш, дуьххьара вайнехан стих кхоьллинчарах цхьаъ ву иза. Даймехкан тема, керла дахар дIахIоттор, цунна новкъарло еш долу хIуманаш дIадахар, къаьмнашна юкъара доттагIалла кхиор – иштта теманаш яра Нажаевн кхоллараллехь коьртанаш.
Нохчийн литературин исторехь шен цIе а йолуш, литература йолийнчеран могIарехь лаьтташ ву поэт Нажаев Ахьмад.

НАЖАЕВ АХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Нохчийн эшарш, дийцарш, кицанаш // Соьлжа-ГIала, 1926.
Нохчийн эшарш // Соьлжа-ГIала, 1926. ( И.Ибриевца цхьаьна).
Конференцига маршалла // Серло. 1929. 19 дек. (1929 шеран 16 декабрехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллина ненан маттана лерина конференци).
Колхозан йиш // Серло. 1930. 14 окт.
Конференци // Серло. 1930. 24 дек.
Октябрь // Сердало. 1931. 13 нояб.
Селькорашка редакцин кхайкхам // Серло. 1932. 9 май.
Колхозан бIаьсте // Серло. 1932. 5 май.
Ши дуьне // Серло. 1932. 19 сент.
Сийлахь Октябрь // Серло. 1933. 7 нояб.
Горячеводскера курсашкарчу хьехархошна лерина йиш // Серло. 1934. 6 июль.
Iилманан кIоргенаш // Серло. 1934. 1 нояб.
Керла дуьне. Стихаш. Соьлжа-ГIала, 1934.
Тховх тапча тохар. Дийцар. «Кхиам», 1934, №1.
Казбек.  Iилманан кIоргенаш // Кхиам. 1934. № 1. А. 75-81.
Сийлахьчу Октябран 17 шо кхачарна // Серло. 1934. 7 нояб.
Гучиговн бригада // Ленинан некъ. 1935. 26 апр.
Вайн сийлахь самолет // Ленинан некъ. 1935. 30 май.
Зелимханан мукъамаш // Ленинан некъ. 1935. 29 июнь.
Серноводск // Ленинан некъ. 1935. 2 авг.
Гуьйренан малх // Ленинан некъ. 1935. 6 сент.
Казбек // 1935. 29 нояб.
Майра ленинец. (С.М. Кировх лаьцна) // Ленинан некъ. 1935. 1 дек.
Ленин // Ленинан некъ. 1936. 21 янв.
Турпала береш // Ленинан некъ. 1936. 6 февр.
Москвахь // Ленинан некъ. 1936. 26 апр.
Хьалхара май // Ленинан некъ. 1936. 1 май.
ЖаIу. Поэма. Соьлжа-ГIала, 1936.
Сийлахь поэт – Пушкин // Ленинан некъ. 1937. янв. № 33
Сийлахь куьйгалхо кхалхарна. (Орджоникидзе) // Серло. 1937. февр.
Хаьржинарш. Грозный, 1967.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

«Отпор», «Красноармейская песня», «Советскому писателю», «Величие науки». Стихи. // Поэты Чечено-Ингушетии. М.,1935.
«Мужественный ленинец», «Славный путь», «Конники», «Пондур». Стихи // Поэты советской Чечено-Ингушетии. Пятигорск, 1937.

 

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Комментариев нет