Арсанукаев Iабдулла

Ошаев Халидан 1920 шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу «Нефтерабочий» я «Красный труд» газета тIехь. Яздархочо ша билгал ма-даккхара, советан Iедал тIедеанчул тIаьхьа нохчийн литературехь язйина дуьххьарлера произведени ю иза. (Туркаев Х. «Жажда неутоленная». 2007). Цу тайпана, ХХ бIешеран нохчийн литература йоллалучу юьххехь язйина Ошаев Халида шен дуьххьарлера произведенеш. Иза нохчийн йозанан литература йолийнчеран хьалхарчу могIаршкахь ву.  Прозехь, драматургехь, публицистикехь йоккхачу эвсараллица болх бина яздархочо.  Кхоллараллин таронаш яккхий йолуш яздархо вара Ошаев Халид.

Ошаев Халид вина 1898 шеран 1-чу январехь Йоккха-АтагIана гена йоццуш хиллачу Чахкара-ГIалахь хьуьнан белхахочун Дудин доьзалехь. Шен 11 шо долуш Соьлжа-ГIаларчу реальни училище деша вахна Халид. Цигахь хинволчу яздархочунна евзина, еза а елла оьрсийн классически литература. Боккхачу лаамца, дика кхиамаш болуш дешна цо реальни училищехь. Нохчийн пачхьалкхан архивехь долчу реальни учи­лищан кехаташ юккъехь № 21 йолу протокол ду  1916 шеран  май беттан 31 дийнахь хIоттийна, цу тIехь билгалдаьккхина: “Ошаеву Халиду  выдано свидетельство об окончании курса (7 класса) Грозненского реального училища”.  ВорхI классах лаьтташ хилла хIетахь реальни училищехь дешар. Реальни училище лаккхарчу кхиамашца чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1916 шарахь Петербургерчу хьуьнан институте деша вахна Халид. Октябрьски революци хила герга яхана хан хилла иза. Оцу буьрсачу, амма шен кхетам кхиарехь беркате хиллачу хенах лаьцна тIаьхьо шен произведенешкахь дуьйцур ду яздархочо. Институтехь шина шарахь дешначул тIаьхьа цIа веана Ошаев Халид. Нохчийчохь граждански тIом болу хан яра иза. А. Шериповца, Н. Гикалоца цхьаьна цо дакъалоцу Нохчийчохь деникинцашна дуьхьал лаьттинчу боламехь.  Iалхан-Юьртахь, Чеченахь, кхийолчу ярташкахь бинчу тIемашкахь хилла иза. ТIаьхьа шен «Алун шераш» эпопея тIехь яздархочо къеггина гойтур ду хIетахь Нохчийчохь лаьттина юкъараллин хьелаш, дуьйцур ду граждански тIеман боламах лаьцна.

Советан Iедал дIахIоьттинчул тIаьхьа Ошаев Халид пачхьалкхан жоьпаллин белхашка хIиттаво. 1920  шеран июнь баттахь, Владикавказехь совпартшколехь  кхаа беттан курсаш чекхъяьхна цIа веана Халид, РКП(б)-н Соьлжа-ГIалин комитетехь нохчийн секцин инструктор вохуьйту. Оцу хенахь язйина цо нохчийн йозанан литературехь дуьххьара йолу баллада.

Горкоман инстуркторан даржехь дукха ца витина Ошаев Халид. Иза 1920 шеран ноябрь баттахь Владикавказе дIавигна цIечу эскаран Терски политотделехь болх бан. 1921–1922 шерашкахь Нохчийчоьнан ревкоман председатель хилла Ошаев Халид, цул тIаьхьа «Советская Автономная Чечня» газетан редакцин жоьпаллин секретаран болх бина. 1923 шарахь юьхьанца Соьлжа-ГIалахь а, тIаккха Ростовхь а пачхьалкхан политически органашкахь болх бар тIедуьллу цунна.  Цхьана муьрехь Нохчийн областан халкъан дешаран отделан политпросветан заведующи лаьттина, цул тIаьхьа Ростов гIалахь ОГПУ отделехь болх бина. 1925 шарахь юха а Нохчийчу схьавалаво Ошаев Халид, Цунна тIедуьллу Нохчийн областан дешаран отделан куьйгалхочун дарж. Пхеа шарахь лаьттина Ошаев Халид Нохчийчохь халкъан дешаран коьртехь. Къоман дешаран исторехь  ша-тайпа хала хан хилла и шераш. Оцу муьрехь хийцина нохчийн меттан графика, Iаьрбийн йозан буха тIера латинин графике даьккхина къоман йоза. Iаламат хала, чолхе, дешаран системехь дукха къахьега дезаш гIуллакх хилла иза. Уггар хьалха хьехархой кечба безара керлачу йозанца школашкахь хьеха. Керлачу йозанна адаман ойла тIеерзорехьа болх дIабахьа дезара. Ерриге дешаран книгаш, кхиболу дешаран гIирсаш керлачу йозане берзо дезара. ДIахьош дара Нохчийчохь керла школаш яхкар, баккхийчарна йоза хьехар, зудабераш дешарна юкъаозор. Оцу дерриге гIуллакхашца ларавелла Ошаев Халид. Билгалдаккха деза,  латиницин буха тIехь йолу нохчийн алфавит хIоттийнарг Ошаев Халид хилар Сальмурзаев Мохьмадца цхьаьна.

Цу тайпана, 1925-1930 шерашкахь ша Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан куьйгалхо  лаьттинчу хенахь Ошаев Халида доккха гIуллакх дина  Нохчийчохь школаш схьаеллар, хьехархой кечбар, дешархошна оьшуш йолу нохчийн меттан учебникаш, кхийолу дешаран книгаш язъяр, уьш зорбанехь арахецар вовшахтухуш.

И жоьпаллин белхаш дIакхехьарца цхьаьна Ошаев Халида хаддаза къахьоьгу исбаьхьаллин литературехь а. Цуьнан дуьххьарлера исбаьхьаллин произведенеш зорба туху 20-гIа шераш дуьйладеллачу муьрехь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина «Советская Автономная Чечня», «Нефтерабочий» газетийн агIонаш тIехь. Оцу хенахь драматургически произведенеш а язйо Ошаев Халида. ЧIир екхаран Iадатах лаьцна йолу цуьнан «Дайн Iедал» боху пьеса ехха хIиттийра самодеятельни театраша Соьлжа-ГIалахь а, Ростовхь а.

Владикавказехь, Соьлжа-ГIалахь араюьйлу цуьнан произведенеш. «Бюрократаллин синтар», «Веччалг», «Къийсам дIахьош бу» цIераш йолу пьесаш зорбанехь араевлира. Оцу хенахь алссам  Iилманан статьяш язйина Ошаев Халида. Царах ю «Мюридизм в Чечне», «Малхиста: к характеристике пережитков родового строя», «Народные развлечения у чеченцев». Царна зорбатуьйхира Ростовхь арахоьцучу  «Революция и горец» журнала тIехь. Литературоведенин статьяш а язйо Ошаев Халида. «Молодая колонна: о первых советских чеченских и ингушских писателях» цIе йолу статья зорбатуьйхира «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь. Яздархочо оцу муьрехь масех очерк а язйина. «Энтузиасты в горах» цIе йолу очерк араяьлла 1931 шарахь «Советский Северный Кавказ» журналан кхоалгIачу номерехь. Халкъан барта произведенеш гулъярехь а доккха гIуллакх до яздархочо оцу муьрехь. Цо гул а деш, зорбанехь арахоьцу халкъан дийцарш, иллеш, нохчийн барта кхоллараллех лаьцна статьяш а язйо. Цуьнан «Из устного народного творчества чеченцев» цIе йолу йоккха материал араяьлла 1933 шарахь Северокавказски пединститутан известеш тIехь.

Ошаев Халид, Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан куьйгаллехь 5 шарахь кхиамца болх бинчул тIаьхьа, 1930 шарахь Владикавказерчу Горски педагогически институтан директоран балха дIавуьгу. Къилбаседа-Кавказерчу областийн вузашна а, кхийолчу леррина дешаран заведенешна а хьехархой кечбан кхоьллина яра институт.  Цигахь, шайн куьйгалхочунна  хьехайрхой, студенташ чIогIа резаболуш, 6 шарахь болх бина Ошаев Халида. Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлча а цуьнца болх бинчара, хиллачу студенташа дикачу дашца, баркаллица хьахош хилла Ошаев Халид.

1936 шарахь Пятигорскерчу краевой Горски меттан а, историн а Iилманан-талламан институтан директор хIоттаво Ошаев Халид. Амма 1937 шеран март бутт кхаччалц бен ца байтира цуьнга и болх. Советан пачхьал­кхехь сталински таIзар лаьттина шераш дара уьш. Банний а бехк боцуш волу Ошаев Халид лаьцна, дуккха а хан тоьхна, чувоьллина. Тутмакхан ерриг халонаш лайначул тIаьхьа, 1950 шераш дуьйлалучу хенахь, яздархо лаьцначуьра мукъавитина. Дерриг нохчийн халкъаца махках баьккхина Халидан доьзал: хIусамнана Iайшат (Шерипов Асланбекан йиша яра иза), кIентий Геберт, Майрбек, Асланбек Джамбул гIалахь бара. Царна тIе Джамбуле вахна Халид а. Лаккхара дешар, шуьйра хаарш, кхоллараллин похIма долчу Ошаев Халида шен таронашца, хьуьнаршца богIуш болчу балхе оцу хенахь сатуьйсийла а яцара иза нохчи хиларна. Лаьцначохь фельдшеран корматалла караерзийна волу Халид Джамбулерчу областнойн больнице лаборантан балха хIоьттина.  Цхьа хан яьлча

Джамбульски областерчу Джейляд-куль поселкан медпунктан заведующи вахийтина, даймахка цIаверззалц цигахь болх бина Ошаев Халида.

1956 – 1957 шераш махках даьхна долу нохчийн а, гIалгIайн хал­къаш, паргIат а девлла, цIа доьрзу хан яра иза. Къоман исбаьхьаллин литература, культура, искусство кхидIа а кхио таронаш кхоллаелира. Боккхачу лаамца балхана тIевирзира Ошаев Халид. Шен могашалла ца кхоош, берриг ницкъ тIебахийтина, къахьийгира цо нохчийн литературехь, культурехь, Iилманехь.

Ошаев Халида 1957-1961 шерашкахь Нохч-гIалгIайн историн, меттан, литературан Iилманан-талламан институ­тан директоран заместителан болх бина. Вайнехан истори, этнографи хьокъехь, фольклорах, литературих, нохчийн меттан Iилманах лаьцна кIорггера хаарш долуш вара Ошаев Халид. Дуккха а Iилманан статьяш язйина цо вайнехан фольклорах, маттах, литературих лаьцна. Царах ю нохчийн маттах лаьцна: «К вопросу о рудиментарных классных показателях в чеченском и ингушском зыках», «О частицах отрицания в чеченском языке», «Для этимологии слов «Жайна» и «Дешар» в чеченском языке»; фольклорах, литературих, этнографих лаьцна: «Фольклорные заметки», «К истории чечено-ингушского эпоса», «Мотивы дружбы народов в чечено-ингушских героических песнях», «О чеченском фольклоре», «К истории возникновения историко-героических песен», «Устное поэтическое  творчество чечено-ингушского народа» (соавторш  Д.Д. Мальсагов, В. Б. Корзун), «Поэма Шота Руставели на чеченском   языке», «Некоторые вопросы использования нахских башен в бою». Ошаев Халид дуьххьара нохчийн литературин историн очеркаш язйинчу авторийн коллектива юкъахь вара.

Нохчийн барта произведенеш дIаязъеш а хилла Халид, царах кегийчу жанрашкахь йолчарна, оьрсийн матте а йохуш,  газеташ тIехь, журналаш тIехь зорбатоьхна цо. Масала: «Чалма и четки». «Безмозглый мельник», «Развалившаяся башня», «Как свояченица подшутила над зятем», «Как горцы искали рассоху»,  «Двое недостойных мужчин», «Молитва», «Из чеченского юмора».

Ошаев Халидан исбаьхьаллин кхоллараллехь, прозин, драматургин ерриг жанраш ю: дийцарш, очеркаш, повесташ, романаш, дагалецамаш, драмаш, комедийш, кегийра сценкаш.  Теманашца а шуьйра ю цуьнан кхолларалла. Исторически а, вайн заманан а тайп-тайпана гIуллакхаш ойу яздархочо шен произведенешкахь.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь турпалалла гайтинчу Нурадилов Ханпашех, Идрисов Абухьаьжех, Имадаев Ахьмадах, Агабаян Агисисах, дуккха а кхечарах а лаьцна ю Ошаев Халидан очеркаш. «Доьналла» цIе йолчу книги тIехь очеркашца цхьаьна зорбатоьхна ду яздархочун шайн барамца гIеххьа даккхийра а долуш «Туьйсина дегнаш», «БIаьсте йолуш» цIерш йолу ши дийцар. Уьш а, схьахетарехь, шайн цхьа докуметальни бух болуш ду. «БIаьсте йолуш» дийцар мелла а къаьсташ ду яздархочун  кхечу дийцарех а, очеркех а. Дийцар турпалхо тIамехь майра танкист хилла Абдулаев Вахьид  Казахстанехь цхьана автобазехь шофер ву, шен белхан лаккхара кхиамаш болуш. ХIара буьрсачу тIамехь мостагIчух даймохк паргIатбоккхуш волчу хенахь, махакахдаьккхинчохь ваша а, да-нана а делла кхуьнан. Дийна йисина йиша Аза мел лехарх кара ца еш,  сингаттамехь ву Вахьид. Кхеран автобазе балха йогIу керла диспетчер Таисия. Ша тIаме воьдуш жима бер хиллачу шен йишех Таисия тера хеташ, иза леррина тергалйо Вахьида. Оьрсийн цхьана къинхетамечу доьзало детдомера ялийна, шайн бер санна, кхиина йоI  хила а хиллера Вахьида йиша Аза. Яздархочо дагах хьакхалуш долу исбаьхьаллин сурт хIоттош гайтина вешин, йишийн вовшахкхетар. Шен йиша кхииначу доьзалера схьа а ялийна, царна халахетар ца деш, ша а оцу доьзале дIавоьду Вахьид церан лаамца. 

Ошаев Халида (Мамакаев М, Щепотев В. декъашхой а болуш) 1963 шарахь язйина «Гибель вендетты» цIе йолу чIиръекхаран Iадатах лаьцна повесть. 1969 шарахь зорбатоьхна цуьнан «Весна» цIе йолу очеркийн, дийцарийн, пьесийн книга. 1972 шарахь нохчийн маттахь араяьлла «Заманан некъаш» книга. Цу тIехь авторан керла произведенеш хабарш, повесташ, пьесаш яра зорбатоьхна.

Къаьсттина мехала ю «Алун шераш» цIе йолу роман-эпопея. 1959-1964 шерашкахь зорбанера араяьлла 4 книгех лаьтташ, шуьйра чулацам болу и роман. «Алун шераш» тетралоги вайнаха граждански тIамехь шайн мохк ларбеш латтийна къийсам гойтуш ю. Шуьйра эпически сурташ дехкина оцу чолхечу хенахьлерчу къоман дахаран. Исбаьхьаллица кхоьллина, хIоранна гIиллакх-амал гучуйолуш ду коьртачу турпалхойн Шепиев Ахьмадан, Чергизов Амадин, Сачин Александран васташ. Церан юкъараллин кхетам кхиар, уьш шаьш хаьржинчу новкъа хIиттар бакъдолчуьнца нийса догIуш гайтина роман тIехь. Персонажийн дог-ойла, кхетам, амалш шайн кхиарехь гайтина. Говза кхоьллина къехошна хьалхабевллачу куьйгалхойн Шерипов Асланбекан, Ахриев ГIапуран, Гикало Николайн васташ. Къеггина гучудолу романехь вайнехан халкъ шен мохк ларбеш, паргIатонехьа къийсам латтор болуш хилар. Нохчийн, гIалгIайн ярташкахь лаьттина тIемаш гойтуш, яздархочо юьртахойн доьналла, майралла гучуйолу сурташ кхоьллина. Исбаьхьаллин ницкъах дуьззина ду Iалхан-Юьртахь, ГIойтIахь хилла буьрса тIемаш гайтина сурташ. Халид ша а хилла оцу тIеман декъашхо. Iалхан-Юьртахь хиллачу тIеман иштта сурт хIоттийна яздархочо:

«Гихчу деллалуш ков дара Iалхан-Юрт. Цу тIе таIийнера кIайчара угар шайн тоьлаш йолу полкаш.Ташхойн регIа хIоттийна, кераюкъ санна гучу юьртана саццаза еттара бархI йоккха топ. Царна дуьхьал наггахь хIоъ кхуссуш Марк Смирнов вара. Берриг а шовзткъа хIоъ бара цуьнгахь.

ТIеман Совет яра юьртахь: Кагерманов ЧIабий, Баталов Хьадий, Денильханов Iабдуллий, Ипаев Вадуй, кхиберш юкъа а богIуш. Кхиэл йира: лата аьтто хилийта, юьртара зударий, бераш чоьхьарчу ярташка кхалхо.

ТIом болийна ши сахьт далале, берех, зударех цIанйира юрт. Шайн вежаршца, дайшца, марошца бала а, биса а кIелсевцира цхьаболу зударий.

…ДоьалгIачу дийнан синбилгало ялале, шайн берриг ницкъ тIетаIийра кIайчара Iалхан-Юьртана. Ца соцуш екара яккхий тоьпаш, пулеметаш, хьалхарчу дийнахь тIееана минометаш а. Цхьабосса юьрта чу а, гуолоцуш а атакаш йолийра.

Малх гIушлакхе балале, эвлара аравала цхьа готта некъ бен ца биснера.

Урамашкий, керташкий бирзира тIом.

ТIедогIучу орцане гIо ца дайта, юьртана къилбехьа генна дIаяхнера кIайнчеран эскаран цхьа маIа. Патармаш кхачош лаьттара юьртахойн.

Хан малхбузе лесташ эвлана гуонах чIуг къовлаелира. И гуо баста гIерташ арара схьа а, чуьра дIа а бора тIом.

Юьрта чохь маьI-маьIIехь гобина цIенош а, каппаш а яра, чуьра ара тIом беш. Цхьа дегI кара ца доьдура кIайчарна.

…Шен веа кIантаца цхьа окоп дIалаьцна хьийзара кхузткъара ваьлла Дотака. Промыслехь болх бина белхалой бара цуьнан уьш.

Пулемет еттара воккхаха волчу Мохьмадий, гIалара белхалочо Федосий Палийс.

И чохь йолуш окоп хааелла, яккхий тоьпаш етта йолийра царна.

Цхьаъ цхьанна тIаьхьа вуьллуш, кхо кIант охьавиллира Дотакин цу метте. ДоьгIна ца хиллера къеначу Дотакина кIенташца валар.

Багахь йисина кхелаш а йохуш, шина беснех цунна а тоьпан хIоъ чекхбелира.

Байинчу вежарийн патармаш тIе а гулдина, топ етта хиира Дотакин маре яхаза йоI. Чов хилла юхаяьккхира иза а.

– ХIан-хIа, Федосий, – элира дийна висинчу Мохьмада. – Сайл жимаха волу кхо ваша охьа а виллийтина, дений, йишиний чевнаш а яйтина, хIара дуьне дуур долуш вац со. Хьо суна тIевоьссина хьаша ву. Тхан Iедал хьаша ларвеш ду. Кху окопа чуьра нахаца вухавала хьо.

– Со хIунда волу? – хаьттира Палийс.

– И дийца а ма дийца. ДIавига хIара! – аьлла, мохь туьйхира Мохьмада.

Бухабовлучара озийна дIавигира Палий.

Сарахь йоккхачу тоьпан хIоьо йохийра аьчгах йина пулемет. Оццу хIоьо варжийра болатан дог долу Дотакин Мохьмад а.

Дарвелла нохчо гора хIотто ницкъ бац.

Урамашка тIом баьлча, патармаш кхачийна бисира цхьаболу кIентий.

Шаьлтанаш а яьхна, чу-кара бахара. Шаьлтанаш буйнахь, шайн марошца юкъа яхара ши зуда – Саидова Тархий, Цомаева Бициггий. КIайчара цIергахь дагийра церан декъий.

Кертахь яьккхинчу жимачу окопа чохь шен майрачуьнца, Баршаев Сулимица, йийра Майма.

Иллеш тIехь йийца йогIура Майма.

Некхан уьн тIе чов хилла, готтачу окопа чохь, майра марахь волуш, ирахь лаьттачохь еллера иза.

Цу доьалгIачу дийнан делкъал тIаьхьа шина а агIорхьара дарбелира тIом.

Декъий дуьйцучохь а дацара. Чов хилларг вол-волчохь вуьтура, уьш юхабаха куьйгаш ца тоьуш.

Кхано тIаьхьа леринера тIамо эгийнарш. Виъ бIе ткъа стаг хиллера вийнарг. Юьртан хIора кхиинчу кхаа стагах цхьацца ларало иза».

«Алун шераш» роман тIехь автор дийцархо хилла ца Iа. Романан хIокху жимачу кийсак тIехь а билгалйолу авторан ойла, цуьнан синхаамаш, цуьнан шен турпалхошца йолу юкъаметтигаш.

«Алун шераш» ша оьрсийн матте яьккхина автора. «Пламенные годы» цIе а йолуш, жимма яцйина, дакъошка екъарна тIехь а хийцамаш бина, кхаа декъах лаьтташ ю и роман-эпопея оьрсийн маттахь йолчу вариантехь.

Нохчийн, гIалгIай литературашкахь дуьххьара роман-эпопея язйина Ошаев Халида.

Алссам драматургехь болх бина Ошаев Халида. Цуьнан пьесаш «Дайн Iедал», «Бюрократаллин синтар», «Веччалг»,  «Мила ву бехке?», «Доьхна бозбуанчалла», «Асланбек Шерипов», оьрсийн маттахь «Борьба продолжается», «Перевал» шен хенахь театрийн сцени тIехь хIиттош, шуьйра евзаш хилла. Яздархочун драматургически произведенеш юкъахь шен идейно-эстетически чулацамца къаьсташ ю «Асланбек Шерипов» цIе йолу пьеса. Нохч-ГIалгIайн драматически театро еххачу хенахь хIиттош яра оцу пьесехула спектакль.  Иза, еа актах лаьтташ, йоккха драма ю. Ши ницкъ, ши тоба ю пьеси тIехь дуьхь-дуьхьал лаьтташ: цхьаъ – революционни къехой бу шайн коьртехь А. Шерипов, Н. Гикало, С. Тымчук, А. Носов а болуш; важа кIайгвардейцех лаьтташ тоба ю. Кхузахь вовшахкхетта тайп-тайпанчу социальни чкъурах болу кIайнгвардейцаш. Оцу шина  тобана юкъара къовсам бу пьесин чуламехь. 

Керлачу дахарехьа къийсам латтош болчу нохчийн къехойн тхьамда ву Асланбек Шерипов. Цо Н. Гикалоца а, С. Тымчукца а цхьаьна паргIотонехьа болчу къийсамна халкъ вовшахтуху. Шерипов Асланбекан васт дуьззина гайтина автора, цуьнан безам а, деган ойланаш а гучуяьхна. А. Шериповн дахарехь коьртаниг паргIатонан идеалаш чIагIъяр ду, халкъан маршонехьа болчу къийсамна  шен дахар дIаделла бIаьхо ву пьеси тIехь Шерипов Асланбек.

Иштта къоман театран сцени тIехь хIиттош яра Ошаев Халидан «Ахьмар-Хьаьжа», «Цхьана куьйга ши хорбаз» пьесаш а. Евзаш яра цуьнан «Гагаринан де», «КIечалг», «Ши Зойбалла», «Селасат», «Зулай» цIераш йолу кегийра пьесаш а.

Ошаев Халидан драматургически произведенийн турпалхой цIена дог-ойла йолуш, дахарехь шайн билггал хьежамаш болуш, шаьш юьхьарлаьцначу новкъахь дIаса а ца теIаш, шаьш бакъ лоруш долчу хIуманна тIехь чIагIделла  адамаш ду.         

Ошаев Халида доттагIаллин, кхоллараллин уьйраш лелийна кхечу къаьмнех болчу дуккха а яздархошца. Цуьнан хьеший хилла гIарабевлла болу оьрсийн яздархой А. С. Серафимович, А. Е. Костерин, Дз. Гатуев, кхиберш а. Царах лаьцна дуьйцура, яз а дора Ошаев Халида.   «Воспоминания о Серафимовиче» зорба туьйхира цо 1959 шарахь Соьлжа-ГIалахь арадаьллачу «Дружба» альманаха тIехь; «Одруге и человеке Дзахо Гатуеве» – 1971 шарахь араяьллачу Гатуев Дзахон «Зелимхан» книги тIехь,  «Встречи с писателем Куприным» – Нохчичохь арахоьцуш хиллачу  «Республика» газетехь 1991 шеран 25 апрелехь. Нохчийн маттахь «Накъостех дагалецамаш»  зорбатуьйхира 1973 шарахь арадаьллачу «Орга» альманахан 2-чу номерехь.

Ша-тайпа мехала ю Ошаев Халидан кхоллараллехь эпистолярни тIаьхье. Iаламат дукха кехаташ яздина цо. Ошаев Халидан шуьйра хаарш дара исторех, фольклорах, литератрурех, меттан Iилманах, археологех, этнографех лаьцна. Энциклопедин хаарш долуш ву олура цунна. Цундела дуккха а долчу хIуманех цуьнга хаттарш дан лууш, цунах дагабовла лууш хилла нах. Яздархочуьнга кехаташ кхоьхьуьтуш хилла дешархоша, хьехархоша, яздархоша, Iилманчаша, студенташа, аспиранташа, юкъараллин деятельша. Шега даийтина цхьа а кехат жоп ца луш дуьтуш ца хилла яздархочо. Ошаев Халидан шен корреспонденташка цхьана дийнахь кхаа-деаннал кIезиг кехаташ ца яздеш мур богIуш а хилла.

Нохч-гIалгIайн а, кхидолчу къаьмнашна а тIехь Iедало латтийна харцонаш мелла а бакъян гIерташ я кIадъян гIерташ цхьаболчу яздархоша, Iилманчаша хIуманаш яздар ца лалора Ошаев Халидин. Юкъараллин-политически конъюнктурин хьаьжжина, нохчийн къам аьшнашдан гIерташ берш а нислора Москвахь а, кхечахьа а шайн харц произведенеш арахоьцуш. Оцу дерригенна шен кIорггерчу хааршца дуьхьал валара Ошаев Халид.  Масала, девзаш дара, куьйгайозанца нахана юкъахь даьржина а дара, Ошаев Халидан яздархочуьнга Мугуев Хаджи-Мураде цуьнан «Буйный Терек» романах лаьцна яздина кехат. Исторически бакъдерг тоьшалле а далош, гайтира Ошаев Халида «Буйный Терек» роман тIехь цуьнан автора инарла А.П.Ермолов тIех вазвеш вийцина хилар а, нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латтийна къийсаман маьIна лахдеш хилар а. Амма и бакъдерг дезаш Iедалан нах дукха бацара дIаяханчу советан пачхьалкхехь. Цундела Ошаев Халидан и кехат царна ца тайнера.

Цхьаннах оза а ца луш, бакъдолчунна тIехь лаьттара волуш вара Ошаев Халид иза шен халкъах, шен махках хьакхалуш хилча-м муххале а. Амма харцонна, иза мичхьа елахь а, дуьхьало йора яздархочо. Чехословаки 1968 шарахь советан эскарш дахийтарна яздархо реза воцийла хиира Iедална. Ошаев Халидан доттагI граждански тIамехь советан Iедалехьа къисам латтийна волу оьрсийн яздархо А.Е. Костерин а хIетахьлерчу Iедална везаш ца хилла иза бакъонна тIе гIерташ хиларна. Шен доттагI Костерин кхелхича, Москва а вахна, из адIавуллуш, цуьнан кош тIехь къамел дина Халида. Иза а Iедална ца тайнера, къаьсттина дозанал дехьара «Свобода» радиохула иза юха схьадича-м муххале а. И дерриг Iаьткъинчу Нохч-ГIалгIайн республикин коьртерчу Iедало Ошаев Халид партера дIаваьккхира, яздархойн Союзан деъашхо волчуьра дIаваккхийтира, цуьнан книгаш зорба ца тухуш сацийра, школан хрестоматийш тIера цуьнан произведенеш тIехь йолу кехаташ этIош схьадахийтира.

Ошаев Халида и дерриг лайра, дуьххьара ца хиллера Iедал иза аьшнаш ван гIертар, хIинца доьазлагIа я пхоьазлагIа тIе хIоьттинера цунна иштта киртиг. Амма яздархочо шен болх саца ца бора,

мацца тоьлла а харцонал бакъо тола езийла хаара цунна, шен произведенеш нохчийн халкъана оьшуш юйла а хаара. Цо исбаьхьаллин произведенеш язйора, уьш зорбанехь ара ца хецахь а. 

Къаьсттина тидам тIебахийтина яздархочо Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман тематикехула произведенеш язъярна. Вуно чIогIа къахьегна цо Брест гIап ларъеш турпала эгначу вайн махкахойн цIерш лохуш, царах лаьцна материалаш гулъеш, дIаязъеш. Оцу мехалчу белхан жамI хилира «Брест – орешек огненный» цIе йолу книга. Амма и книга зорбанера араяьлла ца гира авторна.

Ошаев Халид кхелхина 1977 шеран 3 сентябрехь Соьлжа-ГIалахь.

Автора шена тIехь дукха къахьегна йолу книга «Брест – орешек огненный» яздархо кхелхинчул дуккха а тIаьхьа (1990 шарахь) бен ара ца елира, иза а юьззина арахецна а яцара, авторан ерриг материал юкъа ца яхнера книгина. Яздархочун кIанта Ошаев Майрбека кеч а йина, 2004 шарахь арахийцира «Слово о полку Чечено-Ингушском» цIе а йолуш, Ошаев Халидан документально-исбаьхьаллин произведенех лаьтташ йолу йоккха книга. Цу тIехь яра Брест гIопан турпалхойх лаьцна йолу яздархочун ерриг ала мегар долуш произведенеш. Книги тIехь ялийна Брест гIап тIамца ларъеш хиллачу 275 вайн махкахочун цIерш. Оьрсийн яздархочун С.Смирновс Брестах лаьцна йолчу шен книги тIехь царах цхьа а хьаха а ца винера. «Слово о полку Чечено-Ингушском» книги тIехь зорбатоьхна яра «225-ый… Чечено-Ингушский» цIе йолу исбаьхьаллин-документальни повесть а. Оцу произведенеша гайтира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Нохч-ГIалгIайчуьра алссамчу тIемалоша майралла, турпалалла гойтуш дакъалаьцна хилар.

Прозехь, драматургехь, фольклористикехь, публицистикехь йоккхачу эвсараллица болх бина яздархочо. Ошаев Халидан дахар, кхолларалла, нохчийн къоман сий, мехаллаш ларъярехьа  цо латтийна къийсам  масал хила хьакъ ду шен культура езаш волчу хIоранна а.

                                     ОШАЕВ ХАЛИДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ

                                             НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Бюрократаллин синтар.  Пьеса. Буру (Говзаме йоазош). 1931.
Веччалг. Пьеса. Соьлжа-ГIала. 1934.
Селасат. Пьеса // ДоттагIалла. 1959. № 2. С. 3-11.
Алун шераш. Исторически роман. I книга. Грозный. 1959.
Беркате некъ. Очерк // Ленинан некъ. 1960. 24 июль.
Алун шераш. Исторически роман. II книга. Грозный, 1960. 2 дакъа.
Гарман аре. Дийцар // Орга. 1960. № 2.
Ши Зайбулла. Пьеса. Репертуарный сборник Чечено-Ингушского республиканского дома народного творчества. Грозный, 1960.
Веччалг. Цхьана  суьртехь сценка. Репертуарный листок ЧИРДНТ. Грозный. 1961. № 2.
Мила ву бехке ?. Пьеса. Репертуарный сборник ЧИРДНТ. Грозный, 1962.
Гагаринан де. Сценка. Цхьана актехь пьесаш.  Грозный, 1962.
Доьхна бозбуанчалла. Цхьана актехь  комеди. Репертуарный листок ЧИРДНТ. Грозный. 1962.
Алун шераш. Исторически роман. III книга Грозный, 1963.
Асланбек Шерипов. Пьеса тIера цхьа дакъа. Репертуарный листок ЧИРДНТ. Грозный. 1963.
Алун шераш. Исторически роман. IVкнига. Грозный, 1964.
ЦIармата ши стаг. Дийцар // Репертуарный листок ЧИРДНТ. 1964.
Полла. Туьйра. Грозный. 1964.
Заманан некъаш. Хабарш, повесташ, пьесаш. Грозный. 1972.
Накъостех дагалецамаш // Орга. № 2. 1973.
Доьналла. Очеркаш, дийцараш. Грозный. 1985.
Магнитофон, стунаний. Дийцар. Репертуарный листок ЧИРДНТ. Грозный. 1965. № 1-2.
Полла. Туьйра // СтелаIад. 2013. № 8. А. 16 – 21.

                                                 ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Энтузиасты в горах. Очерк // Советский Северный Кавказ. 1931. № 3
Клеш. Пьеса в 4-х частях. Грозный. Чечоблнациздат. 1934.
Солдатский депутат. Отрывок из романа «Пламенные годы» // Дружба. 1958. № 1. С. 145-150.
Воспоминания о писателе А. С. Серафимовиче // Дружба. Грозный. 1959.
Бет-пак-далинские очерки // Дружба. Грозный, 1959.
На гарманской равнине. Воспоминания // Орга. 1960. № 2. С. 16-29.
Встреча в автобусе. Рассказ // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб.
Чалма и четки. Из чеченского фольклора. Методический листок ЧИРДНТ. Грозный, 1960.
Шапиев Алхаст. Отрывок из романа «Пламенные годы» // Орга. 1962. № 3. С. 3-20.
Безмозглый мельник. – Развалившаяся башня. – Как свояченица подшутила над зятем. Фольклорные записи // Орга. 1963. № 1. С. 55-56.
Как невеста выстирала рубашку. Фольклорный анекдот // Орга. 1963.  № 1. С. 56.
Борьба продолжается. Пьеса в 4-х актах. Грозный. За подписью Я. Исламов.
Как горцы искали рассоху. – Двое недостойных мужчин. – Молитва. Фольклорные анекдоты // Орга. 1963. № 2. С. 45-47.
Пламенные годы. Отрывок из третьей книги романа // Грозненский рабочий. 1963. 12 февр.
Гибель вендетты (в соавторстве с М. Мамакаевым и В. Щепотевым). Грозный. Чечено-Ингушское книжное изд-во. 1963.
Пламенные годы. Роман. Книги 1 и 2-я. Грозный. 1966.
Пламенные годы. Роман. Книг 3-я. Грозный, 1967.
Рыцарь Отчизны.  Очерк  о жизни  Х. Нурадилова // Зарево Октября. Грозный, 1967.
Наказ писателя. Письма учащимся Староатагинской школы № 2. 1968. 8 нояб.
Горный орел // Во имя Родины. Сборник статей. М., 1968.
Весна. Очерки, рассказы, пьесы. Грозный, 1969.
Комбриг Тасуй. Историко-библиографический очерк. Грозный. 1970.
О друге и человеке Дзахо Гатуеве // Дзахо-Гатуева «Зелимхан». Орджоникидзе, 1971. С. 201-204.
Из чеченского юмора // Грозненский рабочий. 1975. 19 июль.
Боева слава красномолотовцев. Грозный, 1976.
Перевал. Драма. М. ВААП. 1976.
Мужество снайпера. Герой Советского Союза А. Идрисов // Золотые звезды Чечено-Ингушетии. Очерки о героях Советского Союза. Грозный, 1985.
Пламенные годы. Роман. Грозный 1988.
Брест-орешек огненный.   Художественно-документальная повесть. Грозный. 1990.
Встречи с писателем Куприным // Республика. 1991. 25 апр.
Как горцев от гор отлучали. Письмо первому секретарю Чечено-Ингушского обкома КПСС А. Власо­ву от 24 ноября 1975 года // Голос Чечено-Ингушетии. 1991. 14 сент.
Чайра. Рассказ-быль // Литературная Чечено-Ингушетия. № 1. 1991. С. 108-116.
Время собирать камни // Пхьармат. № 2. 1992.
Письмо Х.-М. Мугуеву от 15 января 1961 года // Голос Чечено-Ингушетии. №№ 7, 9, 10, 11. 12 янв. 1992.
Таймасха. Пер. с чеч. Д. Хожаев // Мали­ка. № 1 (2). 1996.  30-31.
Слово о полку Чечено-Ингушском. Сборник документально-художественных произведений. Составитель М.Х.Ошаев. Нальчик, 2004.
Письмо Первому секретарю Чечено-Ингушского Обкома КПСС А.В. Власову от 21.01. 1976. Об издании чеченских песен «Илли». // Х.В. Туркаев. Жажда неутоленная. М. 2007.  С. 247 – 260.
Письма Х.В. Туркаеву // Х.В. Туркаев. Жажда неутоленная. М. 2007. С. 260 – 264.
Избранное. Пламенные годы. Исторический роман. М. 2009.

                                                  IИЛМАНАН БЕЛХАШ

                                                  НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Эдилов Х. литературни кхолларалла // Орга. 1960. № 3.
Адамаш теша // Ленинан некъ. 1961. 22 дек.
«Золотая брошка» // Грозненский рабочий. 1964. 21. Февр.
Саидов Билалин кхолларалла. Статья // Ленинан некъ. 1964. 4 окт.
«Цхьана эвлахь» // Ленинан некъ. 1964. 18 окт.

                                                        ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Мюридизм в Чечне // Революция и горец. 1923. № 13.
Народные развлечения у чеченцев // Революция и горец. 1929. № 6
Из устного народного творчества чеченцев. Известия второго Северокавказского пединститута. Т. 10. Орд­жоникидзе. 1933.
Молодая колонна: о первых советских чеченских и ингушских писателях // Грозненский рабочий. 1934. 23 фев.
К вопросу о рудиментарных классных показателях в чеченском и ингушском зыках // Известия. ЧИНИИИ­ЯЛ, Т. I. Вып. 2. Языкознание. Грозный. 1959.
О частицах отрицания в чеченском языке // Известия. ЧИНИИИЯЛ. № 1. Вып. 3.  Языкознание. Грозный. 1959.
Фольклорные заметки // Известия. ЧИНИИИЯЛ. Т. 2. Вып. 2. Литература. Грозный. 1959.
О чеченском фольклоре. Вступительная статья к I тому чеченского фольклора (в соавторстве с З. Джамалхановым). Грозный. 1959.
Фольклорные  заметки // Известия  ЧИНИИИЯЛ. Т. 2. Вып. 3. Литература. Грозный. 1959.
К  истории  чечено-ингушского  эпоса // Известия ЧИНИИИЯЛ. Т. 2. Вып. 1. История. Грозный. 1960.
К истории возникновения историко-героических песен // ЧИНИИИЯЛ. Известия. Т. 2. Вып. I. История. Грозный. 1960.
Мотивы дружбы в чечено-ингушских песнях // СОНИИ. Известия. Т. 20. Вып. 2. Вопросы литературы. Орджо­никидзе. 1960.
Мотивы дружбы  народов в чечено-ингушских  героических песнях // Известия Северо-Осетинского  научно-исследовательского института истории, языка и литературы. Т. 22. Вып. 2. Вопросы литературы. Орджоникидзе. 1960.
Устное поэтическое  творчество чечено-ингушского народа //Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный. 1963 (в соавторстве с Д.Д. Мальсаговым и В.Б. Корзуном).
Поэма Шота Руставели на чеченском   языке // Комсомольское племя.1968. 27 авг.
Некоторые вопросы использования нахских башен в бою. Кавказский этнографический сборник. Т. 2. Очер­ки этнографии горной Ингушетии. Тбилиси. Мецние-реба. 1968.
Для этимологии слов «Жайна» и «Дешар» в чеченском языке // Труды Тбилисского университета. Т. 136-137. 1974.

www.ChechnyaTODAY.com


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2