доллар    57.56 $
евро 67.9 €
20 октября, 12:04
Погода в Грозном +19 в Грозном

САИДОВ БИЛАЛ (1914 – 1994)

4 февраля в 12:30 (2014 г.)
На Фото Саидов Билал На Фото Саидов Билал

Арсанукаев Iабдулла

Саидов Билалин дахар а, исбаьхьаллин кхолларалла а театраца, искусствоца йозаделла хилла. Билал школехь доьшуш волуш, кхеран юьрта МахктIе еана театран труппа. Цара хIоттийнчу спектакле иза чекхъяллалц дукха лерина хьаьжна кIант. ХIетахь театре бахана безам гуттаренна а бисира шеца, олуш хилла Саидов Билалас.

Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздина Саидов Билалех лаьцна: «Нохчийн къоман исбаьхьаллин литература а, искусство а кхиаран юьххьехь лаьттинчу Бадуев СаьIидаца, цуьнан вешица Мовждица, Исаева Асетаца, Зубайраев ЯрагIица, Батукаев ХIаронца цхьаьна, цара гIо деш, цаьргара Iемаш, Билала белхаш бина актеран а, режиссеран а, гочдархочун а даржашкахь. Амма шен дерриг дахар а, ша-тайпа похIма а Билала дIаделира къоман исбаьхьаллин литература, къаьсттина поэзин жанр, кхиоран халчу, сийлахьчу гIуллакхна. …Б. Саидовн поэзин коьрта тематика яра Даймохк, къонахалла, доттагIалла, безам. Цунна дика хаара шен Даймахках къастар хIун ду. Сталинан репрессийн муьрехь цо ша лайнера ша винчу махках къастаро, цуьнга генара сатийсаро яхьаш йолу, шех иштта олуш йолу хала цамгар – ностальгия. Билал шен мехкан а, шен къоман а бакъволу кIант вара: гIиллакхе, оьзда, догцIена, дуьненан а, адамийн а хазалла евзаш а, езаш а».

Нохчийн поэт, драматург, гочдархо Саидов Билал вина 1914 шеран 10 июнехь Нохчийчоьнан Веданан районерчу МахкатIехь ахархочун СаьIидан доьзалехь. Шайн юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIала веана Билал. Шена дезачу театральни гIуллакхашна герга гIерташ хилла кIант. 1929 шарахь исбаьхьадллин самодеятельностана юкъавахна иза. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу "Пролетбат" клубан исбаьхьллин самодеятельностана куьйгалла дар тIедуьллу цунна. Соьлжа-ГIалахь 1931 шарахь театральни студи схьайиллича, цига деша кхайкхина Саидов Билалига. Студехь дешарца цхьаьна суфлеран а, режиссеран гIоьнчин а белхаш бо цо. Театральни гIуллакхех кхиарехь мехала дара иза. Студи чекхъякхинчул тIаьхьа Саидов Билал Тбилиси гIала Руставели цIарах йолчу театран студин режиссерин отделени деша воьду. Кхузахь волуш 1934-чу шарахь язйо цо шен дуьххьарлера поэтически произведенеш. Уьш, хIетахь шен альбом тIе дIаязйо цо, накъосташна йоьшу, амма уьш ледара хеташ, зорбане ца елла цо. 1937-чу шарахь Билалин дешнашца «Марем» цIе йолу йиш дIалекхна Нохч-ГIалгIайн радиокамитетан зударийн хоро. Иза хилла цуьнан дуьххьарлера халкъа юккъе яьлла произведени.

1936 шарахь Тбилисера Руставели цIарах йолу театральни студи чекх а яьккхина цIа веача, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театрехь болх бо Саидов Билалас актер а, режиссеран гIоьнча а, цул тIаьхьа режиссер волуш а.

Бадуев СаьIидаца доттагIаллин а, кхоллараллин а уьйраш хилла Саидов Билалин. Цуьнан беркатечу тIеIаткъамца драматургехь болх бан волавелла иза. Юьхьанца оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а драматургийн пьесаш нохчийн матте йоху Саидов Билалас. Цо гочйина Ж. Мольеран «Хилаза ца ваьлла хилла лор» Б. Виткевичан, Л. Соловьевн «Молла-Несарт» комедийш. Уьш боккхачу кхиамца хIиттийна Нохч-ГIалгIайн драматически театро.

Саидов Билалин дуьххьарлера драматургически произведени ю «Зайнап» цIе йолу исторически драма. XIX бIешарахь нохчийн халкъо шен паргIатонехьа латтийна къийсам гойтуш йолчу оцу драми боккха кхиам хилира. Республикехъ 1939 шарахь дIаехьначу конкурсехь драматургически произведенеш юккъехь шолгIа преми елла цунна. Къоначу драматурга дика кхиам бара иза. Хьовсархоша чIогIа езаш тIе а оьцуш, театро еххачу хенахь хIиттийна оцу пьеси тIехь спектакль. 1939 шарахь СССР-н яздархойн Союзе дIаэцна Саидов Билал.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь 1941-1942 шерашкахь Саидов Билал эскарехь хилла, цул тIаьхьа “Красное знамя” газетан жоьпаллин секретаран болх бина.

Оцу буьрсачу муьрехь кIорггера патриотически стихаш язйина цо. "ДIахоалда хьуна” "КIанте", "ТIемалочуънга”, «Советски эскар», кхечу а стихотворенешкахь вайна го даймохк мостаг1чух ларба гIевттинчу тIемалойн майра дог-ойла. Мостаг1 мел ницкъ болуш велахь а, цунна тIехь толам боккхург хиларх тешна ву поэтан лирически турпалхо.

Саидов Билалин «ТIемалочуьнга» стихотворени, цуьнан кхиерш а санна, шеца чолхе йоцуш, хIор дешан къеггина маьIна долуш, кхета атта, амма ондда интонаци йолуш язйина ю. Цу тIехь дика гучуйолу бакъонехьа къуьйсуш болчу тIемалойн патриотизм, майра дог-ойла. ТIемалойн хьуьнар, оьздангалла шайца билгалйолучу «майра леташ», «маршо… ларъеш», «сий», «турпалчарах» бохачу дешнаша гIо до паргIатонан идеалаш Iалашъеш волчу бIаьхочун дог-ойла йовза. «Советски эскар» цIе йолчу стихотворени тIехь автора чIагIдо вайн тIемалой – «дог майра лоьмаш» мостагI цуьнан шен «бенахь» вохор волуш хилар. Кхечу стихотворенин лирически турпалхочо боху: «Дог дера сан майра кIант, етташ ата мостагIа».

Вайнехан къам махках даьккхинчу хенахь 1944 – 1956 шерашкахь нохчийн поэташа, прозаикаша произведенеш язйина, амма зорбанехь ара ца йийлина, нохчийн маттахь цхьа хIума зорбатухуш яцара, иза Iедало дихкина дара. Дешна, йозанан корматаллаш йолу нах дукхахьолахь шайна хьакъ боллучу балха ца бахийтина. Уьш тайп-тайпанчу меттигашкахь: гIишлошъярехь, йохкаэцарехь, колхозашкахь, шахташкахь, кхечухьа а рицкъ лаха дезаш хилла. Саидов Билалас йохкаэцарехула йолчу органицешкахь белхаш бина Киргизин Кешински районан цхьана генарчу поселкехь.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь дуьйна Саидов Билалас тIевирззина болх бо поэзехь, драматургехь. Драматически, тайнагийн театраш юха меттахIитторехь гIуллакх до. Иштта Саидов Билалас жигара дакъалоцу 1957 шарахь республикански тайнагийн театрехь къоман труппа вовшахтухуш, цуьнан дуьххьарлера режиссер а хилла иза. 1959-1964 шерашкахь иза куьйгалхо вара Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран литературни декъан. Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзехь (литфондан заведующи) белхаш бина цо. Театран сцени тIехь кхиамца хIиттийна цуьнан пьесаш а. Саидов Билалас язйина 12 драматургиически ироизведени. Царах ю "Зайнап", "Иштаниг ца могуъйту", "Стагах теша веза, амма...» цIераш йолу яккхий драмаш, "Чолхе захало", "Мерцхиг а, кхиберш а", "Иштанаш а хуьлу", "Гергарнаш" боху комедийш а, "Iовдал шайтIа", "Молла вицвелла", "Хьо вуй цаьрца?" пьесаш а, тайнагийн театрана язйина йолу "Ламанаш самадовлуш ду", "Хьуьнаре тIаьхье", кхиолу пьесаш а. Саидов Билалин драматурги а, драматург санна и ша а дика вевзаш вара. Ерригроссийски театральни юкъараллин (Всероссийское театральное общество) декъашхо а вара иза.

Йоккха ю Саидов Билалин поэтически кхолларалла а. Цуьнан поэтически произведенеш арайийлина «Къоначийн аьзнаш», «ДоттагIалла», «Октябран серлонехь» цIерш йолчу а, кхечу а юкъарчу поэтически сборникаш тIехь, «Орга» аьлманаха тIехь, «Ленинан некъ» газета тIехь. Оьрсийн маттахь зорбатоьхна юкъарчу сборникаш тIехь Москвахь, Ростовхь, Нальчикехь, Орджоникидзехь, Соьлжа-ГIалахь. Поэтан шен 14 – 15 поэзин книгаш араевлла.

Авторан дуьххьарлера поэтически книга "Дуьненна - машар" араяьлла 1959 шарахь. Даймахках, маьршачу дахарх, адамийн комаьршонах лаьцна стихотворенеш, поэмаш яра цу тIехь зорбатоьхна.

Вина мохк, вина юрт хьоме ю хIор стагана а. Шен махках, шен халкъах, дайн ламастех дIахаьддарг ирсе ца хуьлу. Сирла ойла, синпаргIато луш ерг шен махкаца, адамаца мерза уьйраш хилар ду.

Жималлехь левзина
Хаза урамаш,
Къонахий хIиттина
Юьртан майданаш,
КIентийн дой хьийзина
Бай сийна тогIенаш
Ца тиги йицъяла,
Валарх мел гена.

Иштта гойту Саидов Билалас “Вина юрт” цIе йолчу шен стихотворени тIехь еххачу хенахь Даймахках къаьстина леллачу лирически турпалхочун дог-ойла.

1963 шарахь араяьлла поэтан “Деган аз” стихотворенийн, поэмийн керла книга. ДоттагIалла, безам, тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамийн йовха уьйраш ю авторан керлачу произведенийн чулацамехь. «Деган аз» стихотворенин цIарах ю поэтан книга. И стихотворени книги тIехь дикачарах ю. Цуьнан лирически турпалхо адамашкара гIайгIа-бала дIаэцаран, массо а стаг ирсе, паргIатоне кхачоран ойлаеш ву. Дуьненахь хуьлуш долчу дерриге гIуллакхашна ша жоьпаллехь хета цунна, цундела цуьнан ойла массанхьа а кхочу:

Декахьа, деган аз,
Цу стигал Iаьрчашкахь, –
Даржахьа, мерза аз,
Доллучу лаьтта тIехь,
Кхайкхахьа, майра аз,
Дуьненан халкъашка,
Машаран сирла аз,
Кхарстахьа дегнашка.
ГIайгIано таIийнарг
Синтеме валавеш,
Харцоно Iехийнарг
Кхетамчу валавеш,
Некъаха дIатилларг
Схьа юкъа озавеш
Некъ бехьа, деган аз,
КIаддалар ца хууш.

Диканиг кхайкхош, вон дIаоьцуш, адамаш шайн ойланца, лаамца паргIат дохуш дека боху цо деган озе. Поэтан лирически турпалхо адамашна орцахвала кийча ву. «Къинхьегам къахьбелларг балха тIе верзавеш», курваьлларг гIиллакхе валош, зулам дан гIаьттинарг машаре хьовзавеш даржа, боху цо деган озе. Адамашна беркат лохуш ву Саидов Билалин лирически турпалхо.

«Меттиган сурт» цIе йолчу стихотворени тIехь поэта исбаьхьаллин басаршца дуьллу даймехкан Iаламат сурт. Амма даймохк хазбийриг исбаьхьа Iалам хилла ца Iа, иза адамийн оьзда гIиллакхаш, комаьршо, беркате гIуллакхаш, хаза дог-ойла хилар чIагIдо автора, къаьмннашна юкъахь гергарло, доттагIаллин, вежараллин уьйраш хилар кхайкхадо.

Саидов Билалин стихаш шайца чолхе йоцуш хуьлу, поэзин гIирсаш чуччахула бохуш язйина йоцуш, еша а, кхето а атта ю уьш.

Ламанаш, ламанаш,
Кхин дIа а ламанаш,
Локхаллехь кхийсалуш
Ламанийн и баххьаш,
Сеналлехь къийсалуш
Басошкахь и хьаннш,
Халла бен ца къаьсташ
Варшашкахь и ярташ
Малхбасахь ярташкахь
Кемсийн и хорханаш,
Ша-тайпа чам болуш
Бес-бесар и стоьмаш,
Цу бошмийн юькъаллехь
Гуш доцу и цIенош,
Цу цIенойн дукхаллехь
ГIиллакхе адамаш.

Цхьа шера дечу къамелан кепехь, хьалхара стих цунна тIаьхьа йогIучуьнца тIе а юзуш, схьадаржадо поэта ша кхуллуш долу исбаьхьаллин сурт. Дукхахьолахь паргIатчу къамелан интонаци а хуьлу цуьнан стихашкахь. Шайца чолхенаш йоцуш, хьулдина маьIна доцуш хуьлу уьш. Саидов Билалас шен стихашкахь сов тIехь ца лелайо метафораш, дустарш, эпитеташ, юьхьедерзор. Оцу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсех ша пайдаоьцуш хилча а, шен ойланан маьIна атта гучудолучу кепехь хIоттайо цо стих. Масала, поэтан шуьйра евзаш йолчу «Ненан мотт» стихотворенин ши строфа:

Хьо бийца Iемар вац
Дагна хьо ца безарг.
ЮьхькIайн а лелар вац
Хьо бийца цахуург.
Нехан говра хиъна
Вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву
Хьо хийра леринарг.
Хьуо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо.
Хьуо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.

Саидов Билалас язйина гуьржийн махках, гуьржийн къомах лаьцна йолу стихотворенеш а. Шайн дикачу исбаьхьаллица къаьсташ ю уьш. Царах лаьцна, «Стихи о Грузии чеченского поэта» цIе а йолуш, статья зорбатоьхна 1967 шеран 5 январехь арадаьллачу “Вечерний Тбилиси” газета тIехь. Шайн махаках лаьцна йолчу нохчийн поэтан стихашна реза хиллера гуьржий.

Алссам поэзин книгаш арахецна Саидов Билалас. Даймехкан аьхналла, беркате лаамаш, тешамечу доттагIаллин, цIенчу безаман уьйраш, поэтан деган йовхо хаало «Деган аз», «Ламанан шовда», «Лаам», «Деган иллеш», «Сан безам», «Хаьржинарш» цIерш йолчу поэтически книгашна юкъаяханчу произведенешкахь.

Берашна лерина поэтически произведенеш а язйина Саидов Билалас. Реза хилла тIеэцна кегийчу книгашъешархоша стихашца яздина туьйранаш "Майра Сулима", "Сулимии цIархо", «Сулимас лелийнарш», «Сулимин цIархо седарчийн махкахь». Царна зорба тоьхна оьрсийн, гIалгIайн меттанашкахь а. Оьрсийн маттахь Саидов Билалин масех поэтически книга а араяьлла. Цуьнан цхьайолу произведенеш гуьржийн, эрмалойн, украинийи, хIирийн меттанашкахь зорбатоьхна ю. Саидов Билал ша а вара гоьваьлла гочдархо. Цо нохчийн матте яьхна шовзткъе иттаннал сов йоккха а, жима а драматургически произведенеш – пьесаш кхиамца хIиттийна Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театро а, Республикин тайнагийн театро а. Царна юккъахь ю Ж.Б. Мольеран, К. Гольдонин, Ф. Г. Лоркин, Э. М. Ремаркан,

А. Н. Островскийн, А. П.Чеховн, К. А.Треневн, Ч. Айтматовн, Б. Горбатовн, И. Базоркинан, Г. Мдивани пьесаш.

М. Ю. Лермонтовн "Вайн заманан турпал" цIе йолу роман а, цуьнан угар дикачарах шийтта стихотворени а нохчийн матте яьккхина цо.

Саидов Билалас ша а, кхечу авторшца цхьаьна а язйина йолу алссам пьесаш хIиттийна Республикин тайнагийн театро. Царна юкъахь яра «Ламанаш самадовлуш ду», «Хьуьнарен тIаьхье», кхийолу пьесаш.

Саидов Билалин поэзино тIеIаткъам бина цул тIаьхьа нохчийн литературе баьхкинчу яздархойн кхоллараллина. Масала, Бурчаев Хьаьлима шен цхьана статья тIехь гайтина нохчийн халкъан поэтан Арсанукаев Шайхин поэзехь мелла а Саидов Билалин тIеIаткъам хаалуш хилар.

Нохчийн драматурги а, поэзи а кхиарехь мехала хилла Саидов Билалин кхолларалла.

Саидов Билал кхелхина 1994 шеран 15 ноябрехь Соьлжа-ГIалахь.

Саидов Билалин кхолларалла нохчийн къоман исбаьхьаллин хазни юккъехь ю.

ПРОИЗВЕДЕНЕШ

НОХЧИЙН МАТТАХЬ

Дас – кIанте // Ленинан некъ. 1941. 14 сент.
Поэте // Ленинан некъ. 1957. 18 июль.
Айзан // Ленинан некъ. 1957. 30 авг.
Октябрь // Ленинан некъ. 1957. 3 авг.
БIаьстенан Iуьйре // Ленинан некъ. 1957. 9 окт.
Нана // Ленинан некъ. 1957. 15 сент.
Ленин // Ленинан некъ. 1957. 12 дек.
Турпала бIаьхо // Ленинан некъ. 1959. 15 март.
Хьоме хьаша // Ленинан некъ. 1959. 3 апр.
Турпала бIаьхо (Ханпаша дагалоцуш) // ДоттагIалла. 1959. № 2. А. 85.
Дуьненна - машар. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1959.
Ши зама // Орга. 1961. № 2. А. 56.
Лумумба – сан ваша // Орга. 1962. № 4. А. 46.
ДоттагIалла // Ленинан некъ. 1963. 19 июль.
Деган аз. Стихаш. Грозный, 1963.
Ламанан шовда. Стихаш, поэмаш. Грозный
Деган иллеш. Стихаш, поэмаш. Грозный
Лаам. Стихаш, поэмаш. Грозный
Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш. Грозный
Майра Сулима. Туьйра. Грозный, 1967.
Сулимии цIархо. Туьйра. Грозный. 1968.
Сулимас лелийнарш. Туьйра. Грозный
Сулимин цIархо седарчийн махкахь. Берашна туьйра // Саидов Б. Сан безам. Грозный, 1989. А. 110 – 171.
Сан безам. Стихаш, поэмаш, берашна туйра. Грозный, 1989.
Ненан мотт. − Лаам. − Ма къега сел сирла. − Поэте. − Дахаран новкъахь. Стихаш // Кн. тIехь: Нохчийн поэзи. Соьлжа-гIала. 2011. А. 31-40.
Хаьржинарш. Стихаш, проза. М. 2012.

ОЬРСИЙН МАТТАХЬ

Ленин // Дружба. 1958. № 1. С. 17.
Дружба. Пер. // Комсомольское племя. 1961. 19 февр.
Солнце в горах. Стихи. Грозный, 1966.
Храбрый Сулима. Грозный,1967.

www.ChechnyaTODAY.com

Если нашли ошибку в тексте выделите ее и нажмите Ctrl+Enter

ОБСУЖДЕНИЕ

Магомед
18 октября в 16:39
Класс